Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3045
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
1) Мамакаев Мохьмада Мамакаев Iарбис Саидов Билала оцу баккхийчу яздархоша шайн хьехархо лорура СаIид Бадуев. 2) Вайн къоман театрехь хIиттийна тайп-тайпана спектаклаш «ПетIамат»
«ЦIен гIап» «Бешто» «Дайн Iедал» и ерриг а пьесаш язйинарг ву СаIид Бадуев. Цуьнан повесташ «Мацалла» «Бешто» уьш ерриг а дешан говзаллин масал хилла дIахIиттина вайн литературехь.
-
Бадуев СаIида язйора шен произведенеш тайп-тайпанчу жан- рашкахь прозехь поэзехь драматургехь. 20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь Бадуев СаIида язйира кIорггера идейно-исбаьхьаллин чулацам болу цхьамогIа произведенеш «ЦIеран арц» «Бешто»
«Iимран» «ГIу». СаIид Бадуевн кхолларалла дийцарш повесташ пьесаш вайн къоман литературин йоккха хазна ю.
-
1) Массо а мел цамоьттурш а гучудохуш тамаше хIуманаш довзуьйтура школехь латта чIапа доцуш горга хилар а сецна ца лаьтта цо малхана гобахар а стигалан бух бацар а зезагийн хьекъале дебар а дуьненарчу адамийн массеран а орам цхьаъ хилар дерриг а школехь хиънера. 2) ТIехьа лаьтта кегийнаш-м Дауд Увайс Селита Нурседа кхи берш а царал сапаргIат хетара. 3) Юьстахо лаьтта зу- дарий басмин коч юьйхина басадаьлла йовлакх тиллина Нурбика ша оза амма шен беса юьхь севсино йолу Кесира Анна Львовна кхиберш а мох баьлча кхокхий санна вовшашна герга теIара.
-
И шиъ схьадогIуш хIинца некъан йистошца нислора бес-бесара зезагаш цIелерг тобалкх петIамат басар олу сийна зезаг, лаьмнашца шелонгахь кхуьу цIен бос болу шелла ал-цIензIам можа-цIен доьра- зIам пац-зезаг чахкар-зезаг... 5) Увайсана тахана хьалхачул а хьоме хетара маьI-маьIIера схьахеза олхазарш эхь доцу хьозарчий оьзда чIегIардигаш даим цхьаъ хоьтту хIуттут гуттар цхьаьнга кхойкху хенакIур дукха ека чIегIагаш охьахиъначохь хаза сетта хIурцIалдиг масане дара уьш кхузахь. 6) Шен кхетаман кIоргенехь кхузахула ша тIаьххьара вогIий-те аьлла, шекволучу Увайса хIинца къаьсттана самадевллачу бIаьргашца сутара чухуьйдира гонахарчу Iаламан хазалла бацалара схьакъеда зезагаш а дIо стигалхула йоьлху дети мархаш а юххе йогIу Селита а дерриг а, хьалхачул къегина гуш, шен даг чохь сецадора цо. (М. С.) 7) Оцу хIора юьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна Иласхан-юьрто – Таймин Биболат, Майртуьпо – молла Мохьмад, Курчалойн-эвлано – ТIелхиг, Гер- мачко – Iабдул-Къедар, ХIовка. (А. Айд.)
ТИДАМЕ ХИЛА!
ДИКТАНТ.
Таханлера компьютерш пхеа тайпана хаамашца болх бан йиш йолуш ю:
терахьийн хаамаш (терахьаш);
текстан хаамаш (элпаш, дешнаш, предложенеш, тексташ); графически хаамаш (суьрташ, чертежаш);
аьзнийн хаамаш (музыка, къамел, аьзнаш);
видеохаамаш (видеофильмаш, мультфильмаш, кинофильмаш). И берриг хаамаш цхьана дашо шена чулоцу: мультимедиа. Нагахь санна компьютер оцу пхеа хаамийн тайпанашца болх бан йиш йолуш елахь, цунах мультимедийни компьютер олу. Компью- теран программа оцу пхеа хаамийн тайпанех пайда оьцуш елахь, цунах мультимедийни программа олу. Дукхахйолчу хIинцалерчу компьютерийн ловзарш мультимедийни шайх олуш дерш ду. Вай царах ловзучу хенахь вайна къамел а, музыка а хеза, мультфильмехь
санна, мультипликаци а го.
ТIедиллар. Цхьанатайпанара меженаш а, юкъара дешнаш а шайца долу предложенеш схьалаха. Дийца оцу предложенеш- кахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций.
Упражнени № 3. ХIокху юкъарчу дешнашца цхьанатайпанара меженаш ялае.
-
Яздархой, поэташ. 2) Турпалхой. 3) Композиторш. 4) Ху- дожникаш. 5) Хиш. 6) Олхазарш. 7) Дийнаташ. 8) Ораматаш. 9) Акхарой. 10) Дитташ.
Упражнени № 4. ХIокху предложенешкахь тире хIотторан ба- хьана довзийта.
-
Къоьзан-Iам – уггар а кIорга Iам бу вайн махкахь. -
Хьекъалчо ша бехке во, сонтачо – кхиберш. -
ЦIенкъахь, пенаш тIехь, маьнги тIехь –массанхьа маьлхан серло.
Упражнени № 5. Предложенеш яржае, цхьанатайпанара меже- наш юкъарчу дешнашна тIехьа а хIиттош.
Кеп:Бежнийн фермехь кхиадо
тайп-тайпана хьайбанаш. – Бежнийн фермехь кхиадо тайп-тайпана хьайбанаш: хьелий, говраш, гомашаш.
1) Тахана расписанехь суна дукхаеза предметаш ю. 2) Мохк толлуш тхо кхечира Нохчийчоьнан яккхийчу гIаланашка. 3) Аса дагардира вайн мехкан даккхийра хиш. 4) Со волчу хьошалгIа баьх- кира сан тоьлла доттагIий. 5) Каникулаш йолуш дешархой хьаьв- сира керлачу фильмашка. 6) Бибилиотекехь дIаяьхьира ешархойн конференци дукхаезачу берийн книгех лаьцна. 7) Хинан лохачу берда йистехь туристаша охьабиллира шайн гира берриге мохь.
Упражнени № 6. Цхьанатайпанара меженаш шайца йолу пред- ложенеш пунктуационни кепара къастае.
Къасторан план
-
Цхьалхе предложени ерзош хIиттош долу сацаран хьаьркаш. -
Цхьалхечу предложенера къасторан хьаьркаш: подлежащина а, сказуемина а юккъехь тире (елахь); цхьанатайпанарчу меженашна юккъера запятой (елахь); юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьттачу
хенахь хIоттош болу шитIадам (белахь); юкъара дош цхьанатай- панарчу меженашна тIехьа лаьтташ делахь, царна хьалха хIоттош йолу тире (елахь); юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ делахь, цхьанатайпанарчу меженашна хьалха буьллу шитIадам а, царна тIехьа юьллу тире а предложени чек- хъялаза елахь.
Къасторан кеп
Бутт дукъал тIехьара хьала а белира, жима, юткъа, лоха ши марха а къагийра.
Предложени чекхйолуш чаккхенан хьаьрк хIоттабо–тIадам, предложени дийцаран йолу дела.
Цхьанатайпанара сказуемешна хьала а белира, къагийра юккъе запятой юьллу, уьш дозаделла ду хуттургашца – а. Къастамашна юккъе жима, юткъа, лоха къасторан запятойш хIиттийна уьш берта къастамаш хиларна а, царна юккъера уьйр хуттургаш йоцу уьйр йолу а дела.
ТIера схьаязъе. Барта пунктуационни къастам бе.
-
Хиндерг шина тайпанан адамийн карахь хир ду: ойлаечу стеган а, къахьоьгучу стеган а. (В. Гюго). -
Аьшпийн кхо тайпа ду: аьшпаш, сийдоцу аьшпаш, статистика а. (Б. Дизраэли). -
Хан, къинхьегам, бакъдерг, хаарш, собаре хилар, физически, хьекъалан, синъоьздангаллин а адамийн ницкъаш–муьлххачу а хьолан кхоллархой бу. (К. Ушинский).
Вовшашна диктант. Текст хьайн накъостана дIаеша, юха, цо олуш, айхьа дIаязъе. Язйинарг текстаца юста. Цхьанатайпанарчу меженашна кIел сиз хьакха.
Къилбседехьара къилбехьа, Iаьндийн дозанца ша-лаьмнашна тIедоьдуш чIаж ду. Цу чIажана шина а агIор кхозуш лаьмнаш ду. Церан сурт шера ду: ира баххьаш доцуш, Iункар бердаш, тархаш боцуш.
ЧIаж ша-тогIе алалур долуш ду, шуьйра хиларна. И тогIе кхачалуччохь, кIоргачу яй чохь, ламанан Iам бу – Къоьзана-Iам цIе а йолуш.
Iам дукха боккха бац: йиъ чаккхарма – бохалла, ах чаккхарма шоралла. Я эрз бац, я колл яц, я дитташ дац цигахь. Духдуьйлучу шовданаша бакъа ца болуьйтуш латтош бу и Iам. Iоман куьзгана тIехь тухуш тулгIе а яц, я махо ловзийна а меттахъхьовш