Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3042
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Подлежащин хилар
Къамелан дакъа | Масалш |
ЦIердош ЦIерметдош Лааме билгалдош Лааме масаллин а, рогIаллин а терахьдешнаш Лааме причасти Масдар Хандешан билгалза кеп Айдардош | |
Упражнени № 2. Предложенин грамматически бух билгалбе.
Гайта, муьлхачу къамелан декъах кхолладелла подлежащи.
Шийлачу арара махо чулоьхку
Лайн чимаш, дерачу зIуганех хьийзаш.
(Хь. Сатуев.)
Алаза дисинарг деши ду Къаноша баьхна.
(Ю. Яралиев.)
Вехаш цхьа стаг хилла, куьг, бIаьрг шен доцуш, Ткъа даьхни дукхалла дагар ца луш.
(Ш. Рашидов.)
Сайн дагна чов йоцуш Со суо а лелац.
(I. Мамакаев.)
Берталтоьхна сийна бога, Юьртан тхов тIе буьйсано. Ира седа бахна когах, Бутт тхан учахь кхийсало.
(С. Яшуркаев.)
Цхьаъ ца кхии сахуьлунга вала. Дуьне Iадо кечлуш хир ву цхьаъ.
(А. Исмаилов.)
Ахках тера доьдуш цигахь Ча Такхийна Тача го.
(М. Кибиев.)
Белш-белшах тоьхна, цхьа Тешаме доттагI вайн Даим хуьлда.
(Ш. Арсанукаев.)
Цхьаммо топ карахь адамийн Iенадо цIий, Вукхо – дош багахь – адмаллийн лехьадо сий.
(С. Касумов.)
Упражнени № 3. Подлежащешна кIел сиз хьакха. Дийца, муьл- хачу къамелан дакхойх хилла уьш.
-
Майраниг толаме кхача гIерта. -
ТIекхечи и лама а. -
Доьазза пхиъ – ткъа. -
Амма, ткъа, делахь а – дуьхьалара хуттургаш. -
ТIехь, кIел дешнашца къаьстина яздо. -
Геннара схьадеара «хIей!» -
Ма хандешнашца къаьстина яздо. -
Хаа, довза шорта ду интернетехь.
(1. Майраниг, билгалдош. 2. Лама, куцдош. 3. Доьазза пхиъ, терахьдош. 4. Амма, ткъа, делахь а, хуттургаш. 5. ТIехь, кIел, дештIаьхьенаш. 6) ХIей, айдардош. 7. Ма, дакъалг. 8. Хаа, довза, инфинитив).
Упражнени № 4. Гайта, мичахь дIалечкъина подлежащи
Массо маьIIера схьадедира иттех жIаьла. Вайх хIор а берда йисте хIуттур ву.
Соьца хуьлург цхьа тамашена дерг дара.
Ахстигал лохха лаьттачу Iаьржачу мархаша дIалаьцнера. Малх баттаца даим а хийцало.
Воккхачу стеган бIаьргаш Iаьржачу куьзганаша хьулдинера.
Упражнении № 5. Билгалдина дош шена чохь подлежащи долу предложени гайта, къастаде, муьлха къамелан дакъа ду иза.
1) Шеран уггар суна дукхаеза хан – бIаьсте. 2) Олхазарийн жатташ къилбехьа йирзи. 3) СовгIатна еллачо дог дашадо. 4) Со а, хьо а дукха дан ларор ву. 5) Шиъ – иза ницкъ бу. 6) БIе метр яра берда йисте кхача. 7) Мохьмад цхьаъ-м бохуш вара берда йистера схьа. 8) Дукхахдолу нохчийн дешнаш поэзин мукъамашца догIу.
-
Яздар – кехат тIехь ойлаяр ду. 10) Хиндерг хьанал къахьегна- чарна догIу. 11) Иттех стаг берда йисттехь лаьтта. 12) Цуьнца хьо цкъа а вовр вац. 13) ДIавижале книга йоьшуш Iедал ду сан. 14) ЦIен эчиг тоьхначу шина-кхаа гIишлоно гIала дагайоуьйту. 15) Хьалха вахар – сан къилба ду. 16) «Ца лаьа» – кхераме дош. 17) Стаг латта хаздан а, Iалашдан а декхарийлахь ву. 18) Тхуна дуь- хьалваьлларг лохачу дегIара стаг вара. 19) Шен дахарехь хIор а стаг декхарийлахь ву цIа дан, дитт догIа, кIант кхио.
Упражнени № 6. Подлежащешна кIел сиз а хьокхуш, дIаязъе предложенеш. Къовларшна юккъехь билгалде грамматически а, логически а подлежащеш, уьш муьлхачу къамелан дакъойх хилла а.
-
Хьоьца ду сан велар, велхар, дахаре болу сан безам. (А.А.). -
ТIевогIург, соьгахь дац деши, дац соьгахь дуьненан даьхни. (А.Р.) 3) ТIаккха дерриг а дIадолура, дIадоьдура, довра, дицлора, хьан безамаш а, сатийсам а, хьан иэс а цхьаьна, дагалецамаш а.
4) Цунна цхьа а стаг везий я воккхий ца хетара, шеца нийса бен, кхин тIех а воцуш. (Бекс. М.) 5) Чохьберш ладогIа кечбелира. (I. Ю.). 6) Йисинчу шиннах цхьаъ, шен дегI нисдеш хьалагIаьттира. (Т. Хь.). 7) Дешар хьекъал ирдеш болу ков бу. (кица). 8) ЛадогIа ца- хаар
– бала, ладогIа хаар – гIала. (кица). 9) Дукхахболучара, шайга- ра герз дIаоьцуш, шайн къайлаха лелошдерг буха дитинера. (С. Я.).
10) Мирзина хезира, меллаша виэхьаш, Межеда набарх садоьIуш. (М. Н.) 11) НеIарна юххехь пенаца наг-наггахь хеза тIах-тIих.
-
Ду сан дан накъосталла.
Упражнени № 7. ХIокху хаттаршна жоьпаш луш долу деш- наш даладе. И дешнаш подлежащеш хуьлучу кепара предложенеш хIиттае.
ХIун? Муьлш? Стен? Мила? Хьанна? Хьан? Стенна? Стенга?
Упражнени № 8. Дешнийн цхьаьнакхетаршца долчу подле- жащешна кIел сиз хьакха. Къастаде, логически ду и подлежащи я грамматически ду.
1)Цхьа-ши сантиметр хиллал стомма чан яра стоьла тIе йил- лина. 2) Дахарехь вайх хIор а хийлазза халачу хьелашка хIиттина.
-
Iаьржа ши олхазар маьхьарца макхъеллачу стигала хьалахьаь- дира. 4) Иттех кIант-йоI дара бешахь дийгIинчу синтарийн гонаш охкуш. 5) Дахкаран дийнна асанаш яра шерачу арахь лекха хьала- яьллачу бацала тIеюьжуш. 6) Ши стаг тобанах а къаьстина, лома хьалавахара акха газа я хьех ден дагахь. 7) Муса Iелица халла дIакхечира йиллинчу метте. 8) ГIалара баьхкинчарах цхьаъ бу- хависира, кхиберш юьртахула дIасабаьржира. 9) Бертахь декначу аьзнаша самаяьккхира керт, хаийтира сатесний. 10) Гонаха долчу Iаламо бIаьстенан юьххьехь шен исбаьхьчу басаршца дог деладо.
Упражнени № 9. Дага а лаций, дIаязъе предложенеш, шайна чохь хIара дешнаш наж, гIала, хи, хьоза подлежащи а, сказуеми а долуш. Кеп: Со волчу веара сан накъост. ХIара кIант – сан накъост ву.
Сказуеми
Подлежащих лаьцна дуьйцучу, подлежащин дар я хилар гой- тучу коьртачу меженах сказуеми олу. Цо жоп ло: хIун до? хIун хуьлу? хIума хIун ю? мила ву? муха ю? маса ю? хьенан ю? бохучу хаттаршна.
И книга сан ю. ГIели металл ду. М. Дикаев поэт ву.
Сказуемин хIара коьрта билгалонаш хуьлу: а) подлежащин дар я хилар гойту;
б) формально подлежащих дозуш хуьлу;
в) предложенин грамматически маьIна билгалдо – саттам, хан.
Нохчийн маттахь сказуемеш кхаа тайпана хуьлу: хандешан цхьалхе а, цIеран хIоттаман а, хандешан хIоттаман а.
Цхьалхе сказуеми
Цхьалхе сказуеми нохчийн маттахь хандешан бен ца хуьлу, хIунда аьлча хандешан спряженин форманаш саттаман а, хенийн гайтамаш болуш йолу дела, цундела грамматикехь и тайпа сказуеми
«хандешан цхьалхе сказуеми» терминца билгалдина. Сказуеми шех хуьлучу хандешан кепах (форманах) хандешан саттам олу. Ханде- шан цхьалхе сказуеми хуьлу билгалчу а, лааран а, тIедожоран а, бехкаман а саттамийн хандешнех. Масала: Гихан тогIе чохь севц- цера юрт йохийна баьхкинарш. Некъ теллина белахьара, тилалур дацара вай. Толамца цIа доьрзийла шу цу къийсадаларшкара. Сан деган назманаш, ма Iехка шу йийший.
Цхьалхечу сказуемин коьрта форма – иза дуьззина хийцалуш долу хандош ду. Цо дар а, грамматически маьIна а цхьаьний бил- галдо, предложенин форманаш а кхуллу, масала: Дошлойн тобано говраш совцайо. Дошлойн тобано говраш сецайора. Дошлойн тобано говраш совцийна. Дошлойн тобано говраш совцийра. Дошлойн тобано говраш совцор
ю. Дошлойн тобано говраш совцор яра-кх. Дошлойн тобане совцаяйтахьа говраш. Дошлойн тобано совцор елара говраш.
Упражнени № 1. ТIера схьаязъе. Хандешан цхьалхе сказуеми кIел сиз хьакхарца билгалде. Дийца, муьлхачу саттаман хандашах хилла и.
-
Олхазарш дацахьара мел сингаттаме хир дара вайн дахар! -
И хазалла гархьама, Къоьзан-Iома тIе ваха веза, цуьнга бIаьрг тоха. 3) Зокан чохь шийла шовда кховдадехьа соьга, кийра ша биллий аса. 4) Малийша беркате шийла хи, дегI къондеш, шелдеш, цунна аьхналла луш долу. 5) БIаьста шайн зевнечу эшаршца вайн махка даьржар ду дукхе-дукха олхазарш. 6) Цуьнан хазнаш хIинца а къайлехь ю, стаг шена тIекхачаза. 7) Схьа а лаций, набахти чу волла иза! 8) Дерриг а дика дера дара, нах IадIахьара. 9) – Кхет- техь, дийцал хIун дан деза паччахьан Iедало бохург ца деш болу-
чу нохчашна? 10) – Наха-м Iаьржа талу даахьара, – майравелира БатIал. 11) – БагIахь, хьаха, бу вай тIеоьцур, цхьа адамаш ма ду вай, цхьана стигал кIелахула а лелаш. 12) – Хьан да ИсмаьIал – Дала ша вирзина меттиг декъалйойла цуьнан – гIенах дуьхьал веара суна.
-
ВаллахI-Iазмора, иштта хьо галвийр ма вацара хьуна, цига вахана билггал дерг-доцург а теллина, вухавеана велахьара. -
Буса барзах угIуш, дийнахь кIезанах цIийзаш дIаяхара Iаьнан уггар шийла мур ларалуш йолу чилла. (Л. Я.)
Упражнени № 2. Бехкаман