Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3100

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор


  1. Предложенин дакъош билгалдахар.

  2. Предложенин дакъош вовшаххоттаран гIирс билгалбар: цхьаьнакхетаран хуттургаш (дозаран, къасторан, дуьхьалара).

  3. Цхьалхечу предложенин маьIна.

  4. Чолхечу предложенина юкъа догIу дакъош къастор (цхьалхе предложенеш) цхьанахIоттаман ю я шинахIоттаман, цхьанахIоттаман кеп (юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза, цIеран, юьззина ю я яц, чолхеяьлла ю я яц (тIедерзар, юкъ- адало дешнаш, цхьанатайпанарчу меженашца а, шакъаьстиначу меженашца а, карчамашца).

  5. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар.
Я гуш тIехь сакхт а дацара, я цIий даьлла меттиг а яцара, ког чIогIа лозура.

ХIара кхаа предложенех лаьтташ, чолхе предложени ю. 1-ра цхьалхе предложени: Я гуш тIехь сакхт а дацара.

2-гIа цхьалхе предложени: Я цIий даьлла меттиг а яцара.

3-гIа цхьалхе предложени: Ког чIогIа лозура.

1-чу предложенин коьрта меженаш: сакхт – подлежащи, гуш дацара – сказуеми. 2-чу предложенин коьрта меженаш: меттиг – подлежащи, яцара сказуеми. 3-чу предложенин коьрта меженаш: ког – подлежащи, лозура – сказуеми.

ХIара чолхе-цхьаьнакхетта предложени ю. Предложенешна юкъахь къасторан маьIна ду, хьалхара ши предложени вовшех юзуш къасторан хуттург я ю, ткъа кхоалгIаниг – интонацица йозаелла. Предложенеш вовшех запятойшца къастийна.

ЯгуштIехьсакхтадацара дийцаран, цхьалхе, шинахIоттаман предложени, юьхьан, яьржина, юьззина, чолхеяьлла яц.

Я цIий даьлла меттиг а яцара – дийцаран, цхьалхе, шинахIоттаман предложени, юьхьан, яьржина, юьззина, чолхеяь- лла яц.

Чолхе-карара предложени къастор


    1. Коьрта а, тIетуху а предложенеш билгалъяхар.

    2. ТIетухучу предложенино коьрта предложени ерриг я цу чуьра цхьа дош кхетадо къастор.

    3. ТIетуху предложени коьртачух стен дIахутту а (хуттурго я хуттурган дешнаша), царна луш долу хаттар а къастор.

    4. ТIетухучу предложенин кеп къастор (кхачаман, къаста- ман, латтамийн).

    5. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIдар.

    6. Предложенин схема хIоттор.

    7. Коьрта а, тIетуху а предложенеш цхьалхе предложенеш санна къастор.




Къасторан кеп


Хезна суна, Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш.

ХIара чолхе предложени ю. Шина цхьалхечу предложених лаьтташ ю и. Коьрта предложени: Хезна суна, тIетуху предложе- ни: Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш. ТIетуху предложенино ерриг а коьрта предложени кхетайо: хезна суна хIун? иза цунах дIахоьттина карарчу хуттурго бохуш. Кхачаман тIетуху предложе- ни ю иза. ТIетуху предложени коьртачунна тIехьа лаьтташ ю, иза цунах запятой йилларца дIакъастийна.
Коьрта: Хезна суна: хIун? хIун?

(тIетуху предложени) Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш

(кхачаман тIетуху предложени)
Хезнасунацхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яржаза, юьз- зина предложени. суна – логически подлежащи, хезна- хандешан цхьалхе сказуеми.

Кавказ хазачу Iаламан мохк бу бохуш – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина. Кавказ-грамматически под- лежащи, мохк бу – цIеран хIоттаман сказуеми, хазачу Iаламан – къастам, бохуш – хуттург – меже ца хуьлу.


Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор


Шайна наха дина вуо дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. (Кунта-Хьаьжа.)
ХIара чолхе предложени ю, кхаа цхьалхечу предложених лаьт- таш. Кхоъ грамматически бух бу цуьнан: Шайна наха дина вуон дицделаш;изадицдарцашуцуннагенадовлу;изашухдIакъаьста. И предложенеш вовшех йозало интонацица, цундела иза хуттургаш йоцу чолхе предложени ю. Предложенеш вовшех кIезиг йозуш а, яьржина а, кхачаме маьIна долуш а ю, цундела цхьалхечу пред- ложенешна юккъе тIадамца запятой хIоттийна.

Шайна наха дина вуо дицделаш – цхьалхе, дийцаран цхьа- нахIоттаман, билгала-юьхьан, яьржина, юьззина предложени. Под- лежащи дац, дицделаш хандешан цхьалхе сказуеми; шайна лач кхачам; наха дина вуон – нийса кхачам.

Иза дицдарца шу цунна генадовлу – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина предложени. Шу – граммати- чески подлежащи, генадовлу – хандешан цхьалхе сказуеми, иза дицдарца – даран суьртан латтам, цунна – лач кхачам.

ИзашухдIакъаьстацхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьр- жина, юьззина, чолхеяьлла яц. Иза – грамматически подлежащи, дIакъаьста – хандешан цхьалхе сказуеми, шух – лач кхачам.

ЦIесашна тIелетта мостагIий: тасадаларехь халлакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а. (Ахмадов М.)

Предложени чолхе ю, хIунда аьлча цуьнан шиъ грамматически бух бу: цIесашна тIелетта мостагIий; тасадаларехь хIаллакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а. Шина цхьалхечу предложених лаьтташ бу и бух. И ши цхьалхе предложени еккъа цхьана
эшарца цхьаьнак- хетта: иза хуттургаш йоцу чолхе предложени ю. Бахьанин маьIнехь ю шолгIа предложени, цундела цхьалхечу предложенешна юккъе шитIадам буьллу.

ЦIесашна тIелетта мостагIий цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяьлла яц. МостагIий – грамматически подлежащи, тIелетта–хандешан цхьалхе сказуеми, цIесашна – лач кхачам.

Тасадаларехь хIаллакьхилла тхьамда а, цуьнан кIант а – цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, чолхеяь- лла яц. Тхьамда а, цуьнан кIант а – грамматически подлежащи, хIаллакьхилла – хандешан цхьалхе сказуеми, тасадаларехь – да- ран-суьртан латтам.

Ийна предложени къастор



ЙоьIан дог-ойла деша лаам болуш яра, амма студентка хилла яьлча, дохкоелира иза ша дагалаьцначух, хIунда аьлча иза, деша гIерташ, шена ницкъ беш яцара, ткъа самукъадала меттигаш кхузахь, институтехь, дуккха а яра.

ХIара чолхе предложени ю еа цхьалхечу предложенех лаьтташ йолу. 1-чу а, 2-чу а предложенехь цхьаьнакхетаран уьйр ю, уьш

вовшах йоьзна дуьхьаларчу хуттурго – амма. 2-чу а, 3-чу а пред- ложенешна юккъехь ерг карара уьйр ю, царах хьалхарниг коьрта ю, важа тIетуху предложени, коьртачух иза хоттало хIунда аьлча бохучу карарчу хуттургаца. Бахьанин тIетуху предложени ю иза. 3-чуй, 4-чуй предложенешна юккъехь ерг цхьаьнакхетаран уьйр ю, и ши предложени вовшаххоттало дуьхьаларчу хуттургаца ткъа. ЙоьIан дог-ойла деша лаам болуш яра цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яржаза, юьззина. ЙоьIан дог-ойла
логически подлежащи, деша лаам болуш яра хандешан хIоттаман сказуеми. Студенткахиллаяьлчадохкоелираизашадагалаьцначух.Цхьал- хе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина чолхеяьлла яц. Иза грамматически подлежащи, дохкоелира хандешан цхьалхе сказуеми, студентка хилла яьлча хенан латтам, шадагалаьцначух

  • лач кхачам. ДешагIерташ,изашенаницкъбешяцара. Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, причастни карчамца чолхеяьлла. Иза грамматически подлежащи, деша гIерташ ницкъ беш яцара хандешан хIоттаман сказуеми, шена лач кхачам.Са- мукъадала меттигаш кхузахь, институтехь, дуккха ю. Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, юьззина, юкъадалочу дашца чолхеяьлла. Меттигаш – грамматически подлежащи, дуккха а яра цIеран хIоттаман сказуеми, самукъадала къастам, кхузахь, институтехь – меттиган латтам.

Пайда эцна литература





  1. Дешериев Ю.Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских народов. – Грозный, 1963.

  2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. Нохчийн мотт. 2-гIа дакъа. Синтаксис. Нохч-ГIалгIайн педучилищан 3-4 курсашна учебник. Гроз- ный, 1985.

  3. Джамалханов З. Д., Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я. У. Нохчийн мотт 8-9 классашна, Грозный, ГУП «Книжное издательство», 2005.

  4. Джамалханов З. Д., Чинхоева Т. Н. Нохчийн мотт 10-11 классаш- на-Грозный, ГУ «Книжное издательство», 2002.

  5. Лекант П. А. 125 основных правил русской грамматики с упраж- нениями. М. «Дрофа», 1999.

  6. Соболева О. Русский язык. 5-11 кл.М. «АСТ-ПРЕСС», 2000.

  7. Т. С. Кудрявцева, Арзуманова Р. А., Нефедова Р. М. Русский язык. Текст, грамматика, культура речи. 11 кл., М. «Дрофа», 2002.

  8. Тростенцова Л. А., Ладыженская Т. А., Дейкина А. Д., Алексан- дрова О. М. Русский язык. 8 кл. М. «Просвещение», 2010.

  9. Тростенцова Л. А., Ладыженская Т. А., Дейкина А. Д., Алексан- дрова О. М. Русский язык. 9 кл. М. «Просвещение», 2010.

  10. Халидов А. И. Типологический синтаксис чеченского простого предложения. Нальчик, 2004.

  11. Эсхаджиев Я.У. 4 – 8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика. – Грозный, 1987.

  12. Эсхаджиев Я.У. 9-чу классехь нохчийн мотт хьехар. Грозный, 2003.

  13. Эсхаджиев Я. У. Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а Iамор.-Грозный, «Арфа-Пресс», 2010

  14. Эдилов С. Э. Самукъане грамматика. Грозный, «Арфа-Пресс», 2010.

  15. Яковлев Н. Ф. Синтаксис современного чеченского литератур- ного языка. М-Л. 1940.