Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3091
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Iилманан стиль:
а) Iилманах лаьцна болу хаамаш балар, Iилманца долучух кхетор;
б) официален хьолахь пайда эцар;
в) Iилманан статья, доклад, Iаморан литература, диссертаци; г) терминийн, говзаллийн лексика;
д) шакъаьстиначу маьIнехь Iилманан маттахь лелош долу дешнаш, терминаш.
ГIуллакхан къамелан стиль: а) хаам, хаамаш бовзийтар;
б) официален хьолахь пайда эцар (законаш дахаран, гIуллакхдаран, административни-бакъонан декъехь);
в) законаш, омранаш, сацамаш, резолюцеш, протоколаш, акташ, справкаш, инструкцеш, объявленеш, гIуллакхан кехаташ (заявлени, рапорт, докладная);
г) официале-гIуллакхан лексика; къамелан чIагIделла, стан- дарте дирзина цхьаьнакхетарш;
д) кхечу кепара ала магош йоцу нийсалла.
Публицистически стиль:
а) шуьйрачу хаамийн гIирсашца тIеIаткъам баран декхарш; б) официален хьелашкахь пайда эцар; газеташкахь, журналаш
тIехь, радиочухула, телевиденехула, митингашкахь, собранешкахь къамелаш дар;
в) статья, очерк, репортаж, фельетон, интервью; г) юкъараллин-политически лексика;
д) къамел логика йолуш, васте, синхааме, кхайкхаме, мах хадош хила дезар.
Исбаьхьаллин литературан стиль:
а) гайтар а, ешархочунна тIеIаткъам бар а;
б) роман, повесть, дийцар, стихотворени, басня, поэма, драма, комеди, трагеди, турпалаллин иллеш;
в) лексикин дерриг хьолах пайда эцар;
г) къамел васте, синхааме, билггала хилар; тайп-тайпанчу стилийн таронех пайда эцар.
Исбаьхьаллин литературан стилана герга ю халкъан барта поэзин стиль а, хIунда аьлча меттан исбаьхьаллин башхаллаш а, суртхIотторан гIирсаш а, исбаьхьаллин литературехь а санна, суртхIотторца а, кIорггерчу синхаамца а, дог-ойланца а гIуллакхдеш цуьнгахь хиларна.
Исбаьхьаллин литературехь адаман дахар довзийтина ца Iаш, вастийн, суртхIотточу гIирсийн гIоьнца дешархойн дегнашна тIеIаткъам а бо.
Яздархочо дахаран хьелаш а, турпалхойн гIиллакх-амалш, Iаламан суьрташ а ма-дарра
гойту. Цундела цо и сурт дуьззина гайтархьама, наггахь диалектизмаш а, ширделла дешнаш а даладо шен произведени юкъа.
Тестови тIедахкарш
-
Муьлха стилаш хуьлу нохчийн меттан?
-
публицистически -
хабаран -
лингвистически -
исбаьхьаллин -
юкъараллин -
Iилманан -
гIуллакхан
-
Муьлха стилаш ю тIечIагIйина адаман гIуллакхийн хIокху декъана?
-
политика, культура -
Iер-дахар -
искусство, литература -
Iилма -
бакъо (право)
-
Муьлхачу стилах пайда оьцу, нагахь санна кхарах цхьа Iалашо хIоттош хилча:
-
аудиторина тIеIаткъам бар -
бакъонца йоьзна юкъаметтигаш дIахIиттор -
дуьненах исбаьхьаллин агIонгахьара кхетар -
Iаламан а, юкъараллин а хиламаш билгалбахар -
вовшашца тIекаре а, чукаре а яр
-
Муьлхачу стилийн амалшца йогIуш ю хIара жанраш?
-
фельетон 8) сонет -
протокол 9) анкета -
рецензи 10) иноформационни хаам -
телефонехула къамел 11) интервью -
турпалаллин илли 12) суртхIоттор (описание) -
инструкци 13) дийцар (повествование) -
дискусси 14) ойлаяр (рассуждение)
- Цамза билларца гайта къамелан хIара цхьа тайпа хIокху кхаа стилана коьрта муьлхачунна ю.
-
суртхIоттор 1) къамелан (хабаран) -
дийцар 2) публицистически -
ойлаяр 3) гIуллакхан къамелан -
Iилманан -
исбаьхьаллин
- 1 ... 81 82 83 84 85 86 87 88 ... 91
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
-
Iилманан -
гIуллакхан къамелан -
публицистически -
къамелан (хабаран) -
исбаьхьаллин -
иштта стиль яц
- Синхааме дешнаш далор ца магош йолу стиль билгалъе.
-
Iилманан -
публицистически -
гIуллакхан къамелан -
къамелан (хабаран) -
исбаьхьаллин
-
Къамелан стиль билгалъе.
-
Нохчийн республикин гидрометцентро бечу хаамца, кхана Iаламехь цхьа а тайпа хийцамаш хир бац. ТIейогIуш а йоцуш, Iуьйранна, суьйранна дохк а долуш, хIаваан температура буьйсанна
+1.. 4 градус, дийнахь +3..8 градус йовхо йолуш, погода хир ю.
-
Цхьана сохьтехь Iилма Iамадар буьйсанна сахиллалц йиначу Iамалал деза ду.
Делан дуьхьа чувита бохуш стаг вагIахь, иза чувита, делан дуь- хьа гIо де бохуш стаг велахь, цунна гIо де. Делан дуьхьа вагIахьара хьо аьлла цхьанхьа хьуо кхайкхахь, цига гIуо. Цхьаммо хьайна цхьа дика дича, цунна цхьа совгIат ца деш ма Iе, кхин яла хIума яцахь, цунна диканиг доьхуш АллахIе доIа дей а.
Ялсамане гIур ду диъ хIума: эхь хеташ хилла йолу юьхь, бакъ- луьйш хилла болу мотт, сагIа далалуш комаьрша хилла долу куьг, къинхетаме хилла долу дог.
Дахар – иза кхо де ду: селхане, тахане, кхане. Селхане – иза дIадаьлла, кхане – кханенга вай довлий а хаац, цундела тахана долчун
пусар а дан деза, тахане эрна дIаяхийта а ца еза. ( Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш).
-
–Салам-маршалла ду хьоьга!
-
Салам? -
Муха ду гIуллакхаш? -
КIадда а дац. -
ХIунда? -
Дог дагIац. -
Ойн, цхьаъ дан ма деза! -
ХIун де аса? -
Болх бан беза-кх…
-
Паччахьна дуьхьал Iаьлбиг-Хьаьжас гIаттам айъиначу ша- рахь цуьнан дика гIо лаьцна хилла МахкатIехь бехачу наха а. И доькхуш, паччахьан эскаро ягийна МахкатIе. Лам чуьра юхабаьх- киначу нахана цхьа а дийна гIишло ца гина. Массанхьа а даьгна кIегий, юкъ, гIийлла буьйлу кIур.
-
Шайн лелар цхьа билггалчу меттигехь бен доцучу дешнех диалектизмаш олу. Нохчийн мохк боккха бацахь а, нохчийн къам доккха дацахь а, амма цхьа билггалчу меттиган меттанаш (диалек-
таш) дукха ду нохчийн маттахь. Масала: аьккхийн диалект, бацойн диалект, чIебарлойн диалект и дI. кхин а.
Муьлххачу а цхьана диалектехь бен ца лелаш дешнаш а ду.
Литературни а доцуш, муьлххачу а цхьана диалектехь бен лелаш доцу дош, я къамелан карчам, я аьзнийн башхалла диа- лектизм ю.
-
– КъорIанер Iа лелож держ чекх-м дер дац хьона! Бита беза Iа, кIант, аз харцахьара некъ. Хьан дена аз дIахейхь, цо тIера цIока йоккхург ю хьуна. Воле, хIунза Iохей хьайна хIума кхалла. Кхана со йогIург ю шун хьуьжаре! Со хьожург ю хьуна моллас коьртаха Iамса муха тох! КъорIанер, ша хьуна тухуш ерг тоьхна-м ма ваьлла хьуна аз! – моллина лен а луьйш, шен кIантана йовха юург а елла, иза цIадахка дезачу бежнашна дуьхьал а вахийтина, ша суьйренан дезарш дан йолаелира ПарагIаз. (Ок. Ш.)
Упражнени № 1. Къастаде, муьлха ю лахахь ялийначу текстех Iилманан стилан текст. ТIечIагIде. Шуна хетарехь, хIун ду Iилманан стилан башхалла билгалйийриг (тема, текстан дIахIоттам, терминаш я меттан гIирсийн кхийолу башхаллаш)?
-
Ненан маттахь йоза-дешар шуьйрачу халкъана юкъа даржар XX-гIа бIешо доладеллачу муьрехь бен хилла дац. Амма XIX-чу бIешарахь дуьйна а цхьаболу Iилманчаш гIиртина кириллицин графики буха тIехь нохчийн йоза кхолла. Иштта, оьрсийн Iилманчас П.К. Услара 1862 шарахь, кIорггера талламаш а бина, нохчийн меттан грамматика язйина. «Нохчийн мотт» цIе йолучу оцу шен балха тIехь Услара оьрсийн алфавитан буха тIехь нохчийн элпаш кхоьллина, нохчийн аьзнашна оьрсийн элпаш ца тоьинчохь ла- тински а, гуьржийн а элпех пайда а оьцуш. 37 элпах лаьтташ яра Услара хIоттийна йолу алфавит. Нохчийн меттан дуккха а матери- алаш ялийна автора шен книги тIехь, масалшна далийна халкъан дийцарш, кицанаш, иллеш ду.
Цул совнаха, нохчийн маттах лаьцна талламаш беш Усларна гIо деш хиллачу Дишни-Веданарчу нохчийчо Досов Къедас I862-чу шарахь нохчийн абат а язйина, цунна зорба туьйхира.
Цу тайпана, ненан маттахь йоза-дешар дIадоло гIеххьа таро- наш кхоллалуш яра. Цул тIаьхьа а нохчийн прогрессивни наха къий- сам латтийна ненан маттахь йоза-дешар халкъа юккъе даржорехьа.
-
Йоза – барта къамелан духар ду. Цо аьтто бо барта къамел деш. Аз олу, хеза, элп яздо, доьшу. (Элп доьшу бохург – иза и элп билгалдеш долу аз алар ду. Аз олуш ду, элп яздеш ду).
Элп а, аз а