Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3050

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич



  1. Хьажа-Мурда ца оьзна шечуьнан лаг, мостагIчух лата шена корта оьшу аьлла. 8) Воронцов Санкт-Петербурге воьдуш, цуьнца Нох- чийчуьра нах а бахийтира Кхело бина барт паччахьца а чIагIбайта.

  1. Юьртах аравалале, Юнус вахийтинера Шемала, ша вогIучу нов- къара бусалба нахах долу эскарш дIадаха аьлла. 10) Иттех гIулч гена бевлча, прапорщик веара царна дуьхьал, коьртакомандующина хьалха имам герз доцуш хIоттаве аьлла. (Э. И.) 11) Чехкка шен говра а хиъна, хIара дIаволалушшехь, кхунах бIаьрг а кхетта, шайн говрашкахь кхунна тIаьхьаваьлла ворхI наьртхо хIара вен дагахь. (Н. Ф.) 12) Лачкъийна хIумнаш цхьана ахархочун чохь ю аьлла, цуьнан цIийнах хьовса богIуш бара хIорш. 13) Новкъахь Iоьхург ча ю аьлла, оцу гIовгIана тIе веара Иаго. 14) Шен къоман нах цхьа- барт болуш хилар Пхьарчо тешор ву бохуш, Къоба дуьххьалдIа тIе вахара гIарол лаьттачу меттигана. (К. А.)

Упражнени 6. ХIокху хаттаршна жоьпаш а луш, талла лахахь ялийна предложенеш.


    1. Муьлхачу предложених олу Iалашонан тIетуху предложени?

    2. ХIун дозаран гIирсаш хуьлу Iалашонан тIетуху предложе- неш коьртачарах дIахуттуш?

    3. Муха къасто еза Iалашонан тIетуху предложени Iалашонан латтамах?

    4. Стенах кхоллало Iалашонан латтам?


1) Сутара акхарой къахкорхьама, цунна тIе тоьпан молха доьх- кира. 2) КоргIакъа, ламанан нахана хетарехь, дика ирс долуш стаг вара, хIунда аьлча къаьсттина хало ца гора цунна. 3) ЙоIана дика
хийтира хIара гIуллакх, хIунда аьлча хIокху буса дена хьалха хIотта шена хала хиларна. 4) Солтий, Бежияй шайн-шайн хьешашший, баккхийчу нахий нийсо еш болу баккхий нах болучу вигира, ши ваша хилар чIагIдеш дуй баийта. (К. А.) 5) АгIо баьгна Тимар мила ву хьажаза цIа вогIур вац ша аьлла, араваьлла къена иччархо. 6) Сайна набкхетта моттуьйтуш Iара со, кхара хIун-до те бохуш (Н.Ф.)


Бехкаман тIетуху предложенеш



Коьрта предложени чохь хуьлуш долучун бехкам гойтучух бехкаман тIетуху предложени олу. Иза коьртачух дIахоттало нагахь я нагахь санна бохучу хуттургашца. Ала деза и хуттургаш шайца йолуш цхьалхе предложенеш а хуьлу. Цундела хаа деза бехкаман тIетуху предложенеш бехкаман латтамашца йолучу предложенех къасто.

Нагахь санна тахана харцдерг дуьйцу-кх ахьа, кхана цхьа а тешар вац хьох.

Нагахь санна тахана ахьа харцдерг дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох.

Тахана харцдерг дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох. ХIокху кхаа предложених хьалхарниг чолхе ю, ткъа важа шиъ

цхьалхе. Синтаксически толлур ю вай царах хьалхарниг. Нагахь санна тахана харцдерг дуьйцу-кх ахьа (бехкаман тIетуху предло- жени) кхана цхьа а тешар вац хьох (коьрта предложени). Коьртачу

предложени чохь: тешар вац (хандешан хIоттаман сказуеми); тешар вац мила? – цхьа а (подлежащи); тешар вац хьанах? – хьох (лач кхачам); тешар вац маца? – кхана (хенан латтам).

ТIетухучу предложени чохь: дуьйцу-кх (хандешан цхьалхе сказуеми); дуьйцу-кх хьан? - ахьа (логически подлежащи); дуьйцу - кх хIун? - харцдерг (нийса кхачам); дуьйцу-кх маца? - тахана (хенан латтам); нагахь санна (бехкаман тIетуху предложени коьртачух дIахуттуш йолу карара хуттург).
Упражнени 1. ДIаеша. Бехкаман тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Диц ма де нагахь, нагахь санна боху хуттургаш бехкаман латтамашца а хуьлуш
хилар.


  1. Нагахь цхьа гIалат сох далахь, доьху хьоь, оьгIаз ма гIолахь.

  2. Нагахь сан диканаш гайта а лиъна, дош олуш хьо велахь, дехар ду хьоьга, цабийцар соьцанна хьагI лаьцнарш айхьа. (Так. С.)

  3. Нагахь хьайн аьтто хуьлу-кх, цигахь эпсарийн дешар деша- лахь. (А. А.) 4) Пайзулла саца ца во-кх, дукха чIерий хIаллакдийр долуш стаг ву иза. (К. М.) 5) Нагахь и машен соцу-кх, иза боданехь къайлаер ю, кIоргачу уьшалахь говр санна. (А. М.) 6) Цавевзарг ца- везаш ву-кха аьлла, стаг дIа ца таттал кхетам бара Алхастехь. (Юс. I.)

  1. Нагахь санна суна Жоьра-Бабин Тимарсолта хьан гайта ницкъ кхочу-кх, со мила ю аса дуьйцур ду хьуна. (Н. Ф.) 8) Нагахь хьуо стаг велахь, ахьа адам ма лара Даймехкан кхолламе бендоцуш хьоь- жуш верг. (А. Навои). 9) Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар сан хьалхара весет ду хьоьга! (С. М.) Дийна я вийна обарг Саламбек аша тхоьга схьа ца ло-кх, аса СагIопша лаьттина меттиг юьтур яц шуна, цу эвлахь мел верг лаьцна Сибарех а хьажор ву. 10) Нагахь шен кехат халкъан векалшна юккъехь дийцаре дил- ла таро яцахь, и, зорба а тоьхна, нахе кхачийта, цхьанхьа газетан редакце дахьийтар дехнера Зеламхас. (Мам. М.) 11) Нагахь санна шайн бажа дIабаккха цигара оьрсий схьахьовдахь, царна дуьхьало ян, герзашца кечам бина, гучуваьллачунна топ тоха кийчча Iаш хилла уьш. (Дад. I.) 12) Нагахь цу арахь Залубина цхьаъ хуьлу-кх, сел гIийлачу соьга цунна гIо далур дац. (Бад. С.)


Упражнени № 2. Лахахь ялийначу кепара бехкаман латтамех бехкаман тIетуху предложенеш а еш, схьаязъе.

Кеп: 1) ХIоа кхаьрзина йисина чкъоьргаш стоьмашна тIеоьхкича, стоьмаш дукха хуьлу .-Нагахь санна хIоа кхаьрзина йисина чкъоьргаш стоьмашна тIеухку-кх, стоьмаш дукха хуьлу.



    1. Цициго шена тIе мотт хьекхахь, хенан хIоттам хийцалур бу. 2) Воккхаха волучунна хьо жима вацахь, жимачунна воккха а хир вац хьо. 3) Хьайга догIург аьлла Iийча, нахана цкъа а кIордор вац хьо. 4) Хьайца нах дика хила лаахь, цаьрца дика хила хьо.

5) Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. 6) Да дика велахь, доьзал а хир бу дика. 7) Дешан да хила хьайн де дацахь, дош ма ала. ГIуллакх кечам боцуш долийнехь, кхачам боцуш доьрзур ду. 8) Къахьо ца евзича, марзонан чам а хуур бац. 9) Нахаца гамо езахь, духалург ахча ло. 10) Орам хадийча, дитт дакъало. 11) Стаг во- вза лаахь, цуьнан уьйрашка хьажа. 12) ЦIа чуьра вониг арадолуш хилча, диканиг чу а догIур дац. 13) ЦIийвала а, кIайвала а хууш вацахь, иэхь дайна ву хьуна. 14) ЧIара безахь, хи чу вала. (Н. Ф.)

  1. Халкъана а, шен Даймахкана а стаг пайдехьа хир вац, нагахь иза хьанал къахьега лууш вацахь.


Упражнени 3. Лахахь ялийначу предложенешна юкъара бех- каман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложенеш схьаязъе. Синтаксически талла царах кхо предложени.


    1. Нагахь санна и гIалагIазкхи дийна висинехь, хан ца тохуьй- туш цIа валор ву Соип, иза веллехь, уггар лахара а хан тохуьйтур ю. 2) Нагахь санна аса суо ца вовзуьйту-кх, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. 3) Нагахь со иэсах яьлла яцахь, хIара муо аса ерзийначу чевнан муо бу-кх. 4) Нагахь санна Далла хьалха цIена хила лаьа-кх хьуна, Дала бохург а деш, Iе. 5) Нагахь санна аса дуьйцучух шу ца тешахь, айса иза дина аьлла шуна хьалха Къуръан тIехь дуйнаца чIагIо ян кийча ву со. 6) Нагахь санна вай нохчий къарбо-кх, тIаккха Кавказ а къарлур ю. 7) Нагахь муьлхха а гIаттам хилахь, иза хаьшна дIабаккха, кхузахь долучу эскаршна тIе Кубанера Северски полк, гIашлойн ши полк, цхьа стрелкови батальон яхийтира Нохчийчу.