Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3092

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

дештIаьхьенан

гIоьнца, цIердош лург дожаре xIотторца (иза лург дожаран яцйина форма ю, хIунда аьлча, цо жоп ло стенна? бохучу лург дожаран хаттарна.

Масала: бахара стенна чу? класса чу.

Бартбарехь коьрта а, дозуш долу а ший а дош цхьана формане (терахье, классе, дожаре) хIуттуш хилахь, ткъа урхаллехь коьртачу дашо, ша хийца а ца луш, дозуш долу дош хуьйцуш, цхьана билг- галчу дожаре хIоттадо.

Бартбарехь лаамазчу билгалдашал а, лаамазчу терахьдашал а, хандашал а коьрта цIердош хилахь, ткъа урхаллехь цIердашал а, цIерметдашал а, лаамечу билгалдашал а, лаамечу терахьдашал а, лаамечу причастел а коьрта урхалла деш хандош ду.



ТIетовжаран уьйр



Дозуш долу дош, коьртачуьнца барт беш а, я урхалла деш до- цуш, цуьнца маьIница дозуш, цунна тIетевжучу уьйрах тIетовжар олу. ТIетовжаран уьйр морфологически агIонгахьара билгал ца йолу. ТIетовжаран уьйр дукхахьолахь нисло хIокху меттигашкахь:

      1. Деепричастина, хандашна юккъехь: воьлуш воьдура, ийза- луш лаьттара;

      2. Куцдош, куцдош: сов чехка, Iаламат чIогIа...

      3. Дерзоран цIерметдош, цIердош: сан Даймохк.

ТIетовжарехь а коьрта дош хандош ду, ткъа хандашна тIетевжа дозуш долу дешнаш дукхахьолахь куцдош я деепричасти, я хан- дешан билгалза кеп (инфинитив) хуьлу.

Куцдош наггахь билгалдашна а, куцдашна а, иштта масдарна а тIетовжа тарло. Масала: Арахь чIогIа хаза ю. Кху предложенехь юбохучу гIоьнан хандашна тIетевжа хазабоху билгалдош а, чIогIа боху куцдош хаза бохучу билгалдашна а тIетевжа.

Инфинитив, хандашна тIетевжина ца Iаш, билгалдашна тIетовжа а тарло.

Масала: Иза деша ваха кийча ву. Кхузахь, цкъа-делахь, дешабоху инфинитив вахабохучу инфинитивна тIетевжа, шолгIа- делахь, кийчабохучу билгалдашна тIетевжа вахабоху инфинитив,

цул сов, ву бохучу гIоьнан хандашна тIетевжа кийча боху билгал- дош.

Дагахь латтаде. Урхаллехь а, тIетовжарехь а коьрта дош хийцарх дозуш долу дош ца хийцало, ткъа бартбарехь хийцало.
Упражнени № 1.

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю



ДIадолор
Ю ……… Дешнийн цхьабосса бакъо юй? ............ ЯЦ

↓ ↓
цхьаьнакхетаран уьйр карара

уьйр



дозуш долу дош

тIетовжар ← хийцало хийцалуш даций дац

↓ долу дош хийцалой коьртаниг хийцича
хIаъ

↓ ↓

бартбар урхалла
Чаккхе
ХIокху алгоритмах пайда а оьцуш, лахахь ялийначу предло- женешкахь долчу дешнийн цхьаьнакхетарийн хIун тайпа уьйр ю къастаде.


        1. Буьйсанан тийналлехь бухIанан аз дийкира хьуьнхахь.

        2. Даккхийчу чимашца лаьтта оьгура ло. 3) Аьхка мангал-комарш юу акхароша а, олхазарша а. 4) Хьамцо зазадаьккхича, гота охучура сацайо. 5) БIаьста ча дера а, меца а хуьлу. 6) Меллаша кхеран неI

йиллира чувогIучо. 7) Ведда шен вешина тIевахара кIант. 8) Вехха дIавахара иза доьдучу хица.
Упражнени 2. ДIаязъе. Къастаде, хIун ю билгалдина дешнаш (предложени, дешнийн цхьаьнакхетар, фразеологически карчам, дешан форма).


          1. ЦIийна юххе хьийза чIегIаг – хьеший богIур бу. 2) Малх хьалаайабелла а балале, къилба-малхбалехьара гуш доцу тIемаш лестадо бовхачу, нуьцкъалчу махо. 3) – ХIинца аш а шайн ба- ганаш дIасовцор ю, кхерзинчу чIеро санна. 4) Оцу накъосташа шу морзахашца санна совцор ду, шуьга чIикъ дIа а ца боккху- ьйтуш. 5) Дадин беш дика евзаш яра Iежашца, кхорашца, хьай- банашца, ткъа цIа – доккхахиларца. 6) Бацалахь, некъа йисттехь, Iадда лаьттара, ойлане яхча санна, буржалш тохаза йолу говраш.

  1. Меллаша, хьехан гаьннех а тийсалуш, тIома бахара гезгмаша.

  2. ХIума а кхаьллина, Iела сов цIа чу велира. 9) Иза тIехь бедар а йолуш, верриг горгвелла, набъеш, Iара дIабаккхаза болчу меттахь.



Упражнени 3. ТIера схьаязде. Билгалде коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Дийца, муьлха къамелан дакъош ду уьш, хIун уьйр ю церан вовшашца ерг.

Карзахе мох, малхехь къегаш, вуно забаре, генна некъ, догIанан тIадамаш, доттагIчуьнца дагавалар, тийна-таьIна амал йолуш, кхо чайтаI, Iасанца волу стаг, цу чохь гира, дIакъевлина гира, ялтех хIума дацара, юккъе дIалечкъира, хаза дара, Iохку гIаш, дитташна кIелахь Iохку, беттан серло, кест-кеста яздо, гIаш ваха, хIор шоьта де, кехат деша, сатосу хан.
Упражнени № 4. ХIара дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а да- лош, предложенеш хIиттае. Дешнийн цхьаьнакхетаршкахь йолу уьйр къастае.
Куьйгаш тIехь лело, лар яйа, тIаьххьара аьзнаш, бага хи эца, цIена анайист, бертахь дийца, цхьаьна вахара, Даймохк беза, сарахь веара, вуно дика накъост, шина кIантаца, дечу цIеношна, дитта

кIел лаьтта, пеша хьалха Iуьллу, дира хIуьттаренна, кIанте делира, кхоалгIа дитт.
Упражнени № 5. Предложенешна юккъера бартбар а, урхалла а долу цхьаьнакхетарш схьаязде.


    1. Болар сихдина догIура бIаьстенан юххьехь шен бердаш хьулдина долу Яркх-Су хи а. 2) Хьалхех еъначу бIаьстено дохди- нера дуьне. 3) Ткъа ГIизаруна иза данне а дагахь дацара. 4) Пелхьо санна, тIах-аьлла волура воккха стаг. 5) Чекхделира баккхийчеран хелхар. Боьлучура севцира зударий. 6) Сирачу говро хьалхара меттиг яьккхи! 7) Кхелахоша Iабдул-Маликан юкъах дихкира кхелина шаьл- тий, доьхкий. 8) Иштта чекхделира и самукъане де. 9) ГIизаруна ца лаьара ша бахьанехь цунна гIайгIа хилийта. 10) Жим-жима йолуш, массарал хьалхаелира Мохьдаран говр. (Мат. В.)



Упражнени № 6. ТIетовжаран уьйраца долу дешнийн цхьаь- накхетарш схьаязде.


  1. ГIиллакхехь дацара мардена шен дагахь дерг хаийта.

  2. ТIедогIучу шарна кечам бан араваьллера массо а. 3) Кхузахь, ломара схьаяьллачу хьуьнан йистера, дIадолалора юьртбахаман латтанаш. 4) Боьхначу новкъа, кхийсалуш, хьалайогIура машина.

  1. Дерриг дика хетара Юнусна шен дахарехь. 6) Ломан кийрара ша санна шийла, декхначу дийнахь стигал санна, сирла догIура шовда. 7) Юьртахошна дикачу агIор вевзара Зойрбек. 8) Хьаьдда йогIуш гучуелира кхин а цхьа машин. 9) Де суьйренгахьа мел леста, урамера гIовгIа стаммлора. (Дад. I.)


Упражнени № 7. Лахахь далийначу дешнашца нислуш долу дешнаш а лахий, дешнийн цхьаьнакхетарш хIиттаде. Дийца, хIун уьйр ю царна юккъехь ерг. Предложенеш хIиттае цаьрца.
Кховдийра, селхана, воккханиг, пхиъ, кхиссалуш, маса, деша ваха, сов чехка, чехкка, бегашяна, дуьххьара, къастош, ловза, сакъера, кхаа минотехь, оццу заман чохь, хари чу дит-

та кIел, юьстаха, юккъера, тайп-тайпанчу, дIанехьо, юьстах- ваьлла.
Упражнени № 8. Нийсадоцу чIагIдар караде.


    1. Подлежащино а, сказуемино а дешнийн цхьаьнакхетар кхолла йиш яц.

    2. Дешнийн цхьаьнакхетарехь карара уьйр екъало кхаа кепе: бартбар, урхалла, тIетовжар.

    3. Бартбар, урхалла, тIетовжар – дешнийн цхьаьнакхетарийн кхо тайпа ду.

    4. Карарчу уьйрахь долу дешнаш бен ца хуьлу дешнийн цхьаьнакхетарш.


Упражнени 9. Къовларшкахь долчу хаттаршна жоп даларца дозуш долу дешнаш даладе, предложенеш хIиттае цаьрца.
ДогIуш ду (хьаьнца?), тешна ву (хьанах?), новкъарло йо (стен- на?), кхайкха (стенга?),