Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3052
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
ТIетухучу предложенин коьртачух дIахуттуш болу гIирс (ка- рара хуттург я хуттурган дош, аьлча а юкъаметтигаллин дош хилар; -
ТIетухучу предложенехь сказуеми хила деза муьлххачу а цхьана саттамехь (я билгалчу, я тIедожаран, я лааран).
ТIетуху предложени хила тарло коьртачунна хьалха а, юккъехь а, тIехьа а. ТIетуху предложени коьртачух къастайо запятойца.
Iумха къар ца лора, шаьлта йоцуш тIам тIе муха гIур ву ша бохуш. ХIокху чолхе-карарчу предложенехь тIетуху пред-
ложени коьртачунна тIехьа лаьтташ ю. (Я. С.) Нагахь цу арахь Залубина цхьаъ хуьлу-кх, сел гIийлачу соьга цунна гIо далур дац. (С. Б.) Кху предложенехь тIетуху предложени коьртачунна хьалха лаьтташ ю.
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ХIокху предложенехь тIетухург коьртачунна юккъехь ю.
Упражнени № 1. Муьлхачу аларца резахила мегар дац.
-
ТIетуху предложени даим а коьртачунна хьалха лаьтта. -
ТIетуху предложени даим а коьртачух йозуш хуьлу. -
Хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а предложенийн меженаш хуьлий лела. -
Коьртачу предложенехь юкъаметтигаллин дешнаш хуьлу: мила, хIун, муьлха, маца, хIунда и. дI. кх. а. -
Карара хуттургаш шайн хIоттаме диллича цхьалхе а, шалха а, хIоттаман а хуьлу. -
ТIетуху предложени коьртачух хоттало карарчу хуттургашца а, хуттурган дешнашца а. -
Чолхе карара предложени чолхе-цхьаьнакхеттачу предложе- них къаьста вовшех дозуш долу дакъош шена чудогIуш хиларца.
Упражнени № 2. ДIаеша. Юкъахйитина запятойш а хIиттош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш кху рогIаллехь:
-
тIетухучу предложенино ерриг коьрта предложени кхетайо; -
тIетухучу предложенино коьртачу предложени чуьра цхьа дош кхетадо; -
тIетуху предложени коьртачух дIахоттаелла карарчу хут- тургаца; -
тIетуху предложени коьртачух дIахоттаелла хуттурган дашца.
-
Дийнна раьгIнаш хIуьттура цо букъ мосазза саттабо. -
Сирникаш дукха оьшура тхуна хIунда аьлча цIестан хIупъэриган юьхьиг а яьккхина дечигван макъара тIехь йина тапча яра тхан. -
И дага а лаьцна Олхазара хьехар дира урд дIа а доьхкина цхьа
дико шуста эца аьлла. 4) Радиос хаам бира чоьхьарчу кхерамна тIе а доьгIна Желтойчохь Iедал шайн кара оьцу тIемалоша аьлла.
-
Вуно суна нийса хеташ кица ду вайн дика доцуш вуо хир дац бохуш. 6) Чохь цхьа стол, цхьа букътуху гIант бен дацара цундела сан ирахьлатта дийзира.(Д. I.) 7) – Гайтал хIета хьо говра тIе муха хуу,– элира вашас. 8) – ХIай дийцахьа, Ханпаша, баккъал а хьо хIун гIуллакх хилла веана? 9) – Витахьа цунна хIун хаьа ша стенга воьду, къонах вай иза-м. 10) Шен юьхь цуьнгахьа а ерзош бертал вижира Ханпаша цо хIун до хьажа. 11) Халкъана а, махкана а стаг пайден хир вац иза хьанал къахьега лууш вацахь цундела къинхьегам беза а цуьнца гергарло дIатаса а хьажа веза. 12) Ханпаша хIунда хьевелла ца хууш сагатдора Забус. 13) Хезна суна цуьнан нана иза Iабдрахьмане бен маре ца яхийта чIагIо йина ю бохуш. 14) Кехат тIехь къаьсттина Ханпашига яздина могIанаш дара Ханпашина дийца дуккха а инзаре хIуманаш ду шен бохуш. 15) Хьанна хаьа цунна хIун гIенаш гира.(М. В.)
Упражнени № 3. ТIера схьаязъе, тIетухучу предложенешна кIел сиз а хьокхуш. ТIетухучу предложенино дIалоцу меттиг билгалъе.
-
«Маршо» радиос хаам бора, Нохчийчохь беш луьра тIемаш бу бохуш. (Я. Хь.) 2) Мацца а цкъа цхьанхьа дIакхочур ду бохуш, бIаьрзе некъ бан а ма дац атта. (Ш. I.) 3) Цундела дийзир-кха Вис- хин и къамел дан, оцу йоIана ша мила ю а, хьенан ю а хаийта.
-
Махо диттан гIа-маргIал мосазза ластадо, вайн лаам тIехьегIа без- аш бара цунна, цуьнан шен лаам сих-дегIах къехка ца беш. (Юс. I.) -
Йоккхачу стагана мегарг са гуш ца хиллера, цундела хIор кехат а, квитанци а деша дезаш хуьлура, чулацам бовзуьйтуш. 6) Со цу кертахь мел воллу, ойла йора аса, дIаала аса цуьнга я ма ала бохуш. 7) Суна ца хаьа, сайга хIара хIунда язло, дага муха догIу, мичара ду я хьан дуьйцу, хьан хьоьху... (Б. М.) 8) Кестта дерриг а дIатийра, хIунда аьлча шайн есауло дIатесна битина гIалагIазкхий а, оццу сохьта шайх къинхетам бар а дехна, дIабахара. 9) Дуккха а къийсиначул а, ойланаш йиначул а тIаьхьа сацам бира цу шиммо, топ кхоьссина орца а даьккхина, Иаго вадийта веза аьлла. (К. А.)
-
Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, цунна хезира, хьун хьакха лес-
хозе нах бохуьйту бохуш. (О. Х.) ТIаьхь-тIаьхьа марсабуьйлура хIорд, дийнна раьгIнаш гIуьттура, цо букъ мосазза саттабо. 11) Кху шарахь дукха ялта кхиина берриг махкахь, цундела тIаьхьалонна аьлла, Абубакара дика тоъал ялта ийцира. 12) ХIинций-хIинций чу садогIур ду-кх, бохуш, дикане сатуьйсуш, дукха бала лайра цо лаьттаца. (Дад. I.)
Упражнени № 4. Хуттурган дешнашца йолу предложенеш бил- галъе. Хуттурган дешнашна предложенин меженашна санна кIел сиз хьакха. Къастаде, предложенин муьлха меженаш ю уьш.
-
Тхуна хаьа, хIун ду хIинца хуьлуш дерг а, хIун ду терзан тIе диллинарг а. 2) ТIаккха хиъна Хьамзатана, ша мел ледара стаг ву а, ша динарг гIалат дуй а. 3) ЙоьIан бIаьра а хьаьжна, цунна и муха хетар ду ца хууш, сацавелира кIант. 4) Цу стагана, цу олха- зарх самукъа а даьлла, шен йоллу гIайгIа йицъеллера. 5) И хIун ду ца хууш, цецбевлла, хьуьйсуш лаьттара кегийрхой а, мехкарий.
6) Декахьа,олхазар, тохалохьа, хIара дуьне дитар мел хала дуьйцу, иштта хала ду-кх гIайгIанаш хилар а. 7) Аса дуьйцур ду хьуна, мила ву кху юьртахь цIе йоккхуш стаг. 8) Суна-м ца хаьа, цара сайх хIун лачкъадо а, я хIунда лачкъадо. 9) Мел доккхачу девнехь а зуда лазорах а, цунна зил барх а чIогIа ларбелла къонахий. (Яс. М.)
-
Суна ца хаьара, хьан сох сакъералойла, сан гIайгIанах хьан кийрара гIайгIа ешнийла. 11) Сепият, меллаша шайн уча а еана, корехула чухьаьжира, шайн чохь хилларг хIун ду хьажа. 12) Элаш- бина ца хаьара, муха дарба дан деза довхачу хино вагийначу жимачу Вахина. 13) ЦIеххьана дагадеара цунна, шен кIант стенга ваха ара- волуш ву. 14) Сепиятана шайн ворданан кIеззигчу гIовгIанах хиира, цIавеънарг Олдум вуйла. 15) Дийцахьа тхуна, хIунда кхоьссира теша Олдума шен карара Ваха е чу? 16) Хаьий хьуна, мел чогIа дохковаьлла Олдум ша диначунна, нохчийн бодане Iадат ша кхо- чушдарна. 17) ТIаьххьара а Элашбина дагадеара, ягийначу меженна нохчаша саба хьокхуш хилар. (Бад. С.) 18) Юьртана а хууш ду шена тIехIоьттина хала киртиг Iабдуллас адамаллица, адамана цкъацкъа тоьаш доцучу доккхачу собарца дIаерзийна хилар. (Яс. М.)
Упражнени № 5. Схьаязъе цкъа хьалха чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш, юха – чолхе-карарнаш. Оьшучохь запятойш хIиттае. Уьш хIитторан бахьана дийца.
-
Дукха ойланаш йора Кхокхас амма шена хезаш долучух маьIна даккха ца кхиайора иза. 2) Хьалха, цкъа самукъадаьлла яхара Кхок- ха ткъа хIинца хезначо чIогIа сапаргIат даьккхинера цуьнан. (I. Г.)
3) И хиъначул тIаьхьа хIун дича хIун хир дара-техьа бохуш, кхин еха ойланаш ца йира Iабдуллас. 4) И кхуьнга кхаьчна хабар Сепият реза а йолуш ду аьлла чIагIдира несо. 5) Маситтазза Сепият ган гIоьртира Iабдулла делахь а схьахетарехь цхьана хIара ца кхуьучу даккхийчу бахьанаша и таро ца хилийтира цуьнан. (Яс. М.) 6) ТIаккха хиира цунна, воккхачу стага и олхазар хIунда кхобуш хилла. 7) Цунна ца хаьара, хIун гIайгIа яра Олдум хеназа къанвинарг, цунна кест-кеста цамгар тухург. (Бад. С.) 8) ХIумма а дацара тхо долчу цаварах-м, тхо-м тхаьш а, цхьацца лол бетташ, дохкура делахь а, вогIуш, наггахь гучуволуш товш ду. 9) Атта деза массарна а. Цу тIе цецбуьйлу, хIунда дазделла базарахь