Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3061
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Дийцаран предложенеш
Дийцаран предложенин кеп тIетевжа хандешан билгалчу а, бехкаман саттамашна а. Предложенино билггалчу я хила луучу хиламех, хьолах лаьцна дуьйцу, масала: Махо декхнаш тIера тIеда гIаш охьаэгадора. Коре хиъна Iийр вара-кх – дуьнене бIаьрг бетташ. Хьо тхо долчу вагIахь, вай хаза самукъадоккхур дара-кх.
Хааман (дийцаран) эшар (интонаци) къаьста предложенин чаккхенехь аз лахдарца.
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
ЧIагIдаран предложенеша гойту дар, хилар баккъал а кхочуш- хилар, долуш хилар я хир долуш хилар.
Масала: Самукъане дека олхазарийн зевне аьзнаш.
Сказуеминий, цуьнан дар я хилар кхочушдечунний юккъехь уьйр цахилар гойту дацаран предложенеша:
Орамаш хадийча, дитташ а хеда, халкъо дIахервича, стаг а ца веха. ЧIагIдаран предложени дацаран предложенига ерза тарло. Масала: Суна дагадогIу жимчохь айса лелийнарг.
Суна дага ца догIу жимчохь айса лелийнарг. Дацаран пред- ложенеш дацаран дакъалг - ца, ма - хиларца билгалйовлу. Дацаран предложенеш кхуллу дацаран дешнаша а: дац, вац, бац, яц; дацара, вацара, бацара, яцара.
Нахана эшначохь дог шийла
хиллаверг,
Безаман цIе йоккхуш хьахийна
меттиг яц.
Хилийта хьайн гIоьнца стагана
диканиг,
Диканца вогIург бен толаме
кхаьчна вац.
Дацаран предложенеш шина кепара хуьлу: дуьззина долу дацар гойтуш, дуьззина доцу дацар гойтуш. Масала: Осалалла суна сайн бIаьрга ян а ца езна. (дуьззина долу дацар гойту). Юьрта
юккъехула шуьйра охьадогIу хи башха чехка ца догIура. (дуьззина доцу дацар гойту). Дацаран куцдешнаша а, цIерметдешнаша а, долчунна тIе а дацар чIагIдо. Масала: Раиса Ахматован поэзи цкъа а ца хилла шен маьIница нохч-гIалгIайн дозанал чоьхьа соьцуш.
Хаттаран предложенеш
Къамелан декъашхошкара цхьа информаци схьаэцаран гIуллакх кхочушдо хаттаран предложенино, хаттаро жоп а доьху. Хаттар билгалдеш лела хаттаран цIерметдешнаш а, дакъалгаш а. Масала: Мила ву и хьун екош диг детташверг? ХIун дийр дара-те адамаша, кхана шайх хиндерг хиъча? ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?
Хаттаран эшар (интонаци) билгалйолу предложенин чаккхе- нехь аз айдарца. КIант дIаваха. – КIант дIаваха?
Хаттаран формин массо а кеп шеца йолуш ду риторически хаттарш. Иза дуьненахь хуьлуш долучуьнга я къамелахочуьнга хьажийна хуьлу, цундела жоп ца доьху цо. Къамел деш волучу ойланаш а, синхаамаш а бу уьш, хиламах а, хьолах а лаьцна болу. Масала: ХIун до кху дуьненах, кхин вовшийн ларам а боцуш, ше- раш дIакерчарх тоам а беш, бесара даьхна?
(А. Халидов).
ТIедожоран предложенеш
ТIедожоран предложени хьоьца къамел деш волучуьнга хьажийна хуьлу; цо къамел деш волучу лаам бовзуьйту, вукхо (ладугIучо) дан дезачун цIе а туху. Голаш тIе охьалахвелира иза:
-
Везан Дела, гIодехьа суна, къинхетам бехьа сох!»
ТIедожор кхочушдо хандешан тIедожоран кепаца: Дика деша- лаш, Iилма Iамаделаш, дахарехь оьшур ду шуна.
ТIедожоран эшар (интонаци) юккъера барам болуш хуьлу, дийцаран а, хаттаран а эшарца юьстича; юста: Тоьур ду. – Тоьур ду! –Тоьур ду?
Айдаран предложенеш
Хаамца, хаттарца тIедожорца цхьаьна предложенехь шен син- хаам бовзийта тарло къамел дечо: хазахетар, халахетар, цецвалар, сингаттам, оьгIазло, карзахалла и дI. кх. а. Аларан синхаам бов- зийта йиш ю эшарца (интонацица). Цул сов, предложенехь айдар билгалдаккха тарло айдардешнашца а, дакъалгашца а. Масала: Ма ирс долуш ву со! Мел хаза хуьлу бIаьста стоьмийн бешахь! ЭхI, хьо шийла шовда, Дала беркат дойла хьох!
Айдаран маьIна шайца долу предложенеш айдаран ю. Аларан маьIне хьаьжча, уьш я дийцаран, я хаттаран, я тIедожоран ю. Маса- ла, Ахьа хIун дей... яхийта кхузара! – тIедожоран. Шена ма луъъу оьгIазгIойла и, аса со реза вац эр ду. Алий? – хаттаран. Дийцаран, айдаран предложенийн масалш вай лакхахь далийна.
Предложенийн дIахIоттам
Предложенин дIахIоттамна чу богIу, цкъа-делахь, цуьнан грам- матически бух. Нохчийн маттахь коьрта меженаш шайн башхаллаш йолуш хуьлу. Масала, подлежащи деа дожарехь лела.
ШолгIа-делахь, предложенин дIахIоттамна юкъайогIу цуьнан меженийн уьйр а. Коьртачу меженех йозуш а, уьш кхетош а хуьлу коьртаза меженаш; цхьа коьртаза меже вукху коьртазчу меженах йозуш хила а тарло, масала: Даккхийчу диттийн гаьннаш тIера
охьаоьгура тIаьххьара декъа гIаш – коьртаза меженаш тIаьххьара, декъа дозуш ду подлежащих гIаш, ткъа гаьннаш тIера – сказуе- мих охьоьгура, даккхийчу диттийн дозуш ду коьртазчу
меженах гаьннаштIера.
Коьртачу меженаша шаьш а кхолла тарло предложени, маса- ла: ДогIа доладелира; Малх кхийтира – иза яржаза предложени ю. Коьртаза меженаш шена чохь ерг яьржина предложени ю. Кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь ерг юьззина предложени ю. Ма- сала: Соьлжаца лаьтташ яра четарш тоьхна жима гIап. Коьрта а, коьртаза а меженаш эшош, амма уьш маьIница атта схьакарош ерг юьззина йоцу предложени ю. Масала: Мичара вогIу? Дукха Iийр вуй? – Цхьана шарахь.
Коьрта а, коьртаза а меженел сов, предложени кхуллуш дакъ- алаца тарло юкъадалочу дешнаша. Цара предложенин граммати- чески маьIна тIедузуш гIо до. Бакъду, предложенин меженашца грамматически дозаделла ца хуьлу и дешнаш, цундела йозанехь запятойшца къастадо уьш: Iилманчашна хетарехь, хIор ораматехь я дарбане, я дIаьвше мутта хуьлу.
Предложенин конструкцеш
Субъект нохчийн предложенешкахь шина кепара хуьлу: про- дуктивни (кхечуьнга йолучу предл.); непродуктивни (кхучуьнга ца йолучу предл.) кхечуьнга ца йолучу предложенехь субъект даимна а цIерниг дожарехь хуьлу, сказуеми кхечуьнга ца долучу хандашах кхоллало. Герггара объект оцу тайпанарчу предложенехь хила хьакъ дац. Ишттачу цхьалхечу предложенех – номинативни я цIерниг дожаран конструкци олу. Масала: Чхерийн лаба хьалха а оьзна тIехарца кечбелча санна, лаьтта и буьрса лам. Нагахь сан- на сказуеми кхечуьнга ца долучу классни хандашах кхоллалахь, цуьнан классни гайтаман тIехь барт хуьлу субъектаца: Буьйсанна ижуна долало экха. Лоьман аз цахеззе дIайоьду ча.
Кхечуьнга йовлучу предложенешкахь субъект хуьлу лург, дийриг, меттигниг дожаршкахь (дукхахьолахь дийриг дожарехь). Субъект лург дожарехь хуьлу, нагахь санна кхечуьнга долучу хаадаларан хандашах хиллехь (глагол чувственного восприятия).
Суна лаьа гуттар а малх боьлийла.
И санна йолчу цхьалхечу предложених – дативни предложени олу я лург дожаран конструкци олу. Лург дожаран конструкци нис- ло хIокху хаадаларан хандешнашца – сказуемешца: ган, дан, хаза, хаа, лаа, хета, мотта, довза, дагадан, дицдала... Субъект дийриг до- жарехь хуьлу, сказуеми кхечуьнга долучу хандашах кхоллаеллехь. Герггара объект цIерниг дожарехь хуьлу. И санна йолчу кхечуьнга йолучу предложених – эргативни конструкци олу:
Маьлхан зIенарша къегадора лаьмнийн баххьаш.
Субъект меттигниг дожарехь хуьлу, нагахь санна сказуеми кхечуьнга долучу таронан хандашах кхоллаелла елахь (потенци- альный глагол).
И санна йолучу кхечуьнга йолучу предложених – локативни конструкци олу. Сан лекцина кечамбан деза. – ийна конструкци.