Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3016

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Автобиографи



Со, Эдилов Салауди Элимирзаевич, вина I951-чу шарахь Ка- лининское цIе йолучу юьртахь, Киргизехь. Доьзал шен Даймахка цIабирзиначул тIаьхьа дешна Махкат1ерчу юккъерчу школехь. Иза чекхъяьккхиначул тIаьхьа дешна Нохч-ГалгIайн пачхьалкхан университетехь филологин факультетехь. Дешна ваьллачул тIаьхьа къахьегна школехь, хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институ- техь. Карарчу хенахь дешар кхиоран институтехь болх беш ву со. Книгаш язъян волавелла 1980-чу шарахь дуьйна.

Сан уллора гергара нах:

Да – Элснакъин Элмирза, ахархо, вехаш-Iаш ву… Нана – Папалова Маймунт, цIийннана, ехаш-Iаш ю… Терахь

Куьг яздар

Упражнени № 15. ДIаеша биографин текст, юста иза лакхахь йолучуьнца. Къастае церан башхаллаш.
Ден цIе Эламирза ю, ненах Маймунт а олура.

Дуьненчу валар ДегIастанна генахь, Калининское цIе йолучу гIиргIазийн махкахь хилла – шовзткъе цхьайтталгIа, ткъолгIачу бIешеран.

Бутт август бара, олура тхан нанас, де цунна дицделлера, тIаьххьара кIира дуйла а хууш.

Мотт лен Нохчийчохь ваьлла, юьртан цIе башха а яц.

Книгаш язъяр хьехархоша дайтира, царна оьшург яла лаам бара соьгахь.

Къоьллин чам а бевзина, сутаралла а ца езнера, я цхьаннах хьегна а вац.

Уггар а коьрта бакъдерг дийцар лору, ирс хIун ду а ца кхиъна. Даим къахьегна а, пачхьалкхана ваца дезна а ву.

Сайна хетарг ала а гIиртина, цхьанна а дала хьекъал а дац.

Хьехархошна а, дешархошна а книгаш язйо бохуш, къоламаш хьекхна.

ХIинца а царна тIехь воллуш а ву, валлалц иштта вуьссур а ву. (Эдилов Салауди (Эласнакъин Элмирзин кIант Салауди).
Упражнени 16. Доклад язъе хIокху темина «Мотт хийцалуш буй?» Язъечу хенахь ойлаяран кху структурина тIетовжа: тезис билгалъяккхар, делил далор,
жамI.
Упражнени № 17. ХIокху текстан ледара агIонаш бьилгалъе.

Уьш тидаме а оьцуш, шайн текст язъе.
ЦIердош иза мила? хIун? хаттаршна жоп луш долу къамелан дакъа ду.

ЦIердешнаш юкъара хуьлу, масала: гIант, дитт. Долахь а хуьлу: Ахьмад, Гуди, Терк.

Адамаш билгалдечу цIердешнашна мила? боху хаттар хIоттадо.

Вукху цIердешнашна хIун? боху хаттар хIоттадо.

Ала деза, цIердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало.

ЦIердешнийн грамматически классийн категори ю.

Цхьадолу цIердешнаш юкъарчу классехь лела, масала: лор. Предложенехь цIердешнаш подлежащи хуьлий лела дукха-

хьолахь.
Упражнени 18. Текст талла, билгалъе цуьнан дика а, ледара а агIонаш. Къастаде, муьлхачу стилехь ю иза.
Гадаев Мохьмад поэт санна суна башха ца веза, бакъду, со кхета Гадаев исбаьхьа, похIма долуш поэт хиларх; иштта поэташ вайн литературехь дукха а бац. ХIетте а цуьнан стихаш ца ешало соьга, ца ешало цхьажимма айса ойла ен дела, ма воккха, говза поэт ву иза, со цуьнан произведенеш йоьшуш ву-кх бохуш. Ткъа проза дукха яцахь а, амма дика язйина а, дагах кхеташ а ю. Иза йоьшучу хенахь суна дицло цуьнан автор мила ву, чулацамна чувулу дела.

Цуьнан прозех суна дика хетарг повесть «Гуржи» ю.

Сан дагна таме ду цо цу тIехь гайтина жIаьлин башха амалш, куц-кеп, цуьнан леларш.

Заманан йохаллехь сан Гадаевга болу хьежам хийцабала а тарло

, амма тахана иза суна гена а, герга а ву, иштта кхеташ а, кхеташ воцу а.

(«Сан Гадаев». 11-чу классан дешархочун къамел.)


ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР


Дешнийн цхьаьнакхетар къастор Къасторан кеп:

  1. Предложени юккъера дешнийн цхьаьнакхетар схьакъастор.

  2. Коьрта а, дозуш долу а дош билгалдар.

  3. Уьш муьлхачу къамелан дакъойх хилла а, царна юккъера уьйр а билгалъяр.

  4. Коьртачу дешан гIоьнца дешан цхьаьнакхетаран тайпа билгалдар.

  5. Карарчу уьйран кеп билгалъяр (бартбар, урхалла, тIетовжар).

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.



Халла дIадиллира – дешнийн цхьаьнакхетар.

Коьрта дош – дIадиллира. ДIадиллира (муха?) халла. Иза до- зуш долу дош ду. Коьрта дош хандош ду, дозуш дерг – куцдош. Карара уьйр – тIетовжар.

ЦIийнан ков–дешнийн цхьаьнакхетар. Коьрта дош ков ду (муьлха?) цIийнан иза дозуш долу дош ду. Коьрта дош цIердашах хилла ду, дозуш долу дош билгалдош. Коьртачу дашо дозуш долу дош шена оьшучу дожаре хIоттийна, цундела иза карара урхаллин уьйр ю.

ДIадиллира кIанта – дешнийн цхьаьнакхетар. Коьрта дош – дIадиллира. ДIадиллира (хьан?) кIанта. Иза дозуш долу дош ду. Коьрта дош хандашах хилла. Дозуш долу дош цIердашах. Царна юккъехь йолу уьйр карара, урхаллин уьйр ю. Коьртачу дашо до- зуш долу дош шена оьшучу дожаре хIоттийна. ДIадиллира кор – дешнийн цхьаьнакхетар. Коьрта дош дIадиллира (хIун?) кор. Иза дозуш долу дош ду. Коьрта дош хандашах хилла ду, дозуш долу дош – цIердашах. Царна юккъехь йолу уьйр – урхалла.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор





    1. Цхьалхе ю я чолхе ю.

    2. Тайпа – аларан Iалашоне хьаьжжина.

    3. ЦхьанахIоттаман я шинахIоттаман.

    4. ЦхьанахIоттаман тайпа.

    5. Юьззина ю я яц. 6.Чолхеяьлла ю я яц.

7. Коьрта а, коьртаза а меженаш. Къасторан кеп

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.



Цхьалхе предложени, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяьлла яц. Подлежащи грамматически подлежащи – мозий, сказуеми хандешан цхьалхе сказуеми гулделлера, рагIу кIел меттиган латтам, тхан къастам, вуно дукха бараман латтам.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор





  1. Предложени шеца ма-дарра къамел долуш юй хаийтар.

  2. Авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а довзийтар.

  3. Синтаксически къастор авторан дешнаш (ма-дарра къамел а предложени санна къастор).

  4. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар.

Къасторан кеп


Шен накъост волучухьа а воьрзуш, меллаша элира цо:

«Мегар ду. Муш беха, къамел доца дика ду».

ХIара ша-тайпа синтаксически конструкци ю ма-дарра къа- мел шеца долу предложени. Шина декъах лаьтташ ю и. 1-ра дакъа – шен накъост волучухьа а воьрзуш, меллаша элира цо – авторан дешнаш ду. Цара гойту, хьенан ду ма-дарра къамел, хьаьнга деш ду иза (накъост), муха аьлла (меллаша), (шен накъост волучухьа а воьрзуш). ШолгIа дакъа – «Мегар ду. Муш беха, къамел доца дика ду» – иза ма-дарра къамел ду. Ма-дарра къамел шина пред- ложенех лаьтта. И ши предложени вовшех тIадамца къастийна. Ма-дарра къамел кавычкаш юккъе лаьцна. Авторан дешнашна тIехьа шитIадам буьллу. Цул тIаьхьа авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а предложенин меженашца къастадо.