Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3088
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Стаг йиъ-пхиъ гIулч генахь сецира.
-
Хьо мичхьара ву?-
Гати-юьртара. -
Хьенан? -
Аьрзун. -
Мича Аьрзун? -
Абубакаран Аьрзун.
-
Стеган бIаьргаш цец къаьрзира.
-
Iелин вешин ву хьо? -
Ву. -
Хьан ненан цIе хIун ю? -
Эсет. -
Иза хьенан ю? -
Билалан. -
Эсетан ненан цIе? -
Умма. -
Аьрзу волуш вуй?
КIентан ши бIаьрг кхоьлира.
-
Хонкара махкахь вийна иза. -
Iела? -
Стохка, лаьцна, Сибрех вахийтина. -
Цуьнан ши кIант? -
И шиъ-м ву. (Айдам.А.)
Упражнени № 7. Диалоган кепехь дIаязъе текст.
Тхан школехь литературни кружок ю. ХIун Iамайо аша оцу кружокехь? Литературни кружокехь оха хIинца Iамайо С. Бадуевн произведенеш. Ахьа дешний цуьнан «Iимран» цIе йолу дийцар. ХIан-хIа аса ца дешна «Iимран» цIе йолу дийцар. Цхьаьна доьшур ду вайшиммо и дийцар.
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Предложенин маьIнехь лела тарло хIаъ, хIан-хIа, ду, дац боху дешнаш. Царах дешнаш-предложенеш олу. Цхьадолчу юкъадалочу дешнех а, айдардешнех а хуьлу предложенеш. Цара тайп-тайпана синхаамаш гойту: цецвалар, хазахетар, халахетар, дуьйцучун ойла. Дешнаш-предложенешна тIехьа запятой, я тIадам, я айдаран, хатта- ран хьаьрк дуьллу. Масала: Ой! Сох лата-м ца воллу хьо хIинца? ХIаъ, да-нана лара декхарийлахь ду вай.
-
Хьо деша вогIур вуй? -
ХIаъ.
Айдардешнаш ва, хIай дакъалгаш хуьлий а лела, тIаккха уьш запятойшца ца къастайо вукху дешнех. Ва! Орца дала! (ва – айдар- дош). Ва нах! ХIара хIун ду дан мукъане а. (А.А.)
Упражнени № 1. ДIаеша предложенеш. Барта билгалъяха дешнаш-предложенеш. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца.
1) – Ва, нана бусалбанаш, вайн кешнаш дохош керстанаш бу шуна! 2) – Бахьана дуьйцур дарий ахьа? – Ца дийцича мегар да- цара-техьа? – ХIан-хIа, нахана хаа деза. 3) – Хьо санна волчуьнга ца кхойкху ишттачу. – ХIан? Хьан хIун дара суна ала? 4) – Ва нах, хIара хIун ду дан?..мохь белира юьртан къедигара. (Я. Л.) 5) – ЦIа чуй?! – ХIаъ, цIа чу...-Iалелай, хьо хьерваьлла? Говр цIа чу
хIунда ялайо ахьа?! – Хьуна караIемина-кх хIара. – ХIаъ, Iемина... Жижиг доцург, шена дIаелларг а юу... – Хи дац иза? – Ду. Чухчари ю-кх.
-
Гена доццуш цхьа цIа долуш меттиг юй кхузахь? – Ю. Вуьшта цигахь Iаш-ма вац тхан завферма. – Вацахь а, цигахь иза ву аьлла-м хезна суна... Хаац. Хила мега. – Байттамал, ма чIогIа оьшура суна иза! – Хьо чу вагIахь чай а мер ду-кх вайшиммо? – ХIан-хIа, гIоза молийла. (Н. С.-Хь.) 7) – Цигахь-м дац цхьа а чIегIардиг! – Ду. Ду. Суна цуьнан зIок гира. – Хьоза ду и. Хьоза! Элира Ризвана. – Дац. ЧIегIардиг ду. (Г. I.) 8) ХIейт, гора кIентий яI! Доха ма дохалаш! Вайга хьуьйсуш бу шуна оцу хIолламаш кIел Iохку вайн дай, ве-
жарий! 9) – Херхаш бах-кх цо... – Молла, далур дуй иза? – Хаац.
– Молла, ца дича дер долуш гIуллакх дац иза? – Дац. (Мут. М.)
-
– Хьол воккха вуй хIара шиъ? – ХIаъ, цхьаъ кхузахь, Веданахь, редакцехь балхахь ву. Важа тIамтIе вахана. – ТIамехь волчуьнгара кехат кхочий? – ХIан-хIа. ДIавахчахьана ца деъна. (Сар.Хь.)
Упражнени № 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Барта дийца, хIун маьIна ду айдардешнийн.
-
Ой ПетIамат вирд ма ца даьккхи ахьа? –хаьттинера цец- ваьллачу воккхачу стага. 2) Ой Эда вац иза ведда маракхийтира суна Мумади. 3) ЭхI Ма тамехь хи а ду юьстах хилира со. 4) Же Якъуб тIаьхьахахкалахь. Ахьа схьа ца лацахь, оцу говро лазор ву иза.
5) ХIе-хIей Эда-а ГIанин къоро аз деара тхойшинна дикка аьрру агIорхьара, лома тIера охьа. 6) Оф-фай Хаац дера суна-м цхьа зуда яра-кх, лаахь а, ва ца лаахь а и мачаш шега боххучу мехахь шена йохка уьш бохуш. 7) Вай хьо ма да адаме Iалелай нана-бу- салбанаш Орца дала мохь хьаькхна араиккхинчу стуннанас орца а даьккхина ах юрт гергга нах бахана невцана орцах. 8) Уй хьажахьа Аса доьху хьоьга бехк ма биллалахь Со гIалатваьлла хилла-кх Со тентак Iодика хуьлда хьан охьайиллира цо биргIа. 9) Ватталхьана Роза ХIокху сан тIоьрмиг чуьрчу папки юкъахь ю иза дIакхевдина стоьла улло айса цIенкъа хIоттийна портфель схьаийцира аса.
-
Эс.. и мукъане хIун ю хIинца йовлакх хьаькхна сайн юьхь тIера хьацар дIадаьккхира аса. 11) Э-э жима къонах хаац хьуна вайнехан и амалш стен кхоьллина, уьш муха кхоллаелла хилла. 12) Ва-а-а везан Дела гечдай къинтIера валий сайн вешех цхьаьнатоха ахьа со мохь болуш тIомадаьлла олхазар санна оцу тIера Органа чу ик- кхира Хьава... (Сар. Хь.) 13) Ув-вай ма харцахьара ву хьой и хьан жимахволу ваша. 14) ХIа-хIане нах ЛадогIалаш Вайга вешан мохк бита боху вешан лаамехь. 15) Гора-яI Эдалха цхьа чIарга-м ю-кхи хьо. Яхь дIа ма лолахь царна.
Упражнени_№_3._ДIаязъе,_оьшуш_долу_сацаран_хьаьркаш_а_хIиттош._Билгалъяха_дешнаш-предложенеш.'>Упражнени № 3. ДIаязъе, оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош. Билгалъяха дешнаш-предложенеш.
-
ХIуна хезний Маьлхистахь Цой-Пхьедахь керла эла валар а, и коьртах муха ваьлла а
ХIан-хIа Дийцахьа.
-
Пхьагал сихвелира ХIаъ ХIаъ болх бан беза. -
Ахьа тIаьхьахьехна-м ца баьхкина хIорш ХIан-хIа аса мелхо а дихкинера, цIахь Iе аьлла. -
ХIан-хIа хIан-хIа сан кIант Мотт ца керча сан. Ма деха соьга иза. -
ХIаъ хIаъ и нийса боху Со суо а вара и дагадеана. -
ХIан-хIа хIан-хIа Чала – сихвелира Лоьма – Дан дезарг хьехал. -
ХIан–делира йоккхачу стагера эццахь шен гIорасизалла. (Гайс. I.) -
ХIан-хIа доттагI – олуш, чиркхан серлонгахь хьалагIаьттира эпсар. -
Хьаф..хьаф..хIан-хIа хIан-хIа–олуш, аз а долуш, тIамарш еттар хIинца а къардалаза дара, сих-сиха хада а деш, ах кхетамчохь бисна корта тIеетталучу тулгIенаша шайн кийра хьулбеш хиллехь а. (Мам. I.)
Упражнени № 4. Еша. Барта билгалъяха дешнаш-предложенеш. Цу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца.
-
– ХIан!.. кхета со, сов дика… КIентий кхиъча, да невцалара волу бах вайнехан кицано. 2) ХIа-хIан, жима ши стаг. Дийцал соьга, шаьшшиннах майра муьлханиг ву? (Ош. Х.) 3) – Деши! – ХIай! – Хьо сема юй? – ХIаъ. 4) – Хьуна хIун лаьа ткъа? – КIелхьарадовла.
-
ХIокху кхолха гонна юккъерий? –ХIай-хIай. 5) ХIан-хIа, нах, – дийкира цуьнан гIоргIа аз, – эла Эристовс дийцинчух шу кхетта моьтту суна. 6) – Барзин Рохьмадан кIант ву хьо? – Ву. – Эпсар хилларггий? – ХIаъ. 7) Гуьржех дIаваха веза хьо. – ХIан-хIа. На- къостий дIа а тийсина ведча, эхь ду. – Дац. ХIокху Россехь а, кхечу мехкашкахь а маршонехьа гIевттинчу халкъийн тхьамданаш, вайл
кхетаме, дуьненахь а цIе яхана нах шайн эшам хилча, шайна туш а лохий, махках бовлу. – Шайн синош довдадой? – ХIан-хIа. Кер- лачу къийсамна кечам бан. Iаьлбага корта хьовзийра. – Реза вац хьо? – Вац. – ХIета Iедална тIеваха сацам бина-кх ахьа? – ХIаъ. 8)
– Хьан цIе хIун ю? – Iумар. – ХIара йиша ю хьан? – ХIан-хIа, нус ю. Вешин зуда. – Вешина хан мел тоьхна. – Хаац. – Болатна хаьий хIара шеца дIаян гIертий? – ХIан-хIа. (Айд. А.)
Упражнени № 5. Дешнаш-предложенеш а, айдардешнаш пред- ложенеш а шайца йолу диалог хIоттае муьлххачу а цхьана темина.
Упражнени № 6. Дешнаш-предложенеш схьалаха. Дийца, мор- фологически хIун маьIна ду церан?
- 1 ... 30 31 32 33 34 35 36 37 ... 91