Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3019

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп


  1. Ерзоран хьаьркаш.

  2. Хуттургаш йоцучу предложени чу йогIу цхьалхе предло- женеш вовшех къасторан хьаьркаш.

  3. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенехь тIетуху пред- ложенеш билгалъяхаран хьаьркаш.

  4. Цхьалхечу предложенехь къасторан а, билгалъяхаран а хьаьркаш.



Пунктуационни къасторан кеп


Кхераме ойла кхоллаелира сан хьекъалехь: талорхоша иза ядийна моьттура суна.
Предложенин чаккхенга дерзоран хьаьрк диллина–тIадам, хIунда аьлча иза айдаран йоцу, дийцаран предложени йолу дела. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенийн дакъошна юккъе къа- сторан хьаьрк–шитIадам биллина, хIунда аьлча шолгIачу декъо схьабосту хьалхарчу декъан чулацам.


Йозанца къастор


Кхераме (къастам) ойла (подл.) кхоллаелира (сказ.) сан хьекъалехь (мет. лат.) талорхоша (подл.) иза (н. кхач.) ядийна моьт- тура (сказ.) суна (л. кхач.).
Упражнени. ДIаеша предложенеш. Пунктуационни къастае хут- тургаш йоцу чолхе предложенеш: шиъ-барта, шиъ-йозанехь. Важа предложенеш шайн дIахIоттамца муьлха предложенеш ю къастаде. Цу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца.
1) Яздан хааран говзаллийн къайле шен произведенин хьал- хара ешархо хила хаар ду. 2) Дийца хааран лаккхара говзалла – вист ца хуьлуш Iер ду. 3) Къаьсташ яздан хаар гIиллакхе хиларан хьалхара бакъо ю. 4) Ломахь тхойшиъ некъах тилла хIусмах дог аса диллина. (С. А.) 5) Амма цунна хьалха ши некъ хIоьттира: кхиболу нохчийн хьолахой санна, паччахьна гIуллакх деш, шен декъаза халкъ хьийзор, я халкъехьа ваьлла, цуьнца цхьаьна къаь- хьа кад мийлар. (А. А.) 6) ХIинца, хьо дерриг дийцина ваьллехь, бIозза остопируллахI ала ахьа: ахьа доккха къа латий хьайна.

    1. ТIаьхьа веъначу хьешан юьхь-сибат къаста ца лора: буьйса дукха Iаьржа яра. 8) Бежехь а, хьалхачул, дуккха а атта дара хIинца; буц а

дикка лакхаяьллера, хьуьно баьццара духар тоххара тIедуьйхинера.

      1. Iабдулла, Элмарза, чехкка тIаьхьа а гIой, юхаверзаве иза: вочу хIуманан сахьт дац. 10) Амма кхин цхьаъ ду вай дицдан йиш йо- цуш; и шиъ юх-юххе а хIоьттина вогIуш ца хилча, вайн дечигашна тIедовлар эрна хир ду. 11) Атта дацара КъакъашгIарна а, Куьйрина а и нах шайна тIаьхьа хIотто: царах хIоранна а пхиппа туьма дала дийзира церан. (Юн. М.)



КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А


        1. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна юкъа йоьлхучу цхьалхечу предложенийн коьрта уьйран гIирс муьлхарниг бу?

        2. ХIун маьIна хила тарло хуттургаш йоцучу чолхечу пред- ложенина чу йогIучу цхьалхечу предложенийн?

        3. ХIун тайпа хьаьркаш дохку оцу чолхечу предложенешна чу йогIучу цхьалхечу предложенешна юккъе? Маца дуьллу оцу хьаьркех хIор а? Масалш даладе царна хIоранна а.


Упражнени 1. ТIедиллар: тIе ца тоьаш сацаран хьаьркаш долу хуттургаш йоцу чолхе предложенеш кIел сиз хьакхарца билгалъе:

  1. запятой. 2) шитIадам. 3) тире. 4) тIадамца запятой.




    1. Кхин дIа ца вижа сацам бира хьала-охьа а наб кхетар яцара.

    2. ХIовраъ цхьана минотехь ша хиъна Iийра, ойлане коре а хьоь- жуш, юха шен йиша йолучу араелира йистхила дог дара. 3) Латта, айлуш, меттахъхьайра хьалхара бомба юххехь иккхира, рагIу до- лучу меттехь. 4) Юха кеманаш, Iалашо а лаьцна, гонаш туьйсуш, хьийза доладелира мотораш массо а агIор екаш хезара, хьалает- тачу яккхийчу тоьпийн, пулеметийн гIара а йойъуш. 5) Юьртден аьрру бесни егийра цо корта хьала а айъина шен чолакх куьг голах хьаькхира. 6) Сурсаташ дазлуш дара гIалахоша ара ца дохура, юьртахой кхуза бахка ца баьхьара. 7) Стиглахь парашют гира суна цхьана минотана Сахуьлу Седа дIакъевлира цо, Iаьржачу хьуьнан

пена тIехула лепаш болу. 8) УьйтIахь ена гонаха хьийзаш масех стаг вара юург яра кечъеш. 9) ЦIа керла дара, амма дина даланза, ур-атталла ков а доцуш хьайна луъург чувола. 10) Къеначу попан гаьннаш дукха луьста дацара дехачу бIешарахь цкъа кегдина ца Iара уьш мехаша а, стелахаьштигаша а. 11) Шийла
яра май беттан буьйсанаш хIинца а мела яц.
Упражнени № 2. Хуттургаш йоцучу предложенех пайда эца а хьожуш, чекхъяха предложенеш.

Кеп:Сих ма ло, къамелехь сихо дика яц: массо а ца кхета сиха дечу къамелах.



      1. Дика къамел дуккха а болучу лехамашна жоп луш хила деза

--------.

      1. Хьалдолучу меттан хьолах пайда эца -------. 3. Дукха ма дийца ------. 4. Къамел дан деза, кехат тIера деша а ца доьшуш

-----. 5. Совнаха дешнаш ма даладе къамела юкъа – 6) Дукха сиха а ма дийца, текхош къамел а ма де------ 7. Хезаш, къаьсташ, васт хIоттош дийца-------. Дукха терахьаш а, цIерш а ма ялае-------. 8) ТIамарш лестор а товш ца хуьлу ------.
Упражнени 3. Ша-шена диктант. Дагахь Iамае цхьа-ши байт А. Сулеймановн «Ламанан хьостанаш» стихотворени тIера. Иштта могIанаш ду цу тIехь:
Цу шаьлтанан диттал чIогIа Ира хуьлда маргIал мотт! Цунах вай дош ала догIу: Мотт ца луьйчохь вай хIун до?
Стихотворенехь вайн халкъан кицанех пайда оьцуш яздина могIанаш ду. И могIанаш ша-шена диктант санна дIаязде.

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1





        1. Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш хийца хуттургаш шайца йолучу чолхечу предложенешца.


1) Иза юхахьаьжира: цIийнан керта юххехь лаьтташ Дога вара, кхуьнга а хьоьжуш 2) Цхьаъ ду шеко йоцуш: иза кхин кхуза юхавогIур вац. 3) Газа хеса хоьций дIайийнарг хIаллакьхир ю.

4) Баркалла ала воллура иза кIантана – важа цIеххьана къайлаве- лира.

        1. Къастаде, хуттургаш йоцу чолхе предложени ю я цхьалхе предложени ю.

  1. Хьуо кхоа ма ве – лаьтта тIехь иза уггар сийлахь, хьекъале дерг ду.

  2. Цхьана дийнахь – иза дара пхи де хьалха – хьуьжарера схьавеара Iумар делкъал тIаьхьа.

  3. Беш сема а, гIара еш а яра, хIаваэхь хьийзара можа гIаш, кIаьгнаш чохь Iаьмнаш хIиттинера.

  4. Iаннаш чу висса а, даккъаш тIе вийла, го туьйсуш, хил дехьа вийла а дезара меттигийн карта хIоттош.



        1. «Совнаха йолу» предложени карае.


  1. Дика кхета топ: хьостам тIера охьаюьйжи ворхI кхаба йохий.

  2. Муьлхха а хIума: некъо голатохар, керта тIехулара га, чиркхийн серло – и дерриг бен доцуш ца хетара.

  3. ХIара дерриг а олхазарш: массо а тайпа бедаш, гIургIезаш а – адамах ца кхоьру ала мегар ду.



        1. Къастаде, муьлха сацаран хьаьрк хIотто деза предло- женешкахь: запятой, тIадамца запятой, тире, шитIадам.



1) Зударий маьхьаршца шайн бахам кIелхьарабаккха гIертара бераш кхиссалора цIаре а хьоьжуш. 2) ДIакхойкхий шуьга тIаккха ша ду. 3) Цхьа вон айп ду вайца вовшашца барт