Файл: Пку нохчийн меттан институт нохчийн меттан шо.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 26.10.2023

Просмотров: 1939

Скачиваний: 24

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

  1. «Даймехкан косташ»;

  2. «Нохчо ву со»;

  3. «ЦӀен-Берд»;

  4. «Шуьнехь дош».

64. ХӀокху могӀанийн автор ву:

«Шун оьзда гӀиллакхаш Даймехкан безам бу,

Барт болуш гулдалар сан дагна хазна йу…»

1) Арсанукаев Шайхи;

2) Мамакаев Ӏаьрби;

3) Мамакаев Мохьмад;

4) Саидов Билал.

65. Билгалдаккха тӀадамийн метта маьӀница догӀу дош.

Нехан динара… вуссу.

1) новкъахь;

2) хотталахь;

3) уьйтӀахь;

4) уьшалахь.

66. Нохчийн йаздархойн Союзан правленино арахоьцучу литературин-исбаьхьаллин журналан цӀе йу:

  1. «Геланча»;

  2. «Орга»;

  3. «Таллам»;

  4. «Йаздархо».

67. ХӀара могӀанаш Сулаев Мохьмадан… стихотворени йукъара ду:

Сан Даймохк! Сан ирс а, хаалда хьуна,

Сайн дог хьох дӀаэрца карийра суна!

  1. «Даймехкан хиш»;

  2. «Хин йистехь»;

  3. «Ламанан хи»;

  4. «Шовданан хи».

68. 2023-чу шарахь 105 шо кхочу хӀокху поэтан:

1) Айдамиров Абузаран;

  1. Мамакаев Ӏаьрбин;

  2. Сулейманов Ахьмадан;

  3. Эдилов Хасмохьмадан.


69. ХӀара могӀанаш нохчийн поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан… стихотворени йукъара ду:

«Берахь бӀаьрг биттина,

Къоначохь хьешна,

Къанвелча, тӀех дезна

Къонахийн латта!»

1) «Дай баьхна латта»;

2) «РегӀара поп»;

3) «Даймахке сатийсар»;

4) «Генара кехат».

70. Нохчийн маттахь дуьххьара арадаьллачу газетан хӀинцалера цӀе йу:

  1. «Къинхьегаман байракх»;

  2. «Хьехархо»;

  3. «Даймохк»;

  4. «Серло».

71. Произведени дӀайолалуш далийнчу, цуьнан коьрта маьӀна шайца гучудолучу говзачу дешнех… олу.

  1. долор;

  2. кица;

  3. эпиграф;

  4. эпитет.

72. ХӀокху илли тӀехь цхьаьна гайтина нохчийн барта кхоллараллехь гӀараваьлла вуьйцуш волу бархӀ турпалхо:

1) «Адин Сурхон илли»;

2) «Эвтархойн Ахьмадан илли»;

3) «Аьккхийн Жанхотан илли»;

4) «Таймин Биболатан илли».

73. Нохчийн гӀараваьллачу йаздархочо Бадуев СаьӀида кхаа жанрехь йазйина произведени йу:

1) «ЦӀен гӀап»;

2) «ЦӀеран арц»;

3) «Бешто»;

4) «ПетӀамат».

74. ХӀокху могӀанийн автор ву:

«Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьо винчу ненан мотт дӀатесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!»

Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь».


  1. Айдамиров Абузар;

  2. Арсанукаев Шайхи;

  3. Саидов Билал;

  4. Цуруев Шарип.

75. Маттах лаьцна хӀара дешнаш аьлла:

«Шен махке бакъ болу безам хила йиш йац, шен матте безам бацахь».

  1. Константин Паустовскийс;

  2. Лев Толстойс;

  3. Николай Яковлевс;

  4. Петр Услара.

76. Нохчийн литературехь берийн йаздархо ларалуш ву:

  1. Арсанов СаьӀид-Бей;

  2. Гайсултанов Ӏумар;

  3. Мамакаев Мохьмад;

  4. Окуев Шима.

77. Гуьржийн йаздархочун Шота Руставелин «ЦӀоькъалоьман цӀокалахь турпал» поэма нохчийн матте гочйинарг ву:

1) Сулейманов Ахьмад;

2) Музаев Нурди;

3) Сулаев Мохьмад;

4) Гадаев Мохьмад-Салахь.

78. 2023-чу шарахь 125 шо кхаьчна хӀокху йаздархочун:

  1. Айдамиров Абузаран;

  2. Мамакаев Ӏаьрбин;

  3. Ошаев Халидан;

  4. Сулейманов Ахьмадан.

79. ХӀокху могӀанийн автор ву:

«Къонахашна зама йоцуш,

Хилла ма йац заманаш.

Замане ца ловзадойтуш,

Зама ловзо Ӏамалаш!»

1) Айдамиров Абузар;

2) Исмаилов Абу;

3) Сулейманов Ахьмад;

4) Цуруев Шарип.

80. Нохчийн советски исбаьхьаллин литературехь дийцаран жанр йолийнарг ву:

  1. Айсханов Шамсудди.

  2. Арсанов СаьӀид-Бей.

  3. Ошаев Халид;

  4. Сальмурзаев Мохьмад.

81. Нохчийн гӀараваьллачу поэтан Айдамиров Абузаран цӀарах музей схьайиллина:

1) Лаха-Неврехь;

2) Мескетахь;

3) Олхазар-кIотарахь;

4) Соьлжа-ГӀалахь.



82. Дуьххьара «Нохчийн гӀиллакх-оьздангалла» цӀе йолу Ӏамат йазйинарг ву:

  1. Ахмадов Муса;

  2. Джамбеков Овхьад;

  3. Мунаев ИсмаӀал;

  4. Расумов Ваха.

83. 2023-чу шарахь 120 шо кхочу хӀокху йаздархочун:

  1. Айдамиров Абузаран;

  2. Бадуев СаьӀидан;

  3. Мамакаев Ӏаьрбин;

  4. Сулейманов Ахьмадан.

84. Мамакаев Ӏаьрбин хӀокху стихотворени йукъара ду хIара могӀанаш:

«Сан лекхий

Йа лохий

Хила ца дезна.

Йуккъера стаг ву со,

Хьан Ӏин чохь кхиъна.

Кхиийнарг, Ӏамийнарг

Со нохчий беза,

Кавказ, хьо йара

Да-нана хилла»

  1. «Кавказан латта»;

  2. «Кавказан кӀант»;

  3. «Кавказе маршалла»;

  4. «Кавказе безам».


85. Исбаьхьаллин произведенешкахь коьртаниг:

1) сюжет йу;

2) эпитет йу;

3) адамийн васташ ду;

4) авторан говзалла йу.

86. Нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо лору:

  1. Айсханов Шамсудди;

  2. Бадуев СаьӀид;

  3. Дудаев Ӏабди;

  4. Сальмурзаев Мохьмад.

87. 1930-чу шерашкахь, Мамакаев Мохьмад куьйгаллехь а волуш, нохчийн маттахь араделира литературин-исбаьхьаллин журнал:

1) «Серло»;

2) «ПаргӀато»;

3) «Толам»;

4) «Кхиам».

88. ХӀокху могӀанийн автор ву:

«Сайн ненан маттахь ас йазйо

Сайн хӀора Ӏуьйренан назма.

Сан дахар цу матто хаздо –

Хир йац-кха цул йоккха хазна».

  1. Кибиев Мусбек;

  2. Талхадов Хьамзат;

  3. Гацаев СаьӀид;

  4. Хатуев Ӏабдул-Хьамид.

89. Гоьваьлла поэт Мамакаев Ӏаьрби кхелхина шен доттагӀ волчу хьошалгӀа ваханчохь:

1) Айдамиров Абузаран хӀусамехь;

2) Гадаев Мохьмад-Салахьан хӀусамехь;

3) Мамакаев Мохьмадан хӀусамехь;

4) Рашидов ШахӀидан хӀусамехь.

90. Карарчу заманахь нохчийн йаздархойн Союзан правленин председатель ву:

  1. Бурчаев Хьаьлим;

  2. Ельсаев Ӏаламад;

  3. Ибрагимов Канта;

  4. Цуруев Шарип.

91. Билгалдаккха тӀадамийн метта маьӀница догӀу дош.

Суьйре цӀийелча кхаллар кечде, Ӏуьйре цӀийелча... кечйе.

1) кхоллар;

2) пӀаьлдиг;

3) гӀовтал;

4) маьхьсеш.

92. Билгалваккха нохчех схьаваьлла Россехь гӀараваьлла хилла суртдиллархо:

  1. Александр Шилов;

  2. Николай Боровской;

  3. Петр Захаров;

  4. Салават Щербаков.

93. Мамакаев Ӏаьрбин дуьххьарлера стихотворенеш зорбане йийлина хӀокху газетан агӀонаш тӀехь:

1) «Сердало»;

2) «Серло»;

3) «Теркайист»;

4) «Машар».

94. Вайн махкахь берашна лерина арадолучу журналан цӀе йу:

  1. «Орга»;

  2. «Вайнах»;

  3. «СтелаӀад»;

  4. «Нана».

95. 2023-чу шарахь 110 шо кхочу хӀокху йаздархочун:

  1. Мамакаев Ӏаьрбин;

  2. Музаев Нурдин;

  3. Ошаев Халидан;

  4. Сулейманов Ахьмадан.

96. Исбаьхьаллин произведенехь адаман амал а, дахар а гайтаран кепах… олу:


1) автограф;

2) васт;

3) жанр;

4) тема.

97. Тахана «Орга» журналан коьрта редактор ву:

1) Алиева Зарина;

2) Ахмадов Муса;

3) Цуруев Шарип;

4) Минкаилов Эльбрус.



98. ХӀокху могӀанийн автор ву:

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойъуш, Iалашбахь,

Цу халкъан паргIато

Цхьаммо а хьошур йац».

1) Мамакаев Iаьрби;

2) Мамакаев Тур;

3) Мамакаев Мохьмад;

4) Мамакаев Эдуард.

99. «Даймохк» газетан коьрта редактор ву:

1) Бексултанов Муса;

2) Дадаев Сайд-Хьасан;

3) Шамсудинов Бувайсар;

4) Абдулаев Леча.

100. Нохчийн йаздархочун Сулаев Мохьмадан хӀокху произведени йукъара ду хӀара дешнаш:

«– КӀант! – элира Тавсолтас, вай йуха гой а, ца хаьа Дела воцчунна! Аса цундела сайн весеташ дӀахоуьйту хьоьга хьалххехь. Адамна дуьненчохь массо хӀуманал а дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг бер ду! Амма берел а хьоме бу Даймохк! Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар – сан хьалхара весет ду хьоьга!»

1) «Йеха буьйсанаш»;

2) «ЦӀегӀачу декхнийн боьлак»;

3) «Лай тӀехь цӀен зезагаш»;

4) «Лаьмнаша ца дицдо».
Нохчийн меттан институтан дешаран методикица кхачойаран центр