Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3009
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
Хьалхарчу дийнахь (1) сарахь (2) «Хо» олучу эвлан цхьана кIотарахь (3) Къоьзан-Iомана гена йоцучу меттехь (4) сецца вара имам хила гIерта Нажмуддин. (Ош.Х.)
1) 1, 2, 3, 4 2) 2, 3, 4 3) 1, 4, 2, 3 4) 1, 3, 4
-
Цхьа запятой бен йилла ца еза предложени гайта
-
Меллаша охьадогIура Булкх луьстачу лекхачу хьуьна юк- къехула. -
ДегIастанан лаьмнашца яцара я имеретински ламанан суьр- тан хазалла я свански лекхачу баххьийн шога къонахалла. (П. П.) -
Мангалхоша хьаькхначу цани тIера схьаетталора екъачу кхоткъин а латталуьттурган а Iаждар-бецан а хьожа. -
Сарахь цIийна юххехь йиш лакха йолаелира зарзар я цунах таръяла гIерта алкханч.
-
Муьлхачу предложенехь хIотто еза тире?
-
Хин-кема долуш дацара иза оха хьалххе сегIаз а хьаькхна, кечдинера. -
Дахкарлахь халла гуш йолу гIайре инзаре-йоккхачу уьнтIепхьидан бога санна яра. -
Я ирзохь элан хола бина я керт йоьгIна я хьуьнхахь дитт хадийна адам герга ду аьлла цхьа а билгало яцара хаалуш. -
Аренгара буц тхино къежйинера
-
Муьлхачу варианто гойту предложенехь запятойш нийса хIиттийна хилар?
Со неIар тIехьа (1) меттах ца волуш (2) хIун дича бакъахьа хир дара теша бохуш (3) лаьттара.
1) 1, 3 2) 2, 3 3) 3, 4 4) 2, 4
-
Текст дIа а еший, кхочушде тIедахкарш
БIаьвнийн а, мехкадаьттанан а мохк бу олу Нохчийчоьнах. Хетало, оцу дешнаша республикин дIадахнарг а, таханлерниг а, бода а, серло а къастош санна.
Миска, гIийла, декъаза, майра, паргIате, яхь йолуш хилла сан дай. Аса ца боху шу кхечарал гIоле хилла. Шун майралла а, доь- налла а дукхахьолахь шаьш шайн хIаллакдарна тIехьажийна хилла: тайпано-тайпа, махко-мохк. Аша дуьненчуьра адамаш
цец а даьхна шайн эскарийн ондаллица, шайн культуран исабаьхьаллица. Амма шу хIуманна а юстаха ца лаьттина, цхьана а ден кога кIел ца Iийна. Халкъо олу: хи дIадоьду, тIулгаш дуьсу. Иза доккха маьIна долуш хIума ду. ТогIе чухула охьадогIучу шовданан хи дац и ду- ьйцург, дерриг а совнаха дерг, эрна, дош доцуш довш дерг. ТIулгаш дац дуьйцуш дерш тогIешкахь Iохку. Дерриг а бакъдерг, сийлахь
дерг, стагах къонах веш дерг ду.
Кху тIехь аса вовшахдетта гулдина тIулгаш – уьш историн агIонаш, доьналле адамаш, халкъийн уьйраш ю. И тайпа тIулгаш вовшахтоьхча, царах хуьлу ша-тайпа бIов. И тайпа бIов ютту тIулгаш ахчанах эцалуш дац. Уьш гуллуш ду хьанала некъ буьллучу хIор а стеган кхетамехь. И тайпа тIулгаш алсам гулдаларе терра ю хIора а стеган син бIовн локхалла, хазалла, ондалла. Цуьнан ний- салла, ондалла замано зуьйр ю. И бIов охьакхетахь а дац хIумма а; цуьнан тIулгаш кхечунна оьшур ду.
ХIор бIовн а дуккха чIогIа лерина буттуш берг цуьнан бух бу.
ДагадогIий шуна и бух боттарх лаьцна вайн шира дийцар?
«Кхузза, шура юттий, Iабош хилла латта. Латта шурех Iебича бен, буьллуш ца хилла хьалхара тIулг. Кхузза оьцуш хилла тIехулара латта. ТIаккха бен буьллуш ца хилла хьалхара тIулг. Инзаре йок- кха бархI тарх юьллуш хилла бIовн сенашка. ХIор тIулг а стеран меха хилла, ткъа бозаллица – бархI стеран. Оьцуш хилла уьш лам буьххьера, сийначу шана кIелхьара дохий. ХIор тIулг а хьош хилла шийтта старо, нуьцкъана шайн
бергаш а кегъеш. ХIора тIулган са а тобеш хилла шийтта дийнахь веа тIулгапхьеро. Церан болатан варзапаш кеглуш хилла, хьехан дечигах йина йолуш санна...»
Цундела уьш дукха ехаш а хилла. ХIинца а ю лаьмнашкахь иттех бIешо хьалха йоьттинарш а, шек а йоцуш лаьтташ…
(Нунуев С.-Хь.)
-
Текстан стиль билгалъе
-
юкъара-литературни -
къамелан -
публицистически -
Iилманан
-
Лахахь балийначу муьлхачу исбаьхьаллин гIирсех пайда ца эцна 3-чу предложенехь?
1) олицетворени 2) цхьанатайпанара меженаш 3) дустар
-
фразеологизм
-
ШолгIачу а, бархIолгIачу а предложенеш тIера дешхьалхе- нийн гIоьнца кхолладелла дешнаш схьаязде.
-
ШолгIачу абзацера схьаязде куцдешнаш.
-
ВорхIалгIачу предложенера тIетовжаран уьйр йолу дешнийн цхьаьнакхетар схьаязде.
-
2-5 предложенешна юкъара схьалаха шайца хандешан хIоттаман сказуеми долу предложенеш. Оцу предложенийн но- мерш язъе.
-
ШолгIачу абзацехь йолучу передложенешна юкъара шайца цхьанатайпанара меженаш йолу предложенеш схьалаха. Оцу пред- ложенийн номерш язъе.
-
Текстехь йолу чолхе предложенеш схьалаха. Оцу предло- женийн номерш язъе. -
ТIаьххьарчу абзацехь деепричастеш, церан карчамаш шайца йолу предложенеш схьалаха. Оцу предложенийн номерш язъе. -
Текстан чулацам тIехь сочинени язъе (рецензи, хетарг, эссе).
Язде, стенах лаьцна ю и текст, хIун ойла ю авторан. Статья тIехь дийциначух лаьцна шайна хетарг язде.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Къамелан лаккхара культура – иза меттан гIирсашца нийса, цIена, суртхIоттош шен ойланаш йовзийта хаар ду.
Нохчийн мотт – шуьйра, шена чу дерриг а бохург санна, хIума чулоцу кхетам бу. Оцу маттах пайдаоьцуш язбо Iилманан белхаш, кхуллу романаш, стихаш, язйо газетан статьяш. Нохчийн матто таро ло вайна вешан ойланаш йовзийта, муьлххачу а жанрехь йолу произведенеш кхолла а. Амма меттан гIирсех пайда эца беза хаарца, къамелан хьелаш, Iалашо, аларан чулацам тидаме а оьцуш. Мотт нийса бийцар – хьалхара а, коьрта а бехкам бу нийсачу къамелан. Нийса къамел – иза литературни норманаш ларъеш деш
долу къамел ду.
Норма – иза литературни мотт кхиаран цхьана муьрстахь къа- мелан гIирсех пайда эцаран бакъонаш ю. Барта а, йозанан а къаме- лехь ларъян езаш ю норма, цо чулоцу шена меттан ерриг а агIонаш: орфоэпически, дошкхолларан, морфологически, синтаксически, лексически, стилистически, орфографически, пунктуационни.
Литературни мотт муьлххачу а меттан бакъонаш а, норманаш а къастош йолу цуьнан уггар а лакхара кеп ю.
Шен хIоттамехь цхьанатайпанара бац литературни мотт. Лите- ратурни мотт, барта а, йозанан а, – иза радион, телевиденин, газе- тийн, журналийн, пачхьалкхан а, культуран а хьукматийн мотт бу.
Юкъараллин дахарехь тайп-тайпанчу хьелашка хьаьжжина пайда оьцу цунах. Ткъа юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу агIонашкахь буьйцу мотт бекъало литературни стилашка. Литературни мет- тан къастош ю хIара коьрта стилаш: 1) барта къамелан стилаш,
-
книжни меттан стилаш.
Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни меттан хIара стилаш:
-
Iилманан, -
гIуллакхан, -
публицистически.
Литературни меттан стилашна юкъахь шакъаьстина меттиг дIалоцу исбаьхьаллин литературан, халкъан барта поэзин стило.
Стиль боху дош латинин stylus – ира буьхьиг болу гIаж бохучух схьадаьлла. Ширачу заманахь лелош хилла иштта гIожмаш – цхьана агIор ирйина, вукху агIор горгйина. Ирачу агIонца яздеш хилла, вукхуьнца – белан хьесапехь йолучу – галдаьлла йоза дIадойъуш хилла, юха а яздархьама.
Дош стиль тIаьххьара а яздаран дикалла бохучу маьIне дирзина.
Литературни меттан стилаш Iамош долу Iилма–иза стилистика ю. Стилистикин маьIна доллу тайп-тайпанчу меттан гIирсашца шен ойла тайп-тайпана йовзийтарехь, ткъа цо цхьана къамелан стиль вукхуьнах къастайо.
ХIор стилан коьрта билгалонаш дагалоцур вай, хIокху схемина тIе а тевжаш:
а) муьлхачу Iалашонца до къамел; б) муьлхачу хьелашкахь до къамел; в) къамелан жанраш;
г) аларан меттан гIирсаш; д) къамелан стилан аматаш.
Къамелан (хабаран) стилах пайда оьцу:
а) хIор дийнахь, барта дечу къамелехь: вайна гонаха долучу адамашна йовзуьйту вешан ойланаш, бовзуьйту синхаамаш, Iер- дахаран хаамаш;
б) Iер-дахаран юкъаметтигашкахь, официале доцучу хье- лашкахь: тIекаре, чукаре яр, юкъара къамел, къаьстина къамел, кехаташ;
в) цуьнан билгалонаш: къамелан (я хабаран) лексика;
г) къамел синхааме, васте, билггала, чолхедоцуш хилар.