Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3078
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Бахьанин латтам
ХIунда? ХIун бахьана долуш? Мича бахьаница? бохучу хат- таршна жоп а луш, дар, хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу гойту бахьанин латтамо.
Бахьанин латтам хуьлу | хаттар | масалш |
куцдашах | ХIун бахьана долуш? | Товш, куьцехь, кхетам болуш воккха стаг вара Болатха, цундела бора цуьнан лерам хIор а юьрта- хочо. |
-лла суффикс йолучу цIердашах | ХIунда? | Наьрт-аьрстхочун возалла гоь- мукъ кагъелла |
Лург дожарехь долучу масдарх, цуьнан кар- чамах | ХIун бахьана долуш? | ДIадийна ялта хьала ца делира, йокъа хиларна. |
Деепричастих, цуьнан карчамах | ХIунда? | Ийзалуш, тIе ца вогIура кIант. |
Бахьана долуш, бахьа- нехь дешнашца | Мича бахьаница? | Хьалха юрт хиллачохь Iам хIоьттина, гIиллакх доцу нах ци- гахь бахар бахьана долуш. |
Упражнени № 1. Бахьанин латтамаш шайца болу предложенеш схьалаха. Дийца, уьш муха кхоллабелла а, цара муьлхачу хаттаршна жоп ло а.
-
Масех шарахь вайн махкахь лаьттинчу тIемаша ярташ а, гIаланаш а йохор бахьана долуш, латтанаш аха, дIаден, кхио нах боцуш, ялта хIаллакьхилла, даьгна, мацалла ю кхерсташ. (О. Ш.) -
Беттаса дукха сирла хиларна, цунна юххехь шен IиндагI хIоьттира. (Мут. М.) 3) Къоьлла-м лайча ловр яра, харцо, сийса- залла лан хала ду, цундела кхелха нах Хонкара. 4) Некъ хьуьн чохь къайлаболлучохь юьртахошка бIаьрг тоха дагахь севцира дIабоьлху береш. (А. А.) 5) Шен карарчу гIожан коьжалгаца, хьаьжа юккъе сет догу, чIамарниг схьалаца гIоьртира Тавсолта, иза кхечарал тоьлаш- ха хетта. 6) Ткъа кхоьру со, вайн собар ца хилахь, эххар дIабарна дуьне латто малх. (С. М.) 7) Майра, доьналла долуш, бIо къажор боцуш хиларна, дика цIе йоккхура цуьнан тIемалоша. (А. В.-Хь.)
-
Къизачу цу элийн олалла ца дезна, тIамца царна дуьхьал велира жерочун жима кIант (Н. Ф.) 9) Йийсарех цхьаъ Мансурах тарвелла, иза гIалагIазкхийн бIеннан командиро Потемкинна тIе валийра. (Г. I.) 10) Обаргашца зIе латтош, юург-мерг латтош хиларна, берриг а доьзал бара цуьнан Iедало бехке беш. 11) АругIаз йоккхаера шен да набахти чуьра ара валарна, ша бахьана долуш. 12) Шена хер- хаш дина резахилла, АругIаза ахча кховдийра вежаршка. 13) Ирс, аьтто гина воцуш, декъалхилар аьттехьа деана воцуш ваьхна волу дела лорура Аьрзо наха. (Мут. М.) 14) Эхьхетта, ша мича эккхар ю ца хууш, хьовзаелла йоI. 15) Оцу йоьIан хазалла, шен лазавар диц а делла, йоьIе хьаьжжинчохь висна иза. 16) Цхьа а доьзалхо ца хилла цу шиннан, цундела гIайгIане хилла. 17) Яьшка дуьхьал а гIоьртина охьадогIу хи сецча, хьер а сецна хьийзачуьра. (Н. Ф.)
Упражнени № 2. ДIаязъе. Бахьанин латтамаша муьлхачу хат- таршна жоп ло дийца. Къастаде, муха кхоллабелла уьш.
-
РагIун тхов тIера чукхоссавелла лазорах боларна астагIо висинера Тайма. 2) Нохчийчохь ша айъина гIаттам эшарна махкана бехказ вала веанера Мансур. (Мус. М.) 3) Гермачигара наьрташ,
биргIанаш чухула шайна тIедогIу хи сацийча, хьогаллина ницкъ а хилла, хIаллакьхилла. 4) КIантана шен да вевзина, вукхарна юкъахь иза гIийла хиларна. 5) Етт узучу татанах хиъна Новрана Сатихас шура кхаби чу ца йоккхуш, лаьтта охьаIенайойла, шега ладегIа яьлла. 6) Кхабанаш чуьра ниха а мелла, шен цIа кхочуш, вехна кхиндIа а ца вахавелла, неIарехь бертал охьавоьжна ГIожакъ.
7) – Воккха стаг, ахьа суна бехк ма билла
, хьо хьалххе гучу а ваь- лла, хьуна со гар бахьана долуш, и буц йолчуьрчу жино дIаяьккхи. (Н. Ф.) 8) Абубешара дайарна кхоьруш, шегарчу ахчанах цхьа туьма Баянте дIаделира. 9) Дукха холчу хIоьттина, цуьнан юьхь оза а йина, яхъеллера. 10) Шен майрачо сел ша ларар доцуш ле- лориг дагна Iаьткъина, Баянтан бIаьргаш хих дуьзна дIахIиттира.
-
Шинарех а делла, цхьайолу шайнаш декхарна дIай-схьай а екъна, цундела дIадаьлла-кх и дезткъа туьма. 12) ГIел чIогIа ялар- на, цхьацца бен ког ца баккхалуш, хала йогIура Баянт. 13) Гихь и хьаьжкIийн гали дукха схьатекхийна, букъ, энаш доьлча санна, лацабелла лозуш бара. 14) Цо диначу къамелана дукха реза цахи- ларна, Iаржвелла лаьттара Абубешар. 15) Кхераелла, мела хьацар туьйхира цунна. (Хам. I-Хь.)
Упражнени № 3. Хила беза бахьанин латтамаш юкъа а балош, чекхъяха предложенеш.
-
ХIума кхалла дог дацара сан... -
Дечу гIÑ1 ... 18 19 20 21 22 23 24 25 ... 91
Меттиган латтам
Дар, хилар мичахь кхочушхуьлу гойту меттиган латтамаша. Цара жоп ло: мича? мичахь? мичахьара? мичахула? мичахьахула?
мичара дуьйна? стенгахь? стенгахьа? стенгара? стенгахьара? стен- гахьахула? бохучу хаттаршна.
Меттиган латттам хуьлу дештIаьхьенаш йолуш а, йоцуш а долучу цIердешнех, куцдешнех, цIерметдешнех, терахьдешнех, хандешан латтамийн форманех.
И стаг лаьттинчохь хIинца гуш цхьа а вацара. Кхузара гуш яра стоьмех йоьттина йолу бошмаш. ШолгIачунна юххе дIахIотта веза хьо къайлаха. Массанхьара а схьахезара бераша детта маьхьарий.
Геннара деъначух тера дара воккхачу стага и кхорийн синтарш.
Упражнени № 1. Меттиган латтамашна тIехула хаттарш а хIиттош, схьаязъе. Дийца, муха кхоллабелла уьш.
1) Лаха чохь гIовгIанца доьдуш ламанан хи дара. 2) ЦIенкъахь, кхекхашна тIехь Iуьллучу дархочо, меллаша бIаьргаш биллира.
3) Юьртарчу гаттийчу некъашкахула майдана бигира Лоьмас хье- ший. 4) Циггахь дуй биира аса: Болат-ГIаларчаьрца тIом латто.
5) Ерриг а юрт гулъеллера Леча цIа веанчу, массара а декъалйора нана. 6) Дехьара цхьаъ Iина йисте а веана, буй лестош воллура.
7) Кхузахь молха эца карош дац. 8) БIовна хьалхарчу майданахь деш хелхар дара. 9) Дукха хан яьллера и кхузахь йийсарехь волу.
10) Йийсарша барт бинера арахьара хаам ца кхачахь а, тахана гIовтта. 11) Хелхабуьйлучарна юьстахо лаьттара иза, бIовнах букъ а тоьхна. 12) ХIара масех де ду гонаха цхьа а ца хаало. 13) Массан- хьара а тIелата белла хаам бара. 14) Лечина хьалха лаьттара йоI, ела а йоьлуш, бIаьрхишна юккъехула. 15) Хьалхарчунна тIаьхьахIитта аьлла, мохь а тоьхна, шаьлта лестош, дошлочунна чукхоссаве- лира Мокхаз. 16) ТIаьхьабевллачара геннара пхерчий кхуьйсура.
-
Малх лаьмнашна тIе базбелира. 18) – Тхо дIагIур ду, шуьшиъ царна гуччохь саца, дIо лахахьа валий. (Гайс.I.)
Упражнени № 2. ДIаеша предложенеш. Цу юкъара меттиган латтам шайца болу предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, муьлхачу дашца боьзна бу меттиган латтам.
-
Шерачу арахь цхьанхьа а дисна ло ца гора. 2) Хьалабаь- ллачу малхо, тIехьахула, коьшкала хиъначу цициго санна, ворта-
нах мела гилгаш дохура. 3) Хи голатуххучохь, кхунна а гуш, ша ежачу говрана чухьаьдира борз. 4) Чухьаьжча, схьагарехь, стохка дуьйна а йохку, сеаларш яра луьстта лецна. 5) Говрахь ваханчо мох лаьцна, гIаш ваханчо гIаж лаьцна. 6) Борз яхханчу хин охьанехьа, цуьнан лорах ца хедаш, воьдура Тавсолта. 7) ТIаьххьара а, цхьа- на гух ваьлча, борз яйра кхунна. 8) Кхунна ши пхьагIат хьалхара дIаиккхира борз, тIе сийна корсамаш лецначу кхеранашна тIехула а кхийсалуш. 9) Луьстта сорамаш (мерза кIайн орам болу уьша- лан буц) бевллера гондIа. 10) ДегIах маьлхан дуьххьарлера йовхо юлуьйтуш, сапаргIат вогIура Тавсолта.. 11) Ткъех чаккхарма гена дара Iома тIе кхача. 12) БIаьстенан хIуо, дегI дайдеш, цIена дара.
-
«Чохьсаготте, арахь сашорте», – аьлла дIаволавелира цигахьа Тавсолта. (Сул. М.) 14) Массанхьа а гуш лаьтта тIемаша йохийна ярташ а, гIаланаш а. (О. Ш.)
Упражнени № 3. ДIаязъе. Меттиган а, бахьанин а латтамашна кIел сиз хьакха. Дийца, муьлхачу дешнех бозабелла бу уьш.
-
Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан кIажехь Iуьллура Мусин-кIотар. 2) ГIалин истори йовза лиъна, исторически музей вахара иза. (Ц. Я) 3) Бехказло йоцуш, мало а ца еш болх барна, шагделла дара Маккин куьйгаш. 4) Аьтту куьйгара куй бара сих- бина юьхьах хьоькхуш, – бIаьргех дуьйлу хи, Маккина ца гайта хьоькхуш бара и месала куй. 5) ДегIе хьаьдда дагар бахьана долуш, юьхь кхохкийра цуьнан, корта лазабелира, лерга юххе ов тухуш.