Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3095
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Предложенин меженашца я бартбаран, я урхаллин, я тIетовжаран уьйрахь грамматически дозаделла а доцуш, пред- ложенин меже хуьлуш а доцуш, хаамна мах хадон далош долу дешнаш ду юкъадолу дешнаш.
Шайн цхьа билггала йолу меттиг дIалоцу цара предложе- нехь, амма грамматически дозаделла ца хуьлу уьш предложенин меженашца а, шаьш меже хуьлий а ца лела, йозанехь запятойшца билгалдо. Масала, Суна хетарехь, мархашна тIехьа гучубаьлларг бутт бара. Суна хетарехь боху юкъаялийна компонент предложе- нин цхьана а меженца грамматически юкъаметтиг йолуш а яц, я дешнийн цхьаьнакхетар кхуллуш а яц. Цуьнан маьIна–шена хетарг довзийтар. И компонент йоцуш аьлча, юкъара маьIна хир ду оцу предложенин: Мархашна тIехьа гучубаьлларг бутт бара. Вайна ма-гарра, и компонент юкъаялоро а, юкъараяккхаро а дуьйцуш волучун предложенин чулацамца йолу юкъаметтиг гойту.
Юкъадалочу дешнийн тайп-тайпана маьIнаш хуьлу:
МаьIнаш | Юкъадало дешнаш | Масалш |
1. Хьаьнгара бу хаам | Наха ма-баххара, бак- кхийчара ма-аллара, суна хетарехь, вайна ма-гарра | Суна хетарехь, сан оьмар миноташка йирзина. (А. А.) Вайна ма-гарра, хIара ши кIант миска ши пекъар ву махках ваьккхина хьийзош. Наха ма-баххара, дукха къахьега лууш а вацара и стаг. |
2. Дуьйцучух тешна хилар я цахилар | а) бакъду, цхьабакъду, бакъонга диллича, шеко йоццуш, бакъ- дерг аьлча, дера; б) хетарехь, схьага- рехь, схьахетарехь, гарехь. | Схьахетарехь, воккха стаг шена на- къост лоьхуш вара. (А. А. ) Бакъду, шераш дIа мел тили, сан мо- гушалла гIеллуш йогIура. Ламанан хIаваъ, шеко йоцуш, пайден ду адаман могушаллина. |
3. Стеган ойланан рогIалла | Цкъа-делахь, шозлагIа делахь, кхозлагIа де- лахь и д.I кх. а мелхо а, тIаьххьара а, цхьана агIор, вукху агIор, ма- сала, бакъдерг аьлча, цул сов, сан ирсана | Цкъа-делахь, суна тоъал дика ца хаьа нохчийн мотт, шолгIа-делахь, диктан- тана елла текст хала ю. Сан ирсана, дукха ца Iаш некъо гола- тухучохь машенан серло гучуелира. Дарц дIатен-м муххале а ца доллура, мелхо а тIеттIа марсадолуш дара. Бакъдерг аьлча, концерт дика чекхъе- лира. |
4. Шена хе- таршца бина хаам а, ду- ьйцучун тIе тидам бахий- тар а. | Ала дашна, сан ирса- на, гур хьуна, кхетий хьо, дуй хьуна, мухха а, цу тайпана. | И махках арабевлла нах, гур хьуна, дукха хан ялале, шайн цIа боьрзур бу. ХIара нах, дуй хьуна, башха реза а бац аса лелочунна. Цу тайпана, кхин юха ца волуш, ша дагалаьцнарг кхочушдира оцу кIанта. |
Юкъадалочу дешнаша кхочушдийриг до юкъаялочу пред- ложенеша а, церан а юкъадалочу дешнийн доллу маьIнаш хуь- лу. Предложенехь уьш запятойшца билгалйо, амма цара кхин а совнаха кхетам, хаарш луш делахь, уьш йозанца къовларшца, ткъа наггахь тирешца билгалйоху. Масала: Цезарь (иштта цIе яра зверинцехь долучу лоьман) дижина Iуьллура, наггахь меттах а хьовш. Со дIавахале тIаьххьара а воккхачу стагаца – цунах массара а моз-Хьасан олура – мазлагIа йолучу вахара со. СаIид Бадуев (иза дара 1937-чу шарахь) буьйсанна баьхкинчу НКВД-н белхалоша дIавигира.
Цхьадолу юкъадало дешнаш а, предложенин меженаш вовшех тера хуьлу, уьш къасто хаа деза. Хууш- ма-хиллара, юкъадало деш- наш предложенин цхьана а меженах дозуш а ца хуьлу, шаьш меже хуьлий а ца лела. Иза дагахь латто деза.
Юкъадало дешнаш | Предложенин меженаш |
Бакъду, дIадийна ялташ дукха хан ялале, аре сенъеш, хьаладевлира. Цу тIе, сайн киснарчу ахчанах аса кIанте Маскох деша а дешийтина. Делахь, дечиг пондарх пIелг тосуш Iийр ву-кх хьо кхузахь тхо схьадахк- калц. Доцца аьлча, жамIаш дика хир ду вайн кхушарахь. Iела, тешна а, тахана мангала вахна. Къонаха мел вериг кхайкхина валийна, къонаха мел воцург кхайкхаза веана, цхьа юрт йиллира, тов, цу эла Мусоста. (Н. Ф.) | Ахьа кхузахь мел аьлларг а бакъ ду. (бакъ ду – сказуеми). Дукха ирх бара лам, амма цу тIе хьа- лавала башха хала а ца хиллера. (лач кхачам). ДогIа-м деара, делахь а тов дIа-м ца елира. (хуттург). Доцца аьлча а тоьар ду хьуна. (даран суьртан латтам). Мохьмад хьох тешна а, хьо лоруш а ву. (цIеран хIоттаман сказуемин цIеран дакъа). Iусамехь дика тов нохчийн духар. (сказуеми). |
Упражнени № 1. Тайп-тайпана маьIнаш долчу юкъадалочу дешнашца предложенеш кхолла. (хIоранна шишша).
Упражнени № 2. Муьлхачу аларца резахила мегар дац.
-
Юкъадало дешнаш а цхьаьнакхетарш а предложенин вукху меженашца дозаделла хуьлу. -
Юкъаяло конструкцеш предложенийн меженаш ца хуьлу. -
Юкъадало дешнаш предложенехь къастамаш хуьлий лела. -
Дуьйцучо шен хаамна мах хадо далош хуьлу юкъадало дешнаш. -
Юкъаялочу предложенешца къамел деш волчо ладу- гIушволчуьнца йолу шен юкъаметтиг гойту. -
Юкъаяло предложенеш запятойшца бен билгал ца йо.
Упражнени № 3. ДIаеша предложенеш. Дийца, хIунда ду цхьайолчу предложенешкахь цхьатера долу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а юкъадало дешнаш, ткъа вукху предложенешкахь меженаш а хуьлий хIунда лела уьш.
1) – ХIара некъ, хьуна хетарехь, мича боьдуш бу? – Хьуна хе- тарехь дерг вайн юьртахь цхьаммо а тIеоьцур дац. 2) Сан ирсана,
цхьанна а ца гира со. – Сан ирсана тIе куьйгаш кхийдадо цкъацкъа хьагI йолчу наха. 3) Баккхийчара ма-аллара, бIаьсте хьеелла еара. Баккхийчара ма-аллара дира цо шен цIенош, малхе а дерзийна.
-
Бакъдерг аьлча, хьо соьга вистхуьлу а вацара. – Бакъдерг аьл- ча бен лата чу а ца гIоьртира жима стаг. 5) Тешна а, со зен, аса хIун до хьажа гIерта хьуна хIара. – Цунах тешна а, цо бохучунна тIаьхьахIотта кийча а ву Мохьмад. 6) Бакъду, цхьана хенахь церан тайпа уггар тоьллачарах цхьаъ-м хиллера. – Ахьа бохург бакъ ду, ахьа бохург бакъ ду, – элира цо шинге а. 7) – Делахь, тхо дIадоьлху, шайна хеттарг дер аша оха деанчу гIуллакхах. Амма стенна делахь а, хIокху тIаьххьарчу шовзткъе итт шарахь церан боьрша нах ца кхуьура. 8) – Дийцарехь, и кIант кхузара волчух тера дац. С. Баду- евн дийцарехь дукха дуьйцу мискачу нахах къинхетам бан безарх лаьцна. 9) – ХIун бах вайга вайн юьртан къедас? Дуьне дуьтуш дIабузу дашо малх ва санна, юрт юьтуш юьртаха велира, тов, и Бабин ва Иэса. (Н. Ф.)
Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьа- язъе предложенеш. Билгалдаха юкъадало дешнаш а, предложенеш а. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.
-
– Иштта дац иза мелхо а зуда йоцу стаг ах стаг ву зуда ерг дийнна стаг ву. 2) – Суна схьахетарехь стаг шена халахетча велха а веза хазахетча вела а веза. 3) Дагахьбаллам бу-кх шен вешина даго ма-хьоьхху дика дан шена иза мел веза дIахаийта цуьнгара доггах марзо а оьцуш паргIат охьахаа цакхиарна. 4) И шиъ бIаьстенан юьх- хьехь ул-уллехь даьлла ши зезаг хьуьнан хотехь долу сай гIелий.
-
Ков дIадиллича, догIано верриг а ваша а вина вортана юххехула чета догIа оьхуш лаьттара Хьамид, карахь мехкдаьтта чудутту па- нар а йолуш. 6) Ала дашна Чада юьртахь лоруш а безамехь воккха стаг вара. 7) – Хаза-м ду вайна, – шен карара жима херх охьа а тосуш элира СаьIидбека тIаккха хийла хан яьлча а цунна дагаоьхур ду ша аьлла и дешнаш. 8) ЙолхалгIа белхало ТIура малаза волуш дика стаг мелча харцхьа лела цхьадика балхана оьшу гIирс бан вахана.
9) Иза массо а цхьа Мовлди воцург дIавижначу хенахь неIсагIах тасавелла лаьттах кхетаза а волуш чувелира. 10) Нохчийчу цигара
кху Сибреха кхаччалц йолчу меттигашкахь Миша иштта йоккху сан цIе дукхахболчара Тюменски ресторанехь ши бIе туьма ахча дайъира аса яхь дIа ца луш нохчийн цхьа йиш лакхийта гIерташ.
-
ЦIа кхаьчча Хасин дукхахйолу ойланаш и ша цецвуьйлура иштта хиларх яйначу йишех, цуьнан кхолламах йоцуш дешарх шен хиндолучун хькъехь хуьлура. 12) Алуба кхетара хIусамненан гIайгIанах, цуьнан ши йоI ший а йоккха хиллера цхьаннан иза кхаа баттахь марехь а Iийна еънера ткъе бархI шо дара вукхуьнан ткъе пхоьалгIа. 13) Кху хьаннашка тIеоьхуш ткъов йоллушехь бIаьстенан юьхь яра и гIаш генна некъ беш нах оьхура цуьнга кадам бан цуьнан дог эца массо а хIуман тIехь накъостий а хилла дIахIитта… 14) Белшаш а сеттош лаьтта, хаац суна бохуш санна, дуй хьуна. 15) Хир а баций хьовха ши мотт-м.. Цхьана стеган ши мотт хуьлуш а ца хуьлу. (Ахм. М.)
Упражнени № 5. КIел сиз хьаькхна дешнаш юкъадало дешнаш ду я меженаш ю къастаде. (предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIиттийна дац).
-
Сан ирсана стигал екха йолаелира. -
Иза воккха питанча ву бах. -
Хьан делил шеко йоцуш ду. -
Дохк юккъера схьадолуш гила-кема гур хьуна. -
Цкъа юьхьанца ала дашна керла гIуллакх хала ду моттало. -
Хьайн ирсана тIе харц некъаца вахалур вац. -
Массара а бах гайтар самукъане чекхъдели. -
Хьан дийцарш тешна а самукъане ду. -
Хьуна хетарехь со гал ву? -
Схьахетарехь цо дагалаьцнарг кхочушхили. -
Гарехь вай жим-жима и къайле ястарна тIе кхочуш ду-кх. -
Доцца аьлча мегар дацара цаьрга олург. -
И бакъ вара делахь а даго тIе ца лоцура цо бохург.
Упражнени № 6. Текст юкъа тарлучохь юкъадало дешнаш а далош, оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.
Адамаша книгаш хIунда йоьшу? Кхо бахьана билгалдан мегар книга еша дог даийтарна. Цхьаболучара цхьа говзалла караерзор- хьама йоьшу. Вукхара шайн исбаьхьаллин хьашташ кхочушдеш, исбаьхьалле шайн безам хиларна. Оха йоьшу гонах долчу дуьненах болу хаамаш бовзархьама.
Бакъду кхин цхьа бахьана а ду – «хан яйъа». Шаьш хIун дийр ду ца хууш долу адамаш а ду. Ешаро боккха пайда бан а тарло, амма хьекъалехь а, даг чохь а цхьа а тайпа лар ца йита а мега. Дерриг а еша хаарх доьзна ду.
Упражнени № 7. Предложенешкахь