Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 10894
Скачиваний: 60
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Дийцаран предложенеш
Дийцаран предложенин кеп тIетевжа хандешан билгалчу а, бехкаман саттамашна а. Предложенино билггалчу я хила луучу хиламех,хьолахлаьцнадуьйцу,масала:МаходекхнаштIератIеда гIашохьаэгадора.КорехиънаIийрвара-кх–дуьненебIаьргбетташ. Хьо тхо долчу вагIахь, вай хаза самукъадоккхурдара-кх.Хааман (дийцаран) эшар (интонаци) къаьста предложенин чаккхенехь аз лахдарца.ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
ЧIагIдаранпредложенешагойтудар,хиларбаккъалакхочуш- хилар, долуш хилар я хир долушхилар.Масала: Самукъане дека олхазарийн зевне аьзнаш.Сказуеминий, цуьнан дар я хилар кхочушдечунний юккъехь уьйр цахилар гойту дацаран предложенеша:Орамашхадийча,дитташахеда,халкъодIахервича,стагаца веха. ЧIагIдаран предложени дацаран предложенига ерза тарло. Масала: Суна дагадогIу жимчохь айсалелийнарг.Суна дага ца догIу жимчохь айса лелийнарг. Дацаран пред- ложенешдацарандакъалг-ца,ма-хиларцабилгалйовлу.Дацаран предложенешкхуллудацарандешнашаа:дац,вац,бац,яц;дацара, вацара, бацара,яцара.Нахана эшначохь дог шийлахиллаверг,Безаман цIе йоккхуш хьахийнаметтиг яц.Хилийта хьайн гIоьнца стаганадиканиг,Диканца вогIург бен толамекхаьчна вац.Дацаранпредложенешшинакепарахуьлу:дуьззинадолудацар гойтуш,дуьззинадоцудацаргойтуш.Масала:Осалалласунасайн бIаьргаянацаезна.(дуьззинадолудацаргойту).Юьртаюккъехула шуьйраохьадогIухибашхачехкацадогIура.(дуьззинадоцудацар гойту). Дацаран куцдешнаша а, цIерметдешнаша а, долчунна тIе а дацар чIагIдо. Масала: Раиса Ахматован поэзи цкъа а ца хилла шен маьIница нохч-гIалгIайн дозанал чоьхьасоьцуш.
Хаттаран предложенеш
Къамелан декъашхошкара цхьа информаци схьаэцаран гIуллакх кхочушдо хаттаран предложенино, хаттаро жоп а доьху. Хаттар билгалдеш лела хаттаран цIерметдешнаш а, дакъалгаш а. Масала: Мила ву и хьун екош диг детташверг? ХIун дийр дара-те адамаша, кхана шайх хиндерг хиъча? ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?Хаттаран эшар (интонаци) билгалйолу предложенин чаккхе- нехь аз айдарца. КIант дIаваха. – КIант дIаваха?Хаттаран формин массо а кеп шеца йолуш ду риторически хаттарш. Иза дуьненахь хуьлуш долучуьнга я къамелахочуьнга хьажийна хуьлу, цундела жоп ца доьху цо. Къамел деш волучу ойланаш а, синхаамаш а бу уьш, хиламах а, хьолах а лаьцнаболу. Масала:ХIундокхудуьненах,кхинвовшийнларамабоцуш,ше- раш дIакерчарх тоам а беш, бесарадаьхна?(А. Халидов).ТIедожоран предложенеш
ТIедожоран предложени хьоьца къамел деш волучуьнга хьажийна хуьлу; цо къамел деш волучу лаам бовзуьйту, вукхо (ладугIучо) дан дезачун цIе а туху. Голаш тIе охьалахвелира иза:-
Везан Дела, гIодехьа суна, къинхетам бехьа сох!»
Айдаран предложенеш
Хаамца,хаттарцатIедожорцацхьаьнапредложенехьшенсин- хаамбовзийтатарлокъамелдечо:хазахетар,халахетар,цецвалар, сингаттам, оьгIазло, карзахалла и дI. кх. а. Аларан синхаам бов- зийта йиш ю эшарца (интонацица). Цул сов, предложенехь айдар билгалдаккхатарлоайдардешнашцаа,дакъалгашцаа.Масала:Ма ирс долуш ву со! Мел хаза хуьлу бIаьста стоьмийн бешахь! ЭхI, хьо шийла шовда, Дала беркат дойлахьох!АйдаранмаьIнашайцадолупредложенешайдараню.Аларан маьIнехьаьжча,уьшядийцаран,яхаттаран,ятIедожораню.Маса- ла,АхьахIундей...яхийтакхузара!–тIедожоран.Шенамалуъъу оьгIазгIойлаи,асасорезавацэр ду. Алий?–хаттаран.Дийцаран, айдаран предложенийн масалш вай лакхахьдалийна.Предложенийн дIахIоттам
ПредложениндIахIоттамначубогIу,цкъа-делахь,цуьнанграм- матическибух.Нохчийнматтахькоьртамеженашшайнбашхаллаш йолуш хуьлу. Масала, подлежащи деа дожарехьлела.ШолгIа-делахь,предложениндIахIоттамнаюкъайогIуцуьнан меженийнуьйра.Коьртачумеженехйозуша,уьшкхетошахуьлу коьртаза меженаш; цхьа коьртаза меже вукху коьртазчу меженах йозушхилаатарло,масала:ДаккхийчудиттийнгаьннаштIераохьаоьгуратIаьххьарадекъагIаш–коьртазамеженаштIаьххьара, декъа дозуш ду подлежащих гIаш, ткъа гаьннаш тIера – сказуе- мих охьоьгура, даккхийчу диттийн дозуш ду коьртазчумеженах гаьннаштIера.
Коьртачу меженаша шаьш а кхолла тарло предложени, маса- ла: ДогIа доладелира; Малх кхийтира – иза яржаза предложени ю. Коьртаза меженаш шена чохь ерг яьржина предложени ю. Кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь ерг юьззина предложени ю. Ма- сала: Соьлжаца лаьтташ яра четарш тоьхна жима гIап. Коьрта а, коьртаза а меженаш эшош, амма уьш маьIница атта схьакарош ерг юьззина йоцу предложени ю. Масала: Мичара вогIу? Дукха Iийр вуй? – Цхьана шарахь.
Коьрта а, коьртаза а меженел сов, предложени кхуллуш дакъ- алаца тарло юкъадалочу дешнаша. Цара предложенин граммати- чески маьIна тIедузуш гIо до. Бакъду, предложенин меженашца грамматически дозаделла ца хуьлу и дешнаш, цундела йозанехь запятойшца къастадо уьш: Iилманчашна хетарехь, хIор ораматехь я дарбане, я дIаьвше мутта хуьлу.