Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3140

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич


Кхин бахам хир боцуш син кхерчачохь.

(Кас. С.-М.)
Упражнени № 4. ГIуллакхан къамелан стилаца йогIучу кепара хийца лахахь ялийна предложенеш


  1. Цкъачунна директоран гIоьнчин декхарш кхочушде аьлла деха деза Адамов Ахьмаде.

  2. Массо хьехархошна дийца деза керлачу декхарех лаьцна.

  3. 8-чу классан дешархо кхин хилча ца маггал вуо лела химин урокашкахь.

  4. Хьехархочунна Исаева Мадинина садаIа отпуск яла еза 10- чу июлера дуьйна 10-чу августе кхаччалц.

  5. Законе диллича, цхьа а тайпа некъахьовзам ца хуьлуш, муьлххачу а гIала ваха йиш йолуш ву со.

Упражнени № 5. Талла хIара текст. Публицистически стилан текст иза хилар тIечIагIде.
Цкъа а ца хиллачу кепара шело хIоьттина кхушара вайн коьр- тачу шахьарахь. Иштта лахара температура йолу хан хааелла яцара гIалина кху тIаьхьарчу бIе шарахь. ГIаларчу Iедало сацам бира йовхо алсамъяккха берийн бошмашкахь, дешаран заведенешкахь, больницашкахь.
Упражнени № 6. Хьайна луъучу темина заметка язъе газете я цхьана хиламах лаьцна репортаж (футбольни матч, суьртийн гайтар и. дI. кх.)
Упражнени № 7. Лахахь ялийначу теманашна юкъара цхьаъ схьа а харжий, къамел дан кечам бе (ойлае, хIун коьрта ойла хир ю хьан къамелан, къамелан тезисни план хIоттае, масалш лаха, къастаде, муха хир ю цуьнан юьхь а, чаккхе а).


  1. ХIун ло суна гIиллакхо?

  2. Вайн гIиллакхашна юккъехь суна уггар а дика хета гIиллакх.

  3. Вайн гIиллакхашна юккъехь суна ширделла аьлла хетарш.

  4. Ахчано адаман дахар билгалдой?

  5. Хала дуй къона волуш кхиамашка кхача?

  6. ХIун ду дахарехь кхиаме кхачориг: къинхьегам, похIма я хилам?



Упражнени 8. ХIокху тексташкахь дакх дашах пайда эцаран башхалла стенах йоллу?


  1. Дакх, гIадолу дитт ду, 20-25 метр лекха, 150-200 шарахь деха. Чкъор кIайн, кIеда, атта тIера схьадолуш хуьлу. Кхуьу гIа а, мехий а долучу а иэеллачу диттийн хьаннашкахь. Декхнаш кхуьу Европехь, Скандинавехь, Сибрех, Кавказехь.

Пайда оьцу гIишлош а, мебель а еш. Декхнийн чIенгаш дар- бане ю, царах молханаш до деган а, пехийн а цамгарш йолучарна. (Энциклопедически словарьтIера.)

  1. Дакх лаьтта, мехаша дорцаша чехош, ХIетте а къийсамна гIора ца эшна. Лаамаш хьегочу ойлано Iехош,

Хийла сатийсинчу бIаьстенах тешна. Цкъа хьаьрса хилла и, хIинца ду къоьжа, Ойлане вуьгуш ду охкийна генаш…

Ма тера хета и, кIант варе хьоьжуш, Хеназа къежъелла йисинчу ненах.

(Ахматукаев А.)
Упражнени № 9. Диалогашкахь барта къамелан башхаллаш билгалъе.
1) А: ХIун дуьйцуш ву хьо? Б: Селханлера гулам бара аса буьйцург-м. 2) А: ХIинца массо а ву ремонташ еш, шу а дуй? Б: Дац, тхо юьрта доьлху. 3) Иза мичахь Iаш ву хIинца? 4) А: Де дика дойла! Чохь вуй! Б: Вац, схьа чу вола. 5) Хьан кIант боксе а, фут- боле а лелаш ву? Б: Вац, бокс йитина. 6) Лоьро пехийн цамгар ю элира. Б: Ма алахь? А: Больнице йига кхерамаш туьйсу. 7) Муса, къамел дац, кестта схьакхочур ву. 8) Кетар цуьнгахь ю, хIинццехь Сибрех дIаваха а мегар ду. 9) И хIун йиш ю, Iайнди? Лакхахьа... Б: Э, дIаяьллахь, мух-муха а меттиг нисъелча локхуш яц сан иза.

  1. ХIунда ву иза сел ирча? Б: Iоржгулий... Боккха корта а. Иштта боккха мара а. Цу тIе гуттар бегаш. 11) ХIинца дуьйна дика хир вайшиъ. Б: ХIай-хIай, и ду хьуна гIуллакх!


Упражнени № 10. Юста предложенеш, бIогIаман шина сизца къастийна йолу. Къастаде, муьлхачу стилехь ю уьш. Шайн жоп тIечIагIде.




    1. Бешто мискачу стеган дуьххьарлера васт дац нохчийн литературехь.// Бешто, и дуьххьарлера «миска стаг» вац вайн ли- тературехь.

    2. ХIара жамI оцу формулехула хилла дара.// ХIара жамI… Иза хилла хIокху формулехула…

    3. Барта къамелан башхалла йозаелла хуьлу къамелан кепах, къамел даран хьолах, къамел дечийн вовшашца йолучу юкъамет-

тигех, цундела хала хуьлу къасто, муьлха меттиг дIалоцу цо меттан системехь.// Муха кхета хьо барта къамелах? Суна хета… Тидаме эца еза къамелан кеп. Иштта хьал... Мичахь, хьаьнца деш ду, иза а ма ду лара дезаш.
Упражнени 11. Предложенешкара ширделла дешнаш схьа- лаха, синонимаш даладе царна. ХIун тайпа стилистически гIуллакх кхочушдо архаизмаша хIокху тIестехь. Кхин муьлхачу меттан исбаь- хьаллин гIирсех пайда оьцу дуьззина вастан сурт хIоттош.
1) Кхузахь кхозуш бара тайпанан юкъара яй, тIехь даьхна и муьлхачу тайпанан бу хоуьйтуш хьаьркаш а долуш. Ишттачу еш чохь, бIаьстенан дезчу дийнахь, жижиг кхехкадора. Царна чохь кечдора ниха а. 2) – Леча, лаха чу а воссий, хи дахьаш воьл, – аь- лла, букъа тIехьа локхарх йихкина кхозу туьта схьаяьстира Нажас.

  1. Юххехь лаьттара шовзткъе итт дол лекха хир йолу бIаьвнаш: чохь Iен а, ха ден а. 4) ШолгIа гIат бахаман хьашташна хьажийна дара, кхузахь бара кхерч а, зIе а. ХIума а кхузахь юура. 5) Талор- хоша, цхьабосса саца а соцуш, Iодмаш уьйзира, дIахийцира пхер- чий. 6) Бакъду, элан цхьа-ши ялхо воцург, вуьш къинхетаме бара кIантаца, хала белхаш ца бойтура, буса жа лардар тIе а ца дуьллура.

  1. ГIоддаха баьлчанашна тIевазвелла, нох лаьттах дахийтира Чалас, шен урд аха волавелира иза, сих-сиха говр лоллуш. 8) ТIех мел во- лучо а тосу шегара тIулг, неIалт а кхайкхош. Иштта цхьа хан яьлча, дийнна барз хуьлу, цунах кIарлагIа олу. 9) Кхокха кхечу оти чохь яра, тIе цIена бедар а юьйхина. 10) Баьччас дIаала бохура, нагахь аша къобалвеш, шайн баьчча веш ша тIелацахь, цо шен тIома кIел оьцур ду шу. (ГайсултановI.)



Упражнени № 12. ДIаеша текст. Цу тIехь йолу диалектизмаш билгалъе. Нохчийн меттан литературни стилаца йогIуш дIанисъе иза. Дийца, хIунда ялийна уьш шен произведенехь автора, хIун башхалла ю цу шина текста юккъехь.


  • Во-о-о БунтIуз! Гучавалал цкъа хьайн нанайна! Дийна маан вуй техьа хьо? Венза маан витин техьа хьо оцу Дала хIаллакворе!

Гучувалал цкъа хьайн нонайна, мичахь ву хьо? – кхойкхура ПарагIаз.

    • Нанай, сона-м хIумма а ца дина хьана! Со дIалечкъана вол- луш ма вера, цо етта топ хьакхетарг ма ецара сона! нехан кертара схьагучуваьлла, нана йолучу схьавеара кIант.

    • Дала дIа ма ваккха хьо делаI, аз хIун доле Iа вайна хIанза лелош дерг? Новкъа дIавоьдучу стагана а бохам боккху, хьуьжаре вахча моллина а Iа етта, нехан берех а хьо лета, Iа лелож дерг хан хIун ду? – тIейирзира ПарагIаз шен кIантана.

    • Сан да вахалбас, нанай, сан берк болх хIома ма дацар хьена кхузахь хилларг. Аз саг вайн жIаьлина топ тоха гIертаж вара, кхин дIатоха хIома кара а ца йоьлла, дIакхоьсна хIоа ма туьйхира хьана ас цунна. Аз хIоа сан цунна дIа ца кхеттахь, цо топ тоьхна жIаьла ма доьра хьан вайн! – дуьхьалвирзина, куй буха а тоттуш, шениг дийца волавелира БунтIуз. (ОкуевШ.)


Упражнени № 13. ДIаеша. Меттан суртхIотторан гIирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а къастае.


  1. Дуьненна а исбаьхьалла латтош болу сийлахь малх, шера- чу арара жима юрт дешица кхала йиш йоцуш, Iаьнан мархашна кIелдIахула керчина беана, цу юьртана гена йоццуш кIайчу духарца лаьттачу регIа тIехьа чубузуш лаьттара, ша чубуза го гIеххьа цIий а бина.


Цуьнан цIоьлло, жима юрт шина декъе йоькъуш, охьадогIучу хина бина ша жимма лепабора, цу шан лепарца къуьйсуш санна, цу шана гонаха диллина Iуьллучу лай тIера луьста суйнаш, къегаш, ирх кхийсалора. (Бад.С.)


  1. Малх дIабайн, генара баххьаш а къегош, Ламанан белшаш тIехь дохк дижна сийна. ТогIе дIатийна, тIехь IиндагIаш дегош,

Ткъа, боьрахь-шовданаш шабарш деш шийла.
Анайист йовш лаьтта. Лаьмнашна тIера Эсаро зезагийн хьожа схьаетта.

Сийначу тийналлин семаллехь шера Хезаш ду садеIар дижинчу лаьттан…

(Арсанукаев Ш.)


  1. Ва сарахь суьйренца булучу боданца Туька юллал ва дари шен дегIа дерзийна, Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна, Чилхьесан бухкарца, цу цIестан кIудалца, Цу хIурдан ва махо ездари ловзадеш, Эсаран ва махо кисин тIам ловзабеш, ХитIа яха ма елир ворхI вешин ва йиша. Цу кIайчу гIовталца, Iаьржачу вертанца

Чо чехка чола куй бIаьштиг тIе ва тоьттуш, Пхьоьханахь вара, тов, жоьрабабин ва Гани.

(Н. Ф.)
Упражнени № 14. ДIаеша автобиографин текст. ГIуллакхан къамелан стилехь хIун тайпа хаамаш хила беза цу тIехь?