Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3091
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
товриг дан я цунна ша дукхавезийта гIерташ вацара, амма массо а хенахь цунна хьалха курра я даррехь цабезам гойтуш вара». 9) Цхьаммо шега бехк баьккхича, Таймин Бийболата иштта аьлла: «Со гуттар а юьхьIаьржонах, сайгара цхьа ледарло яларх кхийрина…»
-
Поэта Кибиев Мусбека дешан дозаллех лаьцна аьлларг а ду говза:
«Дош доцург дош дац, Дашал доккха хIума дац… Тухий, дашо стаг во дашо, Тухий, иза дакъазвоккху…»
Упражнени № 3. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.
-
Нохчийн мотт бIешерашкахь дIа ца бовш таханлерчу дий- не схьакхаьчна чIагIдо шайн Iилманан белхашкахь вайн меттан Iилманчаша. 2) Нийса аьлла Чарлза Дарвина цхьа сахьт эрна хан яйа ваьхьаш волу стаг хIинца а дахаран мах хадонза ву. 3) ДоттагIалла яздора О. Мандельштама хазнех тардан мегар ду: цу чуьра ахьа чудиллиначул сов хIума схьаэцалур дац. 4) ДIалушверг массо а хIуманан да ву. БIаьрмецигволучун хIумма а дац боху ин- дусин кицано. 5) Вайн мотт дуккха а, иттаннашкахь бIешерашкахь баьхна хIетте а нохчийн мотт хилла бисна яздо шен балха тIехь Ю. Дешериевс. 6) Матте бендацараллица, тIеххулара хьоьжуш во- лучу стагах лаьцна иштта дешнаш аьлла вевзаш волучу яздархочо К. Паустовскийс… Шен къоман матте бендоцуш хьоьжушверг акха ву. Иза дахарехь зуламе ву, хIунда аьлча шен ненан матте долучу бендацаро гучудоккху шен къоман дIадахнарг а, хIинца долушдерг а, кхана хиндерг а цунна бен-башха цахетар. 7) Сан дагах кхийтира мехкаюкъарчу Iилманан-практически конференцехь цуьнан цхьана декъашхочо аьлларг ХIора къоман коьрта ши билгало ю: моттий гIиллакх-оьздангаллий. Уьш ларъяхь ларлуш ду вайн къам, ца ларъяхь къам хиларан коьрта билгало дIайолу. 8) XIX-чу бIешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, академика, Iилманчас П. К. Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина Нохчийн мотт чIогIа къен хетар даржош берш цунах цхьана кепара кхеташ боцу нах
бу. Мелхо а, и мотт шен гIоьнца адаман ойланан уггар а кIорггера агIонаш а йийцалур йолуш, чIогIа хьалдолуш бу
Упражнени № 4. ХIара цитаташ юкъа а ялош, предложенеш кхолла. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.
-
«Дуьненахь кхин цхьа а нохчи ца висча а, Рамзан, сан кIант, ахьа ларбан беза дайн мотт! Яхь йолу цхьа нохчи бен вацахь а, дийна ду вайн халкъ. Ялсамане ненан когашкахь лаьтташ ю аьлла Пайхамара (I. с. в. с.). Шен ненан мотт боьхкиначунна меттиг яц ялсаманехь» (Кадыров А.-Хь.) -
«ХIор къоман мотт Iалашбар а, кхиор а – пачхьалкхан а, Iедалан а декхар ду. Ненан мотт чIагIбаран а, кхиоран а дуьхьа аса кхоор бац ницкъаш, таронаш. (Кадыров Р.) 3) «Воккхаве со хьуна хуучу кхечу къаьмнийн меттанех. Хьайниг бицбеш, Iамо беза уьш хьуна ца моьттинехь». (Сулейманов А.) 4) «Ненан мотт цахаар – шен кхерч цаларар ду, кхерчан да цахилар – маьттаза вахар ду». (Саидов Б.) 5) «Бекалахь, ненан мотт, хIинца, дуьнене машаре кхойкхуш, лаьтта тIехь къинхьегам, нийсо, вошалла, ирс, машар кхайкхош. (Айдамиров А.) 6) «Шовданан мукъамехь, ца лекъаш цкъа а, дог хьоьстуш бекалахь, сан нохчийн мотт!» (Эдилов. С.) 7) Бедаро баь- хьа а, лаьхьа а хазбина, бедаре хьажий сих ма ло. (Кица.) 8) «Аса герз леладо деа гIуллакхна: цкъа-делахь, елхош, екош, бертаза ядийна зуда юьгучунна детта, шозлагIа-делахь, меран зудчуьнга дагара ха- ийтина, цунна хьарам хиллачунна детта, кхозлагIа-делахь, муьлхха а ямартло еш, зулам дечунна детта, доьазлагIа-делахь, бехк-гуьнахь а доцуш, наха тешнабехк бина, гIо-орца оьшуш кIелвисначу оьзда- чу стагана орцахваьллачохь зуламхочунна-ямартхочунна детта. И агIонаш лоруш вацахь, стага ша ву баха а ца оьшу. Нийсо ларъян яхь а, оьздангалла ларъян адамалла а, доьналла а хила деза» (Шо- тойн Аьстамара баккхийчу нахе аьлларг). 9) Вайнехан фольклорехь уггар а говза а, хьекъале а, исбаьхьа а, маттана шера а, ира а, дагах хьакхалуш а, дог-ойла гIаттош а халкъан хьекъал алсам юкъалоцуш а йолу произведенеш, турпалаллин иллеш, хьекъале хаза дийцарш ду. (Джамалханов З.) 10) «Мел хьекъал долучух дагаваьлча а пайда бац, хьайн коьртаца ойла еш а, хьекъал хьайгахь долуш а вацахь» (вайн дайша олуш хилларг.).
ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ
Шина я масех маьIница а, грамматически а, интонацица а вовшахйозаелла лаьттачу цхьалхечу предложених чолхе предло- жени олу. Чолхечу предложенин хIор декъан шен грамматически бух хуьлу, амма маьIница уьш вовшашца герггара уьйр йолуш ю, масала: Оццу шерашкахь суна хиира, мел лерам беш хилла Зелам- хин вайн республикехь 1941-гIа шо тIекхаччалц, вуьшта аьлча, вайн республика дIайохаяллалц. Цул тIаьхьа сатосу хан гергак- хочуш, хьехан бертехь шозза мажар елира, ткъа салташа берриг ломан арц бекош дуьхьал тIом болийра. Гой хьуна, гелдаганой я харачой бийца цхьа а бахьана ца го суна, кица ду вайн дайн яйна- чу тIаьхьено шайн дай хестор, къийвеллачо дIадаьлларг дуьйцур бохуш. (Бакаров Муса.)
Шайн хоттаяларе хьаьжжина, уьш екъало хуттургаш йолучу а, йоцучу а предложенешка. Хуттургаш йоцучу предложенешкахь дакъош вовшахъхоттало маьIница а, интонацица а: Сан болх кхечу кепара бара: со ширделла дешнаш гулдеш вара.
Хуттургаш йолучу предложенешкахь дакъош вовшахъхоттало хуттургашца а, хуттургийн дешнашца а. ХIорш иштта хала бехаш цхьа бутт а дIабелира, тIаьхь-тIаьхьарчу хенахь Iа а чIагIделла догIура. Цхьанна а ца хаьара, и дов дIа муха доьрзур ду.
Уьйран гIирсаша чолхечу предложенийн дакъош вовшахтесна ца Iаш, цхьалхечу предложенешна юккъехь йолу маьIнийн юкъа- меттигаш а гойту.
Юста:
Аьхке екъа а, йовха а яра, ткъа лаьмнаш тIера шаш баша бо- лабелира аьхкенан юьххьехь. – Аьхке екъа а, йовха а яра, цундела лаьмнаш тIера шаш баша болабелира аьхкенан юьххьехь.
Сацаран хьаьркаш чолхечу предложенехь оьшу цуьнан дакъошна юккъерчу юкъаметтигаллин башхаллаш билгалъярхьама. Чолхе-цхьаьнакхеттачу
а, хуттургаш йоцучу а предложенеш- кахь, къасторан гIуллакх кхочушдеш, цара вовшех къастайо цхьал- хе предложенеш, ткъа чолхе-карарчу предложенешкахь билгалйо
тIетуху предложени, билгалъяран гIуллакх кхочушдеш.
Интонацино а (эшаро) хуттургашца цхьаьна а, уьш йоцуш а вовшахтосу цхьалхе предложенеш, цундела иза а уьйран гIирс бу чолхечу предложенехь.
Хуттургаш йолу чолхе предложенеш екъало грамматически маьIница а, формица а шина кепе – чолхе-цхьаьнакхеттачу а, чол- хе-карарчу а предложенешка.
Упражнени № 1. Предложенийн грамматически баххашна кIел сиз а хьокхуш, дIаязбе биъмогIанаш. Уьш чолхе предложенеш хила- ран делил даладе. Церан схемаш хIиттае.
-
ХIаваъ санна, маршо езна, Нохчийн кIентий гIевттина, Декъала бу тIамехь эгнарш, Маршонан некъ къевсина.
-
Цициг ду хьаьрчина, Набарна тийна,
Ткъа суна-м ха харцарх Кхеташ и яц.
(Сатуев Хь.)
(Рашидов Ш.)
-
Ниттан орам меттахболу Хан ца хьоьжу хьелашка, Ас бIаьстенах илли олуш, Сан са кхойкху гIелашка.
(БисултановА.)
-
Ницкъ хьан кхочу нана-латта, Латто тхуна мерза кхача, Ткъа тхоьгара хьуна-м кхочу Дуьра, теза, мерза ийна.
(Такалашов С.)
-
Аттачу даьлла дахар, Аса-м ца гулби бахам,
БIов ца йоьтти лекха – Стаг луъург дале ле-кха.
(Яшуркаев С.)
-
Дерзан туьтеш месаш юккъе леда, Iоврийн мотт сан когех хьекхало, Махо лоькху шен тIунъелла шедаг, ГIаргIулеша стигал къекъайо.
(Юсупов И.)
-
Алкханча, чIегIардиг, зезаг Сатуьйсу бIаьстенца гаре, Ткъа хьаша хIор а буьйсанна Ларво аса со волчу варе.
(Пашаев Н.)
Упражнени № 2. ТIадамийIн метта догIу элпаш а хIиттош, тIера схьаязъе текст. Схьалаха чолхе предложенеш. Дийца, хIунда ю и предложенеш чолхе. Сказуемин тайпа билгалде чолхечу пред- ложенешкахь.