Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3087

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич


11) ЦIеххьана дагаваьллачу Бетас, кора тIе а вахана, кхеран жима лампа латийра, чохь гIеххьа серлаелира. 12) Чуваьлла Бета тIехьа ши куьг диллина неIарехь лаьттара, кест-кеста корехула ара а хьожуш, чехка тIехIуттуш лаьттачу маьркIажан хенан ойла а еш.

  1. И сурт шена дуьхьалхIоьттича, Бештос, кийрара дог тохалой,

Iаьржачу хьаьж тIе шад а хIоттабой, шен говрана шед тухура.

  1. Иза, цу тайпана чехка юьртах а иккхина, къайлавелира. (Бадуев С.)


Упражнени 3. Предложенеш тIера схьаязъе. Сацаран хьаьр- каш хIиттаде. Дийца, цхьаболу деепричастех хилла латтамаш за- пятойшца хIунда ца къастийна.


    1. Сатесча дуьйна оцу дийнахь ло дара догIуш ца соцуш.

    2. Саьрмис чоьхьа а ваьлла куьг кховдийра Селамсолте, амма вист ца хуьлуш цуьнан бIаьра а ца хьожуш. 3) ХIоьттина велахь а цуьнан куц-кеп-м дерриг а дуьне шен карадерзийначу стеган санна ду.

  1. Ша дешдерг куьг куьйгах ца тухуш дора цо, цундела больницан гIишло хIинца а йина ялаза яра, ткъа дарба лелор доцучу новккъа дара. 5) Дуккха а хиъна Iийра со цхьана а хIуманан ойла а ца еш ойланашка а тийналлин йийсаре а вахана. ТIера бIаьрг ца бок- кхуш хьийжира со къегинчу, бIаьргийн нур дойучу можачу басара томмагIашка. 6) Декхнийн гIаш кхозу меттах ца хьовш. 7) Массо меттера схьаоьхура тIемалой, богIура бIо ца къажош мостагIашна дуьхьал. 8) Цо и аьлча нана резайоцуш дIахьаьжира шен лулахо- чуьнга. 9) Чхерашна юккъехула хи тIадамашца Iийдалуш охьаоь- гура лакхара чу. 10) Цхьа стаг хилла цу хенахь цу меттигашкахь жа дажош лелаш.



Упражнени 4. Деепричастин карчамашна хаттарш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, хIун латтамаш бу уьш.
Кхокха санна, даржош сийна тIемаш, Сирла Iуьйре юьрта йоьссина.

КIайн йовлакх а коьртахь, лере теIаш, Балл ю цхьаъ-ам дуьйцуш кхурана.

Деса ведарш декош, шовданехь Къона йоI го йоьдуш сихъелла,

Ткъа малх, буьхьархIуьттуш лома тIехьа, Цунна тIаьхьа хьоьжу, айбелла.

(Ш. Арс.)

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш



Нохчийн маттахь дукха нисло предложенешкахь шакъаьстина хенан а, меттиган а латтамаш. Цара таро ло кIорггера хаийта маца, мичахь кхочушхуьлу дар я хилар. Меттиган латтаман дурсо шел хьалхарчу меттиган латтаман маьIна дуьззина нийса билгалдоккху. Масала: Некъана аьрру агIорхьа, даккхийчу, горгачу лаьмнашна юккъехь, тийна Iара Хойбахан Iам. (Н. С.-Хь.)

Хенан латтаман дурсо шел хьалхарчу хенан латтаман маьIна дуьззина нийса билгалдо. Масала: Iуьйранна, сатасале хьалаик- кхина, Нихала охьахьаьдира ИбрахIим. (Н. С.-Хь.)

Предложенехь запятойшца билгалдоху хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш, ткъа олуш, соцунгIа йо.
Упражнени № 1. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIаязъе. Шакъаьстина хенан, меттиган латтамаш билгалбаха. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.


    1. ХIор Iуьйранна балха вахале хьалха ИбрахIимбек шен ден ваша волчу чувоьдура. 2) Цигахь Тифлисехь «Кавказ» цIе йолчу газетехь масех шарахь болх бира ИбрахIимбека. 3) ГIуша цигахь набахтехь цхьа нохчий хилла ма ца Iара. 4) Цара дийцира боху ГIалгIайчохь Назранна юххехь БуритIе йоьду пошта яьхьна бохуш.

  1. ХIора Iуьйранна хIума йиъначул тIаьхьа шен гIарбашца йолаяла арайолура полковникан зуда. 6) Бухахь дIо Iинан кIоргенехь чIуг етташ синкъерамечу гIовгIанца доьду цхьа тамашена цIе йолу хи – Хулхулу. 7) ГIушмазукъа коьллашна юккъехула некъана гена ца волуш охьахиира. 8) Оцу хенахь дукха хан юкъа ца юлуш гел- даганхо а Солтамурд а волучу тIулга тIехьара тIаьхьий-хьалхий шина тоьпан тата делира. (М. М.) 9) Кхуьнан даг чохь-м бацара тем оцу даг чохь цуьнан кхетамехь дарц дара. 10) Ткъа хIинца тIом дIабаьлла маьрша даьхкинчу шерашкахь таро яра даго къобалйи- начу говзаллин корматаллин хьокъехь ойла ян. 11) Цул тIаьхьа суьйранна цхьайтта сахьт даллалц шайн лаамехь бара курсанташ.


  1. Хьуьна юьстаха хин бердана шовзткъе итт метр лакхахь ша лаьтташ хиллера аьрзун бен тIехь болу лекха дитт. 13) Сатоссучу

хенахь фашистийн кеманаша тIелатар дира, тIаккха суна хIокху аьрру пхьаьрсах а, коьртах а чевнаш йира. (Сар. Хь.) 14) Стигал цхьаммо гIум хьоькхуш къагийна хеталучу седарчех йогура къорза. ( Мус. М.)
Упражнени 2. Латтаман дурсашна кIел сиз а хьокхуш, дIаязъе предложенеш. Барта дийца, муьлха дурсаш ду уьш: хенан я меттиган.


    1. Иза дара 1958-чу шарахь, бIаьста, Меъний чоь олучу жи- мачу юьртахь. 2) Цхьана Iуьйранна, стохка, 23-чу февралехь, нахе хIора юьртахь а дIакхайкхийна хиллера, некъаш тодан гIур ду, аьлла. 3) ДIогахь, лакхахь, хи йисттехь ю Эсила ехаш йолу тоьла.

  1. Тоьланашна хьалхха, хи уллехь, бедарш юьттуш йоллучу, кIай жима йовлакх тиллинчу цхьана зудчух бIаьрг кхийтира Халадан.

  2. ШолагIачу шарахь, бIаьсте ма елли, юха а вахара Халад Актю- бинске шен йоI схьаяло. 6) Тховса, ворхI сахьт даьлча, «Бож-Iела» спектакле хьажа барт бина яра Лайсий, Заремий. (Н. С.-Хь.) 7) Мар- хин бутт тIекхаьчча, гIурбанан баттахь, я муьлххачу а пIерасканан сарахь, цкъа цхьаммо, тIаккха вукхо роггIана чувалавора цу шиммо, шешан цIахь лоруш волу воккха стаг Дабаз.(М. I.) 8) 1930-чу ша- рахь, аьхкенан юххьехь, хIорш шозлагIчу классехь болуш, кхеран хьехархочуьнца чувелира тайначу аматахь волу лекха стаг. 9) Вайн областехь, гIали чохь, дуьххьара схьайоьллу лоьраш кхиош йолу медицински техникум. 10) Цу школе, шен 15 шо кхочуш, дуьх- хьара деша яхара Хьава, ша ханна тIаьхьайиснехь а. (С. М.) 11) ШолгIачу дийнахь, сарахь, шен дагахь дика резавоцуш, Саламбек новкъа а ваьккхина, Зеламха ша ЭгIаш-эвла боьдучу новкъа вели- ра. 12) ДIо лахахь, берда кIелдIахула, раз хьокхий а тухуш, аьчкан кIохцалан сара буьйцинера. 13) Цу берда техь, хьуьна юккхъерчу паргIатчу майданашкахь, хьийкъинчу бацалахь, махо бес-бесара кортош а лестош, хаза зезагаш лепара. 14) Цигара схьа, бIе гIулч со гена велахь а, Ведана-гIопан чоь, куьйган кераюккъехь санна, дика гора. (Мам. М.)


Упражнени № 3. Муьлхачу меттехь хIотто еза запятой, пред- ложенехь цхьа латтам хилийта.