Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3089
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Упражнени № 6. ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш йовзуьйтуш, схемаш хIиттош, дIаязъе кху лахара пред- ложенеш.
ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш:
-
коьртачу предложени чохь долучу дашах я ерриг предло- жених йозу; -
муьлхачу хаттарна жоп ло; -
хIун маьIна ло? -
тIетухучу предложенин муьлха кеп ю; -
муьлхачу хуттурго я хуттурган дашо хутту коьртачух; -
сказуемин кеп.
оха.
Шу аьхка садаIа мича дохуьйтур дара-те бохуш, ойла йора
-
и къастаман тIетуху предложени коьртачу предложени чохь
долучу цхьана дашах йозу (ойла);
-
цо жоп ло хIун? (муьлха бохучу маьIнехь) хаттарна; -
цо къастаман маьIна ло; -
иза къастаман тIетуху предложени ю; -
иза коьртачух дIахоьттина карарчу хуттурго «бохуш»; -
коьртачу предложенехь хандешан цхьалхе сказуеми хилла
«йора» бохучу ихначу хенан хандашах, иза билгалчу саттамехь а ду, тIетухучу предложенехь сказуеми хилла йогIу йолучу хенан хандашах (дохуьйтур дара).
1) ХIокху бIаьста цIа дуьгий, тIейогIучу аьхка дуьгур дуй бохуш, наха вовшахкхет-кхеттачохь дуьйцу хабарш а мелла а лагIделлера. 2) Иштта хIинца а хир ду аьлла, дегайовхо яра цуьнан.
-
Говрашкахь цунна тIаьхьа богIучара маьхьарий туьйхира, шайна ала луучуьнга ладогIахьара аьлла. 4) Кавказера ша вухавирзича, паргIатваккхаран кехат лур ду аьлла, дош делла. 5) Вадий маьжди- ге гIой, хьайн дега схьакхайкха аьлла, цунна омра дира воккхачу стага.(Усм. I.) 6) И базар кхин лелор яц ша аьлла, суна дош делира хьуна Маймас. (Х. I.)
ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Латтамийн тIетуху предложенийн шайн башхалла ю. Уьш маьIница цхьаъ ю изза цIерш йолучу латтамашца – предложенин меженашца. Амма латтамаш цхьалхечу предложенешкахь дар- хилар гойтучу кхечу меженех бозуш хуьлу, ткъа латтамийн тIетуху предложенеш коьртачу предложенеш чохь хуьлуш долучун хан, бахьана, Iалашо, сурт, бехкам гайтарца цхьаьна,
шайна чохь коьрта меженаш (я меже), дозаран гIирс болуш а ю. Латтамийн тIетуху предложенеш екъало хIокху тайпанашка:
Хенан тI. предл. Даран суьртан тIетуху предложени Бахьанин тIетуху предложени Iалашонан тIетуху предложени Бехкаман тIетуху предложени | Маца? мича хенахь? хаттаршна жоп ло. Коьртачарах хоттало мел, мосазза, бохучу хуттурган дешнашца Коьртачу предложенин сказуемих йозуш хуь- лу: жоп ло муха? мича кепара? хаттаршна. Коьртачарах дIахутту бо- хуш, аьлла хуттургаша. Коьртачу предложенин сказуемих йозуш хуьлу: жоп ло хIунда? мича бахьанина? хIун бахьа- на долуш? Коьртачарах дIахутту хIунда, аьлча, бохуш, аьлла хуттурга- ша. Жоп ло стенна? хIун Iалашо йолуш? мича Iалашонца хаттаршна. Коьртачарах дIахутту бо- хуш, аьлла хуттург. Коьртачух дIахутту на- гахь я нагахь санна боху- чу карарчу хуттурго. | Дийнна раьгIнаш хIуьттура, Iаьржачу хIордо букъ мосазза саттабо... Халкъан барт мел чIагIло, цуь- нан цхьаалла йохалур яц. ЖIаьлин гуй а цIеста ду бохуш, дуьйцу захало. Iаха бердах вахана хIаллакьхилар, Iабди-Хьаьжа цхьа къайле йолуш ву аьлла, тидира наха. Iайшат кест-кеста юьрта йоьду, хIунда аьлча цигахь Iаш цуьнан гергара нах бу. Тхан нанас со чохь сецайо, сих- сиха кетIа йийлар гIиллакхехь дац бохуш. Шовданна юххех тIехволуш са- цавелира со, жимма са а доIур, шийла хи а мер аьлла. Пхьоьханехь лаьттачу нахе вистхир ша аьлла, царна тIевахара Майрбек. Нагахь санна тахана ахьа харц- дерг дуьйцу-кх, кхана цхьа а тешар вац хьох. Нагахь хьо ца вогIу-кх хьайн халкъаца, хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха вуй. |
Хенан тIетуху предложенеш
Коьртачу предложени чохь дуьйцучун хан а гойтуш, маца? мича хенахь? бохучу хаттаршна жоп лучу тIетухучу предложенех хенан тIетуху предложенеш олу. Коьртачарах уьш дIахутту мел, мосазза бохучу хуттурган дешнаша. Масала: Оцу хьолехь ша мо- сазза хуьлу, Аказа, кхин а саьхьарвуьйлуш, Далла гIуллакх дора. (М. А.) ХIокху кIанте хьовсуш хилалаш, шаьш хи тIехь мел Iан.
Упражнени № 1. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе цкъа хьалха шайна чохь хенан латтамаш болу цхьалхе предложенеш, цул тIаьхьа – хенан тIетухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш. Царах шишша предложени синтаксически талла.
-
Хьехархочо кечам мел бойту шена ингалс мотт карабер- зо гIертара йоI. 2) Мацах вайн дай лаьмнашкахь бехачу хенахь Iаламат дукха ирзуош а цанаш ма хилла кхин а лекха лаьмнашца хьала. (Н. С.-Хь.) 3) Школера цIа йогIучу Шаймаан аз мосазза хези хIинций-хIинций яа цхьа хIума ло шена бохуш карайора кIайн котам. (Айсх. Ш.) 4) Заза даьккхиначул тIаьхьа гIа доккхуш дара Iежийн кхорийн баьллийн хьечийн дитташ.(С. С.-С.) 5) Амма хан дIа дукха мел ели Даймахкана сагатдалар диначу-кхиъначу махка духадерза лаар тIеттIа алсамдалар бен, церан дегнашна дайлуш дацара. (Яс. М.) 6) Сох шен бIаьрг ма-кхийтти корта дIаберзийра цо хьалха соьга вист цахилархьама. 7) Ша кулоьк схьа мосазза кхоьсси когаш шуьйрра дIа а хIиттабой куьйгаш охьа а ухкий доьлучу бIаьргашца хьоьжура иза соьга аса кулоьк муьлхачу агIор туху хаа лууш. 8) Лоьма вела мосазза ло дог оьшура сан цунна наб цакхетарна. (Бекс.М.) 9) Новкъа йогIуш цхьаьний пхи-ялх машен гича станцешкахь яьсса лаьтташ цIерпоштан вагонаш яра аьлла хезча хIор а дог теший хуьлура уьш шаьш дIадига кечйи- на хиларх. 10) Шаьш мел деха, цкъа а диц ма делаш шаьш кху хийрачу махкахь лайнарш. (А. А.) 11) Арснакъина тIехьа вордан тIехь цуьнан кIентан зуда Бикату Iара Арснакъа меттах мосазза хьайн Iаьржачу гуьлмаьндица шен хаза горга юьхь дIа а лечкъош.
-
Мел осала хетар яра иза шен марда а волучохь цо Ахьмаде Маржан кIелхьараяккха аьлча. (Бад. С.) 13) Аса мосазза аьлла
хьоьга даде ахча ма деха. (Ахм. I.) 14) Айхьа кехат мосазза яздо соьгара маршалла а ло Шумовга. (Б. Х.-А.)
Упражнени № 2. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, хенан тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Коьртачарах уьш дIахутту гIирсаш билгалбе.
-
Ша юьртара хIор сарахь цIа мосазза вогIу ТIелибна хийла цIенойн корашкахь мацалла доьлху бераш хезара. (Бад. С.) 2) Со мохехь мел лаьтта сан шелвалар совдолура. 3) Ша юьрта мосазза воьду шен гергара нах болучу ца воьдуш ца Iара Асвад. 4) Вок- кхахволу шен кIант шена дуьхьал мел вогIу хазахетара нанна. 5) Нохчийн халкъ бертахь мел деха цуьнан цхьаалла цхьаьнга а йо- халур яц. 6) ЯлгIу тIера негIар мосазза даьккхи цу чуьра йовха Iаь гIоттура хьала. 7) Де-дийне мел дели толуш хазлуш схьайогIуш ю вайн мехкан коьрта шахьар. 8) Сан махкахой Иорданехь мел бу махкаца йолу зIе хадоза хетара суна. 9) Аса мосазза аьлла хьоьга куьйгаш ца дуьлуш хIума яа охьа ма хаа. 10) Сайн аьтто ма-белли хийрачу махкара цIа а веана тхайн дай баьхначу меттигашка хьа- жа вахара со. 11) Вайн махкахь дахар то мел ло, вайн мостагIийн дог духу. 12) Ловзаргахь шен даго хаьржинарг ца гича кIентан дог дуьйхира. 13) Iаржъяллалц лаьттира кIант цIа богIучу баже хьоьжуш шайн яйна старгIа цIа яре сатуьйсуш.. (Яс. М.) 14) Назма олучу воккхучу стеган аз мосазза хези Ахьмадан кийрара дог цхьа тамашена тохалой карзахдолура. 15) Доккха ши стаг дийна мел ду тхаьш байлахь ду аьлла хетар дац тхуна.
Упражнени № 3. Лахара предложенеш хIокху кепара схьаязъе: 1-кхачаман тIетуху предложенеш; 2- къастаман тIетуху предложе- неш; 3-хенан тIетуху