Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3094
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН ДЕШАРАН, IИЛМАНАН МИНИСТЕРСТВО НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН УНИВЕРСИТЕТ
НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН ДЕШАР КХИОРАН ИНСТИТУТ
ЭДИЛОВ С. Э.
НОХЧИЙН МЕТТАН СИНТАКСИСАН ПРАКТИКУМ
Юккъерчу юкъарадешаран школийн дешархошна а, юьхьанцарчу корматаллин а, лаккхарчу дешаран учрежде-
нийн студенташна а лерина дешаран пособи
Соьлжа-ГIала Издательство «Арфа-Пресс»
2012
ББК 74. 261 4 (чеч)
УДК 372. 8
Эд. 18
Пособие издано при финансовой поддержке
Федерального агентства по печати и массовым коммуникациям в рамках Федеральной целевой программы «Культура России»
Федеральни «Россин культура» Iалашонан программин декъехь зорбанан а, шуьйрачу коммуникацин а Федеральниагентствос
харж ярца арахецна
Рецензенташ:
Х.Б. Навразова, филологически Iилманийн доктор, НПХЬИ-н профессор,
А.И. Халидов, филологически Iилманийн доктор, НПУ-н профессор
Эдилов С.Э.
Эд. 18 Практикум синтаксиса чеченского языка. Учебное пособие. / С.Э. Эдилов – Грозный: Издательство «Арфа-Пресс», 2012 г. – 304 с.
ISBN 978-5-91528-018-1
Нохчийн меттан синтаксисан практикум хIоттийна дешархой а, студенташ а атта кхетар болу тайп-тайпана некъаш лоьхуш, гайтаман гIирсийн схемаш ялош. Коьрта тидам дозуш долу къамел кхиорна, нийсаяздар шардарна тIехьажийна. Пособи ерзош ялийна предложенеш синтаксически къасторан схемаш.
ISBN 978-5-91528-018-1
© Эдилов С. Э., 2012
ББК 74. 261 4 (чеч)
УДК 372. 8
© Издательство «Арфа-Пресс», 2012
© ФГУП «ИПК» Грозненский рабочий», 2012
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Айдамиров А. (А. Айд.) Арсанукаев Ш. (Арс. Ш.) Айсханов Ш. (Айсх. Ш.) Ахматова Р. (Ахм. Р.) Арсанов С.-Б. (Арс. С.-Б.) Ахмадов М. (Ахм. М.) Ахматукаев А. (Ахм. А.) Амаев В.-Хь. (Ам. В.-Хь.) Абдулаев Л. (Абд. Л.) Бадуев С. (Бад. С.) Берсанов Х.-А. (Берс. Х.-А.) Бисултанов А. (Бис. А.) Бексултанов М. (Бекс.М.) Гайсултанов I. (Гайс. I.) Гадаев М.-С. (Гад. М.-С.) Гайтукаева Б. (Гайт. Б.) Дадашев I. (Дад. I.)
Дикаев М. (Дик. М.)
Дакаев С. (Дак. С.)
Исаева М. (Ис. М.) Курумова С. (Кур. С.) Кагерманов Д. (Каг. Д.) Кусаев I. (Кус. I.)
Кибиев М. (Киб. М.) Мамакаев М. (Мам. М.) Мамакаев I. (Мам. I.) Мусаев М. (Мус. М.)
Мутаев М. (Мут. М.)
Муталибов З. (Мут. З.) Матиев В. (Мат. В.) Махмаев Ж. (Махм. Ж.) Нохчийн фольклор (НФ) Нунуев С.-Хь. (Нун. С.-Хь.) Ошаев Х. (Ош. Х.)
Осмаев А. (Осм. А.) Оспанов Къ. (Осп. Къ.) Окуев Ш. (Ок. Ш.) Рашидов Ш. (Раш. Ш.) Саидов Б. (Саид. Б.) Сулаев М. (Сул. М.) Сулейманов А. (Сул. А.) Саракаев Хь. (Сар. Хь.)
Хамидов I.-Хь. (Хам. I.-Хь.)
Хатуев I.-Хь. (Хат. I-Хь.) Хасаев Хь. (Хас. Хь.) Хажмурадов I. (Хажм. I.) Чалаев Б. (Чал. Б.) Эльсанов И. (Эльс. И.) Юнусов М. (Юн. М.) Юсупов I. (Юс. Iусм.) Юсупов I. (Юс. Iаьз.) Яшуркаев С. (Яш. С.) Ясаев М. (Яс. М.) Яндарбиев Хь. (Янд. Хь.) Эдилов Х. (Эд. Х.)
СИНТАКСИС
Маттахь – адамийн уьйран гIирсахь – билгалболу дешан хIоттам а, грамматически дIахIоттам а. Дешнех, уьш меттан лек- сически материал хиларе терра, пайда оьцу маттахь грамматикин законашца а, бакъонашца а – морфологин, синтаксисан. Мор- фологино Iамадо къамелан дакъош, дешнийн маьIнаш а, церан форманаш а, грамматически категореш, ткъа дешнийн маьIнийн форманаш, кхечу дешнийн форманашца цхьаьна кхоллалуш йолу, маьIнаш, дешнийн цхьаьнакхетарийн, предложенийн дIахIоттаман законашца къастош долу, уьш синтаксисан коьчал ю. Цундела шуьйрачу маьIнехь синтаксис (грекийн маттахь – хIоттор) – иза грамматикин дакъа ду, дозаделлачу къамелан хIоттам Iамош долу. Грамматика шина декъах лаьтта: морфологих, синтаксисах.
Морфологи а, синтаксис а вовшашца уьйр йолуш ю, амма цу шина грамматикин декъана хьалха шен-шен декхарш ду, Iалашонаш ю. Нагахь санна морфологино дешнаш церан массо тайпа фор- манашца Iамаяхь, синтаксисо оцу дешан ша схьаэцначу формано тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь кхочушден гIуллакх Iамадо. Амма дешан синтаксически башхаллаш цхьана предложенехь билгалъевлла ца Iа, уьш гучуйовлу дешнийн цхьаьнакхетаршкахь а. Ма-дарра аьлча, предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а Iамош
долу грамматикин дакъа ду синтаксис. Синтаксисехь Iамайо:
-
предложени а, цуьнан тайпанаш а, меженаш а; -
предложенехь дешнийн цхьаьнакхетар а, церан уьйр а; -
предложенеш хIитторан кепаш.
Дешнаш, лексически а, морфологически а дакъош санна ца Iамош, предложенийн меженаш санна Iамадо синтаксисехь.
Синтаксисехь Iамадо дош, къамелехь цуьнан кхечу дешнашца хуьлуш йолу уьйраш, юкъаметтигаш, дешнех къамел дан аьтто беш долу даккхий дакъош кхолларан бакъонаш. И дешнаш вовшахта- сарца, билггалчу цхьана форманашкахь царах пайда
эцарх хIоттало синтаксически дакъош: дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш. Иштта, масала, предложенехь «Цхьанхьа юьртан йистехь къорачу
татанца елира йоккха топ». Пайда эцна нохчийн меттан бакъонаш- ца дешнаш вовшахтасаран дешнийн цхьаьнакхетарех: цхьанхьа юьртан йистехь, къорачу татанца елира, йоккха топ. Нохчийн маттахь предложени шен цхьа кеп йолучу цхьана дашах лаьтташ хила а тарло: Iуьйре. Сатеснера. ХьалагIатта! Амма и тайпа пред- ложенеш яржон йиш йолуш ю кхечу дешнашца: Аьхкенан Iуьйре. Сиха сатесна. ХьалагIатта сихха!
Предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а–тайп-тайпанчу дек- харийн синтаксически дакъош ду, царах хIор а шен билгалонаш йолуш ду.
Предложени – цхьа алам бовзуьйту синтаксисан коьрта дакъа ду. Дешнийн цхьаьнакхетар – предложенин цхьа дакъа ду, гIоьналлин дакъа.
Къамелехь предложенеш вовшашца йозаелла хуьлу. МаьIница а, темица а, грамматически а цхьаьнайозаеллачу масех предложе- нино чолхе синтаксически дакъа кхуллу – текст.
Предложенеш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а кхуллуш болу синтаксически гIирсаш нохчийн маттахь тайп-тайпана бу. Царах коьртанаш дешнийн форманаш ю, шайн зIенашца вовшахйозалуш йолу, ткъа иштта гIуллакхан дешнаш. Предложенеш кхуллуш пайда оьцу интонацих, дешнийн къепах. Интонаци (дийцаран, хаттаран, тIедожоран) предложени кхолларан синтаксически гIирс хиларал сов, алам чекхбаьлла хиларан гайтам а бу. Дешнийн къеп – иза предложенийн, дешнийн цхьаьнакхетарийн хIоттамехь уьш во- вшашца дIанисдалар ду. Нохчийн маттахь дешнаш дIанисдаран шен бакъонаш ю. Масала, оьрсийн маттахь грамматически норма ю подлежащина тIаьхьа сказуеми хIотто дезаш хилар, ткъа вайн маттахь уьш
кхечу кепара нисдан деза. Идрис пошел в школу – Идрис школе вахара.
Цхьана билггалчу формехь долчу дешнех до дешнийн цхьаь- накхетарш, кхуллу предложенеш; цхьалхечу предложенех – чол- хенаш. Цундела синтаксис тIетевжа лексикина а, морфологина а. Къаьсттина уллора уьйр хуьлу синтаксисан а, морфологин а, меттан грамматически хIоттаман ши дакъа и шиъ хиларе терра. Морфологически дакъош, морфологически хиламаш кхочушхуьлу къамелехь дешнийн цхьаьнакхетаршкахула а, предложенешкахула
а. Къамелан дакъойн морфологически категореш синтаксически юкъаметтигийн гIортораш ю (тиша керт – къастаман юкъаметтигаш
«хIума-билгало»), ткъа иштта синтаксически категорийн а (топ кхоьссира – яхана хан, билггала модальность).
Ала деза, нохчийн меттан синтаксис Iилманехь кIезиг телли- на ю. Иза талларехь Iилманехь шайн лар йитина Ю. Дешериевс, Ф. Яковлевс, З. Джамалхановс, Я. Эсхаджиевс, В. Гиреевс, А. Халидовс.
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ЦЕРАН ТАЙПАНАШ
Дешнийн цхьаьнакхетар – иза синтаксисан дакъа ду. Цуьнан шен билгалонаш хуьлу:
а) мел лахара а шакъаьстина ши дош хила дезар; б) уьш маьIнийн цхьаалла йолуш хилар;
в) вовшашца грамматически уьйр йолуш хилар. Грамматически а, маьIница а вовшашца дозаделла шакъаь-
стина шиъ я цул сов дош дешнийн цхьаьнакхетар ду. Цо билгалйо хIуманийн, хиламийн, даран, дикаллин чолхе цIерш. Масала, керла книга, сочинени язъяр, хезаш ешар. Хьалхарчу масаллехь хIуманан цIе а ю яьккхина, цуьнан билгало а ю гайтина, шолгIачу – хIума а, цунна тIедоьрзуш долу дар а, кхоалгIачу – дар а, цуьнан билгало а. Цу кепара билгалдолу дешнийн цхьаьнакхетарийн граммати- чески маьIна. Дешнех а, дешнийн цхьаьнакхетарех а кхоллало предложени.
Дешнийн цхьаьнакхетарш предложенех къасто хаа деза.
Деш- нийн цхьаьнакхетарша хIуманийн, билгалонийн, даран, хиларан цIе бен ца йоккху, ткъа предложенино адамашна юккъе къамелан юкъаметтиг кхуллу, цхьана хIуманах лаьцна хаам бо, хаттар до я цхьа гIуллакх дар тIедожадо. Предложенехь шайн цхьаьнакхетарехь дешнаш хуьлу коьрта а, дозуш а. Шегара хаттар хIотточу дашах коьрта дош олу, ткъа коьртачу дашо хIотточу хаттарна жоп луш долу дашах дозуш долу дош олу. Масала, ловзура самукъане дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош ловзураду; ловзурамуха? аьлла шега хIоттийначу хаттарна луш долу жоп ду самукъане боху дош.
Дешнийн вовшахкхетар а, цхьаьнакхетар боху аламаш вовшех къасто хаа деза. Дешнийн цхьаьнакхетар:
-
маьIница а, грамматически а дозаделла шакъаьстина шиъ я цул сов дош ду; -
коьртачух а, цунах дозуш долчу а дашах лаьтта. Коьртачун- на тIера дозуш долучунна хаттар хIотто тарло: диллира (хIун?) сурт, кхийтира (стенах?) диттах, вогIу (муха?) сиха, бешахь (муьлхачу?) стоьмийн.
Дешнийн цхьаьнакхетар ца хуьлу:
-
подлежащи, сказуеми (аьхке чекхъелира); -
предложенин цхьанатайпанара меженаш (зударий а, бераш а, тIе а вахара, схьа а лецира); -
цIердош дештIаьхьенца (гIанта тIехь).
Дешнийн цхьаьнакхетаршкахь маьIнийн уьйр билгалйоккху хаттаршца, коьртачунна тIера дозуш долучунна хIиттош долучу, масала: байракх (муьлха?) баьццара.
Дешнийн цхьаьнакхетарш коьрта дош муьлха къамелан дакъа ду хьаьжжина хуьлу: цIеран цхьаьнакхетар (именное словосоче- тание); хандешан цхьаьнакхетар (глагольное