Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 10830

Скачиваний: 60

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич


НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН ДЕШАРАН, IИЛМАНАН МИНИСТЕРСТВО НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН УНИВЕРСИТЕТ

НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХАН ДЕШАР КХИОРАН ИНСТИТУТ

ЭДИЛОВ С. Э.



НОХЧИЙН МЕТТАН СИНТАКСИСАН ПРАКТИКУМ
Юккъерчу юкъарадешаран школийн дешархошна а, юьхьанцарчу корматаллин а, лаккхарчу дешаран учрежде-

нийн студенташна а лерина дешаран пособи

Соьлжа-ГIала Издательство «Арфа-Пресс»

2012
ББК 74. 261 4 (чеч)УДК 372. 8Эд. 18Пособие издано при финансовой поддержкеФедерального агентства по печати и массовым коммуникациям в рамках Федеральной целевой программы «Культура России»Федеральни «Россин культура» Iалашонан программин декъехь зорбанан а, шуьйрачу коммуникацин а Федеральниагентствосхарж ярца арахецнаРецензенташ:Х.Б. Навразова, филологически Iилманийн доктор, НПХЬИ-н профессор,А.И. Халидов, филологически Iилманийн доктор, НПУ-н профессорЭдилов С.Э.Эд. 18 Практикум синтаксиса чеченского языка. Учебное пособие. / С.Э. Эдилов – Грозный: Издательство «Арфа-Пресс», 2012 г. – 304 с.ISBN 978-5-91528-018-1НохчийнметтансинтаксисанпрактикумхIоттийнадешархойа,студенташ ааттакхетарболутайп-тайпананекъашлоьхуш,гайтамангIирсийнсхемаш ялош. Коьрта тидам дозуш долу къамел кхиорна, нийсаяздар шардарна тIехьажийна.Пособиерзошялийнапредложенешсинтаксическикъасторан схемаш.



ISBN 978-5-91528-018-1


© Эдилов С. Э., 2012

ББК 74. 261 4 (чеч)

УДК 372. 8

© Издательство «Арфа-Пресс», 2012

© ФГУП «ИПК» Грозненский рабочий», 2012

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш


Айдамиров А. (А. Айд.) Арсанукаев Ш. (Арс. Ш.) Айсханов Ш. (Айсх. Ш.) Ахматова Р. (Ахм. Р.) Арсанов С.-Б. (Арс. С.-Б.) Ахмадов М. (Ахм. М.) Ахматукаев А. (Ахм. А.) Амаев В.-Хь. (Ам. В.-Хь.) Абдулаев Л. (Абд. Л.) Бадуев С. (Бад. С.) Берсанов Х.-А. (Берс. Х.-А.) Бисултанов А. (Бис. А.) Бексултанов М. (Бекс.М.) Гайсултанов I. (Гайс. I.) Гадаев М.-С. (Гад. М.-С.) Гайтукаева Б. (Гайт. Б.) Дадашев I. (Дад. I.)

Дикаев М. (Дик. М.)

Дакаев С. (Дак. С.)

Исаева М. (Ис. М.) Курумова С. (Кур. С.) Кагерманов Д. (Каг. Д.) Кусаев I. (Кус. I.)

Кибиев М. (Киб. М.) Мамакаев М. (Мам. М.) Мамакаев I. (Мам. I.) Мусаев М. (Мус. М.)

Мутаев М. (Мут. М.)

Муталибов З. (Мут. З.) Матиев В. (Мат. В.) Махмаев Ж. (Махм. Ж.) Нохчийн фольклор (НФ) Нунуев С.-Хь. (Нун. С.-Хь.) Ошаев Х. (Ош. Х.)

Осмаев А. (Осм. А.) Оспанов Къ. (Осп. Къ.) Окуев Ш. (Ок. Ш.) Рашидов Ш. (Раш. Ш.) Саидов Б. (Саид. Б.) Сулаев М. (Сул. М.) Сулейманов А. (Сул. А.) Саракаев Хь. (Сар. Хь.)

Хамидов I.-Хь. (Хам. I.-Хь.)

Хатуев I.-Хь. (Хат. I-Хь.) Хасаев Хь. (Хас. Хь.) Хажмурадов I. (Хажм. I.) Чалаев Б. (Чал. Б.) Эльсанов И. (Эльс. И.) Юнусов М. (Юн. М.) Юсупов I. (Юс. Iусм.) Юсупов I. (Юс. Iаьз.) Яшуркаев С. (Яш. С.) Ясаев М. (Яс. М.) Яндарбиев Хь. (Янд. Хь.) Эдилов Х. (Эд. Х.)

СИНТАКСИС

Маттахь адамийн уьйран гIирсахьбилгалболу дешанхIоттам а, грамматически дIахIоттам а. Дешнех, уьш меттан лек- сически материал хиларе терра, пайда оьцу маттахь грамматикинзаконашца а, бакъонашца а – морфологин, синтаксисан. Мор- фологино Iамадо къамелан дакъош, дешнийн маьIнаш а, церан форманаш а, грамматически категореш, ткъа дешнийн маьIнийн форманаш, кхечу дешнийн форманашца цхьаьна кхоллалуш йолу, маьIнаш, дешнийн цхьаьнакхетарийн, предложенийн дIахIоттаманзаконашца къастош долу, уьш синтаксисан коьчал ю. Цунделашуьйрачу маьIнехь синтаксис (грекийн маттахь – хIоттор) – изаграмматикин дакъа ду, дозаделлачу къамелан хIоттам Iамош долу. Грамматика шина декъах лаьтта: морфологих, синтаксисах.Морфологиа,синтаксисавовшашцауьйрйолушю,аммацушинаграмматикин декъана хьалха шен-шен декхарш ду,Iалашонашю.Нагахь санна морфологино дешнаш церан массотайпафор- манашца Iамаяхь, синтаксисо оцу дешан шасхьаэцначуформано тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь кхочушденгIуллакхIамадо. Амма дешан синтаксически башхаллашцхьанапредложенехьбилгалъевллацаIа,уьшгучуйовлудешнийнцхьаьнакхетаршкахь а.Ма-даррааьлча,предложениа,дешнийнцхьаьнакхетараIамошдолу грамматикин дакъа ду синтаксис. Синтаксисехь Iамайо:

  1. предложени а, цуьнан тайпанаш а, меженаш а;

  2. предложенехь дешнийн цхьаьнакхетар а, церан уьйр а;

  3. предложенеш хIитторан кепаш.
Дешнаш, лексически а, морфологически а дакъош санна ца Iамош, предложенийн меженаш санна Iамадо синтаксисехь.СинтаксисехьIамадодош,къамелехьцуьнанкхечудешнашца хуьлушйолууьйраш,юкъаметтигаш,дешнехкъамелданаьттобеш долу даккхий дакъош кхолларан бакъонаш. И дешнаш вовшахта- сарца,билггалчуцхьанаформанашкахьцарахпайда

эцарххIоттало синтаксически дакъош: дешнийн цхьаьнакхетарш,предложенеш. Иштта,масала,предложенехь«Цхьанхьаюьртанйистехькъорачутатанцаелирайоккхатоп».Пайдаэцнанохчийнметтанбакъонаш- ца дешнаш вовшахтасаран дешнийн цхьаьнакхетарех: цхьанхьа юьртан йистехь, къорачу татанца елира, йоккха топ. Нохчийн маттахь предложени шен цхьа кеп йолучу цхьана дашах лаьтташ хилаатарло:Iуьйре.Сатеснера.ХьалагIатта!Аммаитайпапред- ложенешяржонйишйолушюкхечудешнашца:АьхкенанIуьйре. Сиха сатесна. ХьалагIаттасихха!Предложениа,дешнийнцхьаьнакхетара–тайп-тайпанчудек- харийн синтаксически дакъош ду, царах хIор а шен билгалонаш йолушду.Предложени – цхьа алам бовзуьйту синтаксисан коьрта дакъа ду. Дешнийн цхьаьнакхетар – предложенин цхьа дакъа ду, гIоьналлин дакъа.Къамелехьпредложенешвовшашцайозаеллахуьлу.МаьIница а,темицаа,грамматическиацхьаьнайозаеллачумасехпредложе- нино чолхе синтаксически дакъа кхуллу текст.Предложенеш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а кхуллуш болу синтаксически гIирсаш нохчийн маттахь тайп-тайпана бу. Царах коьртанашдешнийнформанашю,шайнзIенашцавовшахйозалуш йолу,ткъаишттагIуллакхандешнаш.Предложенешкхуллушпайда оьцуинтонацих,дешнийнкъепах.Интонаци(дийцаран,хаттаран, тIедожоран) предложени кхолларан синтаксически гIирс хиларал сов, алам чекхбаьлла хиларан гайтам а бу. Дешнийн къеп – иза предложенийн, дешнийн цхьаьнакхетарийн хIоттамехь уьш во- вшашца дIанисдалар ду. Нохчийн маттахь дешнаш дIанисдаран шенбакъонашю.Масала,оьрсийнматтахьграмматическинорма ю подлежащина тIаьхьа сказуеми хIотто дезаш хилар, ткъа вайн маттахь уьш
кхечу кепара нисдан деза. Идрис пошел в школу – Идрис школевахара.Цхьанабилггалчуформехьдолчудешнехдодешнийнцхьаь- накхетарш, кхуллу предложенеш; цхьалхечу предложенех – чол- хенаш. Цундела синтаксис тIетевжа лексикина а, морфологина а. Къаьсттина уллора уьйр хуьлу синтаксисан а, морфологин а, меттан грамматически хIоттаман ши дакъа и шиъ хиларе терра. Морфологическидакъош,морфологическихиламашкхочушхуьлу къамелехьдешнийнцхьаьнакхетаршкахулаа,предложенешкахулаа. Къамелан дакъойн морфологически категореш синтаксически юкъаметтигийнгIорторашю(тишакерткъастаманюкъаметтигаш«хIума-билгало»), ткъа иштта синтаксически категорийн а (топ кхоьссира – яхана хан, билггала модальность).Ала деза, нохчийн меттан синтаксис Iилманехь кIезиг телли- на ю. Иза талларехь Iилманехь шайн лар йитина Ю. Дешериевс, Ф. Яковлевс, З. Джамалхановс, Я. Эсхаджиевс, В. Гиреевс, А. Халидовс.ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ЦЕРАН ТАЙПАНАШДешнийн цхьаьнакхетар – иза синтаксисан дакъа ду. Цуьнан шен билгалонаш хуьлу:а) мел лахара а шакъаьстина ши дош хила дезар; б) уьш маьIнийн цхьаалла йолуш хилар;в) вовшашца грамматически уьйр йолуш хилар. Грамматически а, маьIница а вовшашца дозаделла шакъаь-стинашиъяцулсовдошдешнийнцхьаьнакхетарду.Цобилгалйо хIуманийн,хиламийн,даран,дикаллинчолхецIерш.Масала,керла книга,сочинениязъяр,хезашешар.ХьалхарчумасаллехьхIуманан цIеаюяьккхина,цуьнанбилгалоаюгайтина,шолгIачу–хIумаа, цунна тIедоьрзуш долу дар а, кхоалгIачу – дар а, цуьнан билгало а. Цу кепара билгалдолу дешнийн цхьаьнакхетарийн граммати- чески маьIна. Дешнех а, дешнийн цхьаьнакхетарех а кхоллало предложени.Дешнийнцхьаьнакхетаршпредложенехкъастохаадеза.
Деш- нийн цхьаьнакхетарша хIуманийн, билгалонийн, даран, хиларан цIе бен ца йоккху, ткъа предложенино адамашна юккъе къамелан юкъаметтиг кхуллу, цхьана хIуманах лаьцна хаам бо, хаттар до я цхьагIуллакхдартIедожадо.Предложенехьшайнцхьаьнакхетарехь дешнаш хуьлу коьрта а, дозуш а. Шегара хаттар хIотточу дашах коьртадошолу,ткъакоьртачудашохIотточухаттарнажоплушдолу дашах дозуш долу дош олу. Масала, ловзура самукъане дешнийн цхьаьнакхетарехькоьртадошловзураду;ловзурамуха?аьллашега хIоттийначу хаттарна луш долу жоп ду самукъане бохудош.Дешнийнвовшахкхетара,цхьаьнакхетарбохуаламашвовшех къасто хаа деза. Дешнийнцхьаьнакхетар:

  1. маьIница а, грамматически а дозаделла шакъаьстина шиъ я цул сов дош ду;

  2. коьртачух а, цунах дозуш долчу а дашах лаьтта. Коьртачун- на тIера дозуш долучунна хаттар хIотто тарло: диллира (хIун?) сурт, кхийтира (стенах?) диттах, вогIу (муха?) сиха, бешахь (муьлхачу?) стоьмийн.
Дешнийн цхьаьнакхетар ца хуьлу:

  1. подлежащи, сказуеми (аьхке чекхъелира);

  2. предложенин цхьанатайпанара меженаш (зударий а, бераш а, тIе а вахара, схьа а лецира);

  3. цIердош дештIаьхьенца (гIанта тIехь).
Дешнийн цхьаьнакхетаршкахь маьIнийн уьйр билгалйоккху хаттаршца, коьртачунна тIера дозуш долучунна хIиттош долучу, масала: байракх (муьлха?) баьццара.Дешнийнцхьаьнакхетаршкоьртадошмуьлхакъамеландакъа ду хьаьжжина хуьлу: цIеран цхьаьнакхетар (именное словосоче- тание); хандешан цхьаьнакхетар (глагольное