Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 10895
Скачиваний: 60
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
ГIуллакхан къамелан стиль
-
Талла хIара текст. ХIара гIуллакхан къамелан стилан текст хилар тIечIагIде.
-
Заявлени язде, хIокху схемех пайда а оьцуш.
-
Аьтту агIор лакхарчу сонехь билгадо:
-
Документан цIе юккъехь язйо. -
Текст хIокху дешнашца дIайолайо «Доьху», цул тIаьхьа – билггала шена оьшург, дехар, арз. -
Заявленина юххе дохку документаш дагардеш даладо, шитIадам а буьллий, хIокху дешнашна тIехьа «заявленина юххе дохку».
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
-
Филологически
заявлени.
ДоьхухьоьгасунаюкъарIойлехьметтигялар,хIундааьлчааса некъана «цига-кхуза» 3 сахьт гергга эрна хан йойудела.Терахь КуьгтаIор-
Объявлени: Массо а исбаьхьаллин литературан дуьненахь бIаьргаш а хьабдина лела хууш хила луург вола тхан лекце 14 де- кабрехь 11 сахьт даьлча нохчийн меттан кабинета чу.
Тоьшалла (доверенность)
Тоьшалла–изагIуллакханкехат(документ)ду,цутIехьцхьам- мо ша билгалвинарг векал во шен цIарах ахча схьаэца, я механа еза хIуманаш, я юридически гIуллакхаш дан (суьдехь вистхила, договор хIотто и дI. кх.а)Доверенность гIуллакхехь волучо а воцучо кечдан тарло цхьаннан цIарах, амма шолгIачо кедина хилахь, цо таIийна куьг тIечIагIдина хила деза (нотариусо, куьйгалхочо).
-
Кехатан (документан) цIе. -
Документ луш волучуьн цIе, цуьнан дарж (я организацин цIе) довзуьйтуш. -
Хьенан цIарах луш ду документ, цуьнан дарж довзуьйтуш. -
Муьлхачу гIуллакхана векалвеш ву къастор. -
Муьлхачу ханна луш ду тоьшалла (цхьадолчарна). -
Векал виначун куьг таIоран кеп ( банкехь гIуллакхаш дан дезахь а аьлла). -
Тоьшалла делла терахь. -
Тоьшалла деллачо яздина куьг. -
МухIар.
Характеристика
Дарж,фамили,цIе,денцIе(характеристикахьаннаелла),вина терахь,къомалла.-
Фамили, цIе, ден цIе (юьззина). -
Муьлхачу хенахь дуьйна доьшуш (болх беш) ву дешаран хьукматехь. -
Мича кепара билгалваьлла доьшучу (болх бечу) хенахь: а) дешарца (балхаца) йолу юкъаметтиг;
-
Характеристика хIунда елла.
-
Мухьаммад–пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шех пайда оьцуш хилла кад Ингалс пачхьалкхера Соьлжа- гIала кхачийна. Билггал хууш ду оцу кедах Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хенахь пайда эцнийла. ТIаьхьо цуьнгара иза цуьнан шиче, воьалгIачу халифе Али ибн Абу ТIалибе кхаьчна, ткъа цул тIаьхьа кад Ингалс пачхьалкхе дIабаьхьна, хIинццалц цигахь Iалашбеш бара. ХIинца дуьйна гут- таренна а Нохчийчохь Iалашбеш хир бу и сийлахь кад.
-
Кемсаш – дарбане а, пайден а, мерза а стом бу, яккхийра хорханаш а йолуш. Царах чагIар а, мутта а доккху. Кемсаш якъ- айой, кишмиш йо, ткъа иштта царах компот а, варени а йо. Уьш дарбане ю йовхарийн лазар, туберкулез цамгар йолучунна. Цара кийра цIанбо, шет а, йоьхьашкара ачо а дIайоккхуш. Къахьо со- въяьллачунна, доIах, жаннаш лозуш волучунна гIоле йо. Хьоткъаца сецна тIулг дIабоккху, пхенашкахь цIий лелар тодо.
-
Махках даьхна дIадахийтар бахьана долуш, нохчийн, гIалгIайн, Къилбаседан Кавказан кхечу халкъашкара дIаехира церан къаьмнийн автономи а, паргIатчу дахарна, къинхьегамна, социальни а, культурни а а кхиарна йолу бакъонаш. Масала, 1944-чу шарахь Казахстане дуьххьалдIа цхьа 406 эзар, Киргизе-90 эзар стаг кхечи- ра. Цига бирзира 1944-чу шеран февраль бутт дIабаьллачул тIаьхьа ЦIечу Эскаран могIаршкара паргIатбаьхна а, цул тIаьхьа иштта Юккъерчу Азей, Казахстаней дIахьовсийна болу эзарнаш нохчий, гIалгIай. Дукха эпсарш, политбелхалой хьун хьакха а, торф яккха а, рудникашка а нуьцкъала белхаш бан хьовсийра. Юьртара юьрта, гIалара гIала бахархьама, махках баьхна дIабахийтинарш НКВД-н спецкомендатурера бакъо яккха декхарийлахь бара. Иштта раж Iалашйира КПСС-н XX-гIа съезд хиллалц. (Каз ССР, ЦГА, ф. II37). -
Царна тIе ша санна доккха IиндагI даржийна, ловзучу шен кIорнешна тIехIоьттина нана санна, лаьттара кхор-турпал. Цуь-
малхерамарзооьцушша кхиийна,шахьалхемадбинастом-мбожаборацо.ТIаккхажимма гIайгIане а хетара иза. КIадбелла а. (Ам.В.-Хь).Упражнени № 3. Текстийн дакъош вовшашца дуста, къастаде муьлхачу стилашца догIуш ду уьш. Билгалъе меттан башхаллаш, уьш тайп-тайпанчу стилашка ерзо таро луш йолу.
-
Автобус чохь
-
Дийнан повестка:
-
Хьехархойн методически балхах лаьцна отчет. -
Кхидолучух лаьцна.
-
ЛадуьйгIира: 9-чу классехь дIабаьхьначу талламан белхех лаьцна. Хаам беш къамел дира дешаран декъехула директоран гIоьнча йолучу Эдилова Сацитас. Цо дешархоша кхочушбиначу белхийн жамI дира, билгалдаьккхира юккъерчу хьесапехь белхаш ледара язбина цахилар. 70 болх язбиначу дешархошна юкъахь шианнаш даьхнарш ялх ву.-
1. Сацам бира: хаам тидаме эца безар.
-
-
Пенаца кхозуш ю сан ненан коч, Шамара дахначохь ду ший а пхьош. Цо иза лелийна дахаран хьерахь, Доьзална ирсана ецачу хенахь.