Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3011
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Арахь хIинца а сирла ю. Сингаттаме ду есачу аренца. ЦIийзаш, шок етта махо, наггахь бен йоцу бецан хелигаш дIаса а идош. Меллаша текхаш йоьлху, хIара аре санна беса йолу, мар- хаш. Сира, беса стигал. И дерриг а бIаьргашна хьалха маьлхан зIаьнаршлахь ловзу, хелхадуьйлу. Суьйре. ЯлхалгIа сахьт. Аре- нашца тов, бурко, бIарлагIаш. Меттамотт болучохь сингаттаме тийналла. Йовхоно хьере вина массо а. -
ХIара ду и тхан дайн хилла цIа. Меллаша керта воьду со. Гонаха тийналла, есалла. Ма лаха бахам, лаха Iилма боху вайн кица йохье а лаьцна, леллера со хIинццалц. Ученан ламеш тIехула хьалаволу со. Меллаша неI схьайоьллу, чоьхьаволу. Чохь бодане а, тийна а ду. ТIуналла ю хаалуш массо меттехь. Басадевлла корера кисеш, пенаца лаьтта гIанташ. Маьнги тIехь Iуьллура ненан кор- тали. Дагаяьхкира бераллин хенаш, яьккхина мерза зама. Легашка шад хIоьттира. Дийцахьа, мила ву дагалецамаша хорам банза. Схьахетарехь, цхьа а хир вац.
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Предложенехь оьшуш йолучу меженийн хIоттам билгалбоккху цуьнан структурано: шинахIоттаман предложенешкахь ши коьрта меже, цхьанахIоттаман – царах цхьаъ; цхьайолу коьртаза меженаш а ца хилча ца торуш меттигаш а нисло: нийса кхачам кхечуьнга болучу хандашехь.
Шайна чохь коьртаза меженаш хиларе (ца хиларе) хьаьжжина, цхьалхе предложенеш хуьлу цхьанахIоттаман а, шинахIоттаман а, яьржина а, яржаза а. Шена чохь цхьа коьрта меженаш бен йоцург, яржаза предложенеш ю. Масала: ДогIа доьлху, хьоькху мох. Iа. Садовш лаьтта.
Шена чохь коьртачу меженел сов, коьртаза а меженаш ерг яьржина предложени ю. Масала: Маьлхан зIаьнаршлахь эсала луьйчура дерриг а Iалам. Кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь хиларе хьаьжжина, цхьалхе предложенеш екъало юьззина йолучу а, юьззина йоцучу а предложенешка. Юьззина йолучу предложенешкахь кхетарна оьшуш йолу ерриг а меженаш хуь- лу, ткъа юьззина йоцучу предложенешкахь коьрта а, коьртаза а меженаш эшош нисло. Масала: Малхбузехьара схьагIертара Iаьржа догIанан мархаш. Iела деша вахара, ткъа со – майдана.
Юкъахйитина меже меттахIотто тарлуш ю, тIаккха предло- жени юьззиначу кепе йоьрзу. Юьззина а, юьззина йоцу а пред- ложенеш – уьш цхьана предложенин кепаш ю.
ЦхьанахIоттаман хандешнийн предложенешкахь подлежащи а, цIеран предложенешкахь сказуеми а дацар – и предложенеш грамматически юьззина цахиларан билгало яц. Уьш юьззина цхьанахIоттаман предложенеш ю.
Предложени юьззина цахилар цуьнан хIоттамца доьзна хуьлу, маьIница а доцуш. Дукхахьолахь контекст диалогехь хуьлу. Оцу диалогехь хаттаршна дуьхьал жоп луш йолу предложенеш хуьлу юьззина
йоцурш.
-
– Гена юй шун юрт гIалина?
– Итт чаккхарма.
-
–ХIинца хIун бутт бу вайна? Март буй?
– Бу.
–Арахь шийла юй?
– Ю.
Юьззина йоцучу предложенин масех кеп ю:
-
Хьалхарчу текстехь цIе яьккхина меже йоцуш хуьлу юьззина йоцучу предложенехь: Бакъдерг бакъ хир ду, ткъа хабар – хабар. Учахь яйн чевнаш йина дархой Iохкура, ткъа чохь–еза чевнаш йинарш. Шина а шолгIа предложенешкахь сказуемеш дац. -
Юьззина йоцучу предложенехь хIоьттинчу хьоло къастош йолу меже. Масала, автобус я такси ларъеш Iачу меттехь цхьаммо йогIу аьлча, иза автобус я такси юй хаьа массарна (цуьнан цIе йок- кхуш яцахь а). Иза, кхеташ а йолуш, юьззина йоцу предложени ю. -
Диалоган юьззина йоцу предложенеш – диалоган репликаш (предложени-хаттар, предложени-жоп), вовшашца йозаелла йолу контекстаца а, хьолаца а.
-
Мича, мичара? -
Шелара Гуьмсе.. Ткъа хьо? -
Гуьмсера Шела.
Упражнени № 1. Юьззина йоцу предложенеш схьалаха. Бил- галъе церан кеп. Муьлха меженаш ю царна чохь эшийнарш? Диц ма де сказуеми эшош ялийначу предложенехь тире юьллуш хилар.
-
Шун мила ву кхузахь? – гIийла хаьттира йоккхачу стага. -
КIант. Студент, – жоп делира зудчо сиха. – Ткъа хьан? -
ЦIе хIун ю? -
Муса. -
Ца хезна. Дукха хан юй? -
Ши бутт. -
Сайниг – ворхIалгIа бутт! – жоп делира йоккхачу стага.
Упражнени № 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Юьззина йоцу предоженеш билгалъе.
1) Да кха тIе ваха кIант цунна тIаьхьа. 2) Уьш
четар чу а бахана охьахевшира. Iимран стоммачу юьхка тIе Мовла жимачу гIанта.
-
КIант дика доьшуш ву ткъа йоI ледара. 4) Шина а шахматисто дукха сиха дIасатиттира шахматаш юьхьанца. Юха диккачу ханна ойлане воьрзу. 5) Дукха лийлира АслагIа хьуьнахула. Варша йи- стехь юьхка тIе охьалахвелира садаIа а, кегаелла ойланаш тIегулъян а. 6) Стевно заза июнь беттан хьалхарчу деношкахь даьккхира ткъа декхно цул тIаьхьа. 7) Зарета массарна а йицъелира. Бакъду, цхьана ханна. Хьеший дIабаххалц. 8) ХIинца чохь ремонт ян а мегар дара. Заремина обойш карийра, Маретана хьаьхьамч ткъа суна олифа а, мел а хьалха чоьнаш кечъеш дисина долу. 9) ДоттагIий дIахьовсал инзаре буьйса; буьйсанца некъ эцна мархаш а лиела.
Упражнени_№_3._Юьззина_йоцучу_предложенешкахь_оьшучохь_тире_йилла._Юкъахйитинчу_меженийн_цIерш_яха.'>Упражнени № 3. Юьззина йоцучу предложенешкахь оьшучохь тире йилла. Юкъахйитинчу меженийн цIерш яха.
-
Дуьне серладоккху малхо, ткъа адам хаарша. -
Харцдерг цхьана кога тIехь лаьтта, бакъдерг шина кога тIехь. -
Хьекъалчо ша бехкево, сонтачо кхиберш. -
Гома дечиг воттано нисйо, Iовдал стаг халкъо. -
Лаьхьано цIока шарахь цкъа хуьйцу, ткъа ямартхочо хIор денна. -
Хаарша Iилма кхуллу, ткъа уьш цахиларо тешам. -
Шен тидамийн тIаьхьалонна а, дешнаш тIехь болх барна а яздархочунна майралла оьшу, скульпторна поппарца а, мрамарца а, художникана басаршца.
(1-6 предложенийн шолгIачу дакъошкахь юкъахдитина
сказу- емеш, 7-чу предложенехь: болх беш.)
Упражнени № 4. Хаттар-жоп кепах пайда эцарца диалог хIоттае кху темина «Шина доттагIчун къамел».
Упражнени № 5. Кегаделла кицанаш хила ма-деззара вовшах- таса. Дийца, шолгIачу декъехь тире хIунда хIотто еза.
1) Говр цергашца евза 2) Къаьхьаниг марздан – хала Говро гаьллаш ловзайо Дов бIаьргашна хьалха волуш де
Дика стаг – хьекъалца ЛадоьгIначух – хаарш Дикачу стагана новкъадерг Мерзаниг къахьдан атта ду Стаг – къамелаца Хаставе гуш воцуш
Хабарчо – мотт ТIадамех хIорд кхоллало Вуон стаг Iовдалчу забаршца
билгала ву Сонтачунна – забар
(1. Говр цергашца евза, стаг – къамелаца. Говро гаьллаш лов- зайо, хабарчо – мотт. Вуон стаг Iовдалчу забаршца билгала ву, дика стаг – хьекъалца. Дикачу стагана новкъадерг, сонтачунна–забар.
-
Дов бIаьргашна хьалха волуш де, хаставе гуш воцуш. Мерзаниг къахьдан атта ду, къаьхьаниг марздан – хала. ТIадамех хIорд кхол- лало, ладоьгIначух – хаарш.)
Упражнени № 6. Диалогашна таллам бе. Муьлха меже юкъа- хйитина къастаде.
-
– Абазойн махкара мила ву?
-
Шершавидзе. -
Эла Шершавидзей? Вевза суна. ГIебартара? -
Шимоха Коцев. -
Иза а вевза суна. Ткъа хIун оьшу царна? -
Шайца къамел дар. -
Соьга шаьш долчу вола боху кхара? -
ХIаъа. Генара хьеший бу уьш. Вай хьаша лору Iадатехь… (Ош. Х.)
-
Дитта тIераниг сихха охьавоьссира.
-
БогIуш бу. -
Маса ву? -
Шиъ. -
Дика хьаьжирий хьо? -
Хьаьжира. -
Сирчу динахьверг вуй? -
Ву. (Гайс. I.)