Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3013
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР
Упражнени № 1. Предложенин коьртачу меженашна кIел сиз хьакха. Дийца, муьлха къамелан дакъош ду коьртачу меженийн декхарш кхочушдеш.
-
Кхераделла бераш, ларлуш, хьуьнах чудуьйлира. 2) По- этан хIор стихотворени – жима толам бу бодан тIехь. 3) Декхначу дийнахь вахара со Наибца хьуьнах талла. 4) Некъ боьхна а, хьий- заш боьдуш а бара. 5) ГIийла богура ши чIурам жимачу оти чохь.
-
Гулбеллачарна хьалха лаьттара лекхачу дегIахь волу жимха. -
КIотарахь Iер де-дийне мел дели хала а, сингаттаме а ду. 8) Iалам исбаьхьа ду. 9) Iибади воккха питанча ву. 10) Диъ кхаъаннал сов ду. 11) Ламанца хIаваъ цIена хуьлу. 12) Шега далуш долу диканиг дар хIоранна а тIехь ду.
Упражнени № 2. Предложенешка хьовса. Коьрта меженаш бил- галъе, къастае церан кепаш.
-
Гобаьккхина гонаха декъа, довха, зевне хIаваъ дара. -
Хи шога ду. Бецаш гIийла ю. Цхьа хIаваъ ду бес-бесара. -
Хьалххе самадевллачу олхазарийн гIовгIано дуьзна хIаваъ хIоне дирзина хетара. 4) ЦIенош нохчаша дечу кепара дина дара – поппар кепа а тухуш, тIе ча а диллина. 5) Иза бегашена, амма велавалар доцуш аьлла дара. 6) Шемал БойсагIарца къамеле велира, Iисас, ша мел вахарх, бицлур боцу тидам бира цуьнан. 7) Лаьтта тIе бертал вижна, Каабехь болучу тIулгана хьалха хьаьжа санна, дуьненан лакхе гина къинош летийнарг санна, Iуьллуш вара иза. 8) Хьешан цIа чохь хIинца а бийшаза бара. 9) Иза тIамехь майра а, къиза а вара. 10) Шура-гIала ша дIа ма-кхеччинехь дерриг дан тIелецира Iисас. 11) И санна долу къамелаш дарна таIзар дан тарлора, чинах вохаваран биста кхаччалц. 12) Оцу кIирандийнахь вада сацам бина вара верриг пхийтта стаг. 13) Цара а, кхара а «ура» бохура.
(Петр Павленко.)
Упражнени № 3. ХIокху предложенешкахь сказуеми схьалаха:
-
Оцу йоьIан бIаьргаш сийна бара. -
Адам лекхачу дегIахь дара. -
Кхана де декхна хир ду.
(Оцу йоьIан бIаьргаш бара аьлча маьIна духу, ткъа вукху шина предложенехь а и хIума хилар дац къасториг, цуьнан мухалла ю.)
ТАЛЛАМАН БОЛХ
-
Предложенера дешнийн цхьаьнакхетарш морфологически къастаде.
Iела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира юьртахь.
-
Чаккхенгахь оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде, къовларшкахь
предложенин тайпа къастаде.
-
Лоьмана тIаьхьаяьлла йоьдура пхьагал:
«Ма дада, бохий ас-м, кIиллошха кIиллу (Гац. С.)
-
ВогIушверг гIеллур ву новкъахь, Цунна хьайн кхерч латтабе Диллина ков латтаде (Сайд. Хь.) -
Ткъа, нагахь, сирла хи делхьара со Даима ца соцуш, мерза йиш лоькхуш,
Суо винчу ГIойтIа оьхур дара со (Сул. М.)
-
ХIун до кху дуьненах, кхин вовшийн ларам а боцуш, Шераш дIакерчарх тоам а беш, бесара даьхна (Хал. А.) -
Замано йорт етта, шерех деш къурдаш,
ГIа-бецаш соьналле ийзош ю бIаьсте (Эд. Х-М.)
-
Предложенин коьртачу меженашна кIел сиз хьакха, къов- ларшкахь церан тайпа билгалде.
-
Стоьла тIехь богуш гуш ши чIурам бара. -
Эвла йисттехь Iаш масех доьзал бара. -
Ваха Iелица халла дIакхечира билгалйиначу метте. -
Стигал мархех цIанъяла йолаелира. -
Сан дийцар сингаттаме хир ду.
-
Оьшучохь сацаран хьаьркаш хIиттаде.
-
Дика йиша хилар и хьан декхар ду. -
Нохчийчоь сан къоман сийлаллин бен Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина. -
Цхьана агIор шийла шовда, вукху агIор лекха берд. -
Дика дешар иза вай коьрта декхар ду. -
Шеран уггар а шийла бутт январь.
-
Шена чохь цIеран хIоттаман сказуеми долчу предложенина кIел сиз хьакха.
-
Iаткъам бита Iаткъо Iаткъам Iаткъаме,
Латкъам бита латкъо латкъам латкъаме.. (Шайх. I.)
-
Де дохдалале аьлла, хесахь асар дан юьйлира АругIаз. -
Лома боьду некъ шера хиллера. -
Цунна санна цхьанна а ца хаьа ша дукхавезийта. -
Лоха готта чоь цхьа а кор доцуш яра. -
ХIетахь дуьйна цуьнца тергаме хуьлура со.
-
Шена чохь хандешан хIоттаман сказуеми долчу предложенина кIел сиз хьакха.
-
ВоьжнаIуьллург беркъа вухавелла воккха стаг вара. -
Голаш мара а оьзна, горгвелла Iуьллура воккха стаг. -
Са чIогIа стаг ю хьо. -
ТIедогIучу шарахь шайн дай Iийначу меттигашка хьажа ваха лаам бара цуьнан. -
ЦIийдина эчиг дахчадалийта, черми чохь долчу хи чу Iитта вуьйлира зарговза. -
ХIетале цхьа урд хиллал латта готанца аха кхиира иза.
-
Подлежащина кIел сиз хьакха. Къовларшкахь гайта и муьл- хачу къамелан декъах хилла.
-
Оцу къийсамехь йоккха меттиг дIа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. (А. А,) -
Шиннах цхьаъ тIехьаьжча шен хенал а йоккха хетара. (А. А.) -
Массо дийнахь цунах цхьацца коржам йоккхуш, уьш Iаьнах бевлира. (Мут. М.) -
Чохь болчарах цхьаммо цу хенахь йовхарш туьйхира. -
Иттех олхазар дара тоькан сераш тIехь хиъна Iаш. -
Лекханиг иттех гIулч массарал хьалха вогIура. -
Церан хIусамехь даар даим а шорта хуьлура. -
– Даа-мала хир дуй вай даханчохь? – хаьттира кIанта шен дега.