Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3041

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич


  1. СадаьIначул тIаьхьа хи йистера дIадахара тхо тхуна дуьхьалкхий-

тира берийн тоба. КIорга-м дац Iин аьлла хаьттира оха цаьрга. 9) Маттана шера а, шен амал йолуш а ву аьлла ойла кхоллаелира сан коьртехь. 10) ХIара хьокхий ма деха ду хьан элира аса воккхачу стаге.
Упражнени 7. Ма-дарра къамел лач къамеле а дерзош, дIаязъе предложенеш. ХIун хийцамаш хили предложенийн хIоттамехь?


    1. «Дийцахьа, эшарш локхуш-м яц хьо?» цIеххьана хаьттира аса. 2) ЙоI цIийелира, юха, кIелдIашхула хьала а хьаьжна, хаьтти- ра: «Хьуна мичара хиира иза?» 3) «Исбаьхьа аз ду хьан,–элира цо цIеначу даггара, – эшаро иштта тIеIаткъам бина бацара суна, оцу масех мукъамо санна». 4) Хьехархочо элира: «Кхана ерриг а мор- фологих лаьцна хоттур ду аса». 5) ТIехволучо хаьттира: «Больница мичахь ю кхузахь?» 6) Хьехархочо хаьттира берашка: «Спектаклехь дакъалоцуш маса дешархо ву?» 7) Воккхачу стага резавоцуш элира:

«Хьан хенара со волуш, цкъа цу кепара дог доьхна ца лелла со».

  1. «Хьо вогIур вуй спектакле хаа лаьа суна? – элира Марета.


Упражнени № 8. Цатоьа сацаран хьаьркаш долу предложенеш билгалъе: 1) шитIадам. 2) тире. 3) запятой. 4) ши запятой. 5) хаттаран я айдаран хьаьрк.


    1. «Со йоккххае Ахьмадах, халла хезаш элира Асета. Сан бIаьргаш хьалха воккха хили иза». 2) «Дика ду делахь элира Сайд- Мохьмада вайшиннан къамел кхидIа а дийр ду вайшимма, жима стаг. 3) «Нагахь санна ахьа хьайн лергаш лар ца дой – хьоьхура лоьро, – уьш лозучура совцур дац хьуна». 4) «Мохьмад, – элира Мусас, сан даго хьоьху суна цхьаъ веъча санна. Ткъа мила?»


  1. «Асет, кхайкхира цуьнан нана, ахьа хIун до, ца го хьуна? Iела а ву вайга веана. Иштта Мохьмад а.» 6) Чевнаш хилла тIемалой чуьра арабаха тхо дуьйладелча, МахкатIерачу кIанта элира « Хьалха и дIавига. Гой шуна, хала садетташ ма ву иза. Оха собар дийр ду». 7) « Ша тIехь хехкавала вахана велара хьо, деш-дуьтуш доцуш кху чохь Iачул, бохура нанас. Хьо муха ву! Хьанах тера ву хьо?» 8) ГIалара МахкатIе догIуш СМС-ки тIехь яздора Заретас

Шелахь совца йиш хир яц тхан, амма цигара юхадогIуш шу долчу чудоьрзур ду тхо, тIаккха вовшийн ган йиш хир ю вайн».

    1. Массо а цхьана ойлано дIалаьцна вара «Ма хуьллу сиха цомгаш болу нах дIабига. Дукха сиха!» «Зарговза, дукхавахарг, – доьху воккхачу стага, – говрана ленаш тохахь. Некъ дукха шера бу-кх вайна». 10) Новкъахь зудчо хаьттира: «Мила хир ву хьо, Муслим, хьо воккхахилча». 11) Багахь цхьа шабарш деш хьалагIаьттира иза

« Ма кхера, сайна дина накъосталла со девзаш ву хьуна, амма... гIодар а тайп-тайпана хуьлу».



ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А



Цитата латини маттара схьаэцна дош ду. «Кхайкхар»,

«цIеяккхар» бохург ду иза вайн маттахь. Дуьйцург, яздийриг чIагIдархьама ялайо вай цитата. Цитата ма-дарра къамелан цхьа кеп ю. Iилманчаша, яздархоша, лоруш болучу, гIарабевллачу наха аьлла хьекъал долу дешнаш ду уьш. И дешнаш тоьшаллина, ду- ьйцург чIагIдеш, далош хуьлу. Дуьйцург чIагIдеш, хаздеш олучун цIеяккхар санна ду уьш юкъадалор. Цитата ялайо:

      1. Ша дуьйцург чIагIдеш, шен ойла къеггина дикий, хазий билгалъяккхархьама.

«Нохчийн лаьмнашкахь» поэмехь Iарби Мамакаевс шера а, къегина а гойту ширачу заманахь вайнехан хилла Iер-дахар а, шайн-шайн тайпанийн юкъараллехь уьш бахар а. Литературоведа Арсанукаев Iабдуллас оцу поэмехь гайтинарг билгалдеш иштта яздо: «Поэзин йоккхачу эпически жанрехь йолучу произведени тIехь халкъан дахарехь кIорггера маьIна долу гIуллакхаш къастийна поэта».

      1. Дика вевзаш, лоруш волучо аьлларг довзийтархьама: Нох- чийн матто къоман дахарехь дIалоцучу меттигах лаьцна олуш, тхуна луур дара Мамакаев Мохьмадан дешнаш дало: «Шен ненан мотт халкъо, сийн ойуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц».

      2. Шен ойла къеггина гучуяккхархьама.

Со ца теша вай къам шен культура а, йоза а доцуш акха къам хилла бохучух «Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь, йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?». Хилла вайн лаккхара оьздан- галла, вешан йоза а, цунна тоьшаллаш ду дисна вайн махкахь «Дай баьхна гIирсаш а, хилларг а довзош цу тIулгийн тархаша шайн мотт а бийци».

      1. Меттан а, юьхьанцарчу текстан башхаллаш а ларъярхьама. Дахар ма-дарра гайта деза бохучу шен кхоллараллин принцип-


на хьанала виса гIертаро кхоьллина ю «ЦIий, латтий» романехь Окуев Шимас ялийна, цхьаболучарна мелла а товш ца хета забарш а, суьрташ а. Шуьйтахь а, цунна гонаха йолучу ярташкахь а бехачу наха деш долу къамел ду цу тIехь далийна, цхьа а тайпа хийцамаш ца беш: «Кхин аз хьайн бага хьа эткъа ма елахь. дIога тIехь Iаш волу Дела вухуж бен воха йиш йолуш вац хьуна паччахь! Оцу кхуза оьхуш болучу хьана доттагIажа, Делаха бевллачу наха цхьа Iопаж бина хирг бу хьоьга! Ма тешалаж, нах, цо бохучух! Бакъ дац шуна аз!» Авторан эстетикин лехамашка диллича, уьш иштта хила догIуш ду аьлла а хета.

Нагахь цитата авторан дешнашца ялош хилахь, сацаран хьаьр- каш хIиттадо, ма-дарра къамелехь санна, масала: Элчано Iилма Iаморан мехаллех лаьцна аьлла: «Цхьана сохьтехь Iилма Iамадар буьйсанна сахиллалц йиначу Iамалал деза ду». Цитата, предложе- нин цхьа дакъа долуш санна, ялон а тарло, тIаккха иза кавычкаш юккъехь жимачу элпаца язйо, масала: Академика «мотт ойланан дегI лерина».

Цитата юьззина ялош ца хилча, ияцйиначу меттедукхатIадамаш дохку, масала: Л. Н. Толстойс нохчийн маттах лаьцна иштта аьлла:

«Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьалдолучу а меттанех цхьаъ бу…»
Упражнени 1. Яздархоша а, Iилманчаша, гIарабевллачу наха а нохчийн маттах лаьцна аьлларг схьа а лахий, дIаязде. Дийца, цу аларшкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций.

Упражнени № 2. ДIаязъе предложенеш. Цитаташна кIел сиз хьакха. Барта схьадийца оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций.



        1. ХIХ бIешеран Iилманчас, Кавказан этнографа П. К. Услара нохчийн барта поэзих лаьцна яздина: «Ламанан (нохчийн) халкъан поэзи Iаморан болх сов боккха болх бу; и Iаморна дуккха а шераш дезар ду, амма иза дерриг дуьненна а болх хир бу, фински «Калева- ла» я индийски поэмаш санна». 2) Халкъан поэта Арсанукаев Шай- хис нохчийн маттах лаьцна иштта аьлла: «Йистйоцу хIод санна, бу хьуна шорта, ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт». 3) Эльдарха- нов Таьштамара думехь шен къамелехь иштта аьллера: «Шовзткъе итт шо зама дIайолуш, дерриг а нохч-гIалгIайн ахмиллион долучу халкъана дIайиллинарг ши школа бен яц». 4) Фольклорца йолу уьйр а, меттан хазалла а, кхета атта хилар а хьахочу хенахь вайна дагадогIу оьрсийн яздархочо М. Горькийс аьлла хьекъале дешнаш:

«Дешан кхета атта хиларехь уггар а сийлахь-доккха хьекъал ду, кицанаш, иллеш даим а доций ду, ткъа хьекъаллий, дог-ойлий цаьргахь дийнна книгаш язъялла ду…» 5) Халкъан турпалхочо Жумин Акхтулас оьздангаллех лаьцна иштта аьлла: «Стага ша ден дерг ца дийца а тарло, амма дан дезарг нийсонца кхочушдан-м хаа деза. Вониг дийриг стаг вац, стаг волучо адамашна диканиг лоху. И цIена ойла яцахь, стага ша ву баха а ца оьшу. ЦIеначу дагал те- шаме а, хьаналчу доттагIаллел оьзда а, тешамал а, безамал а хаза а, оьздангаллел товш а, йохьал деза а хIума дац». 6) Делан элчас

– Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: «ГIиллакх – ди- нан ах ду». 7) Цхьана хьекъал долучу стага аьлла дешнаш дагара ца довлу суна: «Адамийн догIмашца кхо дийнат ду шуна: цхьа жIаьла а, цхьа