Файл: Пку нохчийн меттан институт нохчийн меттан шо.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 26.10.2023

Просмотров: 1937

Скачиваний: 24

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ДЕШАРАН А, ӀИЛМАНАН А МИНИСТЕРСТВОПКУ «НОХЧИЙН МЕТТАН ИНСТИТУТ»НОХЧИЙН МЕТТАН ШО«Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу регионан этнографин диктант2023«Нохчийн мотт – иза къоман са ду. Мотт дийна мел бу, деха халкъан эс, кхетам, амал, синмехаллаш. Шен мотт дӀатесча, бицбича, лар йоцуш, доьза дов халкъ».Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин ТурпалхоНохчийн мотт1. Оханан беттан 25-гӀа де Нохчийн меттан де хилар дӀакхайкхийна:

1) 2007-чу шарахь;

2) 2008-чу шарахь;

3) 2010-чу шарахь;

4) 2013-чу шарахь.

2. 1927-чу шарахь арайаьлла «Нохчийн-оьрсийн словарь» хӀоттийнарг ву:

  1. Арсанукаев Ӏабдулла;

  2. Джамалханов Зайнди;

  3. Исмаилов Абу;

  4. Мациев Ахьмад.

3. ХӀинцалера нохчийн алфавит тӀеэцна:

1) 1920-чу шарахь;

2) 1925-чу шарахь;

3) 1938-чу шарахь;

4) 1927-чу шарахь.

4. ХӀокху дешнийн автор ву:

«Нохчийн мотт чӀогӀа къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу».

  1. Петр Услар;

  2. Алексей Горький;

  3. Александр Фадеев;

  4. Лев Толстой.

5. ХӀара дош шина орамах кхолладелла ду:

1) тӀехтохам;

2) охьакхеттарг;

3) хьехархо;

4) малхбале.

6. ХӀара дош дефисца йаздо:

1) оза(безам);

2) маьӀ(маьӀӀехь);

3) дагахь(баллам);

4) сурт(диллархо).

7. ХӀара цӀердош дукхаллин терахьехь ца лела:

1) жагӀа;

2) сту;

3) жӀов;

4) жӀаьла.

8. ХӀара цӀердош дукхаллин терахьехь бен ца лела:

1) тӀассаш;

2) дуьйраш;

3) хиш;

4) бергаш.

9. 2011-чу шарахь арайаьлла «Нохчийнметтан этимологин словарь» хӀоттийнарг ву:

  1. Алироев ИбрехӀим;

  2. Вагапов Ӏарби;

  3. Мациев Ахьмад;

  4. Карасаев Айсаш.

10. ХӀокху дешан цхьа маьӀна бен дац:

1) хьех;

2) гӀап;

3) нӀаьна;

4) кӀади.

11. ХӀокху вариантехь антонимаш йу:

1) комаьрша – саьхьара;

2) исбаьхьалла – хазалла;

3) кхаллар – бепиг;

4) къулла – хьоста.


12. ХӀокху предложенехь подлежащи масдарх хилла ду:

1) Дешархочо дика доьшу.

2) Поэто байт дика йоьшу.

3) Иччархочо топ нийса туху.

4) Дешаро хьекъал кхиадо.

13. ХӀокху вариантехь синонимаш йу:

  1. чорда – ховха;

  2. дуьра – теза;

  3. меллаша – маса;

  4. хатт – сацкъар.

14. ХӀокху дашца дакъалг «ца» цхьаьна йаздо:

1) ца (лаьа);

2) ца (ган);

3) ца (там);

4) ца (луьйш).

15. ХӀокху вариантехь дешан чаккхенгахь «н» ца догӀу:

1) Пхьеро говрана ла… туьйхира.

2) Харцо ла… хала ду.

3) Шега дуьйцучуьнга ла… ца дугӀура Мохьмада.

4) Ахьмад шена тӀехӀоьттина хало ла… Ӏемина вара.

16. ХӀокху вариантехь тӀеэцна дешнаш ду:

1) салават, жамӀат, хьаьрк;

2) доьзал, хӀусам, кхерч;

3) бепиг, иччархо, бӀаьсте;

4). латта, гӀовгӀа, тхов.

17. ХӀокху предложенехь грамматически подлежаши ду:

1) ХӀора сарахь туьйра дуьйцура бабас.

2) Стиглахь цӀаьххьана мокха мархаш гулйелира.

3) Шен нана леринарг махко а лерина.

4) Балхах лаьцна къамел долийра Вахас.

18. ХӀокху вариантехь дешан чаккхенгахь «а» хила деза:

1) ДоттагӀчо делла тур йукъах доьхк… кӀанта.

2) Жимачу Адама йукъах доьхк… дихкира.

3) Нанас йоьӀан чӀабанех билзиг доьхк…

4) Бабас хӀора шарахь таьллангаца гӀодамаш доьхк…

19. Сан даг тӀе сингаттам тосуш, мархашлахь къайлайелира гӀаргӀулийн

ХӀокху предложенехь тӀадамийн метта маьӀница догӀу дош билгалдаккха:

1) жут;

2) ковра;

3) арданг;

4) къепал.



20. «Бахархойн йалта» дешнийн цхьаьнакхетарехь билгалдашо гойту:

1) хӀума стенах йина йу;

2) хӀуманан меттиг;

3) хӀума долахь хилар;

4) хӀуманан мухалла.

21. ХӀара дош тӀеэцна дац:

1) картол;

2) копаста;

3) корсам;

4) кепек.

22. ХӀокху вариантехь дош цхьана орамах лаьтташ ду:

1) тӀобоккхург;

2) иччархо;

3) бежӀу;

4) хӀутосург.

23. Меттан дерриг дешнаш Ӏамочу Ӏилманах олу:

  1. грамматика;

  2. фонетика;

  3. лексикологи;

  4. фразеологи.

24. ХӀара Ӏаламан хилам гойту цӀердош ду:

1) арз;

2) герз;

3) дерз;

4) фарз.

25. Дефисца йаздо хӀара терахьдош:

1) ткъе (бархӀ) синтар;

2) шовз (ткъа) стаг;

3) пхи (йалх) тетрадь;

4) ши (бӀе) шо.


26. Нохчийн абатехь ду:

1) 33 элп;

2) 38 элп;

3) 45 элп;

4) 49 элп.

27. 2023-чу шарахь 105 шо кхочу хӀокху меттан Ӏилманчин:

  1. Джамбеков Овхьадан;

  2. Дешериев Юнусан;

  3. Мациев Ахьмадан;

  4. Чокаев Катин.

28. Синтаксисо Ӏамадо:

1) элпаш, аьзнаш;

2) дешнаш, дешнийн кхолладалар;

3) дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш;

4) къамелан дакъош.

29. Текстехь хила йезачу цӀоьмалгийн терахьийн вариант билгалйаккха:
Нохчийн уггар дикачу гIиллакхех цхьаъ ду (1) веллачун сий дар. Оцу гIиллакхо нахана доьхку стаг веллачу йукъана (2) йуьртахь ловзар дар (3) синкъерам вовшахтохар (4) веллачун доьзал бехачу кетIахула дIасавалар. Бохам хиллачу доьзалан догъэцар (5) цуьнгара бала байбан гIертар (6) нахана тIедуьллу цо.


1) 1,2,4,5;

2) 3,4,5;

3) 2,3.5,7;

4) 2,3,5,6,7.

30. Меттиган маттах… олу:

1) лексика;

2) диалект;

3) фонетика;

4) акцент.

31. ХӀокху дашехь тӀадамийн метта «аь» элп хӀотто деза:

1) пӀ…лдиг;

2) м…лх;

3) кх…ча;

4) с…рдал.

32. «Холхазан куй» дешнийн цхьаьнакхетарехь билгалдашо гойту:

1) хӀума стенах йина йу;

2) хӀуманан меттиг;

3) хӀума хьенан йу;

4) хӀуманан мухалла.


33. ХӀокху вариантехь дешан чаккхенгахь шала мукъаза «лл» хила ца деза:

1) хӀоттийна ба…;

2) муьста ба…;

3) хелхаран ба…;

4) зазадаьккхина ба...

34. ХӀара предложени чолхе-карара йу:

1) И дӀабоьду некъ стенга боьдуш бу, дийцира суна дадас.

2) Йерриг а месаш къайлайаьхна, дӀатиллина дара цуьнан йовлакх.

3) Мохьмад, ша йазйина сочинени охьа а йиллина, аравелира.

4) МаьркӀаж-хан йара, амма йоккха стаг сиха йацара бешара чуйаха.

35. ХӀокху вариантехь ду долахь цӀердош:

1) Шайхи;

2) шоршал;

3) ширдолаг;

4) шагатӀулг.

36. Дешнийн нийсайаздар Ӏамочу бакъонех олу:

1) морфологи;

2) синтаксис;

3) фонетика;

4) орфографи.

37. ХӀокху предложенехь дешан чаккхенгахь «а» хила деза:

1) Малика кест-кеста шен совгӀате хьож…

2) Со даима хьож… сайн дош кхочушдан.

3) Ӏайшат дика хьож… шен жимахволчу вешига.

4) Арара схьайеттало зезагийн хаза хьож...

38. ХӀинцалера нохчийн алфавит кхоьллина:

1) Ӏарбийн графикин буха тӀехь;

2) оьрсийн графикин буха тӀехь;

3) эрмалойн графикин буха тӀехь;

4) гуьржийн графикин буха тӀехь.


39. ДӀадахана де билгалдоккху хӀокху дашо:

1) стомара;

2) лама;

3) тахана;

4) цӀумока.

40. Латтаман дурс ду хӀокху предложенехь:

1) Тахана, оханан беттан иссалгӀачу дийнахь, къовсаман хьалхара де ду.

2) Ӏашура, ненан цхьаъ бен йоцу йоӀ, чӀогӀа качйина йара.

3) Кхин охьа а ца лахлуш, къамеле йелира зуда.

4) Цуьнан да, Ӏилманча, дика вевзаш вара Нохчийчохь.

41. ХӀокху вариантехь дош шина орамах лаьтташ ду:

1) оьздангалла;

2) доьналла;

3) къинхетам;

4) къизалла.

42. Ӏуьйранна кхеттачу малхо чехка башийра буткъа ша.

ХӀокху предложенин грамматически лард йу:

1) башийра ша;

2) кхеттачу малхо;

3) малхо башийра;

4) чехка башийра ша.

43. ХӀара дош суффиксан гӀоьнца кхолладелла ду:

1) воттана;

2) вотанча;

3) вотангар;

4) верта.

44. ХӀокху дашехь «ъ» дилла деза:

  1. йо…;

  2. ши…;

  3. ба…;

  4. не...

45. ХӀара билгалдош дустаран даржехь ду:

1) оьзда кӀант;

2) Ӏаламат лекха лам;

3) хаза гӀиллакх;

4) дико йоӀ.

46. ХӀокху вариантехь айдардешнаш ду:

1) техьа, данне а, теша, дера;

2) эхӀ, Ӏалелай, маржа-йаӀ, хӀай-хӀай;

3) амма, хӀунда, аьлла, нагахь;

4) бакъду, цхьабакъду, делахь а, ткъа.

47. ХӀокху вариантехь ду дийриг дожарехь нийса кеп йолу дешнаш:

1) йовхоно, бабас, Сацитас;

2) нано, йишо, вашо;

3) Лайлаа, ПетӀамато, Султанас;

4) мархано, догӀо, йовхос.

48. ХӀокху вариантехь хила йезачу рогӀаллица дӀанисйина денойн цӀераш йу:

1) шот-де, йеари-де, пӀераскан-де;

2) оршот-де, шинари-де, кхаари-де;

3) кӀиран-де, шинари-де, йеари-де;

4) пӀераскан-де, шот-де, оршот-де.

49. Дуьххьарлера нохчийн абат «Нохчийн джуз ду хӀара» хӀоттийнарг ву:

1) Досов Къеда;

2) Ошаев Халид;

3) Солтаханов Эльбек;

4) Эльдарханов Таьштамар.

50. ХӀокху дешнийн автор ву:

«Воккхаве со хьуна хуучу кхечу къаьмнийн меттанех,хьайниг бицбеш, Iамо деза уьшхьуна ца моьттинехь».

  1. Айдамиров Абузар;

  2. Мамакаев Ӏаьрби;

  3. Сулейманов Ахьмад;

  4. Эдилов Хасмохьмад.


Нохчийн литература

  1. БӀе шо хьалха, Нохчийчохь Советан Ӏедал чӀагӀделла дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа, дуьххьара арадаьллачу газетан цӀе хилла:


1) «Къинхьегаман байракх»;

  1. «Ленинан некъ»;

  2. «Серло»;

  3. «Советская Автономная Чечня».

  1. 2023-чу шарахь Нохчийн меттан де дIакхайкхийна… шо кхочу:

1) ворхӀ;

2) итт;

3) йалхитта;

4) берхӀитта.

53. ХӀокху могӀанийн автор ву:

«Ненан мотт цахаар

Шен кхерч цаларар ду.

Кхерчан да цахилар

Маьттаза вахар ду»

  1. Арсанукаев Шайхи;

  2. Саидов Билал;

  3. Цуруев Шарип;

  4. Шайхиев Ӏалвади.


54. Нохчийн къоман коьрта библиотека хӀокху йаздархочун цӀарах йу:

  1. Айдамиров Абузаран;

  2. Арсанов СаьӀид-Бейн;

  3. Арсанукаев Шайхин;

  4. Ахматова Раисин.

55. ХӀокху могӀанийн автор ву:

«Нохчо ву со, цхьана а къоман

къонахчуьнца гамо йоцуш,

Махках ваьлла, халкъах хаьдда,

декъалхила амал доцуш!»

1) Дикаев Мохьмад;

2) Дудаев Ӏабди;

3) Рашидов Шаид;

4) Сулаев Мохьмад.

56. Нохчийн гӀараваьллачу поэтан Мамакаев Ӏаьрбин цӀарах музей схьайиллина:

1) Лаха-Неврехь;

2) Мескетахь;

3) Олхазар-кIотарахь;

4) Соьлжа-ГӀалахь.

57. Весетан кепехь йазйинчу «ЦӀен Берд» стихотворенин автор ву:

1) Эдилов Хасмохьмад;

  1. Сатуев Хьусайн;

  2. Гадаев Мохьмад-Салахь;

  3. Ахмадов Муса.

58. ХӀокху дешнийн автор ву:

«Элпаш ас ишколехь Iамийнехь а, оьшучу вастехь со йаздан Iамийнарг «Серло» газет ду».

1) Айсханов Шамсудди;

2) Мамакаев Мохьмад;

3) Сальмурзаев Мохьмад;

4) Дудаев Iабди.

59. 2023-чу шарахь 90 шо кхочу хӀокху йаздархочун:

1) Айдамиров Абузаран;

2) Мамакаев Ӏаьрбин;

3) Сулейманов Ахьмадан;

4) Эдилов Хасмохьмадан.

60. Произведенехь йаздархочо гойтучу коьртачу ойланах йа цунна ала луучух… олу:

  1. эпиграф;

  2. метафора;

  3. тема;

  4. идея.

61. «Чечня и чеченцы» цӀе а йолуш, дуьххьара нохчех лаьцна болх йазбинчарах ву:

  1. Адольф Берже;

  2. Пётр Услар;

  3. Александр Фет;

  4. Николай Яковлев.

62. Нохчех схьаваьлла Россехь гӀараваьлла хилла поэт ву:

1) Александр Казбеги;

2) Кайсын Кулиев;

3) Константин Айбулат (Розен);

4) Коста Хетагуров.

63. Поэта Дикаев Мохьмада йазйинчу гӀарайаьллачу стихотворенин цӀе йу: