Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 10831
Скачиваний: 60
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Хьулимат, Асетан марнана, куц долу йоккха стаг, пеша хьалха хиъна Iара, неIарехьа букъ а берзийна. 2) Йиша Са- нет, шолгIачу классан дешархо, ваша Iилман, кхиазхо-кадет, хIинца а юьртахь йоккха Баба йолчохь дара, аьхке чекхйолуш цIа догIур ду. 3) Нана, Эдалан йоI Энист яра, даим санна, чуьра цхьацца гIуллакхаш деш йоллуш. 4) Важа йоI, Себила, мелхо а нанас дуьйцург шена ца хезачуха лаьттара. 5) Митингашкахь, тхуна журналисташна, дукха керланаш девза, го. 6) Хамсат, Баянтан нус, тIехьаьжна безамехь цIена стаг, корехьа букъ бер- зийна, стоьла тIехь юург кечъеш йоллура. 7) Iимран, веха а, зоьртала а стаг, гулбеллачарах дIа а къаьстина, шаваьлла Iара.
-
Цу меттехь Iаш яра деца, хьуьнан хехочуьнца, йоI Хеда, гIараяьлла бедарштегархо а йишлакхархо а.
-
Да, гIараваьлла Шемалан наиб, воккха ваша, ахархо, ший а хIаллакьхилира Кавказан тIамехь. 2) Ламанан бож, хьех, байн ког буьллуш, ломан тархаш тIехула чуюссуш гуш яра. 3) «ХьалагIатта, Борзик», – омра дира аса. ТIаккха тIедеара иза, суна дукхадеза жIаьла, кавказски овчарка. 4) Сан дейиша, тийна-таьIна йоккха стаг, суна чай дала гIерташ йоллура. 5) Мухтар, тIехь да-нана до- цуш кIант вара, аганахь дуьйна бобер. 6) Сан накъост, цамгаре жима стаг, кест-кеста гIала шена дарба дайта лор волчу воьдура.
-
Сан некъ ДаьргIахула дIа бара, Шемалан тушахула. 8) Июль беттан тIаьххьара денош дара лаьтташ, лаьмнашкахь уггар а йовха хан. 9) Воккха Махьма, тхан тайпанан стаг, дов даьллачохь шаьлта кхетта куьг чолакх долуш вара. 10) Тхуна гIо деш вара Мовсар, догкIеда, со дукхавезаш волу а ялхо. 11) ТIаьххьарчу минотехь Алхаст шен кIантаца, пхийтта шо долучу кхиазхочуьнца, хи чу кхоссавелира, мостагIийн кара ца ваха. 12) Тхайна дукхавеза яздар- хо Айдамиров Абузар школе веана хааделла тхо, дешархой, цунна тIедевдира, гобеш, юкъавоьллира иза. 13) Иза, ша ламанхо, цIен партизан, нах кIелхьар бохур бу ша аьлла, тохавелира. 14) Амма тахана, кху Дудин дукха хан йоццуш велла лулахо, мискачу нехан тIаьххьара етт кех боккхуш ла а ца делла, царна орцахвелира.
Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторан бакъонаш йийца.
-
Хьалха кхузахь школан директоран кабинет яра оьгIазечу лохачу стеган. 2) Дукха ца Iаш схьакхечира хехо Мовлид Iалсолтин да. 3) ЦIахь керлачу вахархочуьнца художникца Асухановца доттагIалла тесира аса. 4) Мосазза тхо таллархой сатоссуш ижуна
-
Цуьнан накъост илланча воьлучура саца ца туьгура. 7) Цу шинна тIаьххье йовхарш етташ халла ког боккхуш ламеш тIехула охьагIертара воккха стаг тIеман лор Алхазов Докка. 8) Ченан лулахо маймал дукха доккха а тIехьаьжна ирча а дара. 9) Виначу махка Нохчийчу ваха сатийсам даим а хилла сан даг чохь. 10) Воккха стаг шиъ бен вацара тхан куьпахь, царах цхьаъ НогIамирза Iеламстаг вара.
-
ЧIирдиг – берашна дукхавеза нохчийн халкъан туьйранийн турпалхо. 2) Терк – вайн мехкан уггар доккха хи. 3) Ханпаша Ну- радилов – дуьненна а вевзаш волу турпалхо. 4) Къоьзан-Iам – тури- сташа садоIу меттиг. 5) Махьмуд Эсамбаев – гIараваьлла хелхарча.
6)ЗайндиЧергизбиев–нохчийнгIараваьллакомпозитор.7)Дадин Айбика – мехкан сийлахь йоI. 8) Адин Сурхо – халкъан иллин турпалхо. 9) «Нохчийчоьнан дог» – вайн мехкан коьртамаьждиг.
-
Абузар Айдамиров – хьакъволу халкъан яздархо. 11) Литера- тура – адаман ойланан хазна.
| Предложенеш | Шакъаьстина юххедилларш: |
| 1. Хьоьжу со яххьашка ладогIархойн | а) зеделларг долу таллархо; |
| 2. Ломахь тхуна вийцира Аслудди | б) зударийн, божарийн; |
| 3. Махкана а вевзара Айзин да | в) уггар а къена гIала; |
| 4. Зуламхоша бийнера и сай | г) университетан хьехархо; |
| 5. Тхан некъан накъост шен озаца бевзаш вара къена сай. | д) чIерийлецархо а, таллархо а; |
| 6. Водолазашна юкъахь а бу хенара нах | е) сан дейишин кIант; |
| 7. Майра хиларна хеставора Аслан юьртахоша | ж) хи бухарчу къинхьегаман хьакъболу турпалхой; |
Шакъаьстина латтамаш
Цхьадолчутайпанийнлаттамаш(хенана,меттигана,бахьанина) шакъаьстинахилатарло.Деепричастехкхоллабеллачушакъаьстинчу латтамаша сказуемина кхин а совнаха хаамтIеузу.Деепричастех а, деепричастин карчамах а кхоллабелла шакъаьстина латтамаш предложенехь запятойшца билгалбоху. Масала: Божалан неIарх чоьхьа а ваьлла, дихкина лаьттачу бежнашна хьалха йол йиллира Амадис.НагахьсаннадеепричастисказуеминамаьIницагергаелахь,за- пятойшцахIиттайо:УрамнекъахуласхьакIанткхиссалушвогIура.Цул сов, деепричасти сказуемин дакъа делахь а ца юьллуза-пятой: Бахархоша аренашкара ялта дарачудерзош.Упражнени № 1. Оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIерасхьаязъе.Билгалбахадеепричастехкхоллабеллашакъаьстина латтамаш.-
Барзо саца а сецна шен лар эцна вогIучунна сихха дуьхьал а йирзина можа кIомсарш гучу а йохуш цергаш гажийра. 2) Бердан йистехь саца а сецна мокха чхернаш саьнгар бIаьрга талла вели- ра Дауд. 3) ЖаIу кеста тIаьхьара а ваьлла ша парггIат шен Iойле юхайоьрзург хиларх дог доху куц дара цо. 4) Цуьнан мостагI-адам масех гIулч бен юккъехь йоцуш дуьхьал лаьттара цунна хье юккъе ткъес а хьажийна. 5) Сарахь жа даьхнин керта дуьгуш ваьллира иза цигахь Iуьллучохь битира Дауда барзо бийна Iахар. 6) Амма экха ида а деттадала а ца делира дада ков лоьхуш. 7) Жимма
стаг.9)Цосинтембайъинерацуьнан.ДегIехоршауьдуьй- тура инзаре дагалецамаша меттахбохуш са идадойтура хьалхахьа ма-хуьллухьалхахьатоьттуш.10)Барзохьонйортюьхьанцацхьа чIогIа паргIат яра тIаьхьавогIург цо ванне а тергал ца вешсанна.
-
– Со кестта вухавогIур ву хьуна, – Рамзане а аьлла чувосса мелла а гомха меттиг лехна ахка чу а воьссина барзана тIаьхьавелира иза важа юьстах мел гIоьрта болар сихдеш. 12) ХIаъа харжа а хаьр- жина барзо едда кIелхьарайолуш ша гура юкъахьовзон йолу некъ.
-
Ткъа Iусмана вела а къежаш куьг лестадора. (Осмаев А.)
-
Виъ стражник Дудина гонах а ваьлла, Хьаьбиб хьалха а волуш кех бовлуш бохкучу ДудагIарна, цIа ялош йолу ПетаIамат дуьхьалкхийтира. 2) Дикка лазийна Дуда, халла гIаьттира хьала.
-
Наггахь тIехйолуш зуда а гора, шен корталин тIам бете а уьйзуш. -
ПетIамат, суьйранна хи кхехьна а яьлла, шен жимачу цIа чохь кора юххерчу нара йисте а хиъна, корера кIайн киса аьтту агIор а оьзна, шайн готтачу урамновкъа а хьоьжуш Iара. 7) Суьйре, шен Iаьржа, чорда маша боьзна яьлла, буьйсанца хийцалуш лаьттара, буьйса шен Iаьржа маша луьста тосуш дIахIоьттира. 8) И стаг Iуьллура белш а кхийсалуш. 9) Иштта шайн жималлех сакъералуш болу и кегий нах цу дешнех синкъерам болий, гIадъоьхуш, буьй- лура. 10) Ламазера арабевлла баккхий нах шайн молла а, Хизар а юкъахь маьждига хьалха лаьтташ бара, цхьацца къамелаш а деш.