Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3015
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Денош дацлуш дара, ткъа хIаваъ–цIинлуш. Яхъяла а, Iаржъяла а юьйлира буьйсанаш а, кхитайпа аьзнаш а хаза дуьйладелира боданечу стигалахь буьйсанна тийжаме гIаргIулийн сингаттаме гIезийн бедийн. Махо дийнахь сарралц дитташ дIасатехкош ий- задора догIанаш оьхура саца ца туьгуш бакъду цкъацкъа сарахь кхоьлиначу лохачу мархашна юккъехула малхбузехь схьакъедара дашочу маьлхан серло.
Шийла а къегина а лепара къилбаседехь дошах язъеллачу мархашна тIехула коча сийна стигал ткъа цу мархашна тIехьара меллаша схьатекхара кIайчу лаьмнийн-мархийн баххьаш. Кора юххехь лаьтта хьо хьайн дагахь: «Дала кестта йоькхуьйтур ю» бохуш, амма мох саца дагахь бац. Цо юха а техкадо дитташ сти- галхула дIасалоьхку Iаьржа мархаш. Уьш лоха а йоьлху догIа саца
а ца туьгу. ТIеттIа чIагIлуш, марсадуьйлуш, ведаршца Iена долало иза хIетте а дог теша и кестта соцург хиларх.
Упражнени № 3. ДIаязде Дугин Iаьрбин произведенийн дакъош. Чолхечу предложенешкахь грамматически баххашна кIел сиз хьакха. Дийца, муха вовшахтесна, муха къастийна цхьалхе предложенеш чолхечу предложенешкахь.
-
ТIаьхь-тIаьхьа хIорд марса а буьйлура, тулгIено хIара хIоразза, кхуссий, хьалхахьа дIа а вохуьйтура. ТулгIе юхайирзича, юхахьора, делахь а кхуо тIетаьIIина нека деш, дукха гена ца вок- кхура. ХIинца атта дара, ткъа хIара кхин зен ца хуьлуш дIакхечира. Бакъду, йисте кхочуш тулгIено бадийна тIулг настарх кхетта цхьа меттиг цIийеллера, амма и-м хIумма а доцург дара.
-
БIаьстенгахьа а лестинера, дийнахь бовха малх а богура, ло цхардулуьйтуш, тIехула чкъор лоцуьйтуш. Буса гIура тIетаьIара, ша бора. Генаш тIе а юьллура изза гIов. Мох баьлча и ши га хьак- халой, царна тIерачу шаша доккхуш хиллера и тата. Хаьштиг санна, тIах-аьлла дIавирзира тата даьллачу агIор. Хаалуш хIумма а яцара, дерриг а дIатийра. Герз тIедуста кийчча, амма шен лаам юхаийзош, сема ладоьгIуш, чекхделира кхуьнан ши сахьт. Кхечарна а ца хаавелира цхьа а, и чам боцу татанаш хазар бен.
Упражнени № 4. ХIокху предложенешна юкъара чолхе-цхьаь- накхетта предложенеш бен тIера схьа ма язъе. Царах хьалхарниг меженашца къастае. Муьлха бакъонаш йовза еза тIадамийн метта догIу элпаш хIитторхьама?
-
1) Паднара кIелара схьатакхийна, тIорказан догIа даь..кхира цо. 2) Моьттур дара и цхьа шатайпа башха духар духа воллу, амма схьаоьцурш овкъаран басахь тиша бедарш яра. 3) Гиначунна Муса хIинца вевзар вацара, я кху Iаьржачу буса мокха духар дуь..хина волу хIара гур а вацара. 4) Дехкан Iуьрга цициг санна, хьоьжура иза хIор кертарчу божалин неIаре а, цу чу бежана я говр лоллуш мила ву а, зуда я стаг, кевнан, кертан, божалан неIаран чIагIам мел бу а,
жIаьлеш муха ду а. 5) – Хади..начу чоига хьаьжча, чов йо..кха-м ю, делахь а даьIахкана зен ца дина хила мега,–дагахь сацийра цо.
-
1) Балхахь догIучу алапех а, я уьрдара яьллачу хьаьжкIех а вовшахтоьхна бахам бацара Ботиниг. Цхьана дийнахь болх бина а, я и муха бо хиъна а вацара Боти а, я цуьнан кхо кIант а. 2) Иштта буьйсанан тийна..лехь хезара Ботин бераша гIовтти..начу жIаьли..н летарш а, МухтаргIеран кетIа гулбе..лачу наха чIогIа ден къамелаш а. 3) – Нийса боху ахьа иза, делахь а коьмана тIаьхьадаь..ла лелла цхьогал санна, вай эрна леларна кхоьру-кх со. 4) Ахмадов шен кабинета чу вахара, ткъа Мукаев, тохара санна, наб ян волавелира.
-
Можа а, ал а, баьццара а ди..тийн гIаш исбаьхьаллица цо къе- горна, цхьа леррина Iалам гойтуш даьккхинчу суьртах тарлора гонахара варш.(Э. Х.-М.)
Упражнени № 5.
- Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкара цхьалхе пред- ложенеш меттигашца хийца мегий? Ца магахь, ала, хIунда ца мега?
-
Шело а ю, хи а ду догIуш, цIазамаш а ду цIийлуш. -
Дарц дIатийра, малх схьа а къедира. -
Ахьмада машен сацийра, массарна а бай тIехь садаIа лиира. -
Корал арахь догIа ду гIовгIа еш, карзахе мох а бу тийжаш. -
Лай тIехь маьлхан зIаьнарш лепара, тIаккха де кхин а сирла хеталора.
- 1 ... 53 54 55 56 57 58 59 60 ... 91
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
-
Кхузахь басарш къегина а, аьзнаш къаьсташ а дац. -
Буса сахиллалц йочана карзахе хьийзира, татанца догIа а дилхира. -
Сени чохь Iежийн хьожа йогIура, кхозура берзан, цхьогалан цIоканаш а. -
Доцца аьлча, дерриг дика дIадирзира, тхуна тем а хилира.
-
Чолхе-цхьаьнакхетта ю я цхьалхе ю?
1) ХIинца тхо картица догIуш дара, хIетте а тиладелира жима хьун яьллачу екъачу колдашкахь. 2) Стага, хьуьнхахь ша висча, я ша-шеца къамел до, я шок етта, я йиш локху, я гIожца декъа генаш кегдо. 3) Кхаххьаш юккъехь кIайн тIулг къедар, я цхьана мIаьргонехь йоккха тарх гучуер, я некъал дехьа оьпа йодур. 4) Ткъа къийгаш я кхорзуш, я кхехкош ца хуьлу. 5) Аренца тийна а, бода- не а дара. 6) Урамашкахь, цIенойн метта, оьланаш, юкъ Iуьллура, тхевнаш, кораш доцу даьгна пенаш а ирахьлаьттара.
-
ХIара предложенеш цхьатера ю я къаьсташ ю?
-
Иза болх бан волавелира, ткъа мало ен, цIера ойланаш дикка кхирстира цуьнан коьртехь. -
Аса кест-кеста йо локъамаш, ткъа пеша гонах хьийзар – суна дукхадеза гIуллакх.
-
ХIара чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш кхидIа яхъян мегар юй цхьалхечу предложенешца?
-
Мотт кхеташ я халкъан хила беза, амма иштта дика хила а беза. -
ХIордан олхазарш а тIома лела, тIемаш лестош, хIорд ме- хашца а ловзу. -
Хьуьнан комарш яха дахара бераш цхьаьнакхетта, амма чено ца яхийтира цаьрга уьш. -
Я бода бара шабарш деш бIаьстенца, я дарц дара, хьийзаш букаме кIуркIманехь. -
Цхьана хенахь мерз-пондар локхуш вара со, ткъа хIинца а наггахь пIелг тосу аса цунах.
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карарчу предложенина юкъа йогIу предложенеш цхьаь- натуху карарчу уьйран буха тIехь карарчу хуттургашца а, хуттурган дешнашца а, ткъа иштта интонацица а. Чолхе-карара предложени лаьтта коьртачу а, тIетухучу а предложенех.
Чолхе-карарчу предложенехь йолу цхьалхе предложенеш цхьаъ вукхунах йозушший, кхетошший хуьлу. Масала: Тхоьга хаам бира, кестта къовсадаларш хир ду аьлла. Тхуна ца хаьара, уьш тхайх хIунда ца теша. Амма цхьана лар тIехула ца лелара тхо, хIунда аьлча ша ларош-тидамбеш мостагI велахь, цуьнга кIело ца яйта. ТIетуху предложени шех йозуш а, цо кхетош а йолeчух коьрта предложени олу. ТIетухучу предложенино коьрта предложени ер- риг я цу чуьра цхьа дош кхетадо. Иза коьртачух дIахIутту карарчу хуттурго я хуттурган дашо.
ТIетухучу предложеница хIара карара хуттургаш хуьлу: хIунда аьлча, нагахь санна (нагахь), бохуш, аьлла. Уьш предложенин меженаш ца хуьлу. Хуттургийн дешнаш–уьш юкъаметтигаллин цIерметдешнашший, куцдешнашший ду:мила,хIун,муьлха,маца, мел, стенга, мичахь, хIунда и. дIа. кх. а. Предложенехь тайп- тайпана меженаш хуьлий а лела уьш. Масала: Юха дийцира цо, ша кхуза муха кхаьчна. ТIетухучу предложени чуьра юкъаметтигаллин куцдош муха даран суьртан латтам бу.
ТIетухучу предложенин