Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3017
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Къилбседехьара къилбехьа, Iаьндийн дозанца ша-лаьмнашна тIедоьдуш чIаж ду. Цу чIажана шина а агIор кхозуш лаьмнаш ду. Церан сурт шера ду: ира ба..хьаш доцуш, Iункар бердаш, тархаш йоцуш. ЧIаж ша тогIе алалур долуш ду, шуьйра хиларна, амма и тогIе кхачалу..чохь, кIоргачу яй чохь, ломан Iам бу – «Къоьзана- Iам» цIе а йолуш.
Iам дукха боккха а бац: йиъ ча..кхарма бохалла, ах ча..кхарма шора..ла. Я эрз а бац, я ко..л а яц цигахь.
Духдуь..лучу шовданаша бакъа ца болуь..туш, латтош бу и Iам. Iома.. куьзгана тIехь тухуш я тулгIе а яц, я махо ловзи..на и меттахъхьовш хи а дац.
Лаь..таш ду и гинсу санна, Iана а дахана. Iома чохь аркъал Iуьллу си..на стигал. Iоман дехьарчу бердан сиз, хи сирла хиларна, къаста а ца ло.
Iоман кIоргехь бакъ-чIерийн сураш ду тоьпа даьндаргаш санна, кхоь..сина лелаш. И боцург, кхечу хIун чIара а бац цу
чохь, сел лекхачу лаьмнаш ю..къерчу цу чу и мичара беана хаа йиш яц.
Гонахара лаьмнийн хаза..ла йийцина а вер вац!
Лаьмнашна тIетесна зезаги...н баьццара куз бу. Буц, ле..рина тукарца лергича санна, лекха..ла цхьабо..са ю, хIетте а цхьана а меттахь бIаьргана гуш яц буц яланза меттиг.
Цу деношкахь гуттар сирла богуш малх бо..лу..шехь, Къоьзана- Iома йистехь йовхо хаалуш яцара: ша санна ши..лачу хе тогIе чохь йох ца йолуь..тура.
Iоман цхьана йистехь шера майда ю. И майда гуттар а хилла суь..лийн, нохчийн халкъ вовшахкхеташ. (Ошаев Х.)
Упражнени № 3. Чаккхе йоцу диктант. Олуш дIаязъе текст. Чолхечу предложенийн грамматически баххашна кIел сиз хьакха.
ХIокху тIаьхьарчу хенахь дерриг а дуьненахь хих лаьцна гIайгIане, сагатдаран къамелаш ду деш. Лаьтта тIехь хи уггар а коьрта мехалла хилла дIахIуттуш ю. Дахар хишна юххехь кхолла а делла, царна гергахь саца а сецна, хишца кхуьуш а ду, ткъа лаьтта бухара хьалакъедда
а тIуналла цхьа пайда ца бохьуш, охьайоьдуш а яц. Хино даим а кхобура, хьогалла йойъура, адамашна хазахетар а дохьура. Иза даим а дара церан дахаран цхьа дакъа, амма хIинца хица боьзна хилла бахамаш дIабевлла ала мегар ду. Хиэгара схьа бен ца оьцура, амма цхьа цуьрг а кхоам ца бора цуьнан.
Диктант чекхъяккха.
Упражнени № 4. Таблице хьовса. Оцу темина лерина барта хаам кечбе. Шайн жоп масалшца тIечIагIде.
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Сацаран хьаьркаш | Чолхечу предложенин тайпа | ||
| Чолхе- цхьаьнакхет. | Хуттургаш йоцу | Чолхе-карара |
, ; : _ | + + (наггахь) + (наггахь) | + + + + | + |
Хьаьрко кхочушдийриг | къастор | билгалъяр |
Упражнени № 5. ДIаеша. ХIокху рогIаллехь дIаязъе пред- ложенеш: 1) къасторан хьаьркашца ерш, 2) билгалъяран сацаран хьаьркаш ерш.
-
Ирча сурт хIоьттира бIаьргашна хьалха: цхьа стаг хи чу воьжна Iуьллура, важа къаьхкинчу говро текхош вара, кхоалгIаниг дина хиъна дIаэккхашехь, цхьа инзаре ши куьг дIаса а тесна, охьа- вуьйжира. (Ях. Л.) -
ХIетахь наха олуш хезна-кх суна, варшахошна юккъехь Шама мел ву, цара лелочу ялтех, даьхнех беркат ца хила а, церан доIанна жоп ца дала а йиш яц бохуш. (Ахм. М.) 3) Гобаьккхина гонаха декъа, довха, зевне хIаваъ дара, эвлахь хIоьттинчу йовхон- на богучу тIулгах бепиган хьожа йогIура. (Пав. П.) 4) Садеттарх гIуллакх хила ца доллий а хиъна, цхьа чаьмза йистхила дагахь хилира Лайса, амма цуьнан багах дош далале, вистхилира юьста- ха Iен воккха стаг. (Нун. С.-Хь.). 5) Массо а хьийса буьйлабелира дукха башха кечъелла, хитIа йогIучу шотойн цхьана хазачу йоIе, хIетте а бере цуьнгахьа дIа а ца хьожуш, я кегийчу нахана тIе а ца воьдуш, юьстаха дин ловзош лаьттара. (Ок. Ш.) 6) Маьлхан зIаьнарша дешица къагийнера нежнийн баххьаш, юха, цхьаъ вукхунна тIаьхьа дIадайра; тIаьххьара зIаьнар дикка лаьттира.
-
Зану хьалха дIахьаьжира: IиндагIан дитт гена дацара. 8) Хиндерг цахааро гIайгIане дожийнера адам, ткъа оцу генарчу лаьмнашкахь царна дуьне къайладоккхуш тIегIертара Iаьржа, тийна, синагттаме буьйса. 9) ДIатийра берийн белхарш, йиллинчу неIаршкахула ара а дуьйлуш, Iаьржачу бодашкахула генна дIакхерстира нохчийн ойланечу мукъаман аз. (Айд. А.) 10) Турпалхо лийр ву – цуьнан цIе юьсур ю. 11) Корах арахьаьжира со: марха йоцучу стигалахь седарчий дара лепа дуьйлалуш.
Упражнени № 6. Цхьалхечу предложених чолхе предложенеш е: а) хуттургашца а, б) хуттургаш йоцуш а.
-
ЦIерпошт шен хенна схьаеара. Пассажираш чуьра арабовла сихбелира. -
Сиха Iаржлуш яра. ЦIеран алу марса а юьйлура, майда тIеттIа серла а йохура. -
Малх дIабузуш бу. Бацалахь гучуделира суьйренан тхи. -
Дуькъа дIасадаьржира гонаха дохк. Юьрта йистера доккха наж хIинца а гуш дара. -
Стенна делахь а, бурам гуш дацара. Хийистера адам синтеме хьоьжуш Iара. -
ГIура йолале, цига дIакхача дезара. Массо а сиха вара. -
Ураман шина а агIор чиркхаш латийра. Корашкахь а серло гучуелира.
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенин коьрта билгалонаш: а) цу чу догIучу дакъойн цхьабосса бакъо хилар а, уьш вовшех дозуш цахилар а; б) царна юккъехь цхьаьнакхетаран уьйр хилар. Вай хьахийна билгалонаш хуьлу цхьаьнакхетаран хуттургашца. Цхьаьнакхетаран хуттург вовшахъхуттучу дакъошна юккъехь лаьтта, иза грамматически форма ю ерриг а чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенин. Оцу хуттургийн маьIнига хьаьжжина хуьлу чолхе- цхьаьнакхеттачу предложенийн маьIна а.
хуттургаш | маьIна | масалш |
Дозаран а- а | ХIор предложени чохь хуьлуш дерг: а) цхьана заманчохь; б) цхьаъ кхечунна тIаьхьа. | Стоьла тIехь богуш чиркх а бара, иза цунна юххехь хиъна а Iара. Мох хийцалуш а бара, хIорд гIайренашна тIекховда дагахь а бара. |
Дуьхьалара: амма, бакъду, ткъа, делахь а, хIетте а, (цхьа- бакъду) | Цхьана предложенехь дуьй- цуш дерг вукхунна дуьхьал маьIна долуш хилар | Юьртана гонаха бердаш, аьрцнаш ду, делахь а хIаваъ цIена ду. Со корах ара хьажа гIертара, амма дахкаро хIумма а ца гойтура. ДогIа догIура, хIетте а арахь шийла яцара. |
Къасторан: я | Предложенехь дуьйцуш дерг хийцалуш хилар я кхо- чушхила тарлуш долучарах цхьаъ къастош хилар | Я къегина малх хьожура, я догIа тухура. |
Предложенеш вовшаххуттучу гIирсаша дакъош вовшех доза- рал сов, церан вовшашца йолу юкъаметтиг а гойту.
Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенехь йолу цхьалхе предло- женеш вовшех къастайо запятойшца.
Упражнени № 1. Муьлхачу аларца резахила мегар дац. Делил даладе шаьш деллачу жоьпана.
-
Шиъ я масех грамматически бух болу предложени чолхе предложени ю. -
Чолхечу предложенин дакъош вовшашца дуьстича цхьа- босса бакъо йолуш хуьлу. -
Еригг а чолхе предложенеш кхаа декъе екъало: чолхе-цхьаь- накхетта, чолхе-карара, хуттургаш йоцу. -
Вовшахъхоттаяларе хьаьжжина, предложенеш екъало хут- тургаш йолучу а, хуттургаш йоцучу а предложенешка. -
Цхьаьанакхетаран хуттургаш хуьлу: дозаран, дуьхьалара, къасторан. -
Чолхечу предложенешкахь цхьалхенаш вовшахтосуш болу гIирсаш бу: хуттургаш, хуттургийн дешнаш. -
Цхьаьнакхетаран хуттургаша цхьалхечу предложенийн дакъош вовшахтосу.