Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 2994

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

кхаьчна (стенга?), кховдийра (хьаьнга?), сагатдо (стен?), латийра (стенца), воккха ву (хьанал?).
Упражнени 10. ХIара дешнийн цхьаьнакхетарш дозуш долчу дешнашца даржаде. Коьрта дош билгалде цхьаьнакхетарехь. Гайта, хIун уьйр ю.
Iаьржа буьйса, самукъане белар, чIогIа воьлура, хIордан гIовгIа, стака дIахIоттийра, вокхаве толамах, сирла де, говрийн рема, накъостех дIахадар.
Упражнени №. 11. Дешнийн цхьаьнакхетарш схьа а яздай, дуьз- зина къастаде, схемаш хIиттае.
Ламанан кийрара схьадаьлла, шийлачу маьхьарца охьанехьа сихделира Хи. Иза тIеIитталора ирачу тIулгашна, даккхийчу чхарашна, цуьнан некъ луьйцура пепнийн хьаннаша, мокхазан бердаша. Амма иза сацо ницкъ бацара.

ТIулгаш шеца охьаидадора цо, чхарашна оьгIазе пе беттара. Уггар халанаш мокхазан бердаш дара. СадаIар доцуш, дийнахь а, буса а тийсалора царах Хи. Эххар а, мокхазан бердийн йий- сарера долий, дарделла цIоькъалом санна, лахенга, йорт оьций, доьдура и. Амма тIеттIа керла дуьхьалонаш хIуьттура цуьнан новкъахь.


Къасторан кеп:


      1. Предложени юккъера дешнийн цхьаьнакхетар схьакъастор.

      2. Коьрта а, дозуш долу а дош билгалдар.

      3. Уьш муьлхачу къамелан дакъойх хилла а, царна юккъера уьйр а билгалъяр.

      4. Коьртачу дешан гIоьнца дешан цхьаьнакхетаран тайпа билгалдар.

      5. Карарчу уьйран кеп билгалъяр (бартбар, урхалла, тIетовжар).


ТIеда ло тхевнаш тIера охьаоьгура чимашца.

ТIедалодешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош лоду, цIерниг дожарехь долчу цIердашах хилла. Ло(муьлха?) тIеда дозуш долу дош билгалдашах хилла. Синтаксически уьйран кеп бартбар.

ОхьаоьгуратхевнаштIерадешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош охьаоьгура хандашах хилла ду. Охьаоьгура (стенна тIера?) тхевнаштIера дозуш долу дош дештIаьхьенца долчу цIердашах хилла. Синтаксически уьйр –урхалла.

Охьаоьгура чимашца дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош охьаоьгура хандашах хилла ду. Охьаоьгура (муха?) чимашца. До- зуш долу дош цIердашах хилла. Синтаксически уьйр – урхалла.
Упражнени 12. Таблице хьовса. Цуьнан хаамашна тIе тевжаш, дешнийн цхьаьнакхетарех лаций дийца. Шайн дийцар иштта дIадоладе: дешнийн уьйран амале хьаьжжина, дешнийн цхьаьнакхетарш декъало:

Дешнийн цхьаьнакхетарш декъаран бахьана

Дешан цхьаьнакхетаран тайпа


Масал


Дешнийн уьйран амале хьаьжжина

Цхьаьнакхетаран
Карара (коьрта а, дозуш долу а дош ду)

Со а, хьо а Бераш, зударий а Ламанан баххьаш Аренца лела Сатийсамийн хан


Коьрта дош муьлхачу дашах хилла хьаьжжина

ЦIеран:

- коьрта дош-цIердош

  • коьрта дош-билгалдош

  • коьрта дош-терахьдош Хандешан Куцдешан

Гуьйренан хан
Сица чIогIа ВорхI де Сочинени язъян ЦIийна юххехь

Шакъаьстинчу дешнийн бараме хьаьжжина

Цхьалхе (шина дашах лаьтта)

Чолхе (кхаанах а, цул сов а дешнех лаьтта)

Сингаттаме гуьйре
Хиндолчух болу сатийсамаш.



ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А



Предложени, дош санна, ши агIо йолуш хуьлу – чулацам а, форма а.

Предложенин чулацам – иза цхьана хиламах я хьолах лаьцна алар, иза билгалдаккхар, хиламан, хьолан цIе яккхар ду. Масала: Дукха ца Iаш тIом чекхбелира – хилам. Майда юьзна яра – хьал.

Предложенин чулацамехь хуьлу: а) билггала чулацам; б) жамIдаран маьIна; в) юкъара грамматически маьIна.

Билггала чулацам бовзуьйту, тIеоьцу къамелан декъашхоша шаьш. Иза хIор аларан шатайпа хуьлу. Грамматикехь и довзуьйтуш дац.

Предложенин жамIдаран семантика йоьзна хуьлу цуьнан дIахIоттаман а, билггалчу дешнийн форманех пайда эцаран а бахьанех.
Масала, хандашах а, цIердашах а лаьтташ йолчу предложенин иштта жамIдаран маьIна ду «хIума (юьхь) а, цо дийриг а»: КIант вогIу, ГIаш охьаоьгу, Махо дитт охьатуьйхи, цIердашах а, билгал- дашах а – «хIума (юьхь) а, цуьнан билгало а»: Самукъане кIант, Сирла Iуьйре.

Юкъара грамматически маьIнаш билгалдовлу хIор предло- женехь муьлххачу дIахIоттамехь, муьлххачу билггалчу маьIнехь. Юкъара грамматически маьIнаш предложенин бух хилла лаьтташ йолчу дешнийн форманашца билгалдовлу: уьш предложенин коьр- та меженаш ю (Стаг дIавахара, суьйре тийна яра, мох хьоькхура и дI. кх. а). Грамматически маьIна билгалдаккхарехь тидаме ца оьцу коьртачу меженийн маьIна, мехала ю церан форманаш саттаман, хенан, юьхьан гайтамаш.

Предложенин форма кхуллу синтаксически гIирсашца: дешан форманаш, гIуллакхан дешнаш, дешнийн къепе, эшар (интонаци). Дешан форманаш – коьрта гIирс бу: цара вовшахъюзу пред- ложенин меженаш, церан вовшашца йолу
юкъаметтигаш билгалйо,

ткъа иштта юкъара грамматически маьIнаш а довзуьйту.

ГIуллакхан дешнаш гIодаран гIирс бу. Царах цхьадерш (дештIаьхьенаш, хуттургаш) дешнийн форманашна юккъехь грам- матически уьйр тосуш лела: Хи чу а ца волура иза, берашца тIекаре а вацара иза; вукхара дешнийн форманийн маьIнийн, предложенин меженийн цхьацца грамматически аматаш билгалдо (дакъалгаш): Хьо-м дика вевзара суна.

Грамматически уьйр тасарехь я предложенин меженан маьIна довзийтарехь гIо до дешнийн къепо; масала, предложенешкахь Сан ваша – хьехархо а, Хьехархо – сан ваша дешнийн къепе бахьана долуш къаьста подлежащи а, сказуеми а: подлежащи сказуемина хьалха лаьтта.

Эшаро (интоцанино), аз айдар, лахдар, соцунгIа яр бахьана долуш, предложени грамматически а, маьIница а дакъошка йоькъу. Эшарца хIара тайпа предложенин юкъара маьIнаш довзийта йиш ю: дийцар, хаттар, тIедожор; масала: Тоьар ду. Тоьар ду? Тоьар ду!

Предложенин коьрта билгалонаш хIорш ю:

  1. грамматически бухан хьесапехь (коьртачу меженийн) йолу грамматически форма;

  2. формальни гIирсашца билгалдеш долу саттаман, хенан, кл. гайтаман грамматически маьIнаш;

  3. чекхъяларан дIахIоттам болу эшар (интонаци);

  4. цхьана маьIнехь долчу аларна билггала дешнийн форманаш харжар, шен лаамехь иза лексически хьаладузар.

Къамелехь предложенино тIекаре яран тайп-тайпана декхарш кхочушдо. Къамел дечо оцу декхаршка
хьожжий, пайда оьцу ала- рех. Цара я хаамаш бовзуьйту, я къамелан декъашхошкара инфор- маци схьаэцарна, я цара дан дезачунна тIехьажийна хуьлу уьш. Аларийн и кепаш предложенийн тайпанашца билгалйовлу – дий- царан, хаттаран, тIедожоран. И предложенеш вовшех къастош йолу коьрта билгало эшар (интонаци) ю хааман, хаттаран, тIедожоран.