Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3036
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
1) Бабина карадирзира къуьрдиге хIор шарахь-----кIорнеш дахийтар. 2) Керла диллинчу лай тIехь хала дац ган ----ларш.
3) Марет шен карара--- книжка кегон юьйлира. 4) ТIейогIуш яра
----суьйре. 5) БIаьрго ма-лоццу гуш яра…аре. 6) ТIееара---гуьйре.
7) ---туьтеш кхозура йоьIан кочахь. 8) -----кучамаш юьйхина бераш дара майданахь буьрканах ловзуш. 9) Хьалха кхузахь долу урамаш дара----, ткъа хIинца ----. 10) Уьш дара-----адамаш. 11) ---стигал тIекIелдаьккхина бога санна гуш дара тхан кортошна тIехула.
-
Къастамаш цхьанатайпанара боцуш, хIума тайп-тай- панчу агIор билгалъеш.
1) Джинсаш – иза---- ю. 2) ЦIеххьана тийналлехь говрийн-
--терсар хезира. 3) Къона---бутт синтеме Iуьллура буьйсанан марахь. 4) Бекъа---мох схьабетталора къилбехьара схьа. 5) Гу тIе ваьлча гуш дара гIалин нийса…урамаш. 6) Некъа тIера чан----яра.
-
Боданечу корийн ангалех детталора догIанан---тIадамаш. 8) Де- нош лаьтта -----. 9) Хезаш яра генарчу зарзаран ….эшарш. 10) Чек- хдевлира бIаьстенан юьхьан ---денош. 11) Лаьмнашна тIе бижира---- малх.
Упражнени № 3. Предложенешка хьовса. Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш билгалбе. Дийца сацаран хьаьр- каш хIитторах лаций.
-
Иттех метр цунна гена йоцуш яра луьста баьццара хьун, маьркIажан бодашлахь цундела дара цуьнан гар кхин а исбаьхьа а, цIена а, аьхна а. 2) Ткъа цигахь лекха къена наж бер санна, ловза долалур ду. 3) Жима, къона, маьрша Маташ шен жималлех воккха- веш, толаман ницкъаца лепара. 4) Мархас леладора къорза доккха суьйлийн кортали, ша-шех йоккхаерца, дозалла дарца, гонаха бо- лучеран бIаьргаш шена тIехь соьцийла а хууш... 5) ТIаьххьара а аса йоьрзу-йоьрзуш сийнан, юха стигалан баса, тIаккха баьццаран, можан, лимонан, тIаьххьара а цIечу басе а йоьрзу. 6) Суьйренан бузучу маьлхан цIоьлла кIайчу, седарчий доцучу стигалара хIинца а дIаялаза яра, сахиллалц дIаер а яц. 7) Коре оьллинчу кисин херо- нашкахула юткъачу асанашца чуIенара маьлхан зIаьнарш цIеначу, горгам хьаькхначу цIенкъахь можа томмагIаш а хIиттош. 8) Юьхьа тIехула охьа куьйгаш хьаькхира цо. Куьйган пIелгийн гIайбешна тIелетта гуш дара зезагийн кIайн, сийна, можа патарш. 9) ХIара сирла, йоккха, кузех йоьттина чоь шина декъе екъалуш йолуш санна, хетара. 10) Кора юххехь лаьтташ бара шуьйра боккха дечкан маьнга. 11) ЦIечу, баьццарчу, кIайчу серлонца эцархой тIекхойкху йозанаш лепара туьканийн корашкахь. 12) Хьуьна юккъехь йо- лучу майданна гонаха лаьттара дуькъа лекха нежнаш. 13) Чохь хIоьттина йолу тийналла а йохош, цIеххьана хIорш болучу чуелира къона безамехь цхьа зуда. 14) Йоккха стаг лохачу горгачу дечкан стоьла тIе юург дIанисъеш йоллура. 15) Чехка ламанан хи тхайна
тIехьа а дуьтуш, юха а лома хьалабоьду некъ юьхьарлецира оха.
-
ТIекхечира еха сингаттаме Iаьржа буьйса.
Упражнени № 4. Оьшуш йолучохь запятойш хIиттош, тIера схьаязъе. Шайн жоп бакъонца чIагIде. Цхьанатайпанарчу къаста- машна кIел сиз хьакха.
-
Тхо гIала дIакхочуш кIайн цIен баьццара чиркхаш летира. -
Стигалахь халла къаьсташ гуш дара бедо къегина доцу седарчий. -
ЦIеххьана уьйтIара схьахезира чIогIа стеган аз. -
Геннара схьахезира гIийла ца къаьста олхазаран декар. -
Можа коьллийн къух лаьттара тхиналахь. -
Хил дехьа гуш яра попан пхонан хьаннаш.
Упражнени № 5. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, цхьа- натайпанара къастамаш шайца болу предложенеш схьа а лахий, тIера схьаязъе.
-
Самукъане онда майра адамаш дара хьаннашкахь дехаш. -
Сийна-сийна стигал доккхачу боганах лепара тхан кортош тIехула. 3) Аьчкан Iаьржа чайник чохь чай кхехкош воллура хьуь- нан белхало. 4) ХIор буса массо а тайпана цицигаша къорза Iаьржа сира мокха тхан цIенна го бора. 5) Хьалхахьа гIамарийн сентябран де. 6) ДуьххьалдIа хьаьжча иза тийна а аьхна а латта ду къегина йоцучу хIокху стигал кIел. 7) Бешахь шабаршца гIовгIа еш догIу меллаша раздетта догIа. 8) Къаьсттина дика хуьлу учахь тийна гуьйренан буьйсанаш йолуш. 9) Iуьйранна малх цIечу баьццарчу можачу гIашна юккъехула схьабеттало. 10) Iаьржачу хи тIе схьа- гулло можа а цIен а докхан а, махан а гIаш.
Упражнени № 6. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, цхьа- натайпанара боцучу къастамашца йолу предложенеш схьа а лахий, тIера схьаязъе.
-
Дитто цIеначу декъачу зовца жоп делира. 2) Къегина гуш ду цIегIочу дайчу декхнийн гаьннашна юккъехула даим а баьцца-
ра къонделча санна хеталун базанаш а, баганаш а. 3) Лекха товш Iаьржачу аматахь ткъе пхеа шерара жухарган бIаьргаш, Iаьржа хьаргIанан тIам санна чIаба йолу зуда гира суна. 4) Йоккха стаг лохачу горгачу дечкан стоьла тIехь кхача нисбан гIерташ йол- лура. 5) Ирзуона гонаха лаьттара дуькъа лекха пепнаш. 6) Вайл тIаьхьа йогIу йолу тIаьхье кхочур ю тептарийн кIоргенашка, цара схьайостур ю вайн ширачу жайнийн къайленаш. 7) КIайн екъа чан кIур тийса йолалора чкъургаш кIелахь. 8) Гуьйренан седане буьйса алунах къегара хи чохь. 9) Къегина суьйренан аса йижира мокхачу ширачу гIанта юххехь долучу гIад тIе. 10) Сингаттаме гуьйренан шийла догIа догIура саца ца туьгуш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Цхьанатайпанарчу меженашца хила тарло юкъара дешнаш а. Юкъара дешнаш а, цхьанатайпанара меженаш а предложенехь цхьа меже хуьлий лела. Юкъарчу дашах хилла меже хуьлу цхьанатайпа- нарчу меженех а. Масала:Тамашена стаг вара иза: натуралист, ботаник, некъашгездархо, Iилманча, дукхаъчу пачхьалкхийн совгIатийн кавалер. Баппа – малхах тера долу, хьоме бIаьстенан дуьххьарлера зезаг. Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ делахь, царна хьалха шитIадам буьллу, амма царна тIехьа лаьтташ делахь, царна хьалха тире юьллу. Масала: Кхо къо- на дитт дара хьеха хьалха долуш: лега, хьех, дакх. Кха йистехь а, Iин чохь а, берда юххехь а – массанхьа довлуш зезагаш дара. Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ, амма предложени чекхъялаза елахь, цхьанатайпанарчу меженаш- на хьалха шитIадам буьллу, ткъа царна тIехьа–тире: Кхузахь мел дерг: гIамарийн аренаш, лоха цIенош – хIумма а дог хьоьстуш
дацара.
Упражнени № 1. ДIаязъе, оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош. Мича бахьанца хIоттийна иза я важа хьаьрк, бакъонца чIагIде. Билгалдаха юкъара дешнаш.
1) Керла шахьар цуьнан архитектура бахархой церан амалш уьш дерриг а масал хилла дIахIотта дезаш дара ерриг а
пачхьалкхана. 2) Дерриг а дара кхузахь цецвоккхуш сийсаш йолу зингатийн туьйлиг, декхнаша гобина йолу маьI-маьIIехь хьала- дийлла зезагаш лилула-сийна база а кIайн-къорза чIегIаг а гаьн тIера гаьн тIе кхиссалуш лела. 3) Ша вина юрт хьоме Терк Кавказ вайн Даймохк безар хьомечу лаьмнийн а Iаламан а хазалла гайтар вайн халкъан ирсе дахар хестадар уьш дерриг а шеца долу по- эзи йохьуш веара Мамакаев Iаьрби нохчийн литературина юкъа.
-
Хьалдолуш бу вайн мохк дукха ду вайн хьаннашкахь халкъана а бахамна а пайден дитташ поп наж пха бага лега. 5) Ткъа хIинца гонаха гуш хIумма а дацара я лаьмнаш а я хиш я латта а. 6) Мас- со меттехь аренаш тIехь хьуьнан йистошкахь некъаца йолучу бацалахь Iаь яра лаьттара хьалагIуьттуш. 7) Iуьйранна дерриг а къаршдеш дара гIорийна некъаш ламеш тIера гIаш лай кIелара схьакъеда Iаьржа ниттийн гIодмаш. 8) Воккхачу стеган кIентан кIант вогIура тхо долчу лома хьала шеца цхьацца сурсаташ до- хьуш бепиг кIалд даьтта шура кхораш Iежаш. 9) Воккхачу стеган дахарехь хIор де а дара хьаладуьзна хьекъалх, адамийн йовхонах, доттагIаллех дуьненахь мел долчу массо а исбаьхьчу хIуманах. 10) Тишачу стоьлана юххе а хиъна, цуьнан гIутакхаш схьа а ийзош цу чуьра хIуманаш кего вуьйлира кIант школьни тетрадаш мацах ша гулдина бес-бесара тIулгаш дакъош дина телефон суьртийн альбом макъардуьллу урс. 11) Куьцехь дитина маж-мекх, цхьана агIор дIахьаькхна никIапа, сийна бIаьргаш, белшаш тIехь дашо варкъ даьккхича санна, къегаш йолу погонаш, тIехь товш долу духар, кIеда-мерза вистхилар–и дерриг а хIусамдега ларам а, тешам а кхуллуш дара. ( Ях. Л.)
Упражнени № 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера