Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3082

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

гIо дойла-кх хьуна а, шуна массарна а. (А. А.)
Упражнени № 9. Дага а лаций, хIора тайпанна кхоккха пред- ложени хIоттае.
Упражнени 10. Лахахь далийна дешнаш юкъа а далош, пред- ложенеш хIиттае. Массо а тайпана предложени хилийта хьовса.
Хьахийрий, воьдий, яздиний, кхийтирий, хIун бохура, бабин туьйранаш, ма гIолахь, лекха лаьмнаш, дика делаш, декъала хуьлда, ма гойла, мел хаза, хезира олуш, хьеха ма де, мохь туьйхира, бохий ахьа, дакъалоций аша, ала гIертара, садаIа бахара, деша даьхкина, эхI, маржа-яI.
Упражнени № 11. Предложенийн чаккхенга оьшшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца шаьш и сацаран хьаьрк хIотторан бахьана. Къастаде предложенин тайпа.


    1. – Со баба яла хьан, ма хьалхе хилла хьо воккха Цхьа Дела вевзаш верг хир вац-те вайна гIо дан 2) ХIай кIант хIай оцу Тав-

солтан кIанта оьгIазваханчохь кхоьссина ши-кхо дош доцург кхин хIун ду хьан МаIин кIантана тIекховдо – чехавора иза верасаша (Iусм. Ю.) 3) – Ва сацаехьа кхузахь, ма дахахьа тхо дехьаиккхира рафик сацае аьлла зуда. (А. А.) 4) ХIорш мел хаза меттигаш ю ма ца хаьа хьуна Ца гира хьуна тхан лаьмнаш, шовданаш, хьаннаш, ирзош, цанаш (Б. Хь.) 5) – Ма кхийса тоьпаш Гранаташ кечъе Танканаш улле яхкийта дийкира командиран аз (М. Э.) 6) Гиний шуна маьлхан ловзар, бIаьста бецан эсала хьовзар (Г. С.) 7) Жима волуш цхьа шатайпа сирла го хIара дахар Ма девзаш, ма хийлам- мо аьлла дешнаш ду-кх уьш (А. М.) 8) Ахьа дийцахьа соьга, аса хIун мотт
бийца шуьга, тахана хьаькамаш болчухула шозлагIа гуо бу аса болийнарг (Т.Хь.) 9) Хала ду-кха нохчо хилла ваха, нохчий хилла баьхна хилча дай ( Ш. I.) 10) ТIейогIуш лар яцахь, чувогIуш стаг вацахь, хIун оьшу гIаланаш, хIун оьшу къагамаш (Д. С.) 11) ХIун дер-те ден-ненан дукъ сайгахь дисахь Ден хьехам, беза мохь сайна тIехь бисахь (А. М.) 12) ХIан-хIа Безам ца хуьлу боьха Ца хуьлу Хуьлийла дац (А. ГI.) 13) Диггий, марссий деца хьан герз Соби йита ахь, нана, – велалора ваша (К. С).
Упражнени № 12. ХIара предложенеш яьржина ю ала мегар дуй?


  1. ДогкIеда йоI ю Седа.

  2. КIентий а, йоIарий а кхидIа а деша лаам болуш бара.

  3. Хьо беркате стаг ву, хьо цIена стаг ву.

  4. БабагIар оьгIазе адамаш ду.


Упражнени № 13. ХIара предложенеш коьртазчу меженашца яржае. Текст оьрсийн матте гочъе.
Суьйре тIегIертара. Малх дIабуьзира. ХIаваъ цIинделира. Тхи диллира. Дохк дижира. Мох хьаькхира. ГIаш дегаделира. Бода букъбелира. Седарчий къегира. Бутт гучубелира.

Упражнени № 14. ХIара предложенеш чекхъяха. Предложенин грамматически бух билгалбаккха.

Оха гIишло йира… Хьуна гиний и.. Iилманчаша толлу… Тахана оха дийцаре дира… Грамматикина чу догIу... Туьйранахь

хуьлу… Со ца кхета… Суна даим а дагахь лаьттар ду… Цунна бIаьрга ван ца веза… Кхетавехьа со... Юьртахь хаам бира... Яздар- хочо дийцира… Оха Iамийна...
Упражнени № 15. «Iай хьуьнхахь» цIе йолчу темина жима дийцар язде. Шайн дийцарехь массо а тайпа предложенеш хилийта хьовса.
Упражнени № 16. ХIокху хаттаршна барта жоп ло. Жоп ма- салшца чIагIде.


    1. ХIун Iамадо синтаксисо?

    2. Предложенин хIун тайпа билгалонаш хуьлу?

    3. Муьлхачу тайпанашка екъало предложенеш шайн дIахIоттаме хьаьжжина?

    4. Аларан Iалашоне хьаьжжина, предложенеш муьлхачу тай- панашка екъало?

    5. ХIун башхо ю предложенина а, дешнийн цхьаьнакхетаршна а юккъехь?

    6. Предложенин грамматически бух бохург хIун ду?

    7. Предложенин грамматически бух цхьаъ я цул сов хиларо хIун къастадо?

    8. Юьззина йолу а, йоцу а предложенеш вовшех муха къаьста?

    9. Предложеница грамматически уьйр йоцучу дешнаша хIун гIуллакх кхочушдо?

    10. Риторически хаттар – иза хIун тайпа хаттар ду?

    11. Предложенехь эшаро (интонаци) муьлха синтаксически гIуллакх кхочушдо?

    12. ЦхьанахIоттаман предложени шинахIоттаман йолучух муха къастор яра аша?

    13. Айдаран а, тIедожоран а предложенеш вовшех къастош- дерг хIун ду?

    14. ХIун башхо ю дийцаран а, хаттаран а предложенешна юккъехь?


ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ



Предложенийн меженаш шина тобане екъало: коьртачу а, коьртазчу а.

Нохчийн маттахь предложенин коьрта меженаш лору – под- лежащи, сказуеми. Кхечуьнга йолу предложени: Говро лаьттах берг еттара. Кхечуьнга ца йолу предложени: ТIаьххьара а ломахь Iа дуьйлира. )

Лург, дийриг, меттигниг дожаршкахь лаьтташ елахь, подле- жащих логически субъект олу. Цу кхаа дожарехь долучу дешнех гуттар а ца хуьлу подлежащи, хIунда аьлча и дожарш подлежащин маьIнехь хилла ца Iаш, кхачаман маьIнехь а хила тарлуш хиларна. Дийриг я лург, я меттигниг дожарехь подлежащи хилахь, предло- женин маьIна а ца дохош, цIерниг дожаран подлежащица хийца йиш ю. Ткъа и дожарш кхачаман маьIнехь хилахь, цIерниг дожаре дерзо йиш яц.

Масала: Асета дика хьоьху. Асет дика хьоьхуш ю. Рабус

Асетана книга яхьийтира. Маликас Асете кехат яздира.

Яхас дийшира Асета яздинарг. Яха дешна елира Асета язди- нарг. ХIокху предложенешкахь, Рабус, Маликас, Яхас, Яха боху дешнаш, яхьийтира, яздира, дийшира, дешна, елира бохучу сказуемеша шайх лаьцна дуьйцучу ойланан а, къамелан а коьрта адамаш хиларе терра подлежащеш ду, ткъа Асетана, Асете, Асета боху дешнаш кхачамаш бу, хIунда аьлча, цкъа-делахь, сказуемино шех лаьцна дуьйцу ойланан а, къамелан а коьрта хIума – подле- жащи – цара билгалдийриг цахиларна а, шоллагIа-делахь, пред- ложенин маьIна а ца дохош, цIерниг дожаре хийца йиш йолуш уьш хиларна а.

Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах подлежащи олу. Вайн маттахь подлежащи шен грамма- тически формица а, маьIница а хила тарло. Цундела шина кепара хуьлу иза: грамматически а, логически
а (маьIнин). Грамматически подлежащи цIерниг дожарехь лела, ткъа логически дийриг, лург, меттигниг дожаршкахь маьIница нисло.

Подлежащи тайп-тайпанчу къамелан дакъойх хуьлу.

Подлежащин хилар





Къамелан дакъа

Масалш

ЦIердош ЦIерметдош Лааме билгалдош

Лааме масаллин а, рогIаллин а терахьдешнаш

Лааме причасти Масдар

Хандешан билгалза кеп

Айдардош

Iелина дика девза къоман гIиллакхаш.

Уьш маьждиге сихбелла богIура. ТIаккха дагадеара воккхачо аьлларг.

Цхьаъ вистхилира, ткъа шолгIаниг

тхуна тIевеара.

ТIевогIучо тхоьга салам делира. КIадвалар дацара хаалуш дегIехь. Дийца, ала дукха ду.

Геннара схьадеара хIей.


Подлежащи дешнийн цхьаьнакхетарх лаьтташ хила а тарло.

ХIума билгалъярал сов, тIедузаран маьIнаш а хуьлу цуьнца:

а) бараман маьIна билгалдолу терахьдош а, цIердош а цхьаь- накхетарца. Масала: Стоьла тIехь богуш гуш бара ши чIурам. Гот- тачу хIусамехь дIатарвелира масех стаг. Иттех котам яра уьйтIахула дIасалелаш;

б) къасторан маьIна чIагIдо цIерметдешнийн а, терахьдешнийн а цхьаьнакхетаро, масала: Царах цхьа а вацара чена юххе ваха ваь- хьар волуш. Царна юкъара масех хил дехьа велира, ткъа кхиберш шаьш болччохь латта бисира;

в) дар цхьаьна деш хиларан маьIна хуьлу цIерниг а, коьчалниг а дожаршкахь долчу цIердешнашца. Масала: Ваха Шемалца халла дIакхечира билгалйиначу метте.

Дийнна карчамех лаьтташ хила а тарло подлежащеш. Масала: ЦIийна хьалха лаьтташ берш лохха къамелаш деш Iара.
Упражнени № 1. Таблицех пайда а оьцуш, дийца подлежащих лаций. Шайн масалшца хьалаюза таблица.