Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3039
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Упражнени № 5. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, хIун гойту хуттургаш йоцучу чолхечу предложени чу йогIучу цхьалхечу предложенех шолгIачо.
1) Амма цхьа хIума дара цунна тIехь къаьсттина иза дара шуьйра схьабиллина болу, леррина хьоьжуш а болу цуьнан ши бIаьрг хилар. (Т. Л.) 2) Оцу буса ГIубашан ваша ЦIута Орга аренга долучохь йиллиначу Чехкар-гIопан комендантана караваха велира шен гергарчу нахаца зударий цIахь буьтуш царна бохам бер бацара. 3) Къайлаха хIоттийна кхин цхьа буьйр а дара ГIунибан гарнизонера герз дIа а даьккхина мурдаш тIеман трибуналан суьде бала. (Э. И.) 4) Синтеме а, самукъане а дацара иза хьалха санна шийла Iа делахь а яцара газ электросерло хало хьоьхура юучуьнца-молучуьнца. (К. I.) 5) Долучун- на даре дан деза къонахалла йолуш а, оьзда а къам ду нохчий. (Г. I.)
6) Акха хилар я дуьне цадезар дацара иза сулхой бала кийча бара лолла
тIелоцучул. 7) Инзаре сурт хIутту наг-наггахь Iилманчашна хьалха Малх карзахбуьйлу Iетто болало, дийнна цIеран Iаламат хьала а тухуш. (Д. I.) 8) Оцу совгIатех бIаьрг кхетча, хаъал дог Iаьвжира Хьаван ша еса ярна йоккхачу стагах эхь хетара цунна.
-
Хьава дика кхетара Къахьарма цаваран бахьанах къечу, мискачу нахана вуо-дика хилча, дукха дегаза хьаьвза Iеламнах, хьалдолу-
чу нахана маза тIе зингатий санна, массо а маьIIера гулло уьш.
-
Тезета гулделла адамаш чIогIа йишйоьхна дара марчонна киса ца карадора царна. (Юн. М.)
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Сацаран хьаьркаш | МаьIна | Масалш |
запятой, запятойца тIадам | а) вовшашца чIогIа уьйр елахь, дукха яьржина а яцахь; б) вовшех кIезиг йо- зуш а, чIогIа яьржина а, кхачаман маьIна долуш а елахь. |
|
шитIадам | Бахьанин маьIнехь | Стигалахь беттаса дацара: цу хенахь тIаьхьа бен гучу ца до- лура иза. |
тире | а) хенан маьIнехь; б) дуьхьалара маьIнехь; в) бехкаман маьIнехь; г) тIаьхьалонан маьIнехь. |
|
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна чу йогIучу пред- ложенешна юккъе запятой юьллу, нагахь санна оцу предложенеш- кара хиламаш дагардаран хьесапехь бовзуьйтуш белахь. ТIаккха цу предложенешна юккъе хуттург хIотто мега. Масала: 1) БIаьргаш
чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.
Ала деза, дагардаран хьесапехь хиламаш
шайца болучу предложенешна юккъе запятойца тIадам а буьллу, нагахь санна предложени дукха яьржина елахь (къаьсттина предложенешна юк- къехь запятойш хилча), масала: Баьццара пхьидаш когаш кIел кхийсало; диттийн орамашна юккъехь, корта хьала а айъина, Iуьллу текхарг, уьш лар а еш.
Упражнени № 1. Лакхахь ялийначу таблице хьовса. ХIор саца- ран хьаьркаца догIу шайн масалш даладей, уьш цу чу дIаязде.
Упражнени № 2. ТIера схьаязъе. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешна чу йогIучу цхьалхечу предложенийн маьIна билгал- даккха. Сацаран хьаьркаш хIитторан бахьанаш довзийта.
-
Де серладаьлла: лаьттахь ло Iуьллу, стигалара мархаш дIаяй, гучубели малх. 2) Тхо гу тIе хьаладевлча, тхан бIаьргашна хьалха исбаьхьа сурт хIоьттира: варша йистехь ши сай лаьттара.
3) Олхазарийн эшарш яцара хезаш: тов йолучу хенахь эшарш ца лоькху цара. 4) Олхазарийн гIара а дIатийра: буьйса юьйлира.
-
Йовхо лах ца лой – хала хир ду асар дан. 6) Ор дукха готта дара – со дукха сиха хьалавала тохавелира. 7) БIаьсте ер ю – тхо гербарий лахьо арадевр ду. 8) Сарралц бешахь асар деш яьллира со: хьокха биттича санна, дегI лозура. 9) Олхазарш схьадаьхки – хьун денъ- ели. 10) Дахкарлахь бу гIоттуш малх – де довха хир ду. 11) Нехча охьаюьйжира–цхьогало иза сихха дIакхаьллира. 12) Сарахь гIала шийлачу бодано дIалоцура; цхьанхьа а догуш дацара чиркхаш, кораш чохь серло а ца хаалора.
Упражнени № 3. Оьшучу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Иза я важа сацаран хьаьрк хIотторан бахьана дийца. Билгалдаккха чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложе- нийн маьIна.
-
Дерриг а аьзнаш кIентийн стаммийнаш йоIарийн зевненаш кхиазхойн хIинцца гIаргIдола доьлларш тракторан гIовгIанца
цхьаьна а оьй «шайтIанан озах» геннахь Iаннашкахула дека. 2) Ха- захийтира царна хIоранна дог ира-кара хIоьттира бIаьрг серлабаьлла самалхаделира. (А. М.) 3) Нохчийн кица ду нохчийчунна цкъа а ца лаьа кхин стаг шел толийла шел сий лакхадаьлла хуьлийла. (О. Х.)
-
Цу кIотарна къилбехьа аьрцнаш тIехь сийна хьаннаш гора цунна гонаха кхиъний-кхиазий кегийра хьаннаш лаьттара. (Б. С.) -
ХIинца Зеламхин дагахь шен ненаца хила дезачу къамелан ойла яра хIун аьлла хIун дийцина там бийр бара-техьа цунна ца хууш. (М. М.) 6) Дала йиш йолуш кIентий дац вай хIинца а дикка къий- сам латто беза вайн вешан юкъарчу мостагIашна дуьхьал. (О.Ш.)
7) И дешнаш шена хеззашехь Бештос буьйдачу дошо дагийча санна шен даг тIе куьг диллира цуьнан бага цхьаъ ала воллуш санна гIаьттиначохь йисира иза шершшина утармица охьавахара. (Бад. С.). 8) Диканиг схьаэцар кхетаме лоруш ву вочунах хердалар вай оьзда декхар ду. 9) Геннара евзира кIантана Селехьат хийла цо лардина йоI кхуза йогIу сахьт. (М. I.) 10) И кхеташ дара ненан маттана шиъ даьккхича деша вахар юкъахдисарна кхерам болуш дара гIуллакх. (Хам. I.-Хь.) 11) Аьхка мало Iай хало. (Кица.)
12) Ламанца дохк дижира оццу минотехь Iаламан исбаьхьалла дIаяйра. 13) Новкъахь хьаглой хьо ас сайгара хи лур дац хьуна.
14) Увайс жимчохь дуьйна а да-нана доцуш висинехь а гIийла ва- цара иза кху школан директор волучу шен вешица Керимца дика Iара. 15) Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар сан уггар а хьалхара весет ду хьоьга. 16) Цундела даьхнел а чIогIа ларъе хьайн цIе веллачул тIаьхьа юьсург иза ма ю. (М. С.) 17) Нохчий