Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3069

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

жижиг, даьтта, бохуш. 10) Суна хетара, хIинца ша динарг магийча, ИбрахIим кхана кхин а алсам кура вер ву аьлла.

  1. Цхьана юккъехь хезна царна, АтагIахь цхьа исбаьхьа хаза, кхе- таш, оьзда йоI ю аьлла. 12) Малх кхеттачу цхьана гуьйренан дийнахь аса сацам бира леррина оцу шина бежанца и шиъ доьддучу дIаваха цу шиммо хIун леладо хьажа. 13) ХIара картолаш а, керстанийн даар ду бохуш тIе ца лоцуш хилла вайн наха мацах заманчохь. 14) Я стигал а ца кхоьлаш я догIа а ца догIуш цхьа бутт гергга хан ю хIара йокъа лаьтташ. 15) Юткъачу мархашна тIехьара наг-наггахь гучукъ- едачу малхо йовхо ца лора, хIетте а ИбрахIима хIумма а и тергал ца дора. 16) Аз воккхачу стеган дера делахь а ИбрахIим дуьхьал вист ца хилира. 17) Борз юха а угIа хIоьттира ИбрахIима говра тIера чу а кхоссавелла юха а цуьнан юьхь лецира. 18) Ден вашас хатта а ца хаьттира, говр стенна хьаштхилла аьлла. (Нун. С.-Хь.)


Упражнени № 6.

    1. ТIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предло- женеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш. Дийца, хIунда хIиттийна запятойш.

Дуьненахь массанхьа а дIахезна, ……..аьлла. Аса кога мачаш юьйхира, хIунда аьлча ….


Дадас дийцира суна, ….. бохуш. Шина кIанта барт бира, …. аьлла.

Ломара схьа цхьа хабар деара, ….бохуш. Iелас Ахьмаде дийцинера,….. аьлла.

    1. 1   ...   55   56   57   58   59   60   61   62   ...   91

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.


а) …бохуш, дуьйцуш дара берриг юьртахоша.

б) …бохуш, хабарш а дара хезаш ламанан ярташца.

в) Нагахь санна……, тхо тIедогIучу кIирандийнахь эсашна буц яккха гIур ду.

г) ….аьлла, хийтира суна. д) хезна суна, ….. бохуш.

е) ………. цхьанна а ца хаьара.

    1. ДIакъастае коьртачу предложенех тIетухурш, хIитто еззачу запятойш а хIиттош.


а) ХIун хан ю цхьанне а ца хаьара.

б) Хьо стенга ваханера дийцахьа тхуна.

в) И къамел дIа муха доьрзур ду хууш дацара.

г) Цхьанна а ца хаьара шаьш муьлхачу юьрта кхаьчна.

    1. Коьртачу предложенина юккъе ялае билгалъяьккхи- начу карарчу хуттургаца тIетуху предложени, хIитто еззачу запятойш хIиттае. Билгалъяха коьрта а, тIетуху а предло- женеш.


а) Суна, ….. бохуш, хезна.

б) Шен накъосташна юккъехь, ….аьлла, хьахийра цо. в) Дикка къахьегча, …. аьлла, хийтира суна.

г) Наха дуьйцучуьнга ладоьгIча, … аьлла, дагатесира суна.

Упражнени 7. ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш йовзуьйтуш, схемаш хIиттош дIаязъе кху лахара пред- ложенеш.
ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш:

  1. коьртачу предложени чохь долучу дашах я ерриг предло- жених йозу;

  2. муьлхачу хаттарна жоп ло;

  3. хIун маьIна ло?

  4. тIетухучу предложенин муьлха кеп ю;

  5. муьлхачу хуттурго я хуттурган дашо хутту коьртачух;

  6. сказуемин кеп.

Ахьмаде хIинцца лулахочо дийцинера, шайн юьрта керла лор яийтина аьлла.

  1. Кхузахь тIетуху предложени (шайн юьрта керла лор яийтина аьлла) коьртачу предложенин дийцинера бохучу сказуемих йозу.

  2. Цо хIун? бохучу хаттарна жоп ло (хIун дийцинера?).

  3. Цо кхачаман (кхачам кхеторан) маьIна ло.

  4. Иза кхачаман тIетухучу предложенин кеп ю.

  5. Иза коьртачух дIахутту аьлла бохучу кхеторан хуттурго.

  6. Коьртачу предложенехь хьалх-яханчу хенан хандашах хилла сказуеми ду (дийцинера), иза билгалчу саттамехь ду, тIетухучу предложенехь яханчу хенан хандашах хилла цхьалхе сказуеми ду (яийтина).



1) Со неIар тIехьа, меттах а ца волуш, лаьттара, хIун дича бакъ- ахьа дара теша бохуш. 2) Бисолтина ца хаьара, котамна туьха мел таса деза. 3) ШаIрани вела мосазза вели, корехь дижина Iуьллучу цициго ши бIаьрг схьабоьллура. 4) Сацамбина шена а ца хаьара, ша эткашна чотка масозлагIа хьокху. 5) Нана кхийтира, со шега хIун ала гIерта. 6) Нагахь санна гIо оьшуш хIума хуьлу-кх, кхоавала ца веза хьо. 7) Сацамби массарна а вевзара, дечу гIуллакхах къехкаш вац бохуш. (Дак. С.)


ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.


ТIетухучу предложенийн

тайпа

ТIетухучу предложенин характеристика


Масалш

Кхачаман тIетуху предложени


а) коьрта предложени чохь долу хандош я хандешан форма кхетош хуьлу.

б) хоттало хуттургашца (аь- лла, бохуш), хуттурган деш- нашца: хIунда, маца, мел. ХIун? бохучу хаттарна жоп ло.

Иза ца кхийтира, ша кхуза хIунда веана а, ша хIун дийр ду а.
Хезна суна, хьо тхо долучу хьошалгIа ван дагахь ву бохуш.
Iелина ца хаьара, ша тIеваьлла гу мел лекха бу.


Къастаман тIетуху предложени


Коьртачу предложенера цIердош я цуьнан маьIнехь долу дош билгалдо.

Коьртачух хоттало аьлла, бохуш хуттургашца.

Муха? Муьлха? ХIун? боху- чу хаттаршна жоп ло.

Соьга дехарш дора цомгаш- чо, дарба дан молханаш дан шена бохуш.

Дукха ца Iаш хабар даьржира юьртахь, Ахьмсолта шен доь- залца Германе дIавоьду аьлла.

Буьйсанна цхьайтта сахьт даьлча, некъа тIехь ха деш болучара хаам бира, эвлана пхи чаккхарма дехьа оьрсийн гIашлойн тоба гучуяьлла аьлла.



КХАЧАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Коьртачу предложени чуьра сказуеми я хандешан форманах кхоллаелла кхин меже кхета а еш, цIерниг дожаран хаттарна жоп а луш йолучу тIетухучу предложених кхачаман тIетуху предложе- ни олу. Коьртачу предложених иза дIахутту хуттурган дешнаша (юкъаметтигаллин цIерметдешнаш (хIун, мел, маца, муха, хIунда) а, аьлла, бохуш карарчу хуттургаша а.

Масала: Шуьга дийца лаьа суна, хIун хийцамаш хилла сайца хIокху тIаьхьарчу миноташкахь. ТIаккха Кулдевича