Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3004

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Къастам кхоллало





1) билгалдашах

Жимачу халкъо шен паргIатонехьа къуьйсура.

2) гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а цIерметдешнех

ХIара кIант хьуна тIе вало лаьа суна. Ерриг а майда адамаша хьалаюьзнера.

3) рогIаллин терахьдашах

КхоалгIа шо дара хIорш кху махкахь беха.

4) хандешан билгалзачу кепах

Юьрта ваха сацам бина аса.

5) причастих

Лоькху пондар дагна там беш бара.

6) причастин карчамах

Доггах аьлла дош кхача деззачу кхочу.


Лач кхачам а, бертаза къастам а вовшех иебеш меттигаш нисло, уьш къасто хаа деза. Доланиг дожаран кхачам доланиг дожаран къастамах муха къаьста аьлча, доланиг дожаран къастам шен цIердашна хьалха а хуьлу, цул сов, иза лаамечу формехь ала йиш а

хуьлу шен маьIница. Ткъа доланиг дожаран кхачам шен маьIница лаамечу форме хийца ца мега, цул сов, доланиг дожаран къастамо хIуманан долахь хилар я и хIума стенах йина, я и стенан цIарах ю а къастадо. Иштта доланиг дожаран кхачамо хIума стенах йина а, я долахь хилар а ца гойту, цуьнан форма доланиг дожаран хилар бен, цундела иза лааме форма йоцуш хуьлу.

Масала: ХIаронан книгаш библиотекин книгел кIезиг ю. Лааме форма: книгаш ХIаронанаш, библиотекинаш;

аннийн керт - аннийниг;

кибирчигийн цIенош - кибирчигийнаш...

Аса тидам бира цуьнан. Адама чIогIа терго йира шен вешин.

Сан лома ваха деза. КIант шен ден метта балха вахара.

Юкъара маьIна: кхачаман уьйр хандашца-сказуемица хуьлу, къастаман уьйр цIердашца хуьлу. Сан
чIогIа гIaйгIa ю сайн хьомечу Нохчийчоьнан.
Упражнени № 1. ДIаеша. Къастаде, билгалдаьхначу дешнех муьлхарниг бу къастам, муьлхарниг – кхачам.
1) КIант шен ненан метта балха вахара. 2) ШолгIачу гIатта тIе волучу ламин тIемаш чIогIа схьалецира Асвада. 3) Пеша тIехь экъан чохь йоттучу сискалан гIайгIа йора нанас. 4) Туь- ран-тоьпан чов йирзина, меттан чов ерза тигац. (кица). 5) Мел- лаша цуьнан юьхьа тIехула шершира къоначу акхтарган IиндагI.

  1. Къаьсттина чIогIа тидам бора Халида чIерийлецархойн гIирсийн. 7) Стигалан гар, хи ца кхоош йилича санна, цIена а, сийна а дара. 8) ГIезалойн юьртахь совцийра тхо дарцо. 9) Дуьне- нахь массанхьахула а дIахезна, Тимар шен кIант лоьхуш ву аьлла. (Н. Ф). 10) ХIордана тиллинчу аьчкан тIай тIехула дехьа а ваьлла, лаьттах доллучу доккхачу ор чухула лаьтта буха вахара со. (Н. Ф).


Упражнени_№_2._ДIаязъе_предложенеш,_къастамашна_кIел_сиз_а_хьокхуш._Барта_билгалбаха_берта_а,_бертаза_а_къастамаш.'>Упражнени № 2. ДIаязъе предложенеш, къастамашна кIел сиз а хьокхуш. Барта билгалбаха берта а, бертаза а къастамаш.


    1. Лекхачу лаьмнийн кура ирхъихна кIайн баххьаш дара гуш таханлерчу хIокху сирлачу дийнахь доккхачу Теркана дехьара

схьа. 2) Жимачу корехула некъан мокхачу асанца дIахьоьжуш, шен ирачу бIаьргашца а, дог-ойланца а уьш тIеуьйзуш Iара хенаро стаг. 3) Иза вара, оьрсийн паччахьо кху махкахь шен олалла дар- жо схьахьажийна веана, Павел Потемкин. 4) Къуръана тIехь долу хIуманаш шена пайдехьчу агIор а хьийзош, Кавказерчу къаьмнашка кхойкхуш ву

боху иза пайхамаран пачхьалкхе а юьллуш цхьана къоме дерзаре. 5) ГIийло богура хьакхаран къуьда, жимачу цIа чохь шатайпа хьожа а яржош. 6) Маьнгин сонехь, цициг санна, хьаьрчина Iуьллура жима кIант, Iаьржа бIаьргаш хьеше а хьежош.

  1. Кхин а дIанехьа гуш лекха хьун ю, сийначу стигала лаккха ирх- дахана баххьаш а долуш. 8) Тамашена, оьздангаллех вуьзна стаг ву иза! 9) ХIара тIемаш болуш хIинццалц ойла ян ца кхиънера Чеченский. 10) Хьаьжна малх а боцуш, кхоьлина дара тахана де.

11) ТIекхечира шолгIа де. Боларехь говраш йохкуьйтуш вогIучу кху шинна тIеIоттавелира вевза казакийн эпсар. (Гайс. I.)
Упражнени 3. Бертазчу къастамашца яржийна предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, муьлхачу къамелан дакъойх кхоллабелла уьш.
Июнь чекхболуш бара. Наггахь палати чу кхетара алан а, туьркийн а тамехь хьожа. И хьожа кхетча, пенах корта бетта лаам хуьлура, кхо бIаьргаш дIахьабдешшехь гIенах лекха лаьмнаш дуьхьалтуьйсура. Шена берахь дуьйна гина долу дерриг лаьмнаш гIенах а гора цунна. БойсагIарна гина долучу уггар дикачу денойн суьрташкахь хуьлура гIенаш. Цкъа хьалхахIуттура, Шелана юх- хехь, бай тIехь, бIаьста гIалгIазкхех шаьш майра летар. ТIаккха Салаватехь хьалххе бIаьсте ялар, тIаьххьара лелина хьакхар сан- на, малхехь лепа тIехь ша болу лаьмнаш, лекхачу, месех тилла къеначу аьрзунах терачу акхтаргашна юккъерчу кIотарахь шен а, веллачу Ахверды-Махьмин а хилла цхьаьнакхетар. Ткъа цул тIаьхьа Терка тIехь эрзашлахь хала яьккхина буьйса, хийистерчу шочана юккъехь тIуьна, тамехь хьожа йолчу хIаваэхь халла са а доьIуш, оьрсийн агIор тIелата кечделла, топ къуьйлучу буйнахь дог деттадалар хаадалар.

Цуьнан шовзткъе кхойтта шо дара, амма цуьнан дахар атта, паргIат дIадахара. Цунна и дерриг а дага а догIура, дерриг довза


а девзара. Говррий, герззий доцург – я бахам а, я доьзал а хIумма а дацара цуьнан. Цундела цунна къаьсттина халахетара, дийна воллушехь дIавоьллича санна, шена дезачу дахарх ша гуттаренна а ваккхар шен вахаран коьртадерг хилла болучу тIаме юхаваха шен цкъа а таро хирг цахилар. (Петр Павленко.)
Упражнени № 4. Къастамаш билгалбе.


  1. Диллинчу корах чекхболура мох.

  2. Пондарчина дезара хIара цIа.

  3. Баганан хьуьнхахь ирзохь лаьтташ дара цIа.

  4. Цул гIоле цIа дацара.

  5. ЦIийна хьалхарчу зезагаша цIен куйнаш дагадохкуьйтура.

  6. Чутоьхна аннаш когаш кIел цIийзара.

  7. Яздан деза хан тIекхаьчна.

  8. Нохчийн пешана пхи гIулч тIеваха дезара.

  9. ХIинца тамаше дерг дIадолалур ду.

  10. Тишделла цIа цIийзаш лекхадала долалур ду.

  11. Сан ирсана, дахарехь таханлера де саннарш а хуьлу.

  12. Хилира башха, бозбончаллех долу хIума.

  13. Сихачу боларца нахана тIе вахара иза.

  14. Иза нохчийн мукъам бара.

  15. Цуьнга ладугIуш яра пхийтта шо хир долу йоI.

  16. Сийначу бесан бIаьргаш даккхийдеш хьуьйсура лекхачу лаьмнашка.

  17. ПохIма долу композитор вара и мукъам баьккхинарг.


Упражнени № 5. Бертахь къастамаш шайца болу предложенеш схьалаха.


  1. Гуьйре йовха лаьтташ яра.

  2. Малх кхетта де даим а тамехь хуьлу.

  3. ХIаваэхь кхачаме, дурс-аьлла цIеналла яра.

  4. Олхазарша шайн тIемашца цоьстура и хIаваъ.

  5. Хьуьнан хаза хьожанаш тулгIенашца схьаоьхура.

  6. Хи тамашена чIугъеттарца доьдура.

  7. Стигал кIорга а, цIена а яра.

  8. Iаламехь исбаьхьа хазалла яра дерригенна урхалла деш.

  9. ГIаларчу стагана ишттаниг гур ду бохучух ца теша со.


Упражнени № 6. Бертаза къастамаш шайца болу предложенеш схьалаха.


  1. Стоьла тIехь малаза йисина шура чохь йолу куршка яра.

  2. Хьун тIеттIа юкълуш яра.

  3. Ортханан коьллаш хи йисте кхаччалц яра.

  4. Со садаIа веfна.

  5. Дерриг а хьуьнан бодашкахь довра.

  6. Ден куьйгаш а, белшаш а суна тешаме гIортор яра.

  7. Жимчохь дуьйна езара суна хIордан гIара.

  8. Беларийн, забарийн, маьхьарийн оьла.

  9. Цхьа сахьт даьлча вухавеара иза, канашкахь кампеташ йолуш.

  10. Массо меттехь хезара берийн деларш.

  11. Кхузара дIаваха ойла хьалххе кхоллаеллера цуьнан.

  12. Оцу карзахечу буса белхалойн тобанца бурам тIехь ха деш вара Авалу.

  13. Цунна тIеюьйхина яра тIергIан кастом.

  14. Цуьнан вист ца хуьлуш дIавахар цхьанна а ца дезаделира.

  15. ЦIа чу велира гIеметтахIоьттина буто стаг.

  16. Оцу къорачу хабаршна, белхаршна, маьхьаршна юккъехула ломан новкъахула лаьнашкахьа дIаюьйлаелира говр-ворданаш.



Упражнени 7. ХIокху дешнийн цхьаьнакхетаршца предложе- неш хIиттае дозуш долу дош цхьана предложенехь кхачам, латтам хуьлучу кепара, вукху предложенехь цунах къастам беш.
1) Кибарчигех дина цIа; 2) бIаьвнаш тIера байракхаш; 3) жи- жигца чорпа; 4) хинкеманахь некъбар.