Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3103

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ



Предложенин коьртаза меженаш коьртачарах йозуш а, грам- матически царна карайоьрзуш а хуьлу, масала: КIайн хи-кема меллаша дIадоьдура берда йистера хIокху предложенехь коьртаза меженаш карарчу уьйрехь ю коьртачаьрца: коьртаза меже кIайн бартбеш ю подлежащица хи-кема, берда йистера коьртазчу меженна урхалла до сказуемино дIадоьдура, ткъа мел- лаша тIетевжа хандашна – сказуемина. Коьртаза меженаш вукху коьртазчу меженех йозуш хила а мега, масала: ГIийлачу махехь хаалуш яра зазадоккхучу аренийн хьожа гIийлачу а, зазадок- кхучу коьртаза меженаш бартбарца карайирзина махехь, аренийн коьртазчу меженашна.

Предложенин коьртаза меженаш, шаьш коьрта меженаш кхеторе а, цаьрца уьйр хиларе а хьаьжжина, кхаа тобане екъало:

  1. кхачамашкий; 2) къастамашкий; 3) латтамашкий.


Упражнени № 1. Предложенешка хьовса. Коьрта а, коьртаза а меженаш билгалъе. Дийца, муьлхачу коьртазчу меженаша яьржина ян тарло предложени.


    1. Къилбседехьара хаддаза схьахьоькхучу шийлачу махо лоьк- хура дерзина дитташ. 2) Къеггина, екхна хуьлу стигал оцу дийнахь дошан баса йирзина, кхоьлина, кхохкийна кхозура. 3) Цхьа дагна хийра, оьгIазе хеталора тIера ло даша доьлла Тянь-Шанан лаьм- нийн Чатлакхан дерзина даккъаш. 4) Юткъа шок етташ, лай тIера схьахьоькху шийла мох хьакхабелла меже шелонца морцуш, массо маьIIехула кхерстара. 5) Адамийн дегнашна тIе цхьа беза сингаттам туьйсуш, маьхьарий хьоькхура йочанийн кхаъ кхайкхош, дерзинчу дитташна тIехула хьийзачу къийгаша. 6) Дерриг а Iаламехь хила ма-деззара хуьлуш, шена ма тов чекхдолуш доллура и шийла Iа.


  1. ТIейогIучу бIаьстенан меттиг мукъа а боккхуш и кхин цкъа а юха ца дан дIадерза дукха хан ца йисинера. (А. А.)

Упражнени 2. Предложенешна таллам бе. Коьртачу меженаш- на кIел сиз хьакха. Къастаде, муьлха коьртаза меженаш муьлхачу синтаксически уьйраца йозаелла подлежащица.


    1. Сиха чекхъелира йовха аьхке. 2) Кхузахь даим самукъане а, хаза а хуьлу. Суьйренца пхьидийн мукъамаш а хаза болало. Царна тIаьхьа хеза зарзарийн мукъаме эшарш. 3) Керла адамаш а гучудийла дуьйладели пана аренашкахь. 4) Дада тIалам боцуш хилар гучуделира шолгIачу дийнахь. 5) Шира хьер йолучу меттера схьахезара хинан гIовгIа. 6) Шен даккхий тIемаш а лестош, тхуна юххехула тIехъиккхира йоккха аьрзу. Цуьнан тIемаша доккху тата тхан лерехь хаза доладелира. 7) Iаьржа ши бIаьрг болу кIант тийна маьнги юххехь Iара, жима кирмашен мара а къуьйлуш.


Упражнени № 3. Предложенеш схьаязъе. Сказуемих йозаелла коьртаза меженаш билгалъе. Дийца, хIун уьйр ю царна юккъехь.
1) Зезагаша хаздора оцу зудчун дахар. Уьш хуьлура цуьнца даим а хазахетарехь а, халахетарехь. 2) Цеце хьоьжура шен шиче Асмаъ. Ша-шеца забарш йора цо. 3) Акха тархаш цхьана кIеззигчу ханна бен тIе къоьжа корсам юьллий ца хуьлура, тIаккха юха а лайно дIахьулдора уьш. 4) Дика дIанисделира Асвадан ша школехь яьхна оценкаш шен цIерачарах хьулъяр. 5) Кораш беша хьоьжуш дара. Церан гIопасташна тIе хIиттийна дуккха а зезагаш дара.

  1. Лайнан вой дара Висаитовн урамехь лекхачу бIогIамашна тIехь долчу чиркхашна гонаха хьийзаш. 7) Ерриг аьхкенна Асетан нана юьрта шайн шичой болчу йоьдура, иза а юьгура цо шеца.



Упражнени № 4. ТIера схьаязъе. Къастаде, муьлха коьртаза меженаш йозу подлежащих а, сказуемих а цхьаьний. Муьлха меттиг дIалоцу цара предложенехь?


    1. Сан жимачу цIийна тIехьа лаьтта къена миска Iаж. 2) Аьхке- нан юккъехь говрийн реманаш аренийн кIоргенашка дIайоьлхура.

  1. УьйтIахь хи дара дIасадаьржина гуш. 4) Ехачу асанийн гIоьнца панар а, бухахь тIегIа долу ши гIуркх гIу чухула меллаша

охьабогIура. 5) Еа сонара лаьцна шаршу дIасаозийра оха, бай тIе яржош. 6 «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» поэма Мамакаев Мохьмад язъян волавелира шен ткъа шо долуш. 7) Апрель-бутт чекхболуш, юьрта дIа а вахана, шен дегIе садаIийта сацам бира Валида.

Упражнени 5. Предложенешка хьовса. Вукху коьртазчу меженех йозуш йолу коьртаза меженаш билгалъе.



    1. Шира бIаьвнаш. Замано, мехаша аьгна тIулгаш ду тIекелдоьттина лаьтташ. 2) Лохачу коьллаш юккъехь хIинца а Iуьллуш ло ду. 3) ХIор шарахь юха йоьшура цо А. Айдамировн «Еха буьйсанаш», хIоразза а цхьа керланиг а карадора цунна цу тIехь.

  1. Дерриг а къайладолура хIокху башхачу бодашкахь, кIоргачу лаьттан тийналлехь, мелачу буьйсанехь. 5) Цамзанашца кхелинчу пенан доккхачу сахьтан шуьне, дIасалестачу Iайге а хьаьжира иза, юха цIеххьана хьаланисвелира. 6) Оцу доьхначу дийнахь, ламанан тIулган басахула, лаьхьа санна, сетташ хьалаболучу гIашлойн новкъа, дечиган маххьаш а гихь меллаша охьайогIура ши зуда.

  1. Кхоьлина деана де къаьсттина сингаттаме хуьлура Маилна.

  2. Баркаллех буьзна ши бIаьрг Овхьаде а хьажийна, юха а охьатаьIира Берса. 9) Берсин цхьадолчу аматаша цунна дагавоуьйтура 1942-чу шарахь тIамехь шен бIаьхаллин хьуьнаршца берриг мах- кахь гIараваьлла хилла нохчийн кIант Нурадилов Ханпаша.




Кхачам



Дожарийн хаттаршна жоп а луш, хIума билгалъеш йолу пред- ложенин меже кхачам бу. Кхачам шина кепара хуьлу: нийса а, лача. Нийса кхачам хуьлу кхечуьнга долучу хандешан дар шена тIедоьрзуш. Масала: КIанта дечиг доккху. ЦIерниг дожаран хат- тарна жоп а ло цо. Муьлххачу а лач дожаран хаттарна жоп лург лач кхачам бу. Масала: Iусманах шеквелира со.

Кхачамаш хуьлу:

Къамелан дакъа

Хаттарш

Масалш

  1. цIердош

  2. цIерметдош

  3. куцдош

  4. лааме билгалдош

  5. лааме причасти

  6. масдар

стенах?
хьанна? стенах? хьанах?
хьенан? стенах?

Ахьмад дийцарх лаьцна шена хетарг ала гIертара.

Бакъис суна шен массо а лулахо вовзийтира.

Кхана тера хир дац таханенах. Лекхачух тешаш а вацара кIант. ВогIучуьнан некъ хадо мегар дац. Вадарх ун хиллера цунна.


Упражнени № 1) Предложенешка хьовса. Коьрта меженаш а, кхачамаш а билгалбе. Къастаде, муьлха бу царах нийса кхачам, муьлха бу лач кхачам. Къовларшкахь дожар гайта.


    1. Мархех хербеллачу батто кIеззиг шен дато нур хьаьрсира корах чу. 2) Летачу жIаьлеша юьзира эвла. 3) ЙоI сихха юьйлира нана йоцуш йоккхучу хенах. 4) Дашочу нуьрехь схьакхеттачу малхо бIаьргийн нур дойъуш, лепадора Кавказан къена лаьмнаш.

5) Дукха хан ялале шен болар хийцира замано. 6) Шен кIантана нускал далийна, ловзарна кечлуш вара юьртда РоIсхьаьжа. 7) Да- шочу варкъан басе йирзинера царна лахара аьрцнаш а, хьаннаш а.

  1. Хьехархо хила болучу лаамо, ойланаш паналле яьхна, и доцург даг тIера даьлла, хьере йинера йоI. 9) Медни, ча санна дарлой, ле- тара цунна тIехтохам биначух. 10) Медни дика кхетара цига боьду некъ шена бихкина хиларх. 11) ХIара дестечун амална аьхна хила юьйлира, доллучу хIуман тIехь цунна там бан гIерташ. (СаидовС-С.)