Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3075

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Бахьанин тIетуху предложенеш



ХIунда? хIун бахьана долуш? мича бахьанина? бохучу хат- таршна жоп а луш, коьртачу предложени чохь дуьйцучун бахьана гойту тIетуху предложени бахьанин тIетуху предложени ю. Уьш коьртачарах дIахутту хIунда аьлча, бохуш, аьлла карара хуттургаша. Бахьанин тIетуху предложени коьртачу предложенин сказуемих йозуш хуьлу. Масала: Амма иза ца вахара царна тIе, хIунда аьлча цара тешнабехк бийр бу бохуш, цхьацца къамелаш шена хезна дела. (М. Мут.) Иза-м воккхачу стагана а реза яцара, беран хичаш хIунда тергалйо бохуш. (I. А.)

Вукху тIетухучу предложених, масала, даран суьртан а, кхача- ман а, предложених къасто хала хуьлу бахьанин предложенеш, уьш ерриг а бохуш, аьлла хуттургашца коьртачарах дIахотталуш йолу дела. Цундела уьш къастаяйта еза шайга лучу хаттаршка хьаьж- жина: коьртачу предложени тIера «хIунда?» бохучу хаттарна жоп луш ерш бахьанин тIетуху предложенеш ю, «хIун?» боху хаттар хIоттош ерш кхачаман, «муха?» бохучунна жоп луш ерш даран суьртан тIетухурш ю.
Упражнени № 1. Лахахь ялийначу предложенешна юкъара бахьанин тIетуху предложенеш схьа а лахий, кху кепара таллам бе царна:
Дистина догIучу хина юххехь сецира Мохьмад, цунна дехьа валалур вац-кх ша аьлла. Коьрта предложени чохь: сецира (хан- дешан цхьалхе сказуеми); сецира мила? – Мохьмад (подлежащи); сецира мичахь? хина юххехь (меттиган латтам); сецира муьлхачу хина?
дистина догIучу (къастам). ТIетухучу предложенехь: вала- лур вац-кх (хандешан цхьалхе сказуеми): валалур вац-кх мила? – ша (подлежащи); валалур вац-кх мича? цунна дехьа – (меттиган латтам); аьлла (тIетуху предложени коьртачух дIахутту карара хуттург.) Диц ма де, коьртачу предложени тIера хIунда? бохуш долу хаттар бахьанин тIетухучу предложенина, хIун? бохург кхачаман тIетухучу предложенина, муха? бохург даран суьр- тан тIетухучу предложенина луш хилар.

    1. Цуьнан тайпа-тукхам, схьаваьлла меттиг яц бохуш, дийцина наха соьга. 2) Iаьлбага Шелах лаьцна хеттарш стенна до-те аьлла, цецвелира Болат. 3) ТIаккха Iумма-Хьаьжас дийцира суна туркойн, оьрсийн юкъаметтигаш ийгIина, кестта тIом хила там бу, бохуш.

  1. Iаьлбаган парталчу дегIе хьаьжначунна дага а догIур дацара, иза кху Нохчмахкахь уггар тоьлла бере ву аьлла. 5) Мансур-Iаламат майра, хьекъале, куьце стаг хилла, бохуш дуьйцу. 6) Эххар а цо приказ делира, царна тIе яккхий тоьпаш тоха, аьлла. 7) Сонтачу адамашна ца хаьа тIамехь цхьа а ца тоьлий, хIунда аьлча тIамехь бIе эзарнаш адамаш ма дойу, шина а агIор. (А. А.) 8) Сох нах цец- буьйлу хир бу, со лартIера ваьлла бохуш.


Упражнени № 2. ТIадамийн метта бахьанин тIетуху предложе- неш ялае.


    1. Со дIа ца ийци-кх школе деша, … аьлла.

    2. ХIара юрт а сох йоьлуш ю боху . аьлла бохуш.

    3. Говраш лехка ца лоьхкуш йитинера …. аьлла.

    4. Нанас гуттар а со чохь сецаво … бохуш.

    5. Ловзар дIадирзинчул тIаьхьа а дIавоьдуш ца хилла кIант,…. бохуш.

    6. Дехьа-сехьара нах оьхура кхаьрга … аьлла.

    7. Со хьалххе хьалагIоттура, хIунда аьлча ..

    8. Даим а коьртахь куй лелабора цо … хIунда аьлча



Упражнени № 3. Схьаязъе. Бохуш, аьлла хуттургашца йолу тIетуху предложенеш къастае бахьанин тIетухучу предложенех. Дийца, коьртачу предложенийн муьлхачу меженех йозуш ю бахьанин тIетуху предложенеш.
1) Бойсахар шеца говра тIехь дIавига аьлла, хаам кхачаре хьоьжуш Iара иза. 2) Уьш муха дийр дара-техьа бохуш, ехха ой- ланаш йора цо, хьанна хьалха, мича хьолехь ша и къамелаш дийр ду дагалоьцуш. (П. П.) 3) ХIор денна Воронцовна тIе а воьдуш, ламанхойх йийсар дина болучарна дуьхьал шен доьзал хийцахьара бохуш, дехарш деш вара Хьажа-Мурд. 4) Жамалдис хаам бира, шен

доьзал Ведана охьа а балийна, гонаха ха а хIоттийна, латтош бу аьлла. (Л. Т.) 5) Мирза тахана кху аьрцнашкарчу кIотаршка веанера-кх, аьтто балахь, шен дош кхочушдар а хир, ца балахь, таллар а хир-кх аьлла. (Бад. С.) 6) ТIаккха, цо дош делча, шен дош дохо йиш яц аьлла, Рукъият бертаза схьалур ю. 7) Да цомгуш хилла аьлла, балха ва- ханчара цIа веара Макшерип. (Б. Х-А.) 8) Цхьаъ дагадеана воллу хир ву Хвичо аьлла, кхин цуьнга хIумма а ца хаьттира Лечас. (Г. I.)

    1. Пайзулла санна чIара лоцуш стаг кIезиг ву аьлла хезна, кхуьнца селхана хIокху Къоьзан-Iома тIе веана со. (Киб. М.) 10) Арсанакъа шен говр юха а ийзош лаьттара, кхин а ворда дIайолаялийтича, некъ готтачу кхачарна кхоьруш, уьш тIехбовллалц бохуш, кест- кеста ша царна тIехбовла йитинчу меттиге а хьоьжуш. (Бад.С.)


11) Цундела директоро цIа вига пурба ца делира, цкъачунна меттара хьеван мегар дац аьлла. 12) Кхуьнан дас сийсара дов дина кхун- на, и сонта забарш йита бохуш. 13) ГаланчIож халачу меттехь ю бохуш дуьйцура, цундела хаьржира аса и ламанан юрт. (Мак. Ш.)

  1. Маилан шичас дуьххьара юьрта йогIучу машенна топ йитти- нера, алу Iенош богIу саьрмик бу иза аьлла. 15) Ненавашас шайга гIала вигнера со, юьртарчу школехь хаарш кIезиг ло аьлла. 16) ТIуьйлиг хьажцIа воьду аьлла, гергарчу наха а, лулахоша а накъо- сталла дина кхунна. (А. А.)


Упражнени 4. ТIера схьаязъе. Бахьанин тIетуху предложенеш схьалаха. Тидаме эца хIунда аьлча хуттургаца бахьанин латтамаш а хилар.


    1. Ца хаьа шена бохуш, юхавуьйлура иза. 2) Со оцу денош- кахь къайлаха оьрсий болчу гIопе вахара, суна хиира цара веддарг лоьхуш хилар а, цунах цара дукха ахча лург хилар а, хIунда аьлча цунна мехала йолу къайле хаарна. 3) ОьгIазваханчу цо оцу сохьта дIахийцира Iиса, сихонца дIа а гIо, эвлахь буьйса а ма яккха аьлла.

4) Сурхай ГIизларера, ши куьг а ластийна, цIа веара, хIунда аьлча ворхI чов йинера цунна. (П. П.) 5) Когашкара са дIадаьлла уьш бегабора, хIунда аьлча мацалло дегIа чуьра ницкъ дIабаьккхинера.

6) Цуьнан юьхь тIехь гуш дацара велавалар, хIунда аьлча дукха хебба иза хиларна. 7) Со шайца хIокхара валийна, шайна нохчийн

мотт дика ца хаьа аьлла. 8) Уггар хьалха лата араваьлларг Бакъи вара
, хIунда аьлча хIокху кхааннах массарал а гIийла волу дела.

  1. Цхьогал хIиллане ду, хIунда аьлча цо ша цкъа хадориг ворхIазза йору дела. (Мут. М.)


Упражнени № 5. Шина цхьалхечу предложених бахьанин тIетуху предложенеш еш, дIаязъе.


    1. Тхо буьрканах ловза ца дахара. ДогIа дара догIуш. 2) Хьоьга телефон ца тохаелира соьга. Сан телефон йоьхна. 3) Чохь бурко дара. Аса кор схьадиллира. 4) Нанас Серноводскерчу санаторехь дика садаьIира. ХIинца иза могаш ю. 5) Мовсар цкъа а цомгаш ца хуьлу. Иза даим а спортаца гергарло лелош ву. 6) Малика наггахь бен ца кхочура шен накъостий болчу. Кхушара цуьнан дукха болх бу. 7) Кестта ЕГЭ ю дIаяла езаш. Со дикка кечам бан дезаш ву.

  1. Къоьзан-Iома тIе дахар юхатеттира оха. ЧIогIа дарц даьллера.


Упражнени 6. Лахахь далийначу хаттаршна жоп а луш, талла хIара предложенеш.


    1. Муьлхачу предложених олу бахьанин тIетуху предложени?

    2. Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

    3. Муьлхачу хуттургийн гIоьнца дIахоттало уьш коьртачу предложених?

    4. Муха къасто еза бахьанин тIетуху предложенеш бахьанин латтамех?




  1. Говре мохь меттах ца баккхалора, хIунда аьлча ворданан тIехьара чкъург тIера яьлла дела. 2) Ков ца тухуш IадIийра Муса, Ахьмадан жIаьла карзахдер ду-кх аьлла. 3) Со говра тIера охьакхет- та бохуш, хIара ерриг а юрт ю сох йоьлуш. 4) ХIара мохк дукхабеза суна и сайн хиларна. 5) Дог юха а догу безамах, хIунда аьлча ца даьгча ша Iалур доцу дела. 6) Со йоьлху, ялх ломана тIехьа дукха хаза Маьлх-Аьзни ю бохуш хезна.