Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3074

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Кхачамийн шакъастар



Дукха хьолахь метта, меттана, сов, совнаха, бен, тIехь, хьовха дешнашца болу лач кхачамаш а, ткъа иштта воцург йоцург, боцург, доцург), воцучо (йоцучо, боцучо, доцучо), хьовха, а тIехь деш- нашца хилахь, подлежащи а, нийса кхачам а шакъаьсташ хуьлу. Предложенехь уьш запятойшца къастабо.

Масала: Массеран а, цхьа Iела воцучун, гIуллакхаш дика дIадоьлхуш дара. Кху дуьнен тIехь, вайн мохк боцург, кхин а ю дуккха а пачхьалкхаш, амма цхьаъ ю стеган нана а, цхьаъ бу цуь- нан Даймохк а.
Упражнени № 1. Предложенешка хьовса. Кхачамаш къастор хIун бахьана долуш бина дийца.


    1. Бас-хица йолучу жимачу хьуьнхахь, пхонал совнаха, кхин чIогIа дечиг каро хала дара. 2) Ши доттагI, маракхетаран меттана, вовшашна муьшканаш ян вуьйлира. 3) Пайдабоццу масех кха- чамбацар доцург, кхин цхьа а тайпа сакхт дацара цуьнан амалехь.

  1. Книгел сов, кху чохь йозанан стол а, кIеда гIанташ а дара.

  2. Вайн къоман бен, кхин цхьана а мехкан художникийн суьрташ дацара гайтамехь довзуьйтуш. 6) Вайн юьртахошна, хьуна а тIехь, дIаса ма йийкъира цо ша язйина книга. 7) Дуккха а студенташ, цаьрца хьехархой а тIехь, Нохчийн меттан Де даздан кечлуш бара.

    1. КIантера яьллачу ледарлоно, да хьовха, церан цIийнах мел волу стаг а цецваьккхинера. 9) Хьуна бен, кхечунна цхьанна а хуур дац и тайпа дов машарца дIадерзон. 10) СаьIид Бадуев воцчо, ца яздина вайн къоман Iадатех лаьцна цу кепара. 11) Говр сацоран меттана, урх юха а ийзош, иза тIехьарчу когаш тIе хIотто гIертара говр-бере. 12) Пана арахь, говрахь вогIучу цхьана стагал сов, гуш аддам а дацара. 13) И йоккха стаг бен, кхин гергара стаг вац цуьнан кхузахь, вай долчохь вехаш.



Упражнени № 2. ХIокху дешнашца хьо воцург, урокел совна- ха, цуьнан метта, уьш а тIехь, жоп даларан меттана, цунна бен, М. Мамакаев воцучо, гергарчара хьовха, цаьрца юьртахой а тIехь, А. Айдамировн «Еха буьйсанаш» роман бен, хьостамел сов предло- женеш кхолла. Предложенеш дIаязъе. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.
Упражнени № 3. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, хIун меженаш ю аша къастийнарш.


      1. Юькъачу базанан хьуьнхахь корсам а яккхий яраш йоцург кхин цхьа а хIума карор яц хьуна. 2) Тхан хьаннашкахь тарсалел а, цхьогалел а сов наггахь ча а, борз ган а тарло 3) Австрали йо- цург цхьогал доцуш цхьа а мохк бац кху дуьненан еа маьIIехь.

  1. Кокосови бIара чохь тIамарал совнаха кхин а кочалла а хуьлу кокосови шура. 5) Берриг а август бутт цхьа кIира доцург догIанаш оьхуш чекхбелира. 6) Дуккха а нах, хьажцIа баха арабевлларш а тIехь, аэропорте схьагулбеллера. 7) Масех гила-кеманел совнаха берда йистехь лаьтташ жима ши катер а дара. 8) Мохьмадан жима чоь беш йолучу агIор яра, ткъа цу чохь жима цIена маьнга а цхьа гIант доцург кхин цхьа а тайпа йийбар яцара. 9) ЦIен чIара хьовха чабакх-чIара а лоцур бац ахьа хIинца Терка чохь. 10) Хьуна бен вайн юьртахь кхин цхьанна а хуур дац говрана ленаш тоха а, деч- кан ворданан чкъургаш ян и дан хууш хилла ЭламирзагIар хIинца бан ма бац. 11) Шен тайпанан нахана хьуна а тIехь лакха юьрта йистера латтанаш дIадийкъира цо. 12) МаьркIаж-бода булуш со цхьаъ бен нохчий воцуш, тхо хаьхккина МахкатIе дахара.

Упражнени № 4. Шакъаьстина кхачам предложених дIахотта.

1. Чай меллачул тIаьхьа беша садаIа кхайкхира хьешашка, амма догIа доладелира, массо а юха

чувахара.

а) дуьхьал кехат яздаран меттана

2. БIаьрго мел генахь дерг а схьалоцу.

б) цхьа хIусамда воцург

3. Сихачу боларца коьллийн могIаршна юххехула чекхвелира со, амма гинарг кхин дара, цаевза меттигаш.


в) евзаш йолучу аренийн меттана

4. Дуккха а масалш далош, арз яздира цо цул

тIаьхьа.

г) шурула кIайн гIум йоцург




МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ



Барта дечу къамелехь я йозанца нехан къамел (кхечо аьлларг) дIаала а, дIадийца а дезаш меттигаш нисло дахарехь. Вистхуьлучо шен аларехь кхечуьнан къамелах пайда эца тарло, ма-дарра иза схьаолуш я хийцинчу формехь. Нехан къамел довзийтаран кепаш тайп-тайпана ю, амма царах шуьйра пайдаоьцург ю хIара шиъ: аьлла ма-дарра, хийцаза, схьадийцинчу юьхьан цIарца олург; форма хийцарца кхечу юьхьан цIарца олург. И тайпа къамел довзийтаран синтаксически некъ – ма-дарра а, лач а къамел ду. Оцу синтаксически конструкцехь ши дакъа ду: цхьаъ–долор–текст кхуллуш волучун къамел, 2-гIа дакъа–хийццане а ца хуьйцуш, далийна долу нехан къамел. Долор коьртачу декъана чекхъялаза йолучу цхьалхечу предложенех лаьтташ хуьлу, шайна юкъахь хIара хандешнаш долу: элира, хаьттира, дуьйцура, дийхира, хьахийра и. дI. кх. а. Ткъа лач къамел, хийцинчу формехь далош долу къамел муьлххачу а кепехь йолучу предложених лаьтташ хила тарло. Оцу шина декъана юкъара башхалла къастор билгалдо пунктуацино: и ши дакъа вовшех къастадо шитIадам, тире йилларца, ма-дарра къамел кавычкаш юкъа лоцу.

Чолхе пунктуаци ю ма-дарра къамелехь. Цуьнан коьрта дек- хар – авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а тайп-тайпана билгал- даккхар ду. Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш хIиттор дузу

цу шина декъан дIанисдалар (хьалха-тIаьхьа) муха кхочушхилла хьаьжжина.

    1. Нагахь санна авторан дешнаш хьалха лаьтташ делахь, цар- на тIехьа, ма-дарра къамелана хьалха, шитIадам буьллу, ма-дарра къамел кавычкаш юккъе а лоцуш, доккхачу элпаца доладо, цуьнан чаккхенга дуьллуш долу сацаран хьаьрк предложенин тайпане хьаьжжина хуьлу: дийцаран предложени и елахь тIадам, хаттаран елахь – хаттаран хьаьрк, айдаран хилахь – айдаран хьаьрк.

Цецваьлла, сайна юххехь волучуьнга хаьттира аса: «Кху- захь лаьтташ хилла бIов мича яхана?» Жимма хан яьлча элира цо: « ХьастагIа со сихваларна бехк ма биллалахь суна». ЦIеххьана мохь белира кIанте: « Аша ца вуьту со! Шуна моьт- тург бакъ дац!»

    1. Ма-дарра къамел юьххьехь хилахь, иза кавычкаш юккъехь дIа а яздой, иза дийцаран предложени елахь, запятой, тире а юьллий, жимачу элпаца авторан дешнаш яздо. Амма ма-дарра къамел хаттаран я айдаран предложенех хиллехь, цуьнан чак- кхенга запятойн метта, хаттаран я айдаран хьаьрк дуьллу, масала:

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», кадам бира Куьйрас.


«Дийца, хIун ду хьан садуург?» – хаьттира кIанте эсала нанас.

«Схьалаца и пхьагал! Ма яхийта!» – мохь хьаькхира дитта юххехь лаьтташ волучу иччархочо.

    1. Авторан дешнаш ма-дарра къамелана юккъехь хилахь, иза шина а агIорхьа запятойшций, тирешций къастадо.