Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3031

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

хила еза цхьаьний коьрта ши билгало. Уьш шеца яцахь, цунах тIетуху предложени хир яц, иза цхьалхечу предложенин меже хир ю.

  1. ТIетухучу предложенин коьртачух дIахуттуш болу гIирс (ка- рара хуттург я хуттурган дош, аьлча а юкъаметтигаллин дош хилар;

  2. ТIетухучу предложенехь сказуеми хила деза муьлххачу а цхьана саттамехь (я билгалчу, я тIедожаран, я лааран).
Элжаркъа чIогIа тешна вара, лаьтта тIехь мел хуьлу хIума (вуон а, дика а) Делера хуьлу бохучух. (А. М.)
ТIетуху предложени хила тарло коьртачунна хьалха а, юккъехь а, тIехьа а. ТIетуху предложени коьртачух къастайо запятойца.

Iумха къар ца лора, шаьлта йоцуш тIам тIе муха гIур ву ша бохуш. ХIокху чолхе-карарчу предложенехь тIетуху пред-

ложени коьртачунна тIехьа лаьтташ ю. (Я. С.) Нагахь цу арахь Залубина цхьаъ хуьлу-кх, сел гIийлачу соьга цунна гIо далур дац. (С. Б.) Кху предложенехь тIетуху предложени коьртачунна хьалха лаьтташ ю.

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.


ХIокху предложенехь тIетухург коьртачунна юккъехь ю.
Упражнени № 1. Муьлхачу аларца резахила мегар дац.


    1. ТIетуху предложени даим а коьртачунна хьалха лаьтта.

    2. ТIетуху предложени даим а коьртачух йозуш хуьлу.

    3. Хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а предложенийн меженаш хуьлий лела.

    4. Коьртачу предложенехь юкъаметтигаллин дешнаш хуьлу: мила, хIун, муьлха, маца, хIунда и. дI. кх. а.

    5. Карара хуттургаш шайн хIоттаме диллича цхьалхе а, шалха а, хIоттаман а хуьлу.

    6. ТIетуху предложени коьртачух хоттало карарчу хуттургашца а, хуттурган дешнашца а.

    7. Чолхе карара предложени чолхе-цхьаьнакхеттачу предложе- них къаьста вовшех дозуш долу дакъош шена чудогIуш хиларца.


Упражнени № 2. ДIаеша. Юкъахйитина запятойш а хIиттош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш кху рогIаллехь:


  • тIетухучу предложенино ерриг коьрта предложени кхетайо;

  • тIетухучу предложенино коьртачу предложени чуьра цхьа дош кхетадо;

  • тIетуху предложени коьртачух дIахоттаелла карарчу хут- тургаца;

  • тIетуху предложени коьртачух дIахоттаелла хуттурган дашца.




  1. Дийнна раьгIнаш хIуьттура цо букъ мосазза саттабо.

  2. Сирникаш дукха оьшура тхуна хIунда аьлча цIестан хIупъэриган юьхьиг а яьккхина дечигван макъара тIехь йина тапча яра тхан.

  3. И дага а лаьцна Олхазара хьехар дира урд дIа а доьхкина цхьа

дико шуста эца аьлла. 4) Радиос хаам бира чоьхьарчу кхерамна тIе а доьгIна Желтойчохь Iедал шайн кара оьцу тIемалоша аьлла.



  1. Вуно суна нийса хеташ кица ду вайн дика доцуш вуо хир дац бохуш. 6) Чохь цхьа стол, цхьа букътуху гIант бен дацара цундела сан ирахьлатта дийзира.(Д. I.) 7) Гайтал хIета хьо говра тIе муха хуу,– элира вашас. 8) ХIай дийцахьа, Ханпаша, баккъал а хьо хIун гIуллакх хилла веана? 9) Витахьа цунна хIун хаьа ша стенга воьду, къонах вай иза-м. 10) Шен юьхь цуьнгахьа а ерзош бертал вижира Ханпаша цо хIун до хьажа. 11) Халкъана а, махкана а стаг пайден хир вац иза хьанал къахьега лууш вацахь цундела къинхьегам беза а цуьнца гергарло дIатаса а хьажа веза. 12) Ханпаша хIунда хьевелла ца хууш сагатдора Забус. 13) Хезна суна цуьнан нана иза Iабдрахьмане бен маре ца яхийта чIагIо йина ю бохуш. 14) Кехат тIехь къаьсттина Ханпашига яздина могIанаш дара Ханпашина дийца дуккха а инзаре хIуманаш ду шен бохуш. 15) Хьанна хаьа цунна хIун гIенаш гира.(М. В.)


Упражнени 3. ТIера схьаязъе, тIетухучу предложенешна кIел сиз а хьокхуш. ТIетухучу предложенино дIалоцу меттиг билгалъе.


    1. «Маршо» радиос хаам бора, Нохчийчохь беш луьра тIемаш бу бохуш. (Я. Хь.) 2) Мацца а цкъа цхьанхьа дIакхочур ду бохуш, бIаьрзе некъ бан а ма дац атта. (Ш. I.) 3) Цундела дийзир-кха Вис- хин и къамел дан, оцу йоIана ша мила ю а, хьенан ю а хаийта.

  1. Махо диттан гIа-маргIал мосазза ластадо, вайн лаам тIехьегIа без- аш бара цунна, цуьнан шен лаам сих-дегIах къехка ца беш. (Юс. I.)

  2. Йоккхачу стагана мегарг са гуш ца хиллера, цундела хIор кехат а, квитанци а деша дезаш хуьлура, чулацам бовзуьйтуш. 6) Со цу кертахь мел воллу, ойла йора аса, дIаала аса цуьнга я ма ала бохуш. 7) Суна ца хаьа, сайга хIара хIунда язло, дага муха догIу, мичара ду я хьан дуьйцу, хьан хьоьху... (Б. М.) 8) Кестта дерриг а дIатийра, хIунда аьлча шайн есауло дIатесна битина гIалагIазкхий а, оццу сохьта шайх къинхетам бар а дехна, дIабахара. 9) Дуккха а къийсиначул а, ойланаш йиначул а тIаьхьа сацам бира цу шиммо, топ кхоьссина орца а даьккхина, Иаго вадийта веза аьлла. (К. А.)


  1. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, цунна хезира, хьун хьакха лес-

хозе нах бохуьйту бохуш. (О. Х.) ТIаьхь-тIаьхьа марсабуьйлура хIорд, дийнна раьгIнаш гIуьттура, цо букъ мосазза саттабо. 11) Кху шарахь дукха ялта кхиина берриг махкахь, цундела тIаьхьалонна аьлла, Абубакара дика тоъал ялта ийцира. 12) ХIинций-хIинций чу садогIур ду-кх, бохуш, дикане сатуьйсуш, дукха бала лайра цо лаьттаца. (Дад. I.)
Упражнени 4. Хуттурган дешнашца йолу предложенеш бил- галъе. Хуттурган дешнашна предложенин меженашна санна кIел сиз хьакха. Къастаде, предложенин муьлха меженаш ю уьш.


    1. Тхуна хаьа, хIун ду хIинца хуьлуш дерг а, хIун ду терзан тIе диллинарг а. 2) ТIаккха хиъна Хьамзатана, ша мел ледара стаг ву а, ша динарг гIалат дуй а. 3) ЙоьIан бIаьра а хьаьжна, цунна и муха хетар ду ца хууш, сацавелира кIант. 4) Цу стагана, цу олха- зарх самукъа а даьлла, шен йоллу гIайгIа йицъеллера. 5) И хIун ду ца хууш, цецбевлла, хьуьйсуш лаьттара кегийрхой а, мехкарий.

6) Декахьа,олхазар, тохалохьа, хIара дуьне дитар мел хала дуьйцу, иштта хала ду-кх гIайгIанаш хилар а. 7) Аса дуьйцур ду хьуна, мила ву кху юьртахь цIе йоккхуш стаг. 8) Суна-м ца хаьа, цара сайх хIун лачкъадо а, я хIунда лачкъадо. 9) Мел доккхачу девнехь а зуда лазорах а, цунна зил барх а чIогIа ларбелла къонахий. (Яс. М.)

  1. Суна ца хаьара, хьан сох сакъералойла, сан гIайгIанах хьан кийрара гIайгIа ешнийла. 11) Сепият, меллаша шайн уча а еана, корехула чухьаьжира, шайн чохь хилларг хIун ду хьажа. 12) Элаш- бина ца хаьара, муха дарба дан деза довхачу хино вагийначу жимачу Вахина. 13) ЦIеххьана дагадеара цунна, шен кIант стенга ваха ара- волуш ву. 14) Сепиятана шайн ворданан кIеззигчу гIовгIанах хиира, цIавеънарг Олдум вуйла. 15) Дийцахьа тхуна, хIунда кхоьссира теша Олдума шен карара Ваха е чу? 16) Хаьий хьуна, мел чогIа дохковаьлла Олдум ша диначунна, нохчийн бодане Iадат ша кхо- чушдарна. 17) ТIаьххьара а Элашбина дагадеара, ягийначу меженна нохчаша саба хьокхуш хилар. (Бад. С.) 18) Юьртана а хууш ду шена тIехIоьттина хала киртиг Iабдуллас адамаллица, адамана цкъацкъа тоьаш доцучу доккхачу собарца дIаерзийна хилар. (Яс. М.)


Упражнени № 5. Схьаязъе цкъа хьалха чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш, юха чолхе-карарнаш. Оьшучохь запятойш хIиттае. Уьш хIитторан бахьана дийца.


    1. Дукха ойланаш йора Кхокхас амма шена хезаш долучух маьIна даккха ца кхиайора иза. 2) Хьалха, цкъа самукъадаьлла яхара Кхок- ха ткъа хIинца хезначо чIогIа сапаргIат даьккхинера цуьнан. (I. Г.)

3) И хиъначул тIаьхьа хIун дича хIун хир дара-техьа бохуш, кхин еха ойланаш ца йира Iабдуллас. 4) И кхуьнга кхаьчна хабар Сепият реза а йолуш ду аьлла чIагIдира несо. 5) Маситтазза Сепият ган гIоьртира Iабдулла делахь а схьахетарехь цхьана хIара ца кхуьучу даккхийчу бахьанаша и таро ца хилийтира цуьнан. (Яс. М.) 6) ТIаккха хиира цунна, воккхачу стага и олхазар хIунда кхобуш хилла. 7) Цунна ца хаьара, хIун гIайгIа яра Олдум хеназа къанвинарг, цунна кест-кеста цамгар тухург. (Бад. С.) 8) ХIумма а дацара тхо долчу цаварах-м, тхо-м тхаьш а, цхьацца лол бетташ, дохкура делахь а, вогIуш, наггахь гучуволуш товш ду. 9) Атта деза массарна а. Цу тIе цецбуьйлу, хIунда дазделла базарахь