Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3020

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

предложенешца

шайн дийцар дIадоладо яздархоша цкъацкъа, масала: Буьйса. Тоьла. Къуьданан халла хаалун серло.
Упражнени № 1. ДIаеша. ЦIеран предложенеш билгалъе. Дий- ца, хIун бахьана долуш пайда эцна царах авторша. Предложенийн грамматически бух билгалбе.


    1. Декъа, лекха дегI. Еха маж а, лергина юкъа месаш а. (С. Хь.) 2) Къегина, маьлхе денош. 3) Екхна, хаза суьйре. Жима татол. ТаьIна боьмаша басахь хи. 4) Нохчий. Барамехь доккха, майра къам. (А. А.) 5) Шела. Мехкан уггар а йоккха юрт. 6) Бесан берд, шина а агIор кхиъна бIаьллангаш, таьллийн, комарийн къух, коьллаш. (С. С.-С.) 7) ВорхI кIант ву Даркешан. Аьрзу, Леча, ХьаргIа, Куьйра, Олхазар, Маккхал, Хьоза. Ден дозалла. Цуьнан гIортораш. ВорхIе а – пепнаш санна, догIмаш, болатах воьттича санна, онда. (Я. Л.)

  1. 1941-чу шеран 22 июнан малх хьаьжна делкъе. МаьI-маьIIехь юьртабахаман цхьацца гIирсаш. Президиумехь Висит, Човкий, райкоман векал. Царна тIехула лозунг «Маршалла ду юьртбаха- мехь хьалхелелочаьрга!» Теркаца гун ялтийн аренаш. (Мус. М.)

  2. Iуьйренан малх кхета зама. Дека олхазарш. Дудин керт. ГIеххьа цIенош, гонах ян йолийна керт. ДоьгIна хьокхий, Iохку серий. Гихь кIудал а йолуш, чуйогIу ПетIамат. (Бад. С.) 10) Ломан эвла Шуьйта. Эвлайист. Аьрру агIор гIа далаза дитт. Цу кIелахь деха гIант. Юххехь хи эца тадина хьаст. (Ош.Х.) 11) МаьркIажхан. Iа. Каметин хIусам. Шина кора юккъе хIоттийна дуткъа лекха куьзга. Куьзгана кIел, тIехь стаканаш, ши туфли, стогар, Ханпашин сурт. НеIсагIехь лаьтта кIудал. (Хам. I.-Хь.)


Упражнени № 2. ДIаеша. ТIера схьаязъе юьхьза а, цIеран а предложенеш.


    1. ЛегIанчу басахь, охьатоьхначу дитта кIел гулло. 2) Масех гIулч дехьа а девлла, севцира. 3) Сатасаран сийна тийналла. 4) Ма сингаттаме а, бурко а ду! 5) Хьаннаш юккъехула лома воьду. 6) Са- таса долало. 7) Ломахь цIеххьана тIеян йолаелира. 8) Аьхке. Борза тIехь, латта тIе а тесна дина тIулгийн цIа. ГIуркхийн керт. ЦIийна хьалха доккха дитт, цу диттана хьалха Iуьллуш чхар. УьйтIахь


мохь бетташ лаьтта Леча. (Х. I.-Хь.). 9) Дукха буьрса буьйцу и Iаьржа лам. 10) Суьйре. МаьркIаже. ДогIа, дерриг а догIа, стигал бертал тоьхча санна, цхьа хецаделла, даьржина. (Б. М.). 11) Гурахь аренца а, кертахь а белхаш дукха хуьлу. 12) Оцу минотехь тIесерса йолало. I3) Iедалан белхалойх лаьцна дукха яздо зорбанехь.

  1. Iаьржачу буса говрахь чехка ца вахало. 15) Кешнийн кертахь кхоччуш тийна дара. (Яс. М.) 16) Гурахь буьйсанаш сиха Iаржъяла йолало. 17) Арахь цIеххьана догIа долало. 18) Цу сохьта шелъяла йолаелира.


Упражнени 3. Хьайна гуш долучу суьртех лаций дийца, цIеран предложенех пайда а оьцуш.


  1. Корах ара хьоьжуш ву (ю) хьо. Дийца, хIун го хьуна цигахь.

  2. Лома буьххье хьаладевли шу. ХIун го шуна цу тIера чу- хьаьвсича?

  3. Аьхка садоIуш дара шу. ХIун суьрташ дагаоьху шуна?

  4. Соьлжа-ГIалахь хилла шу экскурсехь. Дийца цунах лаций.


Упражнени 4. Юста ши текст. Муьлха ю царах билггала долу сурт ма-дарра гойтуш. ХIун бахьана ду цуьнан?


  1. Делкъе яра. Къеггина кхетта малх бара. Тхуна хьалха яра ирзонан майда. Когаш кIелахь баьццарчу бецан куз бара. Гонаха гуш дара тайп-тайпана диттийн пенаш.

  2. Делкъе. Къегина малх. Хьуьнхара ирзо. Бецан баьццара куз. Диттийн пенаш.

(ШолгIа текст еккъа цIеран предложених лаьтта. Дар билгалди- на дац, цундела ешархочо шен ойланехь чекхдоккху хила тарлург. Цо билггала, къеггина сурт кхуллу).
Упражнени № 5. Предложени талла.
ЭхI, хIара маьлхан, къегина,

шелонах дуьзна, шийлачу мехийн Iаьнан денош!

(Цхьалхе, цхьанахIоттаман, цIеран, яьржина).

Упражнени № 6. Поэтийн могIанашкахь цIеран предложенеш схьалаха. Дийца, хIун маьIна долуш ялийна уьш поэташа шайн байташкахь.
Буьйса.

И арешце, тийна... Тутмакхойх висна исс,

Чевнаша гIелвина. (Мам.М.)
Делкъе. Сийна Хьун тапаьлла Тийна.

Зарзар. Гаьн тIехь Наб озийна, Тийна.

Тийналла. Тийналла. Сийна, Ала – стенан Ойлаеш хьо

Тийна? (Арс.Ш.)
Сирла де. Сийна де. Маьлхан цхьа де, Iаламо бIаьрг боьллу Iуьйре.

БIаьстено жил-Iалам Хьадина де – Кхойкху цо Iаламца Уьйре.

(Арс. Ш.)

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ



Упражнени № 1.

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг



билгала-юьхьан цIеран билгалза-юьхьан

юьхьза

юкъара-юьхьан
Хьовса схемига. Дийца, муьлха кепаш хуьлу цхьанахIоттаман предложенийн, муха къаьста уьш шинахIоттаман предложенех. ЦIеран предложенин башхалла хIун ю? Билгала-юьхьан а, бил- галза-юьхьан а, юьхьза а, юкъара юьхьан предложенийн юкъара дерг хIун ду а, уьш вовшех къастошдерг а хIун ду? Дага а лаций, хIор кепана кхоккха предложени ялае я цхьана текст тIера схьа а лахий, дIаязъе.
Упражнени № 2. Таблици чуьра масалш хила ма-деззара дIанисде.



юьхьза


коьрта меже подлежащи

Везан Дела, гечдехьа, къинхетам бе- хьа, комаьршо ехьа.

Хьо, буткъа сан мерза, дагна базбелла, алахьа, хIун дайна, стенах шекбаьлла?


цIеран


коьрта меже сказуеми

Дикачу адамех лаьцна даим а дуьйцу пхьоьханахь, нах гулбеллачохь.

Багара схьадаьлларг нахах хьуллур дац.


билгала-юьхьан

коьрта меже сказуеми

ЦIеххьана шелъяла йолаелира орцан дукъа тIехь. БIаьста аренашца тIуьна

хуьлу.


юкъара-юьхьан


коьрта меже подлежащи

ГIамарийн аренийн, лаьмнийн, Iаьнан хIуо, юьхь тIе хьоькхуш долу. Сатосучу Iуьйренан аьхналлин

тийналла.

билгалза- юьхьан

коьрта меже сказуеми

Хьуьнха дечиг ца кхоьхьу. Iуьйре сарахь хастае.


Упражнени № 3. ЦхьанахIоттаман предложенин тайпа билгалде.


    1. билгала-юьхьан;

    2. билгалза-юьхьан;

    3. юкъара-юьхьан;

    4. юьхьза;

    5. цIеран.


  1. Аьлларг юха ца дерзало, яздинарг дIа ца даъало, хадийнарг ца хоттало.

  2. Гонаха тийна дара.

  3. Кхо бIе езткъе йиъ гектар дагна хьомечу лаьттан.

  4. Хьун, хи Басс, Iам, гIант, цанийн аренаш, некъаш, тачанаш.

  5. Гурахь ялташ чудерзадо.

  6. Хьо ваханчу меттехь дика дешалахь.

  7. Корехь бIаьсте хааяла йолаелира.

  8. Бода булуш лаьттара Iинан йистехь.

  9. Лохачу цIенош чохь аьхка йовха яра.

  10. ГIуллакхца забарш ма е.


Упражнени № 4. ДIаеша текст, билгалде предложенин тайпа.

ХIун гIуллакх кхочушдо цара?
Муха кечдо хьуьнан чай? ЦIечу комарийн, мангал-комарийн, хьехан гIаш гулдой, IиндагIехь дуьту уьш 3-5 сохьтехь, маргIал даллалц. Юха яьшки чу а дохкий, 7-10 сохьтехь латтадо. Цул тIаьхьа и гIаш пешахь а, малхехь а дакъадо. Чай ангалин банканаш чохь лардеш, латтадо, хьожа дIа ца яйтархьама. ГIаш екхна йолуш, довхачу деношкахь гулдо. Басар доккхучу хенахь вовшех иэдо тайп-тайпана чайнаш.
Упражнени № 5. Дийца, муха кечбо шун къоман кхача. № 4 йолучу упраженин кепах пайда а оьцуш, цхьана дааран рецептах лаций дийца.
Упражнени № 6. ХIокху алгоритмах пайда а оьцуш, цхьана- хIоттаман предложенеш тайпанашка дIасаекъа.


  1. Коьрта меженаш билгалъе.

  2. Къастаде, цхьанахIоттаман я шинахIоттаман ю предложени.

  3. ЦхьанахIоттаман елахь, коьрта меже муьлхарниг ю хьовса: подлежащи я сказуеми.

  4. Подлежащи делахь – иза цIеран предложени ю.

  5. Сказуеми делахь, къастаде дар кхочушдийриг билгалвеш ву я вац.

  6. Билгалвеш велахь, къастаде, юьхь билгалъеш ю я яц. Бил- галъяхь (хьо, ахьа) – билгала-юьхьан, къасталуш яцахь – билгал- за-юьхьан.

  7. Дар кхочушдийриг билгалвеш вацахь – иза юьхьза пред- ложени ю.