Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3062

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

хьалавахара.

(Яндарбиев Хь.)

Упражнени № 3. ДIаеша. Латтамийн тайпанаш билгалдаха.


      1. ДогIанаш дукха эхарна, йол чуерзоза йисира. 2) Лаам бе- лахь, дахарехь дагалаьцнарг кхочушхир ду хьан. 3) Со дуьхьал воллушехь вахара и шиъ Iома йисте. 4) ХIорд ловзуш хиларна, хIордкема порте тIаьхьа схьакхечира. 5) Говрашка садаIийтархьама, хийистехь соцунгIа йира оха. 6) Ламанан агIонца, шен нуьрехь ловзуш, седано серло ло, лепарца. (О. Ш.) 7) Буьззинчу барамехь кхаьчна соь дахар, амма со яьхна и дерриг лаам хиларна. (А. Р.)

8) Iуьллур бу Iадда и, аз доцуш, гIийла, нагахь ца хилахь мерз меттахбаккха пондарча, хьан сема куьг. (А. Ш.) 9) – Ирс ахьа хIун до? Стенга доьду? Беркат долучу доьзале! Барт, ахьа хIун до? Стенга боьду? – Ирс хиллачу доьзале! (С. А.) 10) ГIаргIулеш йоьлхура цкъа стигалхула, йоьлхура чубузучу малхана уллехь. (А. М.) 11) ДIора къоьжа лаьмнаш санна, тийна, хьоме мохк, хьо курра латталахь, нуьре новкъахь кхиъмаш бохуш хьайна, даим зазадоккхуш бахалахь! (С. М.) 12) Дуьххьара мотт Iемаш, беро хьан цIе йоккху, бала тIехбаьлча а, тхан дог хьоьга кхойкху. (С. Б.).

13) КIордийна ца дилларх, кIадлой а дуьллу дог. Собар ца кха- чадарх, гIора ма кхачадо. 14) Луларчу ярташкахь жIаьлийн гIалх хаззал тийна ю буьйса. (А. Л). Яй кхехкаре терра бен, ца йохло чоь.

  1. МостагIчо тIелатар дале, баккхий нах, зударий орцах хьала баха. 16) Тхан мохк аша бертахь схьа ца лахь, тхо тIамца тIелетар ду шуна. 17) Куралла ца Iийра со хьоьга салам ца луш, хьоьгара салам схьа ца оьцуш а. 18) Ахьа дехар лур ду моьттуш, веъна со кху новкъахула схьа. 19) Чилланан хьесий тIечIагIделла, даьIахкашна тIе кхаччалц дегIах чудиссина. (Н. Ф.)


Упражнени № 4. Къовларшкахь оьшу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а даладе.


    1. (Хенан латтам) (меттиган латтам) дIакхечира некъахой.

    2. (Хенан латтам) пхьагал (меттиган латтам) дIаедира (мет- тиган латтам).

    3. (Бараман латтам) бIаьстенан деношка оха буц хьалаяларе сатуьйсуш.

    4. (Даран суьртан латтам) йогIура говр юьрта юккъехула.

    5. (Бехкаман латтам) аша кхиамаш бохур бу.

    6. Иза (Iалашонан латтам) мукъа витина мангала ца вуьгуш.

    7. (Дуьхьалара латтам) иза хьекъал долуш ву бохуш чIагIдан йиш яц.

    8. Вай (меттиган латтам) вайн (Iалашонан латтам).


Упражнени № 5. Маса латтам бу кху байташкахь? Муьлха латтамаш бу уьш?
Рицкъанаш нисделла ваьллехь со юьртах, Тахна сох пебетташ къехка ма къехка.

Стигланаш хьехаеш ца баарх дуйнаш, Воьрзур ву къоьжа дай баьхначу керта.

(Рашидов Ш.)
Упражнени № 6. Шайн масалшца хьалаюза таблица. Барта латтамех лаций дийца.


Латтаман тайпа

хаттарш

масалш

1. Даран суьртан







2. Бараман







3. Меттиган







4. Хенан







5. Бахьанин







6. Iалашонан







7. Бехкаман а, дуьхьалара а









ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ



Цхьалхе предложенеш шайна чохь йолучу коьртачу меженаш- ка хьаьжжина, цхьанахIоттаман а, шинахIоттаман а хуьлу. Шена чохь ший а коьрта меже подлежащий, сказуемий йолу предложени шинахIоттаман ю, царах цхьаъ бен йоцург – цхьанахIоттаман. ЦхьанахIоттаман предложенийн кепаш дукха ю.

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь


ШинахIоттаман ← Ю ← предложенехь ши коьрта меже юй?

↓ Яц.

ЦIеран предложени ← Ю ← коьрта меже подлежащи юй?

↓ Яц.

Юьхьза предложени ← Ю ← подлежащи яц, хила оьшуш а яц.
Подлежащи юкъадало тарлой?

↓ ХIаъ.

Билгала-юьхьан ← Ю ← дар кхочушдийриг билгала ца

во (хьо, ахь).

↓ Яц

Билгалза-юьхьан ← Ю ← подлежащи я, юьхь билгала ца йо

↓ Яц

Юкъара-юьхьан ← Ю ← подлежащи я. Дар кхочушдийриг

милла а ву. (милла а, муьлхха а, хIор а).

Чаккхе


Упражнени № 1. Нийса доцу алар схьалаха. Жоп бакъонца чIагIде.


      1. Цхьалхечу предложенешкахь деккъа цхьа сказуеми бен ца хуьлу.

      2. ЦхьанахIоттаман предложенеш вовшех къаьста коьртачу меженашца.

      3. ШинахIоттаман предложенешкахь грамматически бух даим а подлежащих, сказуемих лаьтта.

      4. Билгала-юьхьан предложенешкахь подлежащи яц, амма сказуемино иза маьIница я формица билгалйо.

      5. Билгалза-юьхьан предложенешкахь дар кхочушдийриг бил- гал ца во, амма иза кхочушдийриг хаа йиш ю.

      6. Коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложенеш кицанах хуьлу.


Упражнени № 2. Текст юкъара цхьалхе шинахIоттаман пред- ложенеш схьаязъе.
Малх дIабуьзна, амма хьуьнхахь хIинца а сирла ю; хIаваъ цIена а, чекхсагуш а ду; олхазарш шабаршца къамел деш ду; къона баьццара буц самукъане къегаш го. Шу хьоьжуш ду.
Хьун чоьхьара меллаша Iаржъяла йолало. Диттийн баххьаш а кхуьйли. Ал басара стигал сенлуш ю. Хьуьнан хьожа тIеттIа чIагIло; халла хааяла йолало мела тIуналла… Хьуьнхахь бода чагIлуш бу хIора минотехь. Дерриг олхазарш дIатийна. Цхьадолу олхазарш, кегий хенакIурш, набарха шакарш етташ хеза хIинца а Уьш а дIатий.
Упражнени_№_3._ЦхьанахIоттаман_йоцу_предложенеш_схьалаха.'>Упражнени № 3. ЦхьанахIоттаман йоцу предложенеш схьалаха.
1) Цуьнгара кхин хаамаш кхочур бац хьуна. 2) Масех бохь бара гIишло ерзош. 3) Iаржъяла йолало. 4) Кхечарна кхел ма е хьайга хьажа. 5) Шовдано хьогалла дIайоккху – дикачу дашо дог дендо.

6) Барт болучохь беркат, барт боцучохь зулам. 7) Хи чу ма вала, нека хууш вацахь. 8) ЦIеххьана лакхаваьллачунна бIагор богIу.

  1. ХIума хаар нахе ладогIар. 10) ТIадам боцучу ор чуьра хи эцалур дац. 11) Дегий, неней ла ца доьгIнарг цIийнах ваьлла.


Упражнени 4. Цкъа хьалха схьаязъе шайца ши коьрта меже ерш, юха-цхьа коьрта меже ерш. Гайта, муьлхачу къамелан декъах хилла коьрта меже.


    1. Гуьйренан хаза хьожа етталора. 2) ЛадугIур ду меллаша охьаоьгучу гIан мукъамашка. 3) Хьуьнхахь лаьттинчу бецийн муьста-мерза хьожа лаьттара. 4) Тхевнашка кхаччалц диллинера

ло. 5) Iа. Дарц хьийзадо. 6) Диъ сахьт долуш сахилира. 7) Баьццара майда, гулделлачу адаман дIасалелар. 8) Богуш къега делкъенан малх. Геннахь, къилбехь, таьIна сийна бос бу лаьмнийн. Попан хьаннаш ю уьш. 9) ШозлагIчу дийнахь тIеян йолаелира. 10) Болх дика бан хьажалахь.
11) Арахь шело яра хаалуш. 12) Бода буьйли- ра, Iома тIе Iаьржа мархаш охьаохкаелира. 13) Корсам, коьллаш. Халла хезаш екайолало хьун.