Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 10880
Скачиваний: 60
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
-
Предложенин дакъош билгалдахар. -
Предложенин дакъош вовшаххоттаран гIирс билгалбар: цхьаьнакхетаран хуттургаш (дозаран, къасторан, дуьхьалара). -
Цхьалхечу предложенин маьIна. -
Чолхечу предложенина юкъа догIу дакъош къастор (цхьалхе предложенеш) цхьанахIоттаман ю я шинахIоттаман, цхьанахIоттаман кеп (юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза, цIеран, юьззина ю я яц, чолхеяьлла ю я яц (тIедерзар, юкъ- адало дешнаш, цхьанатайпанарчу меженашца а, шакъаьстиначу меженашца а, карчамашца). -
Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар.
Чолхе-карара предложени къастор
-
Коьрта а, тIетуху а предложенеш билгалъяхар. -
ТIетухучу предложенино коьрта предложени ерриг я цу чуьра цхьа дош кхетадо къастор. -
ТIетуху предложени коьртачух стен дIахутту а (хуттурго я хуттурган дешнаша), царна луш долу хаттар а къастор. -
ТIетухучу предложенин кеп къастор (кхачаман, къаста- ман, латтамийн). -
Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар. -
Предложенин схема хIоттор. -
Коьрта а, тIетуху а предложенеш цхьалхе предложенеш санна къастор.
Къасторан кеп
Хезна суна, Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш.ХIара чолхе предложени ю. Шина цхьалхечу предложених лаьтташ ю и. Коьрта предложени: Хезна суна, тIетуху предложе- ни: Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш. ТIетуху предложенино ерриг а коьрта предложени кхетайо: хезна суна хIун? иза цунах дIахоьттинакарарчухуттургобохуш.КхачамантIетухупредложе- ни ю иза. ТIетуху предложени коьртачунна тIехьа лаьтташ ю, иза цунах запятой йилларцадIакъастийна.Коьрта: Хезна суна: хIун? хIун?(тIетухупредложени) Кавказ хазачу Iаламан мохк бубохуш(кхачаман тIетуху предложени)Хезнасуна–цхьалхе,дийцаран,шинахIоттаман,яржаза,юьз- зина предложени. суна – логически подлежащи, хезна- хандешан цхьалхесказуеми.Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина. Кавказ-грамматически под- лежащи, мохк бу – цIеран хIоттаман сказуеми, хазачу Iаламан – къастам, бохуш – хуттург – меже ца хуьлу.Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор
Шайна наха дина вуо дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. (Кунта-Хьаьжа.)ХIарачолхепредложению,кхаацхьалхечупредложенихлаьт- таш. Кхоъ грамматически бух бу цуьнан: Шайна наха дина вуон дицделаш;изадицдарцашуцуннагенадовлу;изашухдIакъаьста. Ипредложенешвовшехйозалоинтонацица,цунделаизахуттургаш йоцу чолхе предложени ю. Предложенеш вовшех кIезиг йозуш а, яьржина а, кхачаме маьIна долуш а ю, цундела цхьалхечу пред- ложенешна юккъе тIадамца запятойхIоттийна.Шайна наха дина вуо дицделаш – цхьалхе, дийцаран цхьа- нахIоттаман,билгала-юьхьан,яьржина,юьззинапредложени.Под- лежащидац,дицделаш–хандешанцхьалхесказуеми;шайна–лач кхачам; наха дина вуон – нийса кхачам.Иза дицдарца шу цунна генадовлу – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина предложени. Шу – граммати- чески подлежащи, генадовлу – хандешан цхьалхе сказуеми, иза дицдарца – даран суьртан латтам, цунна – лач кхачам.ИзашухдIакъаьстацхьалхе,дийцаран,шинахIоттаман,яьр- жина, юьззина, чолхеяьлла яц. Иза – грамматически подлежащи, дIакъаьста – хандешан цхьалхе сказуеми, шух – лачкхачам. ЦIесашнатIелеттамостагIий:тасадаларехьхаллакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а. (АхмадовМ.) Предложеничолхею,хIундааьлчацуьнаншиъграмматически бух бу: цIесашна тIелетта мостагIий; тасадаларехь хIаллакьхилла тхьамдаа,цуьнанкIанта.Шинацхьалхечупредложенихлаьтташ буибух.Ишицхьалхепредложениеккъацхьанаэшарцацхьаьнак- хетта:изахуттургашйоцучолхепредложению.БахьанинмаьIнехь юшолгIапредложени,цунделацхьалхечупредложенешнаюккъе шитIадамбуьллу.ЦIесашна тIелетта мостагIий – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяьлла яц. МостагIий – грамматическиподлежащи,тIелетта–хандешанцхьалхесказуеми, цIесашна – лачкхачам.Тасадаларехь хIаллакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяь- лла яц. Тхьамда а, цуьнан кIант а – грамматически подлежащи, хIаллакьхилла – хандешан цхьалхе сказуеми, тасадаларехь – да- ран-суьртан латтам.
Ийна предложени къастор
ЙоьIан дог-ойла деша лаам болуш яра, амма студентка хиллаяьлча,дохкоелираизашадагалаьцначух,хIундааьлча иза, деша гIерташ, шена ницкъ беш яцара, ткъа самукъадала меттигаш кхузахь, институтехь, дуккха аяра.ХIарачолхепредложениюеацхьалхечупредложенехлаьтташ йолу.1-чуа,2-чуапредложенехьцхьаьнакхетарануьйрю,уьшвовшах йоьзна дуьхьаларчу хуттурго – амма. 2-чу а, 3-чуапред- ложенешна юккъехь ерг карара уьйр ю, цараххьалхарнигкоьрта ю,важа–тIетухупредложени,коьртачухизахотталохIундааьлча бохучу карарчу хуттургаца. Бахьанин тIетуху предложениюиза.3-чуй,4-чуйпредложенешнаюккъехьергцхьаьнакхетарануьйрю,ишипредложенивовшаххотталодуьхьаларчухуттургаца–ткъа.ЙоьIан дог-ойла деша лаам болуш яра –цхьалхе,дийцаран, шинахIоттаман,яржаза,юьззина.ЙоьIандог-ойла–логически подлежащи,дешалаамболушяра–хандешанхIоттамансказуеми.Студенткахиллаяьлчадохкоелираизашадагалаьцначух.Цхьал- хе,дийцаран,шинахIоттаман,яьржина,юьззиначолхеяьллаяц. Иза–грамматическиподлежащи,дохкоелира–хандешанцхьалхе сказуеми,студенткахиллаяьлча–хенанлаттам,шадагалаьцначух
-
лач кхачам. ДешагIерташ,изашенаницкъбешяцара. Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, причастни карчамца чолхеяьлла. Иза – грамматически подлежащи, деша гIерташ ницкъ беш яцара – хандешан хIоттаман сказуеми, шена – лач кхачам.Са- мукъадала меттигаш кхузахь, институтехь, дуккха ю. Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, юкъадалочу дашца чолхеяьлла. Меттигаш – грамматически подлежащи, дуккха а яра – цIеран хIоттаман сказуеми, самукъадала– къастам, кхузахь, институтехь – меттиган латтам.
Пайда эцна литература
-
Дешериев Ю.Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских народов. – Грозный, 1963. -
Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. Нохчийн мотт. 2-гIа дакъа. Синтаксис. Нохч-ГIалгIайн педучилищан 3-4 курсашна учебник. – Гроз- ный, 1985. -
Джамалханов З. Д., Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я. У. Нохчийн мотт 8-9 классашна, Грозный, ГУП «Книжное издательство», 2005. -
Джамалханов З. Д., Чинхоева Т. Н. Нохчийн мотт 10-11 классаш- на-Грозный, ГУ «Книжное издательство», 2002. -
Лекант П. А. 125 основных правил русской грамматики с упраж- нениями. М. «Дрофа», 1999. -
Соболева О. Русский язык. 5-11 кл.М. «АСТ-ПРЕСС», 2000. -
Т. С. Кудрявцева, Арзуманова Р. А., Нефедова Р. М. Русский язык. Текст, грамматика, культура речи. 11 кл., М. «Дрофа», 2002. -
Тростенцова Л. А., Ладыженская Т. А., Дейкина А. Д., Алексан- дрова О. М. Русский язык. 8 кл. М. «Просвещение», 2010. -
Тростенцова Л. А., Ладыженская Т. А., Дейкина А. Д., Алексан- дрова О. М. Русский язык. 9 кл. М. «Просвещение», 2010. -
Халидов А. И. Типологический синтаксис чеченского простого предложения. Нальчик, 2004. -
Эсхаджиев Я.У. 4 – 8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика. – Грозный, 1987. -
Эсхаджиев Я.У. 9-чу классехь нохчийн мотт хьехар. – Грозный, 2003. -
Эсхаджиев Я. У. Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а Iамор.-Грозный, «Арфа-Пресс», 2010 -
Эдилов С. Э. Самукъане грамматика. – Грозный, «Арфа-Пресс», 2010. -
Яковлев Н. Ф. Синтаксис современного чеченского литератур- ного языка. М-Л. 1940.