Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3063
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Шеко йоцуш дара йоIана кIант дагавогIур вуй-техьа бо- хург. 2) Белита шеца йогIург хиларх тешна вара Амади. 3) Суна моьтту, Тапа, хьо хьуо бIаьрзе ву. Нагахь кху ламчохь Нажмуддин къобалвахь, кхузахь хIун хир ду хаьий хьуна? 4) Гуш ду суна, хьо программех ца кхетта. Дийначу большевикашца къамел мукъане а диний ахьа? 5) Гой хьуна, Чермоевца ахьа гIуллакх леладо. На- жмуддина ахьа церг йоьллира, Дербентера пен Доне кхачо гIерта.
6) Ма-дарра аьлча, хIара имам хила гIерта стаг цхьа вежарий сан- на, бертахь бехачу нахана юккъей, къаьмнашна юккъей дов таса гIерта. 7) Шеко яц, и стаг дукха хан ялале махкана а вевзаш инарла хир ву. 8) Цхьадика серлаяьккхиначу вокзала хьалхахь цхьа дегI дацара гуш. 9) Гонаха хIумма а хийцам ца хаалуш, дерриг а ша ма- дарра дара. 10) Хаалахь, герз дайча со суьде гIур ву. Амма со суьде вахале, аса хьуна дан деззарг дийр ду. 11) – Эла, киназ-м тешна а вацара хьо, жIаьлин кIеза ду-кх, – элира Саьмбас, дIа а хаьрцаш.
-
Хууш дара, беноша гобаьккхина ха а тесна, хьун дIалацар. -
Ала дашна, махкана динарг а дайна, махко динарг а дайна. -
Кхузара дIа а ца довлуш, мелхо а хьун ваьшгахь юьсийла ла- ахь, хIокху меттехь совца деза вай. И ца дой, вешан цIадерза деза. -
ХIай нах, схьагарехь, салташца дийца деза. Вай санна адамаш дац уьш, керстанаш белахь а? – элира вукхо (Ош. Х.)
Упражнени № 8. Хаттаршна жоп даларца юкъаялочу предло- женешца тIеюза текст.
-
Юьртда ( муха ду цуьнан куц-кеп?) леррина ладоьгIуш лаьттара гулделлачу адаме. 3) Юнус хIетахь а вара (хьуна маца вевзира иза?) гIеметтахIоьттина стаг. 4) Урамехула (муьлхачу гIалахь дара иза?) берриг некъ дIалаьцна богIуш кегий нах бара.
-
Ламанан ярташ (муьлхачу меттера ярташ ю юьйцурш?) лекха лаьмнаш долчохь дIатаръелла гуш ю. 6) Мохьмад (маца хиира хьуна иза?) хIор денна хьуьнах талла оьхуш хилла. 7) Тхо догIуш гича, бахархоша мангалш охьадехкира, (маца дара иза?) юха, оха хIун олу хьовсуш, ладогIа хIиттира. 8) Шен чоьнна чу ваьлча, (мичахь а, муха а яра иза?) Мовсар маьнги тIе охьа а хиъна, ойланаш ян вуьйлира. 9) Жим-жима дешар а дезаделира суна. Амма профес- сорийн (муьлхачу, похIма долуш доцуш?) лекцеш яцара уьш, ткъа ша студентийн дахаран амал яра. 10) Цу тайпана хабарш суна (юьртахь муха вуьйцуш волучу?) вуно дукха хезнера.
Упражнени № 9. ХIокху юкъадалочу дешнашца предложенеш кхолла.
Вайна ма-гарра, дера, цул сов, сан ирсана, ала дашна, гур хьу- на, кхетий хьо, мухха а, цу тIе, бакъду, аьр вай, хьоьга хаьттича, деца хьуна, цхьана агIор, вукху агIор.
Предложенин меженашца грамматически уьйр йоцучу дешнашца, дешнийн цхьаьнакхетаршца, предложенешца йолу предложенеш пунктуационни а, синтаксически а къастор.
ТIедерзарца а, юкъадалочу дешнашца а, юкъаялочу предло- женешца а чолхеевлла предложенеш къастор шинахIоттаман пред- ложенеш къастор санна дIахьо. ТIедузар йоьалгIачу пунктехь до. Цигахь билгалдо предложени тIедерзарца, юкъадалочу дешнашца, предложенешца чолхеяьлла
хилар.
Къасторан кеп
-
ХIай нохчо! Сан аьрха доттагI! ДIататта даг тIера кхера. (Сатуев Хь.)
Барта къастор
ХIара предложени тIедожаран ю. Грамматически бух–дIататта (сказуеми) подлежащи дац, цундела хIара цхьанахIоттаман бил- гала-юьхьан предложени ю. Предложенехь коьртаза меженаш ю, тIаккха хIара яьржина ю. Предложени чолхеяьлла даьржиначу тIедерзарца (хIай нохчо, сан аьрха доттагI).
Подлежащи дац, сказуеми–дIататта–хандешан цхьалхе ска- зуеми ду. ТIедерзар грамматически предложеница дозаделла дац.
Йозанца къастор
ХIай нохчо! Сан аьрха доттагI! ДIататта даг тIера кхера. (Са- туев Хь.)
Цхьалхе, тIедожаран, цхьанахIоттаман, билгала-юьхьан, яьр- жина, чолхеяьлла даьржиначу тIедерзарца.
-
Схьахетарехь, зудчун дог кIаддира дийцинчо.
Барта къастор
ХIара дийцаран предложени ю. Грамматически бух–кIаддира (сказуеми), дийциначо (маьIнин подлежащи). Предложенехь коьр- таза меженаш а ю, цундела иза яьржина ю. Предложени чолхеяьлла юкъадалочу дашца, цо тешна цахилар гойту. Подлежащи – дийцинчо, причастих кхолладелла. Сказуеми–кIаддира–цхьалхе сказуеми ду, хандашах кхолладелла. Схьахетарехь–юкъадало дош ду, грамма- тически дозуш дац предложенин вукху меженашца.
Йозанца къастор
Схьахетарехь, зудчун дог кIаддира дийцинчо.
Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, чолхеяьккхина юкъадалочу дашо.
Шакъаьстина меженаш
Предложенехь коьртаза меженаш кхечу дешнех интонацица, шайн маьIница схьакъасто тарло. И тайпа меженаш шакъаьстина меженаш ю.
Меженаш шакъаьстина хилийтархьама, грамматически а, маьIнин хьелаш оьшу.
МаьIнин хьал: коьртазчу межено хьарчош гайтинчу кепехь билгалбо хилам я хьал. Цу дуьхьа дешнийн форманех, цхьаь- накхетарех лаьтташ болучу карчамех пайда оьцу, масала: Зезаган хазачу хьожано, малхо
дохдина долучу, чоь хьалаюьзира. Лаьмнаш хиларал сов, Кавказан махкахь Iаьмнаш а ду; кхузахь карчамийн
«хиламан», «хьолан» маьIна ду: Зезаг малхо дохдина; Кавказан махкахь Iаьмнаш а ду.
Грамматически хьелаш: а) ша билгалдечу дашна коьртачу межено грамматикин бакъонашца йогIуш йоцу меттиг дIалацар– инверси; б) билгалдечу дашца йолу уьйр херъяр, дешнийн цхьаь- накхетар вовшахдаккхар; в) коьртазчу меженан хIоттам шорбар (карчам).
Лакхахь далийначу масалехь причастин карчам малхо дохдина долу билгалдечу цIердашна тIехьа лаьтташ бу.
Йозанехь шакъаьстина меженаш запятойшца, наггахь тире йил- ларца билгалйоху. Предложенехь шакъаьстина меженаш хила тарло къастамаш, латтамаш, кхачамаш, юххедиллар. Шакъаьстина къа- стамаш дукхахьолахь причастин карчамах хуьлу, ткъа шакъаьстина латтамаш деепричастех а, деепричастин карчамаха.
Масала: Мох, массо а агIор схьахьоькхуш болу, тIеттIа чIагIлуш бара. Нагахь санна причастин карчамна тIехьа лаьтташ хилахь, шакъаьстина меже хуьлий ца лела къастам. Масала: Массо а агIор схьахьоькхуш болу мох тIеттIа чIагIлуш бара.
Упражнени № 1. Нийсадоцу алар билгалде.
-
Шакъаьстина меженаш – сацаран хьаьркашца а, интонацица а билгалъеш йолу меженаш ю. -
Шакъаьстина коьртаза меженаш бен ца хуьлу. -
Наггахь бен къастош ца хуьлу бертаза къастамаш. -
Деепричастин карчамах хилла латтамаш предложенехь къастабо. -
Фразеологически цхьаьнакхетарх хилла деепричастин кар- чамаш шакъаьстина хуьлу. -
Латтамаш шакъаьстина хуьлу, нагахь санна цара хиламан хан а, меттиг а билгалъеш елахь.
Упражнени № 2. Еша