Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3040
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Iалашонан тIетуху предложенеш
Цхьалхечу предложенехь Iалашонан юкъаметтигаш билгалъ- яхаран кепаш тайп-тайпана хуьлу. Царна юккъехь уггар яьржина кепаш хIорш ю:
Иза Соьлжа-ГIала веара университете деша дIатасавала. Нана туькана бепиг эца яхара.
И нах маслаIат дан баьхкина.
Цо куьг айдира, тидам шена тIеберзо гIерташ.
Ткъа Iалашонан тIетухучу предложенехь и юкъаметтигаш мелла а кхечу кепара хуьлу.
Коьртачу предложени чохь дуьйцучун Iалашо гойту Iалашонан тIетухучу предложенино. Iалашонан тIетуху предложенеш коьрта- чарах дIахутту гIирсаш бу гергарчу нийсачу кхачаман а, къастаман а, даран суьртан а, бахьанин а тIетухучу предложенешца берш – бохуш, аьлла карара хуттургаш. Цундела уьш эян тарло оцу пред- ложенешца. Хаттарш даларца къасто еза уьш вовшех. Iалашонан тIетухучу предложенешка кху кепара хаттарш ло: стенна? хIун Iалашо йолуш? мича Iалашонца?
Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.
Упражнени № 1. Схьаязъе цкъа хьалха Iалашонан лат- тамаш шайна чохь болу цхьалхе предложенеш, тIаккха–ба- хьанинн тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара пред- ложенеш.
-
Туркх хIоьттинчу маьждиган тIулган лами тIе хIоьттира Iела, ша массарна а гайта, олург хазийта. (С. С.-С.) 2) Боллучу махко а оцу доккхачу зуламах, Iазапах шаьш кIелхьарадахарна шина вешина луьйцаш дохуш баркалла аьлла. (Н.Ф.) 3) Со-м Ахьмадан ГIанис, бажа цIа балош хьуна гIо де аьлла, ваийтира. 4) Шуна и дицделла бохург-м дац сан, хIокху чохь долучу берашна а, зударшна а хаий- та дика ду-кх аьлла, дуьйцу аса. 5) Со кхуза вогIуш а веара, хIара къуръан а дохьуш, шуна жимма хьехамаш бер аса аьлла. (Юн. М.)
-
Аттера яьккхина шура, шен кIант МIаьчиг самавалале аьлла, кхехко пеша тIе а хIоттийна, яхана божлин тхов тIе елира Меликан Маржан. 7) Ша тхов тIехь лачкъийна латточу хьаьжкIийн коча яха дагахь хьийзаш яра Маржан. 8) Шен хилла аьтто а бовзуьйтур ша, ши топ а юхкур аьлла, веанера МIаьчиг къайлаха Къуйн кхерча. (О. Ш.) 9) Виначу юьрта, дай баьхначу метте, бохуш, схьагIертара Iела. 10) Коьра мел вевзачу нохчочуьнгахь, цунна тIекхачаде аьлла, кехаташ дитира Iаьлбага. 11) Iедало стаг милцочун гIуллакхе шен тайпанна юкъа ца вохуьйтура, хуьйцуш хIиттабора, нахах даьлларг къайла ца даккхийта, къинхетам ца байта. (А. А.) 12) Даьллачу герзан тата хезна, Iусамас шен говр хьалхахьайира, оцу минотехь АрсанакъгIар шена гуш цахиларна, царна цхьа бохам хилла аьлла хеташ. (Бад. С.) 13) Вашас аьлларг сихха кхочушдархьама, Селита ша яхара шайн чу нара кIелхьара вилспетан насос схьаян. (Сул. М.)
Упражнени № 2. Хьовса предложенешка. ТIера схьаязъе, тIехула хаттарш а хIиттош, Iалашонан тIетухучу предложенешца йолу чол- хе-карара предложенеш. Барта дийца, коьртачу предложенешкарчу муьлхачу меженех йозуш ю Iалашонан тIетуху предложенеш.
-
ТIаьхьа а яхана, цIахь гIуллакхаш дайта оьшу шена аьлла, Хьавади цIа ялийра цо. 2) Нанас шена ден таIзар дIадийца, дена тIе хьаьдира хазахетарна елхар иккхина Хьавади. (Ц. Я.) 3) Дой доцу ва кIентий дойх кхиор ша аьлла, хьолахойн ва рема ша яло ма вахна и Мадин Жаьммирза. 4) Баккхийчу лоьрийн дарбанаш алсам хиларна, гIаьттина пхьоьхана велира и Таймин Биболат. 5) Хьола- ца ву аьлла, чохь зуда яц аьлла, юьртара жима зуда хьахийра, бах, воккхачу цу стагана. 6) И айса эцна да со хууш вац хьуна, цуьнан цIарца дIавийца, хIай бехке хьо хьаша, аса иза ма ийцира маьрша говр ю аьлла. 7) Дийна висинчу шина вашас шайна орцахдуьйла аьлла, нохчийн кIенташка орца деха еана, цу пхеа вешин йиша хIирийн йоI ю ша. 8) ГIебартойн Курсолтас йигнийца гIебартойн Аьлбика ва бохуш, нахана ва юккъехь йоккхучу цу цIарна цо йигна хиллера со. (Н. Ф.) 9) Тила ца валархьама, хи йистехула дIавахара со со ваха везачу метте дIакхаччалц. 10) Шен йоI ПетIамат кхов- до кхин стаг дага а ца веана, гергара вацахь а, тайпана ву бохуш
волучу юьртан молле кховдор ша аьлла, цуьнга кхайкха стаг а вахийтина, Iаш бара хIинца хIорш. 11) ПетIамат Бешир-моллин бехк ца бийца дагахь сецнера, хьераяьлла ю аьлла, тохара санна, юха а шена еттарна кхоьруш. 12) Со цхьа герка даьтта а эцна база- ра яхнера-кх, иза духкур аса аьлла. (Бад. С.) 13) УьстагIий Iаьнах даха йол еза шена бохуш, мангал кара а эцна, буц мел йолучухула волавелла лелаш ву-кх и хьан ваша. 14) Дети якъаелла сискалан чкъуьйриг Iуьйшуш йоллура, юург хIинца а кийча йоцу дела.
-
Бешан лахахьара дакъа ишал хIуттуш хиларна, цу меттехь чо- махь хьаьжкIа ца кхуьура церан. 16) Шен маттахь дика дешархьама, дика хаа беза шен ненан мотт. 17) Зеламха бахьана долуш, иштта тIедожийнарг кхочушцадарна, харачошка хIоттийнарг а кхузахь гинера цунна. (М. М.)
Упражнени № 3. ТIадамийн метта Iалашонан тIетуху предло- женеш ялае.
-
…… аьлла, хьуьна юккъе ца воьдуш, юхавеара со. -
Бабас шен кIентан кIант хеса юххе дIахIоттийра ….. аьлла. -
Цу меттигна тIехволучу хенахь охьалахвелира со … аьлла. -
Туькана кIади эца яхара Марха, …… аьлла. -
ХIор денна дархо волучу чувоьрзура иза, ……. бохуш. -
………….. бохуш, дийца кечвелира иза. -
………....... аьлла, хьалххе цу чу мехкадаьтта дутту ши лампа яьхьнера.
Упражнени № 4. Срез. ХIитто еззачохь запятойш а хIиттош, схьаязъе хIара предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца. Схемица гайта коьрта а, Iалашонан тIетуху а предложенеш.
1) Шичой а гур бу аьлла аса эцна духар гой хьуна? 2) КIелонаш хилахь а аьлла Iаьдиза пхоьазза йолу шен топ хьалха а хилош дуьр- станан урх озорца говр кондаршна йистехьа тIаIийра. 3) Иштта тIехволуш шу хIун деш ду хьажий аьлла чувирзира со-м. 4) Хьаша-да вагIахь аьлла нитташ бу сан цхьана кIажахь асар ца деш битина. (Мут. М.) 5) Лата ца лаьа шайна аьлла стаг ваийтира каратинцаша.
(П. П.) 6) Хьажа-Мурд оьрсашна тIевеъна цара Шемал хIаллаквеш гIо дийр ду ша аьлла. (Т. Л.) 7) Денна бохург санна воккха стаг волучу мазлагIа вогIура Хьамди, лечкъаш лелаш волу шен ваша цунна мукъана а ца гина-теша бохуш. 8) Шовдан тIе кхаьчча, хи а молуш, дитта кIел садоIур ша бохуш, Бикхин Iин долучухьа вогIура Овлур.
Упражнени № 5. Къастае, муьлха ю кхарах Iалашонан латта- маш шайна чохь болу цхьалхе предложенеш а, Iалашонан тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложенеш.
1) ПетIамат кху гу тIехь берзалоша йийна аьлла, шен белшаш тIехь генара схьа а беана, шена езаш хиллачу ПетIаматан безам- на Абубакара биллина, боху, хIара тIулг. (Мма. М.) 2) Амади Iам тIе вогIура Нажмуддинан имамаллех хиндерг хаархьама. 3) Аша дина къамелаш а хезна, шу шиъ вовзархьама, тIевеана со. 4) Кер- ла ваьлла имам а гур вара-кх бохуш, массо а маьIIера, гонахарчу лаьмнашкара, суьйлийн махкара гийзагаш а йина, схьаоьхуш яра ворданаш, тачанкаш. (О. Х.) 5) НIаьна ца байта, бехчалг а йихкина, и ког дIабихкина цо. (Н. Ф.) 6) Багочу махкахь хIоъ-докъар латта цадаларна, тIаьхьарчу кIанта шен говр бIанера цаялаяйтинера.