Файл: Урокан тайпа керла коьчал хьехар 1алашо Хь. Сатуевн Б1аьстенан дог1а ц1е йолу стихотворении йовзийтар.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 30.11.2023

Просмотров: 368

Скачиваний: 11

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКАН ДЕШАРАН А, 1ИЛМАНАН А МИНИСТЕРСТВО ПАЧХЬАЛКХАН КОРМАТАЛЛИН БЮДЖЕТНИ ДЕШАРАН УЧРЕЖДЕНИ «СОЬЛЖА-Г1АЛИН ХЬЕХАРХОЙН КОЛЛЕДЖ»Нохчийн литературин урокан конспектДешаран учреждени: МБОУ «СОШ №11»Класс: 3 «В»Коьчал: ««Б1аьстенан дог1а» Хь. Сатуев.»Терахь: 09.05.23г.Х1оттийнарг: Хасуева Мадина Гирихановна 4-чу «Г» курсан студентка Корматалла 44.02.02 Юьхьанцарчу классашкахь хьехар Коьчал: «Б1аьстенан дог1а» Хь .Сатуев.Урокан тайпа: керла коьчал хьехар 1алашо: Хь. Сатуевн «Б1аьстенан дог1а» ц1е йолу стихотворении йовзийтар.Урокан г1ирс: 1амат.Кхочушдан лерина жам1аш:1. Предметни: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ ешар, авторан дог-ойла а гойтуш ешар;2. Метапредметни:Познавательни: нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша 1амор;Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, къамел кхиор;Регулятивни: ойлаяр, тидамбар;3. Личностни: берашна 1емар ду 1аламан хазалла ган.Урок д1аяхьар. I. Урокан низам д1ах1оттор. Дешаре шовкъ кхоллар.- Де дика дойла шу, бераш. Шай 1аматш схьалаяха. Урокан кийчам бе. Вай урок д1айоллор йу, х1етал-металшан жоп луш.II. Хаарш жигара дахар.Ц1ера болх таллар.-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Тхуна еллера Д. Кагермановн «Арахь» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо)-Бераша схьаюьйцу стихотворении.Ча такхо тача, тача такхо ча.Д1адеша чехкаалар меллаша массара цхьана.-Д1адеша чехкаалар хезаш массара цхьана.-Дагахь 1амаде .III. Дешархой коьчална т1ебигар. 1алашо йовзийтар.-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? ( «Б1аьстенан дог1а»)-Мила ву цуьнан автор? (Хь Сатуев)-Муха болх бийр бу вай тахана и дийцар дика 1амийта?-Вайна тахана евзар ю Хь Сатуевн «Б1аьстенан» ц1е йолу стихотворении.Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша. Вайна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала, 1аламан хазалла ган.
IV. Керла коьчал хьехар.Хьехархочо кхетош д1айоьшу Хь . Сатуевн «Б1аьстенан дог1а» ц1е йолу стихотворении.- 1аламан муьлха хилам бу стихотворении т1ехь балийнарг? (Б1аьстенан дог1а)-Муха хуьлу стигал дог1а далее? (Стигал кхолайо мархаша)Х1ун боху стелахаьштигах лаьцна? (Бода бат1ош т1ху стелахьаштиг)-Шуна гиний иза?-Муха долало дог1а? (Цкъа хьалха цхьа –ши т1адам бужу , юха т1е1ена долало дог1а)-Х1ун ю 1овраш ? (Дог1а 1аь1ча шортта хи гулло , т1акха охьаида долало)-Х1ун боху автора 1оврех лаьцна? (1овраша т1улгаш а , дитташ текхадо)-Шуна гиний 1аламан иштта сурт?Сада1аран минот.Са а даь1на, арадевлла,Ян дох куш ду тхо зарядка.Сихха шу д1ах1иттий довла,Цхьана меттехь юхадовда.Куьйгаш д1асадахийта,Цецдевлла шаьш моттийта.Юха хьалха охьата1а, (3-4-зза)Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)Хьаж т1е куьг шайн х1оттаде,Когаш д1асахилабе,Аьтту arlop доьрзуш, (3-4-зза)Аьрру arlop доьрзуш, (3-4-зза)Гонах до л чу н тидамбе.Динарг х1инца тоийта,Дог1маш малдеш, д1ах1итта.Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)Вайн зарядка ели х1инца.V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.Бераша массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь д1айоьшу Хь. Сатуевн «Б1аьстенан дог1а» ц1е йолу стихотворении.- Х1инца вай 1амат т1ера хаттаршна жоп лур ду. Хьалхара хаттар д1адеша. - Стенах лаьцна яра и стихотворени?VI. Жам1 дар.-Муьлха произведени евзи шуна тахан?-Мила ву цуьнан автор?-Стенах лаьцна яра иза?Ц1ахь бан болх балар: Хь. Сатуевн «Б1аьстенан дог1а»ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.VII. Рефлекси.-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Царех муьлхачарех до аша дозалла?