Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 2997

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

предложенеш.
1) Церан и гIуллакх дIа муха нисло, хаа гIертара иза. 2) Дукха хан йоццуш майданара схьабаьхкиначу наха дуьйцура, цигахь кхо эзар гергга жима стаг вара бохуш. 3) ЙоьIан тIорказ чохь хIун ю, хаьара нанна. 4) Талла мосазза воьду, шен зудчунна хьалха дозал- лаш деш хилла Новрас. (Н. Ф.) 5) ХIоранна а шена дика хуур ду, шен могушалла муха ларъян еза. 6) Советан Iедал долучу хенахь

тхуна гина, хила ма-еззара йолу йохьалла муха хуьлу. 7) МЧС-о радиочухула беш хаам бара, къора а тухуш, чIогIа мох а болуш, догIа дан там бу бохуш. 8) Дукха адам гулделлачохь дош делла хилла Болат-гIаларчара, талораш кхин дийр дац шаьш аьлла.(Г. I.)

  1. Аьрзуно мацъелла «кхакх» мосазза эли, шина кIанта цуьнан бага жижиган чарх а, хи а тосуш хилла. (Н. Ф.) 10) ЙоьIан белша тIехула куьг а хьоькхуш, ойла йора йоккхачу стага, цунна хIун гIо дийр дара те бохуш. (Г. I.) 11) Цо дийцира, хьалха паччахьан за- манчохь къечу ахархочо ялта мел хала кхиадора. (С. Хь.) 12) Кура Сай чIагIалкхаша лаьцна аьлла, хаам сиха баьржира махкахула. (А. И.) 13) Арухас Зайндина тIаьхьа кехат дахьийтира, хьажа-хIотта цIа вола аьлла. (Бад. С.) 14) Нийсо, бакъо карор яц хьуна, хIара дуьне мел ду ахьа лехарх. (А. А.) 15) Дежийла даьжна мосазза долу, уьстагIий цу меттера кхечу метте дохура цо. (Осм. А.)


Упражнени № 4. Срез. ХIитто еззачохь запятойш а хIиттош, схьаязъе хIара предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца. Схемица гайта коьрта а, хенан тIетуху а предложенеш.


    1. Со цаьргахь мел хуьлу сан цецвалар алсамдолура. 2) Аса шийла шовда мел дукха маларх сан кийра ца Iебара сел мерза и долуш. 3) Зама дIа мел оьху адамийн ойла хьан кхиам хьан кхетам хьан ницкъ саболу. 4) ХIара хIорда юккъе мел гIоьрти тIулгIенаш а маллора церан ницкъ а эшна богIура. 5) ХIорд, берриг сама а баьлла, дийнна раьгIнаш гIиттош хьийзара цо букъ мосазза саттабо. (Дуг. I.) 6) Оцу дийнахь дуьйна хьаг мосазза вели № 3 йолучу киоскан йохкархочун жи- маллица лепа бIаьргаш дагадогIура суна. 7) Ширвани ара мосазза вели меттахь вижина Iуьллучу к1анта меллаша ши бIаьрг схьабоь- ллура. (Дак. А.) 8) Да-нана дийна мел ду дог сапаргIат дара сан цIахь дан дезачу гIуллакхашна. 9) Со дийна мел ву сан хьешашна цхьаммо а хIумма а дийр дац. (Н. Ф.) 10) Юьртахой Садойн лома хьала мосазза бовлу царна дуьхьал богIура цигахь жа дажош болу жаIуй. 11) Хьо гIоза вехийла хIара дуьне мел лаьтта. 12) Къаима ког мосазза боккху, бIаьргашна хьалха бода хьийзара цунна, дог детталора, схьаэккха доллуш санна. 13) Да дийна мел ву, иза цкъа а лийр вац моьттура Жабирна. (Нун. С.-Хь.)


Упражнени № 5. ТIера схьаязъе. Чолхечу предложенешкахь тIетухучу предложенешна хаттарш а хIиттош, церан тайпа билгалде. Цхьалхечу предложенешкахь хенан латтамашна кIел сиз хьакха.


      1. Элан кесаршна тIера тхи охьадужжушехь, тIебирзиначу наха литтанаш дан долийра. 2) Алмаз угIар-м дика ду хьуна, иза дIадаххалц шура а яош, дика кхаба ахьа, уггар а хьан де кхачий- начу хенахь орцах кхочур ду хьуна. 3) Со дийна мел ву хила йиш яц иза, хIара дерриг дуьне а доха кечделлехь а. 4) Ломара элаш дIа а ерзийна, даккъашкарчу ирзошкахь йийна хьаьжкIаш чуерзо хан тIекхаччалц адам гIеххьа паргIатдаьлла денош дара уьш. 5) Ваша а, цуьнан доьзалш цхьаьна мел бу, чомахь дистхилар ца нисделлера кху шиннан. 6) Сан чохь са мел ду, тIом хир бу сан бехаш болучу нахаца. 7) Давад ламанца мел лела, дехачу Iаьно юьртахь яра Полла.

  1. Кулакаш бу аьлла, жа дажош болу нах хIаллакьбичхьана цу бIов чу аддам ца догIура. 9) Мозаша ИбрахIимна ю мосазза туьйхи, елалой, гIадйоьдура Лайса. 10) Дика лоькхучара дIабаьлча, пон- дар вон мел лекхи а самукъане бу. 11) Де-дийне мел дели, тIеттIа духуш схьадогIуш ду хIара цхьачунна-м. 12) Вехха Iийра ИбрахIим иштта, дерриг а адам цIандаллалц. 13) Къуддуз председатель мел лела, цIахь даьхни лело ца дезнера цуьнан зудчун Заманин. 14) Хилахь, аса мосазза аьлла шуьга, ишттачарна луш къаьстина жижиг латтаде! 15) Амма, хIоразза, хьала мел кхоьсси, муш юханехьа чу богIура. (Нун. С.-Хь.)



Упражнени 6. ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш йовзуьйтуш, схемаш хIиттош, дIаязъе кху лахара пред- ложенеш.


    1. КIанта дош мосазза олу, йоI «хинкI-хинкI» олий, елалора. (Б. М.) 2) Хьомечу ненан аз мосазза хези, оти чохь долу бераш гIовгIанаш ечуьра цхьана ханна дIатуьйра 3) ЖIаьло «гIалх» мел олу, воккхастаг чуьра араволура, тIебеанчу балано синтем байина Iаш хиларе терра. (Г. I.) 4) Адамаш мел деха, дуьненахь дехар долуш хьекъале дешнаш ду вайна Мохьаммад-Пайхамара дитина (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). 5) Олхазаро дечу шабаршка Жемас

ла мел дийгIи, цо «дуьйцучух» ца кхетара кIант. 6) Айболата шен къамелехь кица мосазза даладо, резахуьлий, доггах тIараш тухура зала чохь болучу наха.


Даран суьртан тIетуху предложенеш



Муха? мича кепара? бохучу хаттаршна жоп а луш, коьртачу предложени чохь дуьйцучун сурт, кеп гойтучу предложенех даран суьртан тIетуху предложенеш олу. Уьш коьртачарах дIахутту бо- хуш, аьлла хуттургаша.

Даран суьртан тIетуху предложенеш къастаман тIетухучу пред- ложенешна герга ю коьртачу предложени тIера луш долучу хаттар- ца а (муха?), тIетуху предложени коьртачух дIахуттучу гIирсаца а (аьлла, боху-хуттургаш). Амма къастаман тIетуху предложени йозуш хуьлу коьртачу предложени чохь долучу цIердашах, ткъа даран суьртан тIетуху предложени–хандашах, хандешан форманах. Масала: Шена тIелаьцна декхарш кхочушдийр ду бохуш, дош лора цо кест-кеста. Дош бохучу цIердашна тIера луш ду хаттар хIокху предложенехь т1етухучу предложенина, цундела

хIара къастаман тIетуху предложени ю.

Шенчуьнга кхочуш хIусамнана нислур яц шена аьлла, дIавахара миска. Коьртачу предложени чохь долучу дIавахара бохучу хандашна тIера луш ду хаттар-муха? ТIаккха хIара даран суьртан тIетуху предложени ю.
Упражнени № 1. Оьш-оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе даран суьртан тIетуху предложенеш. Даран суьртан тIетуху предложени шех йозучу хандашна тIера хаттар хIоттаде хIоранга а.
1) Ловзар юккъехь хьийзара ши човс: цхьаъ кегий нах хелха бохуш важа мехкарий хелха бохуш. (С. С.-С.) 2) Делахь,
летар ду- кх аьлла вовшахлетта и шиъ. 3) Иза далур ду соьга аьлла йоI шайн цIа дIайигна Жоьра-Бабас. Соьга даделларг цхьаьнгге а далур дац бохуш массанхьахула а ваьлла лелаш вара со. 4) Аса аьтту агIор а ваьлла салам далар лайна хир дац кхо аьлла аьрру агIор а ваьлла юха

а салам делира аса беречуьнга. 5) Сайна набкхетта моттуьйтуш вара со кхара хIун до-те бохуш. (Н. Ф.) 6) Оцу шиннах чIогIа къахеташ ша цаьрга хIун эр ду ца хууш вехха лаьттира Ахьмад. 7) Ша гIаларчу Ахьмадан ден Мохьмадан доттагIашка а хаам бан стаг вахийтина бохуш дуьйцура МасIуда. 8) Серижас Яхех лаьцна хIумма а хьахор дацара-те бохуш вехха Iийра кIант. 9) ХIума йиъна а ваьлла, бажа цIа бало хьалхе хеташ жимма юха берзийна бажор-кх ша бохуш Iара Ахьмад. (Юн. М.) 10) ДIайола гIо дийр ду хьо балхара яллалц кIанте а хьожур ю аьлла хаам бира некъана ахча а тосуш. (Дад. I.)

  1. Адаман лар йоцучу пана махкахь цIеххьана кIентан аз хезча кхераелла маьхьарий а аьлла дIаедда кхо йоI. 12) КхозлагIа а сай лахьара эшарш лакхийта аьлла дехар дина паччахьан эпсарша а, инарлаша а Хьасане. 13) Иза а аьлла йоI ехачу гIалин пена юххе меллаша некъа йисте охьахиъна иза. 14) Вай ворхIе а воIана элан ворхI йоI муха ялор яра бохуш гIайгIане воьжна ву иза. 15) Ялх вешин барт хилла эла вехачу дIакхачале дакъа а лур вай цIа чу даха деза вай аьлла. 16) Цунах цецваьлла Мовсар Мохьмаде ма-дарра дийца бохуш хеттаршка ваьлла. (Н. Ф.)