Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3070

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

дакъалг;


  • шеца чIагIдар, шеко, дацаралла долу дош. 3 – айдардош я азтардаран дош.


    1) – Цаьрца воьдий хьо? 2) Хазахийтира…

    – ХIан-хIа. Суо цхьаъ. – ХIаъ. ХIинца дIатийна.


    1. ) – ХIа! – хазахетар иккхира цуьнгара. ХIинца хьо цунна хIумма а кхераме вац.

    2. «ХIов!» – оцу минотехь схьадогIу дуьхьал.

    3. ) – Уьш юхабогIур буй?

    – ХIаъ.

    1. – Маца хилира и хила мукъана а? Iуьйранний?

    – Схьахетарехь.

    ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР



    Цхьалхечу предложенин хIоттам чолхеболуш, чолхедолу цуь- нан маьIна а, цу предложенехь гучудолу тIедузаран маьIна. Масала, Хьацарна ешна говраш севцира предложенин дIахIоттамехь бу грамматически бух (коьрта меженаш), ткъа иштта подлежащин хIоттамехь йолу коьртаза меженаш а. Предложенин дешнийн къепе

    хийцича, хийцало предложенин дIахIоттам а: Говраш, хьацарна ешна йолу, севцира. ТIедузаран маьIна гучудолу: говраш хьацарна ешна яра, ша аьлча, кIадъелла яра. Дуста: Говраш хьацаро яший- нера, цундела севцира уьш.

    Цхьалхечу предложенийн чолхеялар а нисло цхьанатайпанарчу а, шакъаьстиначу а меженашца, юкъадалочу дешнашца а, юкъая- лочу предложенешца а, тIедерзарца а, айдардешнашца а.

    Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш





    Чолхеяларан кеп

    масалш

    Предложенин цхьанатайпанара

    меженаш

    Гучудевлира божалш, доьрчий, рагIуш, боккха Iам, беш, тIаьххьара, церан цIа а.


    Шакъаьстина меженаш (къастамаш, кхачамаш, юххедиллар, латтамаш)

    1. Массо а хена белабелла, бекхабелла йижарий, хIинца сингаттаме гонаха хьийзара шайн нанна.

    2. Иза, белшаш тIе кхоьллинчу кетарца, боданехь хиъна Iара шайн кетIарчу гIантахь.

    3. Кхоьлинчу стигалахь гучудевлира седарчий–шелонан айкхаш.

    4. ЖIаьла летира цунна, амма и вовза а вевзина, цIийза а цIийзаш, хьестадала хIоьттира.


    Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

    1. Суна хетарехь, оццул гена дIаваха оьшуш а да- цара.

    2. Хьан йише (я йижаршка, нагахь ший а цIахь

    елахь) доккха салам-маршалла а, дика мел дерш а.

    ТIедерзар

    Сийлахь Даймохк! Иштта латта хьайна! ЧIогIа лат- та машар ларбеш вайн! (Сулейманов А.)




    Предложенин цхьанатайпанара меженаш
    Предложенин цхьанатайпанара меженаш цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а, хуттургаш йолуш а, йоцуш а хуьлу. Цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш кхаа тайпана хуьлу: дозаран-а, къасторан-я, дуьхьалара-амма, ткъа, делахь а, хIетте а, цундела. Хуттургашца йолу цхьанатайпанара меженаш вовшех

    къастайо запятойшца. Масала: Ахчанал деза а, туьрал ира а ду хIума довзар. (кица). Ткъа хIаваъ! Ламанан цIена, дегIана аь- хна, амма тIуьна. Бакъду, къасторан хуттург я цхьанатайпанарчу меженашна юкъахь карлайохуш яцахь, запятой ца юьллу. Масала: Цунна ца хаьара тахана шоьтан де ду я кIиранде ду. Я юьрта гергара нах болчу гIо, я воккхачу стагаца цхьаьна мангал хьакха.

    Иштта запятой юьллу къасторан хуттург я довзийтаран маьIнехь елахь а: Ламанца ежаш шу, я акха газа яра.

    Цхьанатайпанара меженаш цхьанатайпанарчу а, тайп- тайпанчу а къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло. Масала: Ба- хархоша ярташкара базара йохка кхоьхьура кIалд, даьтта, нехча, дакъийна жижиг, моз. (нийса кхачам). Уьш дара андий, лекха, майра, самукъане адамаш. (къастам). Беза суна хьо, Даймохк, чIогIа, даим, доггаха. (латтам). Декхнаш, нежнаш, пепнаш ду гуш хьуьнан йистошкахь. (подлежащи). Олхазарш стоьла тIе а гуллора, цу тIера баьпкийн цуьргаш а дуура. (сказуеми).

    Цхьанатайпанара меженаш хила тарло яьржина а (шайца до- зуш долу дешнаш долуш), яржаза а. Масала: Голаш а, настарш а еста а йистина кхо кIира гергга хан яьккхира аса. Сан ойланаш, сан цIе, сан белхаш Нохчийчоьнна лерина

    аса.

    Цхьанатайпанарчу меженашца чолхеевллачу предложенеш- кахь сацаран хьаьркаш.




    Запятой юьллу, нагахь:

    масалш

    1.

    Ц, Ц

    Нохчийн проза кхоьллина «Еха буьйсанаш»,

    «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц».

    2.

    Ц, ткъа Ц

    Хьуна хиира хьайн халкъ, гонахара къаьмнаш довза, ткъа иштта цаьрца мотт бийца а.

    3.

    Ц а, Ц а, Ц а

    Шело а, йовхо а, хало а цхьатерра ловра цо.


    4.


    я Ц, я Ц, я Ц

    Я Iелас, я Мухтара, я Авалис баккха тарло толам рогIерчу къийсадаларшкахь.

    5.

    Ц, амма Ц

    Лойша суна шийла шовда, амма цIена шовда ло.

    6.

    Ц, аьлча а Ц

    Цуьнан куьйгаш шога, аьлча а тIехь дерташ долуш дара.


    7.


    Ц а, Ц а


    Жима а, воккха а цхьабосса дуьхьало ян вуьйлира мостагIна.

    8.

    Ц, делахь а Ц

    Чоь жима, делахь а Iен мегар долуш яра.

    9.

    Ц, хIетте а Ц

    Дарцо бIаьрг ца боьллуьйтура, хIетте а некъ бора

    цо.

    10.

    Ц, я Ц

    Шовдана йисте яжа еанера шу, я акха газа.




    Запятой ца

    юьллу, нагахь:




    11.

    Ц я Ц

    Де дохделча, бежнаш хийисте я дитташ кIел доьлху.


    Упражнени 1. Таблицех пайда а оьцуш, цхьанатайпанара ме- женаш шайца йолучу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца, кхин масалш а далош.
    Упражнени № 2. Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна шайна хуург дагадаийта, хаттаршна жоьпаш ло. Жоп масалшца чIагIде.



    1. Цхьанатайпанара меженаш предложенин цхьа меженаш хуьлу я тайп-тайпана?

    2. Цхьана хаттарна жоп ло цхьанатайпанарчу меженаша я тайп-тайпанчу?

    3. Цхьана меженах я тайп-тайпанчу меженех йозуш хуьлу цхьанатайпанара меженаш?

    4. Предложенин массо а меженаш хила йиш юй цхьанатай- панара?

    5. Цхьанатайпанара меженаш маьIнашца а, грамматически а вовшех йозаелла хуьлий?

    6. Меттан муьлхачу гIирсашца билгалйо цхьанатайпанарчу меженашна юккъера уьйр?


    Упражнени № 3. Дерриг а аларш дуй нийса? Жоп бакъонца чIагIде.


      1. Чолхе евлла предложенеш ю шайн структура юкъадалочу дешнашца а, юкъаялочу предложенешца а чолхейинарш.

      2. Цхьанатайпанара меженаш тайп-тайпанчу дешнех йозуш хуьлу.

      3. Цхьанатайпанарчу меженаша цхьана хаттарна жоп ло.

      4. Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш хила тарло.

      5. Цхьанатайпанара меженаш вошахйоза тарло карарчу хут- тургашца.


    Упражнени 4. Хьовса предложенешка. Предложенин цхьана- тайпанара меженаш схьалаха. Къастаде, муьлхачу дашах йозуш ю уьш, муьлхачу хуттургашца вовшахйозаелла. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана дийца.
    Шайн совгIатех баккхийбен Мохьмаддий, Iумаррий, Iусманний адам кIезиг лела некъ къастийна, Iаьлбигца регIа хьала волавелира. Толамца ша яьккхина кIайчу маьIан мукъ болу шаьлта а, дети-

    ца кхелина тапча а Мохьмадна елира Болата. Доза дацара кIентан воккхаверан. Детица кхолуш, кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тIехула тIе, тайниг санна, хаза тапча а.

    Элхьамчан, хьаьмцан, стовн диттийн юькъачу хьуьна чухула басех хьалабоьдучу готтачу новкъа, тIаьхьий-хьалхий могIа бина воьдура кхо дошло. Хьалха Къайсар, юккъехь
    Iаьлбиг, тIаьхьа Болат.

    Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйиначу бес- бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн кIайчу, стовн дитташна тIерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна хIаваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина Iохку моьлкъарчий, хIорш герга кхочуш, шарх-ширххехь дIауьдуш, коьллашлахь къай- ладуьйлура. Баьццара холхаз хилла, регIа тIе йижинчу варшахь вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш еттара олхазарша, амма берешна ца гора бIаьстенан Iаламан и исбаьхьалла, олхаза- рийн и даккхийдер. ДIадахана 12 шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. (АйдамировА.)

    Упражнени № 5. Текстехь цхьанатайпанарчу меженаша чол- хеяьхна цхьалхе предложенеш схьалаха. Къастаде, предложенин муьлха меженаш ю уьш.
    Мох белира. Цо лестадора дитташ, дIасаидадора декъа гIаш. Сийначу басахь хьоькху мох бу и. И ца хилча, хIордех колдаш хир яра, ялташ хьийкъар дацара, Iежийн дитташ тIе Iежаш латор бацара. Оцу махца къуьйсуш, тIомаюьйлу аьрзунаш, леккха сти- гала хьалаоьху кеманаш. Сийна мох–иза дахаре болу кхайкхам а, малхехьа, безамехьа, зезагашкахьа бен къийсам а бу. Сийначу махо хедабо маша, цIиндо хIаваъ, иракарахIоттаво стаг. ХIара латта мел деха а, даимна а хир ду и сийна мехаш.
    Упражнени 6. Цхьанатайпанара меженаш билгал а еш, оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Предложенехь цара кхочушден синтаксически гIуллакх къастаде.
    1) Ткъа нохчий а гIалгIай а кхин масех а халкъ орамаш бух- дохуш шайн даймахках даьхна казахийн аренашка гIиргIазойн, алтайн лаьмнашка даржийна. 2) Дуьненахь нохчийн гIалгIайн гIалмакхойн балкхаройн кхарачойн гIирмерчу гIезалойн а халкъаш хуьллийла хууш цхьа кIеззиг Iилманчаш хир бу. 3) Царна ца хаьа нохчийн халкъо цхьа а кхечу къоман махках цхьа ге латта дIа ца лаьцнийла а кхечу халкъан махка тIе а бевлла цхьана стеган цIий ца