Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3007
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
ВорхI дийнахь, ворхI бусий наьрто стигала кхоьссина хIож охьаяре хьоьжуш Iийра тхо.
Упражнени № 2. Бараман латтамаш шайца болу предложенеш схьалаха. Дийца церан кхоллабаларх лаций.
-
КхидIа цхьа ког а баккхалур боцуш, кIадвелла вара лома хьалавогIу воккха стаг. 2) Нахана вовззал хьехийча, куравала а там бу стаг. 3) Хьуна мехкаш гиначулла, суна лаьмнаш а гина.
4) Шен багара Iаь ма йоллу, мохь хьоькхура цо. 5) Со вехха лаьт- тира иштта, цуьнан мара а кхетта, буйнаш лестош. (Бекс. М.)
6) Кхо сахьт гергга хан яра цу шиммо некъ бен: тIаьхьаваьллачой, хьалхара уьдучой. 7) Юьйлучу тоьпийн гIар а тIеттIа кIезиг хезара цигахь. 8) Иза хIинца кест-кеста соьцура, шена тIаьхьара ца волучу стагехьа юха а йоьрзий, кхерам туьйсуш. 9) Оцу инзаречу дага- лецамаша са идадойтура, ма-хуьллу хьалхахьа тоьттура. 10) Оцу дагалецамаша цергех шортта даьккхинчу хих сутара къурд бира цо.
-
Къанъелча, борза цаьпцалгашка йоьрзу боху кица дагадеара, цо цуьнан гIеххьа самукъа а даьккхира. 12) Юха а хьийжира и шиъ дехха вовшийн бIаьра – адаммий, борззий. (Осм. А.) 13) Жимачу
Зараана массарел а дукха шен ден да везара. 14) Ма дукха везара хIинца цунна воккха дада! (Ахм. I.) 15) Амма къаьсттина дика хуьлу хIорда йистехь йолу лаьмнийн хьаннаш. 16) Цаьрца халла хаалуш, хеза хIордан гIовгIа.
Упражнени № 3. ДIаеша. Даран суьртан
а, бараман а латтамаш схьалаха. Барта дийца, уьш муьлха къамелан дакъойх хилла.
-
Иза вехха Iара, ши бIаьрг хих а бузий, и боьмаша, аьгначу дечкан шера хен дуьхьалара дIабаларе сатуьйсуш, арарчу серлонах дог Iабо лууш, шен корехь. (А. В.-Хь). 2) ЦIокъ, ша дуззалц жи- жиг а диъна, сахила гергадахча, цхьанхьа дижа дIадахара. (Х. Хь).
3) Иза гIехьачул боккха кIаг хиллера, лакха йистехь хьуьнан колл а йолуш, цхьана боккхачу тIулга кIелхьара схьадолуш жима хи а долуш. (Б. М.) 4) Аьхкенан каникулашкахь шен деца лам чохь хан йоккхуш дуккха а Iаламан хьелаш девзира Халидана. (Б. Х.-А.)
-
ИрахIоьттича логгец йогIучу кIоргачу айми буха а вахана, оцу халстуна дуьхьалара тIулган экъа дIаяккхар, цундела хьуьнар ло- руш дара берашкахь. (Каг. Д.) 6) Кхаа дийнахь-бусий ойла йина кIанта, кхин наб ца еш, рицкъанах мотт ца тухуш. 7) – Ас-м Iамор яра, – меллаша, шен нанна хазарна кхоьруш, суна тIе а таьIаш, – мамас дов ца дахьара, нохчийн маттахь йист ма хила бохуш. (Эдильс. I.)
Хенан латтам
Дар, хилар маца кхочушхуьлу билгалдоккху хенан латтамаша.
Цара жоп ло: маца? маца дуьйна? маццалц? мацале?
кхоллало | хаттарш | масалш |
3.деепричастин карчамах 4.хандешан латтаман форманах а, цуьнан карчамах а | маца? мацале? маццалц? маца? маца? маца? мацале? маццалц? | Селхана тхо белхехь дара. Сахиллалц Iийра тхо туьйранаш дуьй- цуш. Садале девлира тхо керт тойина. Вуьжуш динарг гIоттуш карийна Воьдуш йинарг чот яц, вогIуш йинарг бен. Шега и хаам бича, гIайгIане воьжна Солса. Буьйса ма йоьллинехь, йоккха шахьар дIасахьийзо йолийна цхьана хIумано. Нана цIа яле, тхо хохашна асар дина девлира. Арахь син билгало гучуяллалц йийшира цо книга. |
Упражнени № 1. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьа- язъе хIара предложенеш. Запятойш хIиттор бакъонца чIагIде. Ала, стенах кхоллабелла хенан латтамаш. (срез).
-
Вовшашна тIе ма-кхеччи вовшашца тIом хьебина цара шин- хьарчара а. 2) Таханлера де тIекхаччалц мерза ши доттагI вайшиъ хилар нахана а дика хууш ду. 3) Хи а эцна хIара шозлагIа цIа вогIуш юьртахоша дуьхьалхьаьлхина дерриге хи а мелла витина кIант. 4) Наьрт-Болатхо юха кхетам чу вале оцу попах дIавихкина иза Ож- Болата. 5) Тхан дас ша лечу заманчохь хьайца гIиллакхе хиллачуьн- ца цул а тIехволуш гIиллакх долуш хила аьлла весет дина соьга.
-
Говр хаьхкина воггIушехь кхоссавелла хьалха тIекхаьчначу хена тIе ваьлла Незнай. 7) Дукха хана ялале буьйсанна беанчу бIоно голаьцна хилла цу юьртана. 8) Ша цIакхачарца говр паргIат а яьккхина, шена гина тамашена хIума дийца шен да волучу цIа чу вахана Курпал. 9) ЖаIуьнан сурили чохь шура йоккхуш хIара кIант воллуш саьрмак бистхилла кху кIанте. (Н. Ф,) 10) Сахуьллуш лаьттара, Леча керта ваьккхича. (Гайс. I.)
Упражнени № 2. Хенан латтамаш шайца болу предложенеш кIел сиз хьакхарца билгалъе. ТIехула хаттарш хIиттаде царна.
-
Тхан новкъадовлар Iуьйранна пхи сахьт долуш хилира. -
Дуккха а лаьттира и хаза сурт тхан бIаьргашна хьалха. 3) Дукха гена ялале, СаьIидан доьзал дагабеъча, и сацам буьйхира цуьнан.
-
Дийнахь сарралц кертахь гIуллакхаш деш лелла Курсам садаIа чуйирзира. 5) Делкъанна садаIа балхара цIа кхаьчначу Курсамна ши бер гIийла карийра. 6) Малх-бутт схьакхеташ я дIабузуш гича, йоккхаеш дог тохалора Курсаман. 7) Иза ценкъара томмагIаш дIадайа йоллийла хиира Курсамна, цунах шен бIаьрг ма- кхийтти. 8 ХIетталц цкъа а оьгIазаллий, хьаггIий хIун ю ца хиъначу Курсаман даг чохь оцу минотехь дуьххьара оьгIазалла гIаьттира. 9) Вайне- хан гIиллакхо доьхкура стаг веллачу юкъана юьртахь ловзар дар, синкъерам вовшахтохар, герзаш кхиссар, веллачун доьзал бехачу кетIахула говрахь дIасавалар. 10) ВоггIушехь Асет Iаш йолчу керта вирзира балхара ваьлла вогIу СаьIид. 11) ХIаъ, неI чIаьгIча арахь дуьсург вуон дац. 12) Курсам, шаьш нахала девллийла а хиъна, бага еттачохь Асет а йитина, дIаяхара. 13) Цхьа хан яллалц вовшашка дист ца хуьлуш хIоьттина лаьттира и шиъ. 14) Ша цIера араволуш, Курсаме вист а ца хуьлущ, дIавахара СаьIид. (А.А.) 15) Со лаьттачу чхора (хийистехь йолу лекха меттиг) тIера дIахьаьжча, аьрру агIор бIаьрго схьа ма-лоццу йолчу арахь, ялташ чудерзийна аренаш яра гуш. (Хам. I.-Хь.)
Упражнени № 3. Терахьдешнех а, деепричастех а хенан латта- маш а беш, предложенеш кхолла.
1799-чу шарахь, 1877-чу шарахь, 12-чу июнехь, схьа а гулдина, дIа а яйина, шек дIа а воцуш, ца кхоьруш, вовшах а кхетта, бедарш а йиттина, цхьана дийнахь.
Упражнени № 4. Срез. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца.
Кхуьссуш йолу тоьпаш лагIлуш туркошкара схьаяьккхира лак- хе. Да генаваллалц собар а дина ший а маьждиган майдана вахара.
Лам чуьра охьабахкале низам Iамийна хила тарлора суьйлашна. Iакадой-эвла йилличхьана даим оцу чхар тIера дора наха мехкан а, юьртан а баланаш балхош къамелаш. Амади тIулга тIе вала ког дIабоккхушехь цхьана ондачу куьйго белш а лаьцна чуваийтира. Оцу сарахь бераша Узун-Хьаьжин мурдийн мукъамехь щаьш яь- ккхина йиш лоькхура эвла юккъехь. Iуьйранна сатоссуш Амади чувахара шен да Iаш волучу. Шемал лаьцна а валале оьрсийн пач- чахьо Веданахь тIулган гIала йилла йолийра. Батас ламаз дешшехь Амади йоккха цIе а латийна дакъийна жижиг датта хиира. Маситта шо хьалха Чергизин берийн Амадин цIийнах болучу МаIашан берийн дов даьлла хилла. Хьалха заманахь оьрсийн паччахьа Ше- малца бен тIом дIабаьлча паччахьан кIант веана хилла Веданахула Къоьзан-Iам тIе. Буьйса юккъе яххалц Амадига ладоьгIуш Iийра уьш. (Ош. Х.)