Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3064
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
МоггIара, хин дохалла дийгIинчу синтарш кIел севцира тхо. (К.С.) 7) «Со эцца сельсовете воьду, налог дIаяла, тIаьхьа ца кхайк- хича ца Iий-кх хьо тахана.. Юург кечъелахь цу чохь. 8) Новразан кIант шовзткъе кхоалгIачу шарахь цамгар кхетта велла аьлла даьр- жира юьртахь. 9) – Хиъна Iа кIорда а дина, дIатаьIнера со, – олуш, деца диван нисъян гIоьртира. (Б. М.) 10) Къийлавалар а, вохар а, хьацар а, берийн делар а – и дерриг совдаьлла, чайнан стака Iанийра кхо сихвелла. 11) Шел ши-кхо шо воккха хир волучу кIантах ца ваьхьаш, цхьа дош ца элира Муслима. 12) Лулахочо шега аьлларг ца тайна, ша дIаболийна болх охьа а тесна, чувахара Муса. 13) Iа вуно шийла дара кхушарахь, хьуьнхахь шелонна дитташ дара лелхаш,
чохь са долу акха хIума а юьртана герга гIертара, мацаллина дан амал цахиларна. 14) ТIаккха иза стигала хьежа хIоьттира: мокхачу дахкарлара, дуьйсиначу кит чуьра санна, чукхийсало лайн чимаш бен, хIумма а ца гора.
Iалашонан латтам
Дар, хилар хIун Iалашо йолуш кхочушхуьлу гойту Iалашонан латтамо. ХIун Iалашо йолуш? хьенан дуьхьа? стенан дуьхьа бохучу хаттаршна жоп а луш, хандашах-сказуемих бозабелла хуьлу иза.
Iалашонан латтам хуьлу лург дожаран формехь цIердашах, куцдашах, хандешан билгалзачу кепах, масдарх, хандешан латта- мийн форманех.
Тайп-тайпана бецаш дарбанна лелош хилла вайн дайша.
ХIор марха достучу дийнахь юьрта воьду со, гергара нах ган а, марханаш къобалдан а.
Некъ бацбархьама, воккхачу стагана тамехь долу къамел дан вуьйлира со.
Дас-эло лоьраш бахкийтина цомгаш хиллачу йоIана дарба лело.
Упражнени № 1. Шайца дозуш долучу дешнашца схьаязбе Iалашонан латтамаш. Дийца, муха кхоллабелла уьш.
-
Шен зуда тIебогIучу кхерамах ларъярхьама, НогIамирзин- юьртана къилбехьа, Белши тIехь Iайта, лекха барз-гу бина ГIожакъа. 2) Цу заманчохь со хаавелла, со вен дагахь тIаьхьаваьлла суна кхо ваша. 3) Нускал а далош богIуш берш тIекхаьчча, шен езар – тIехьийза йоI – схьаяккха царна тIевахна Iала-Мала. 4) Адам герзаца ара а даьлла, ха дан хевшина, буса шайн шахьар лесториг хIун ю хьовса. 5) – Со, тоьхна са мал а дина витира, шеца йийсар а дина дIавигира, шен са ца гатдалийта. 6) Мукх ахьа дагахь хье- ра еъна Жоьра-баба хилла. 7) ТIаккха кIанта ялхошка чехкка цIе латаяйтина ена кIелахь, шура юха кхехко. 8 – Дадина дарбанна саьрмикан шура ян доьду, – аьлла, вистхилла кIант. 9) БархIолгIачу лома кхочуш ламанан басошкахь, кIелонна бижина Iачу саьрмаках
бIаьрг кхетта кхеран. 10)
Шех чIогIа бIо буьзна волуш, тIевеъначу наьрт-аьрстхочо хьуьнар гайта шен карахь йолу кхузткъе итт галел хир йолу, йоккха хIож стигала ирхкхоьссира. 11) Дадас хьуна без- амана елла, ахьа лелош хилла хIож, тахана вайн йоккхачу юьртана тIе йоьжна, юьртахь боккха хIорд хIоьттина. 12) Адамийн цIий Iанош лелла Курпал вийначу кIентан сийдеш, совгIатана ловзар хIоттийна. 13) Ша маре яхар хоуьйтуш, Маьлх-Аьзнина кхачийта дагахь шен пIелгара мухIар корах аракхоьссина элан йоIа. (Н. Ф.)
14) Бено цхьана минотехь ойлаеш сецира, уьш шех шек ца хилий- тархьама. (Арс. С.-Б.)
Упражнени № 2. ДIаязъе. Iалашонан а, хенан а латтамашна кIел сиз хьакха. Барта дийца, муьлхачу дашца боьзна бу уьш.
1). Мехкан истори йовзархьама, дуккха а талламаш бан беза хьалха нах баьхначу меттигашна. 2) Тхо кхо ваша, тхаьшна юккъе доьжна дов къастон, хьуна тIевогIуш вара. (Н. Ф). 3) – Аса къамел чIогIа дог ца догIуш дора, сайга цо шед хьахаярна кхоьруш. 4) Тхой- шиъ тIе а кхачале, лиэташ даккхий жен жIаьлеш даьхкира дуьхьал.
-
– Акхболате а, кхечаьрга а суьйранна со волчу гулло ала, со са- рахь вухавогIур ву, вайн дан къамелаш ду. 6) Иза шен дайх йисина аренаш ма хетта талла араяьлла эр дара гиначо. 7) Къуона волуш хьоладас вацийра, хIинца, хаза зама тIееъча, къанвелла. 8) Шен бIаьрг ма-кхийтти, хиъна цунна и кийсак ПетIаматан кучах юйла.
-
ПетIамат кху гу тIехь йийна хилар а сацийна, шена езаш хиллачу ПетIаматан безамна цу Абубакара биллина, боху, хIара тIулг. 10) – Цо ден къамел хезий хьуна? – аьлла, юха а хаьттира Аслана, цхьа тамашена сан бIаьра а хьаьжна. 11) Цу буса араваьлла шина-кхаа дийнахь дас лиэхарх ца карош, яйна, бохуш, дуьйцу ПетIамат. (Мам. М.) 12). – Дика болх бу хьо тайпанчу нехан хIуьттаренна шуьца гергарло лело гIерташ хьаькамийх нах боцуш. 13). СовгIатана ба- хьа кхул хаза куз оьцур бац-кх ахьа. 14). Кхан доххал гена ялале, кехат даьстина, шена еллачу кIадине хьаьжира Забу. (Хам. I.-Хь.) 15). Салаудина ца тайначу хабаран хоршара валархьама, хаьттира Бексолтас. (О. Ш.) 16). Хьан да, Соскин Солса цо вийначу ялх вешин вашас кхайкхина вигна, цунна тешнабехк бан дагахь.
Упражнени № 3 Лахара латтамаш юкъа а лоцуш, предложенеш хIиттае. Латтамашна хаттарш а хIиттош, церан тайпанаш билгал- даха.
ГIийла, ницкъ ма-кхоччу, тийна, паргIат, коьрта чу тардаллал, дерриг хIуманал мерза, вехха, шен метта, ураман новкъахула, лаьмнийн баххьашна тIехьа, болх бечохь, сахилале, хIетахь дуьй- на, дукха хан ялале, гуттар а, дикалла, беттаса хиларна, бахьана долуш, цахиларе терра, садаIархьама, цхьаъ ала дагахь, дарбанна, бахьана долуш.
Упражнени № 4. ТIадамийн метта Iалашонан латтамаш а хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш. Коьрта меженашна а, латта- машна а кIел сиз хьакха.
-
Сатасале хийисте бахара уьш… -
Асет йолчу еара сарахь цуьнан ши доттагI… -
Зезагашна тIе бат яьхьира цо… -
Iилман волчу чувирзира тхойшиъ…. -
Инженер дукха сиха Аргунерчу зовте вахара… -
Юьртара бераш хи тIе дахара… -
Со чуьра аравелира… -
Стадион йолчухьа вахара со сайн накъостаца… -
Лор дархо волчу вахара… -
Хьуьна йисте дахара тхо…
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Муха? муьлхачу бехкамца? бохучу хаттаршна жоп а луш, дар, хилар мухачу бехкамца кхочушхуьлу гойту бехкаман латтамо.
Бехкаман латам дукха хьолахь бехкаман саттаман хандашах, масдарх я цуьнан карчамах хуьлу.
Масала: Iамийнехьара, жоп дала хуур дара хьуна. Зоьртала велахь а, хелха дика волура кIант. Бакъдерг дийцахь, тешам хир бу. Халонаш лахь, аьттонна герга ваха там бу хьо.
Дуьхьаларчу латтамо гойту хила таро йоццушехь, кхочуш- хуьлуш дерг, хила таро йоллушехь ца хуьлуш дерг.
Масала: Эрна багаеттарх хьалха ца волу. Iаж муьста хиларх, дIахадор бац. Мел шед еттарх, шен болар ца хуьйцура говро. ДIаваха веззашехь, юьртахоша дехарна, ца ваьлла сецира со юьртахь.
Упражнени № 1. ДIаязъе. Билгалбаха бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш. Дийца, муха кхоллабелла уьш.
-
ЗабиIатан тускар дузура цо, иза стеш дууш лаьтташехь. (К. С.) 2) Кхин юха ца ярах, кхин юха ца ерзарх, къуоналла, сан дахар, шуна ду баркалла. (Мам. М.). 3) Хазахетта, дагах гилгаш даларх, и сан илли даха гIатта дезар-кх. (А. Л.) 4) Йочане марха тIехьовзарх, гIел ца ло хорачойн шовда. (Я. Ю.) 5) Мел гена эхарх, со кхочур ву,дагна сел гергарчу баххьашна тIе. (А. Ш.) 6) Кечам боцуш долий- нехь а, кхачам болуш доьрзур ду. 7) Бета, шен дас корехула чуьра ара мохь бетташехь, чехконца говра тIе а хиина, кех араиккхира.